Алиева Зарина

PDFПечатьE-mail

Зарина

Редакторан агlо

Нохчийн литературин-исбаьхьаллин альманах дуьххьара арадала доладелла нохчийн къам махкахдаьккхинчуьра цIадирзича, 1958 шарахь, «ДоттагIалла» цIе а йолуш. Цу заманахь цуьнан тираж 3000 яра. Цул тIаьхьа догIучу шерашкахь тираж хийцалуш ю, 1500-1250-не кхаччалц. 1968 шарахь тираж 3500 хьалаяьлла, 1971 шарахь 5850 экземпляр тIера 8050 тIе кхаччалц. 1980 шерашкахь 5960 экземпляр. Советан Iедал чIагIделла зама ю иза, нохчийн мотт а, нохчийн истори а Iамо, йовза луучунна дуьхьал хилла, къоман культура хьаьшна хилла йолу зама. 

Ахмадов Муса «Орга» журналан коьрта редактор волчу шерашкахь (1990-93 шераш) журналан тираж 5000 яра. «Ерриг тираж журналана йиначу подписки тIехь яра. Соьга кхин а алсамъяккхалур яра тираж «Остановись», аьлла, лакхара кехат ца деанехьара», – дийцира Мусас. Оццул хьагам болуш хилла нохчий шен матте а, шен къоман культуре а.

Оцу подписки хьокъехь хIун болх бора аша, Муса, хIинца а къахьегийтахь вайга иштта, ас шега аьлча, Мусас доцца жоп делира: «ХIетахь кхин нах бара…». 

 

Обновлено 03.03.2018 17:37 | Автор: Administrator 03.03.2018 17:33


 

Къовсам

PDFПечатьE-mail

Къовсам 2
Хаза ламаст хилла дӀахӀоьттина Нохчийн меттан де хӀор шарахь апрель беттан 25 дийнахь даздаран кепехь дӀадахьар.

Оцу денна лерина "Орга" журналан редколлегино литературин къовсам дӀакхайкхийна. 
Къовсамехь дакъалаца йиш ю 35 шарера бовлаза болу кегийрхойн.

Толамхой кхаа номинацехь билгалбохур бу:
1. Поэзи.
2. Проза.
3. Публицистика.

Говзарш журналан редакце схьаян еза, зорба а тоьхна, я хӀокху e-mail тӀе схьатаса еза:
Этот e-mail адрес защищен от спам-ботов, для его просмотра у Вас должен быть включен Javascript .

Къовсаме белхаш схьаоьцу апрель беттан 10 де тӀекхаччалц.

Къовсаман жамӀаш апрелан 25 дийнахь дийр ду.

Обновлено 02.03.2018 18:03 | Автор: Administrator 02.03.2018 17:52

   

Зуцаева Хадижат

PDFПечатьE-mail

***

Дог1анан дохк т1еязъелла

Лакхенца рег1ара дуьйна.

Кешнийн керт хьалхачул а тийна,

Х1оллам цхьа г1ароллехь сецна.

 

Говраш ю д1анехьо ежаш

Баьццарчу сеналлин арахь,

Баккъашца цинцаш а оьгуш,

Х1аваэхь тийналла йижна.

 

Обновлено 01.03.2018 16:16 | Автор: Administrator 01.03.2018 16:15

   

Шарип Цуруев

PDFПечатьE-mail

Гуьйре схьаеъна…

 

Кхоьлина 1аш хир ю хьо тховса корехь,

Хьо санна, цхьалха бутт хьан коре беъна…

Хиндерг и деригге хьуна ца гора,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Г1арг1улеш, мохк хуьйцуш, гена д1аяхна,

Дашо бос лепалуш, г1аш лаьтта эгна.

Хьан цхьалла тешаме йисина тахна,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Обновлено 01.03.2018 16:15 | Автор: Administrator 01.03.2018 16:14

   

Бексултанов Муса

PDFПечатьE-mail

Лазам

Кхуо тилпо кисана йиллира, пIелг таIийна, машен хьала а латош – накъосташа кхайкхинера кхуьнга, хIума а кхоллуш, жимма цхьаьна Iийр дара вай, биллиард а тухуш, волахь, аьлла.

Уьш кхуьнан хьалха хиллачу хьешеш бисина бара, цхьаберш кхунна товш а боцуш, хIетте а, цхьаьна хьерчаш ханъяйарна, гIалаташ а ца хьехош, куьг а тесина, Iадда битина.

Кхуьнан уьш чIогIа дукха а бара цхьана хенахь, хиллачех хIинца – ган лууш – цхьа-шиъ бен а ца вуьсуш.

Хьо жима а, къона а волуш, дог даьстина лелачу хенахь, цIара тIе сагалматаш санна, шортта гуллора хьан уьш, хьоьгара цхьацца гIо оьшурш я ала дош, кхин я важа. ТIаьхьо юха дIа а бовра, жимма а шайна чу са деъча, ахь шайна динчу диканех мотт-эладита а даржош.

Цул хала хIума а ца хиллера – цу мотт-эладитанал хала, – хьо харц-бакъ къасто воьлча, бехкениг хьо а хуьлуш.

 

Машен йохлуш а йитина, – лаьхьан бутт бара, шийла а къаьсташ, – цхьайолу бедар хийца дагахь хIара чувахча, йоI Iара, буйнахь цхьа кехат а хьерчош, билхина гуш ши бIаьрг а болуш.

Цхьаъ хир ду-кх кхуьнан дахарехь а, хийтира кхунна, дейтта-пхийтта шо долчу йоьIан, шен безамаш а, халахетарш а, массеран а санна хIетахь, хьуна езачунна хьо а ца везаш.

ХIара йоьIан ненаца къаьстина кхо шо дара, кхин дIа иза лан а ца елла, цуьнан саьхьаралла, писала а, нехан бахамаш кхунна тIехбоьттуш, хIара мел ца вешачу нехан.

 

Обновлено 02.03.2018 18:31 | Автор: Administrator 01.02.2018 11:55

   

Страница 15 из 19

Яндекс.Метрика