Хи а, хийист а

PDFПечатьE-mail

Чокаев

 

 

ЧОКАЕВ Кати

Филологийн 1илманийн доктор, профессор, Н.Р-н 1илманийн академин академик

 

Хи а, хийист а

И ши дош шайх къаьсттина дийца  мегар долуш, шайн къаьсттинчу даккхийчу маь1нийн дешнаш ду. Масала, хи (г1алг1айн хий, бацойн хи) шадаьккхина маь1на тида воьлча а (оьрсийн маттахь оха а, Н. Ямнольскис а и дина), цуьнан этимологин аг1онах дукхе-дукха дийца дезаш сурт х1утту. Кхузахь, доцца аьлча, 1илмано бахарехь, Дала ша дуьне кхоьллина ваьлча, цу т1е хи хецна-кх. Ткъа дуьххьарлера садолу х1ума цу чохь кхоьллина-кх. Цул т1аьхьа, миллионаш, я миллиардаш шераш зама яьлча, кхолладелла-кх тахана вайна гуш долу дийнатийн (садолу х1уманийн) дуьне, шайца адамаш а цхьаьна. Цул сов, вайн дахар садолчу а, садоцчу а х1уманийн дахар, я вуьшта аьлча, дийнатийн а, ораматийн а дахар а, 1алам а хих дозуш а ду. Оцу дерригенах а кхетта, хица болу ларам шайн динца нисбина бу-кх массо къаьмнаша, къаьсттана аьлча, керстнаша а, бусалбанаша а. Масала, керстанаш шаьш дуьххьара шайн дин т1еэцар, хи чохь луьйчуш, дина ду. Цул сов, х1ор шеран январь беттан 7-чу «Крещение» олучу дийнахь изза дан дезаш бу, шаьш кхоччуш керстан динехь белахь. Адамийн цхьайолу цамгарш а, бусалбанаша а, керстанаша а, хи малош, дарба деш ю тахана а. Дег1 а, т1еюхург а, пхьег1а а, юург а ц1ена лелор а ду хица доьзна, къаьсттана бусалба нехан. «Ц1ано бусалбан динан бух бу», – ч1аг1до бусалба дино. Ткъа иза хица доьзна ду. Кхузара ду дуьне доладелчхьана а бохург санна, адам ша даха охьахууш, хийисте охьахууш хилар а, къаьсттана хин коьрте (лакхене). Иза гуш ду, масала, дуьххьара юрт юьллуш, адам хийист къастийна, совцуш хиларца а.

Обновлено 27.03.2019 08:12 | Автор: Administrator 27.03.2019 08:09


 

Ненан маттахь еша Ӏамадо … телефонашна

PDFПечатьE-mail

Ненан маттахь еша Ӏамадо … телефонашна.

 

ТІаьхьарчу хенахь телефонашка барта хатарш деш ган тарло вайна нах: «Гугл, какая река самая длинная?», «Алиса, сколько метров в версте?». Амма изза хаттарш нохчийн маттахь цуьнга лахь, вайна жоп хезар дац. Халахеташ делахь а, нохчийн маттах ца кхета вайн телефонаш а, компьютерш а. Иштта, ца хаьа царна нохчийн маттахь язйина текст кхеташ дІаеша а.

Тахана вайн мотт компьютер чу баккха гІерташ, къахьоьгуш нах бу, царна юкъахь шаьш лела энтузиасташ а бу, тобанаш а ю. Амма Іилман тІегІан тІе а баьккхина, юкъах ца буьтуш, оцу декъехь болх беш Нохчийн Республикин Іилманийн академин белхахой бу. ТІаьхьарчу хенахь и болх дІакхоьхьучу отделехь (пайде семиотикин отдел) къаьсттина тІе тидам бахийтина дІахьуш бу нохчийн маттахь къамелан синтезъяран а, и къамел довзаран а хьокъехь болх. Кхечу дешнашца аьлча, нохчийн маттахь элпашца дІаязйина текст озаца еша Іама дезаш ду компьютеран системашна, иштта, нохчийн маттахь озаца дӀааьллачух кхета а кхетта, жоп дала я омра кхочушдан а.

Обновлено 27.03.2019 08:09 | Автор: Administrator 27.03.2019 08:08

   

ХӀИНЦАЛЕРА НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ПРОБЛЕМАШ

PDFПечатьE-mail

Горга стол

«ХӀИНЦАЛЕРА НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ПРОБЛЕМАШ»

 

Март беттан 21 дийнахь «Орга» журналан редакцехь «ХӀинцалера нохчийн литературин проблемаш» аьлла, горга стол дӀаяьхьира. Цигахь дакъалецира нохчийн халкъан яздархоша Ахмадов Мусас, Бексултанов Мусас, Нохчийн Республикин хьакъволу журналисто Сумбулатов Денис, къоначу яздархойн «Синмаршо» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Халикова Асета, «Орга» журналан коьртачу редактора Алиева Заринас.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира таханлерачу хьолехь нохчийн литературина хьалха лаьтта декхарш, Ӏалашонаш, проблемаш, уьш кхочушъяран некъаш. Иттанашкахь шерашкахь зорбанан изданешкахь шаьш болх беш, шайна цу хьокъехь зиеделларг дийцира Бексултанов Мусас, Ахмадов Мусас, Сумбулатов Денис. Алиева Заринас «Къона яздархой кхиарехь «Орга» журнало дӀалоцу меттиг» аьлла доклад йира. Иштта Халикова Асета дийцира Нохчийн яздархойн кхеташонехь шаьш къоначу яздархошца, поэташца дӀахьучу балхах.

Обновлено 27.03.2019 08:08 | Автор: Administrator 27.03.2019 08:06

   

Бешин чаккхе йоцу хаттарш

PDFПечатьE-mail

af42cec06e1430b635a3da3a74e00bc4

ХАСИЕВ Ахьмад

Бешин чаккхе йоцу хаттарш.

 

– Беши, вало, вайн гомаш МӀалов цӀа йогӀий а хьожуш, эвлайисте волу вайшиъ, – элира, шена дукхавезаш волчу кӀентан кӀанте дедас. Ченала керчийна чайтаӀ санна, сарралц ловзуш лелла, модех вуьзна волу кӀант, хазахеташ, цӀалга а лелхаш, юххе хӀоьттира.

– Воккха-Дада, ахь со вайн МӀаловна тӀе хоуьйтур вуй? 

– Дера ву, барзах схьадаьлла кӀеза ду сан кӀант – аьлла, хастийра Беши воккхачу стага, – стенна а тӀехаа а ваьхьаш, майра кӀант хила везаш ма ву хьох.

Беши, дукхавезаш, юххе ийзавора дедас. Амма цуьнан чаккхе йоцчу хаттарша кӀадвора иза. Гуттар дала жоп ца хуьлура я хилча а, и кхетош, ша муха ала деза а ца хууш, вуьсура.

Обновлено 20.03.2019 10:00 | Автор: Administrator 20.03.2019 09:59

   

Цхьана сохьтан алапа…

PDFПечатьE-mail

ui-505952ec4a57a7.63125135

АХЬМАД М. БАТИ

 

Цхьана сохьтан алапа…

 

КӀадвелла, суьйранна балхара цӀа веара да. Жимма садаӀа дехьа чу воьдуш, неӀарехь тӀевеанчу итт шо долчу цуьнан кӀанта, саца а вина, хаьттира:

– Дада, балхахь хьуна цхьана сахьтана мел ахча ло?

– Итт туьма ло, – аьлла жоп делла, кӀантаца къамел кхин дах а ца деш, дехьа чу велира да.

Цхьа кӀира хан яьллачул тӀаьхьа, гуттар санна, шен балхара цӀа вогӀу да ларвеш, коре а хиъна Ӏаш вара кӀант. Да чоьхьа валарца цунна тӀе а хьаьдда, кӀанта элира:

Обновлено 20.03.2019 09:59 | Автор: Administrator 20.03.2019 09:58

   

Страница 1 из 22