ДЖУНАИДОВ Аюб

PDFПечатьE-mail

ХIоьънаш


Дукъахь дара ДадагIеран гIоли долу кхаш. Попа-лаьтта тIехь къаьсттина картол, хох, жIонк – муьлхха а орамат дика кхуьура. Уьрдан йистошкахь кхоь-хьаьжкIа юьйра. Варша йистехь боккха кхор бара, оцу куьпахь а уггаре а зоьртала дитт ду ала мегар долуш. Кхаш тIе баьхкинчех дукхахболчара молуш генадоццуш шовда а дара. Цхьана заманахь Дадин дендас, Мадага, баьккхина мохк бу иза. Шовданна гергахь хиларна билгалбина, шен хен-хенахь кхада а кходуш, доладина кхор Iаламат куьцехь гора. БIе шо сов хан ю цуьнан, Дадина хетарехь. Асара-маьрсан хенахь къахьоьгучарна кIелахь садаIа чIогIа бегIийла дара кхузахь. Цул сов, гурахь Iаламат мерза кхораш а хуьлура. Къаьсттина хичубохка а, цу баккха а магош бара Мадаган кхор. Виллина Дадас шен денда вуьйцуш ладийгIинчу Канина а бевзинера и кхор а, цунна гергара шовда а. Ша царна цIерш техкича санна, «Мадаган кхор», «Мадаган шовда» бохуш, дIалелара кIант. Бакъду, тIаьххьарчу хенахь ун хиллера Канина оцу кхурах а, оцу шовданах а.

«Вадал, битон эций, гIой, шовдан шийла хи дохьуш воьл! Же, вадалахь, кхурах кхозучу гаьнгали чуьра кIант самаваьллий хьажал!» – бохуш, дийнахь сарралц, толлу ж1аьла санна, кхан дохалла лоьллура иза. Асар динчу меттера Iеха схьалехьор а дацара аттачех. Хьалхо, жима волуш, самукъа а долуш вогIура Кана кха тIe богIучаьрца. Х1орш ворданахь боьлхуш, Дадас наггахь архаш а лора Кане. Цул т1ехдаьлла кхин хазахетар дацара к1ентан. Виллина ловзуш лела йиш хуьлура хIетахь. И дIадаьлла – х1инца кхуьнга хьадал-вадал бахар совдаьлла. ДаI санна цIий а велла, х1инца сарралц ида везаш хуьлура х1ара. ГIаж таккхол мел хилларг а вара гIуллакх-балхана тIевоьллина. Сибарехара цIадаьхкина дукха хан а яцара – лаьттана ховха куьг дезара: къацахетарийн карахь дисина, энжададаьллера даймехкан латта. Белхан ка ца долура. Веккъа цхьа Кана хилла ца Iара балхана тIевоьллина, лулахойн ардаш тIехь а хезара, Кана санна, бертаза лоьхкучу берийн чам боцу цIогIанаш. Дукха ницкъаш а ца бора царна, амма гуттар а ловзар дезачу берийн арз-гIовгIа хотешкахь йоцуш ца хуьлура. Йочанаш дIасевцначуьра бохуш, балхана сутарабевлла хьийзара баккхийнаш: тIаьххьарчу муьрехь, догIанаш лаьтташ, асарш дукъделлера. Цундела делкъа-хенахь а, ламаз диначул тIаьхьа а чомахь мижарг баа а йиш йоцуш, хьийзара дай-наной.

Обновлено 23.07.2019 07:15 | Автор: Administrator 23.07.2019 07:04


 

БЕКСУЛТАНОВ МУСА

PDFПечатьE-mail

БЕКСУЛТАНОВ МУСА

 

Эладита

 

Цхьана сарахь хьаша цхьа юьрта чувулу машенахь.
Юрт – ломан юрт хуьлу, даккъашкахь, Iин чохь Iуьллуш, шеран коьртехь, наггахь бен, воьду-вогIу стаг а ца кхочуш.
ЦIенош дIасакхиссина ду, малх, бутт санна, ген-генахь.
Машен Iаьржа, еха ю, инзаре-хаза, кура машен, юьртахошна цкъа а гина а йоцу, хуьлу олуш, хезна а йоцу, кура, еха, еза машен.
Куьзганаш а ду, Iарждина, гуш. Чохь Iачу стеган аьрру пхьарс Iуьллу парггIата охьадаханчу куьзгана тIехь.
Стаг дIаса а ца хьожу.
Нах тIаьхьахьоьжу машенна.


Нах иштта буьсу, хьаьжжинчохь.
Бераш а ду тIаьхьауьдуш.
Котамаш а йовду некъа тIера дIа: «Къакъ-къийкъ, вакъ-вакъ!» – дарца, ченашлахь луьйчуш Iийна.
Зударийн баганаш гIаьтта, шайн гIуллакхаш а дицлуш.
Мехкарий а ловчкъу, чууьдуш, шаьш тIехь беркъа дIа ца гайта
– Иза мила ву, мичара?! – хоьтту зударша вовшашка.
Цхьанна а гина, хезна а вац.
Мичара ву а ца хаьа я кху юьрта хIунда веъна а, мила волчу я хIун лоьхуш!
Машен тIехйол-йолучу цIа чуьра зударий арахьовду, орцанна санна, сиха, каде, машен мича, хьаьнга йоьрзу, толлуш.
Машен иштта дIатIехйолу, Iин чуьра хьала гу тIе йолуш, гу тIера юха Iин чу юлуш.
Зударий вовшашка хьуьйсу, цхьаьнга хоьттуш, юха вукхуьнга.

Обновлено 22.07.2019 11:53 | Автор: Administrator 22.07.2019 11:43

   

БЕЦАЕВ Iийса

PDFПечатьE-mail

Поэзи хIун ю аьлла хаттар дича, хIораммо а эзар жоп лур ду. Поэзи хазалла ю, эр ду, поэзи васташ ду, поэзи синхаамаш бу, синхIоттам, Бексултанов Мусан дешнашца аьлча «Хазалло кхуллу гIайгIа». Абдулаев Лечас нохчийн поэзин Дервиш аьлла цIе тиллина Бецаев Iийсана. Бецаев Iийсас кхуллушъерг поэзи ю, вастийн поэзи. Дуьненан дIахIоттам, адамийн дахар, юкъаметтигаш, синхаамаш, лазамаш, гIайгIанаш, уьш дерриш васташка дерзадо Iийсас. Нохчийн литературехь Бецаев Iийсан поэзин хатI керла делахь а, дуьненаюкъара поэзехь керла бац и тайпа лехамаш. Наггахь цуьнан вастийн къепенна тIаьхьакхиа хала хуьлу, амма, цакхетарг дац аьлл, дIататта ца еза вай цуьнан кхолларалла, ойлаян Iама деза. Нохчийн маттахь эксперименташ яр къобалдан деза. Мотт кхуьуш бу, меттан басарш шордан деза, хIунда аьлча мотт тIебузар санна хуьлу дешнаш, васташ керл-керла кепара ловзор. Цундела чIогIа мехала ю Бецаев Iийсан ойланаш.

Шу

Шу-ха сан-ма шад хилла,
гу-ха сан-ма гура хилла,
цхьа а лан доцуш,
сацIена сан синан дин бисна,
лам сан байлахь а битина,
лерг-бад сан йохийна.

Чам баьлла сан чомах,
чаьмза доккхуш
чами чуьра дог сан,
ченала и кхоьссина-ма и-ма баьлла,
баьлла бала боссийна.

Обновлено 19.07.2019 10:02 | Автор: Administrator 19.07.2019 07:57

   

СИНОЙН ПХЬОЬХА

PDFПечатьE-mail

АХМАТУКАЕВ Адам

СИНОЙН ПХЬОЬХА

***
Ваьлла, тов, дуьненна бале…
Да ву, тов, бекхазчу бехкан…
Со-м хӀара оьмар тӀеяле
Волийна кӀари чу лехка.

Дуьтур вай паччахьийн зама
Уьншаре лаллале лайнарг.
«Аврорас» ткъес тоьхчахьана
Дерг а дац дерриге тайна.

Цо дуьне Ӏадийна серло
Лаьмнашна тӀехьаьжча малхах,
Делира сан а самалха,
ГӀайгӀанех ойланаш херлуш.

Аьхнаерш – оцеран метта –
Йиссича кӀадъян сан гӀовла,
Малх а ма бацара летта,
Хьалха ша кхетачул совнах.

Обновлено 18.07.2019 08:32 | Автор: Administrator 18.07.2019 07:30

   

МАМАКАЕВ Эдуард

PDFПечатьE-mail

 

***

ХIинццалц моьттура –
Малхо
Латтайо лаьтта тIехь
Йовхо.
Дахаран бух хилла
ДогIуш,
Ненан дог хиллера
Догуш!
ХIара дуьне-латта
Паналлехь хьийзаш
Мел лаьтта, –
Шуна декхар дIаделла
Цкъа а
Вера вац, вера вац
Цкъа а!

Обновлено 16.07.2019 14:21 | Автор: Administrator 16.07.2019 06:55

   

Страница 1 из 28

Яндекс.Метрика