Минкаилов Эльбрус. Драматург, яздархо, поэт

PDFПечатьE-mail

Нохчийн литературан а, искусствон а исторехь цкъа а йовр йоцу лар йитина бу Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Ошаев Халид, Айдамиров Абузар, иштта дIа кхиберш а. Оцу сийлахьчу могIарехь ву, шеко йоццуш, Хамидов Iабдул-Хьамид а – драматург, прозаик, поэт, гочдархо, театральни режиссер, актер… Иза вина 1920-чу шеран 15-чу октябрехь, ткъа 1969-чу шарахь, некъабохам а хилла, кхелхина, шен шовзткъе исс шо а кхачале. Кхоллараллин болх бан елларг чIогIа кIезиг хан хилла цунна – и къаьсттина гуш ду, и болх юкъахбаьккхина долу вайн халкъо махкаха даьккхина текхна кхойтта шо а оцу юкъахь хилар тидаме эцча…

 

 

 

Къона волуш, 1937-чу шарахь, Москварчу Театральни искусствон театре деша вахара Iабдул–Хьамид. Цигахь яьккхинчу хенахь цунна дика евзира дуьненан литература, театр, кхоллаелира искусствон белхалошца уьйраш. ТIаьхьо масех драматургически произведени нохчийн матте а яьккхира цо –  У. Шекспиран «Отелло», Мольеран «Дворян-ствехь волу мещанин», Л. Толстойн «Боданан ницкъ»… Шеко йоццуш, кхоллараллин лакхенашка кхача цуьнан аьтто бира, оцу шерашкахь Iамийначо а, девзинчо а.

Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Хамидов Iабдул-Хьамид  Нохч-ГIалгIайн драматически театран директор хIоттаво (Хьажа: Туркаев Х. В семье  братских литератур. Грозный. 1983, 206 агIо). Оцу буьрсачу шерашкахь театро, хIора дийнахь бохург санна, шен болх дIакхоьхьу, вайн махкахошна а, эскархошна а, госпиталашкарчу чевнашхиллачарна а спектаклаш хIиттош. Вайн драматурги а, театран истори а таллархочо Айдаев ЮшаIа билгалдаьккхина ду, тIеман хьалхарчу пхеа баттахь театро 300 гергга концерт а хIоттийна, цаьрга I40 эзар гергга стаг а хьаьжна, аьлла (Хьажа: Айдаев Ю. Чечено–ингушская советская драматургия. Грозный, 1975, 125 агIо).

Хамидов Iабдул-Хьамидан дуьххьарлера драматургически произведени «Совдаттий, Дауддий» ю. Оцу драмин кхоллараллин истори йолало 30-гIа шераш чекхдовлуш. Ша институтехь доьшуш волчу хенахь цкъа Даудан монолог язйо цо, тIаьхьо – ерриге а пьеса. 1980-чу шарахь араяьллачу яздархочун «Лийрбоцурш» цIе йолчу драматургин а, прозин а, поэзин а гуларехь и драма I943-чу шарахь язйина аьлла билгалдаьккхина ду, амма зорбане 1955-чу шарахь бен ца яьлла иза, «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь. ТIаьхьо, вайн республика юхаметтахIоттийча, масех шарахь къоман театран репертуарехь лаьттина иза.

«Совдаттий, Дауддий» драма, Бадуев СаьIидан «ПетIамат» санна, «Ямартчу моллеххий, Бектамаран Зайнапаххий иллин» сюжета буха тIехь кхоьллина ю. Шина драматурго оцу сюжетах тайп-тайпана пайдаэцна, шайн исбаьхьаллин Iалашонашка хьаьжжина. Масала, Бадуев СаьIида шен драмехь коьрта турпалхо, халкъан иллехь санна, молла вуьту («Молла» аьлла, кхин цIе а йоцуш), ткъа Хамидов Iабдул-Хьамида цуьнан метта совдегар юкъа-валаво (Умалт). Оцу цхьана хIумано а драмийн Iотта-баккхамаш (конфликташ) вовшех херйо. Амма, хетарехь, и драма Iабдул-Хьамида Iемаш язйина – цу тIехь яздархочун хатI гучу ца долура, я турпалхойн амалшкахь а, я меттан башхаллашкахь а…

«Къинхьегаман байракх» газетехь арадевлла яздархочун дуьххьарлера дийцарш. Уьш дерриге а шайн жанран билгалонашца юморан а, сатиран а дийцарш ду. Нохчийн литературехь оцу жанран произведенеш хьалха кхоьллина хиллехь а (масала, Айсханов Ш. «КIайн котам», Мамакаев I. «Текхарг»), Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллица доьзна ду и кхиар. Шеко йоцуш ду, цуьнан тIеIаткъам тIаьхьо оцу жанрехь болх мел бинчу нохчийн яздархошна хилла аьлла. Масала, хьовсур вай Айдамиров А. «Генарсолтин хьуьнарш» (1965) дийцарийн гуларе. Хамидов I-Хь. ГIирмасолтий, Айдамиров А. Генар-солтий цIераш цхьатера йогIуш хилла ца Iа – герга ю оцу турпалхойн амалш, царех долчу дийцарийн сюжеташ, меттан башхаллаш…

Сулаев М. иштта мах хадийра Хамидов Iабдул-Хьамидан дуьххьарлерачу дийцарийн (уьш, цхьаьна а тоьхна, арахийцира «Абубешар» цIе йолчу гуларехь, 1959-чу шарахь) : «Шен дийцаршкахь цо емал до Iадатах дохкуш долу  зуламе гIуллакхаш, таханенгахь а, керла бахам кхиорехь, вайна новкъарло еш долу. Цундела сакъерадаларца доьшуш а, дешначара вовшашка юха дуьйцуш а хуьлу цуьнан дийцарш. Къаьсттина царалахь билгалдаьлларг – «Абубешара лаьттах тоьхна куй» боху дийцар ду.

Вайн халкъера схьабаьллачу ирачу маттаца Iуьттуш, нах белош, гойтуш ду дийцар тIехь Абубешаран сакхташ: маларшка а вирзина, балхах дIа а къехкаш, цIийнан дерриг гIуллакхаш шен зудчунна тIе а даздина, цуьнан кхерсташ лелар. Амма тIаьххьара а кхетам чу вогIу иза, шен атта лелар гена дIагIур доцийла а хаьий. Цу дийцаро вайна юкъахь хIинца а долуш долу сакхташ а, зударшца нийса дацарш а гучудоху, и гIалаташ вайна юкъара дIадаха гIо деш а ду и дийцар» (Сулаев Магомет. Нохчийн исбаьхьаллин литературан кхиамаш а, декхарш а. – «ДоттагIалла». 1958, № 1, 64 агIо). Ала деза, оцу дийцаран буха тIехь яздархочо пьеса а кхоьллина хиларх. Хамидов Iабдул-Хьамидан коьрта дийцаршший, «Мохсолтин доьхна де» пьесий кIорггера теллина Сулаев М. шен рогIерчу статьяхь. Церан юкъара маьIна иштта до цо: «Шеко йоцуш, А. Хамидовн йозанан мотт кIорггера говза буьйцуш, халкъан дешнаш дукха далош, вайн халкъан маттаца и лерича а, сов нийса мотт хета тхуна. Цуьнан дийцарийн а, пьесийн а сюжетан болар, сингаттаме доцуш, нисса шен коьрта зил тIехь дIахьош хуьлу; чулацаман композици (дIахIотторан кеп) лелориг къастош, кхетош ю.» (Сулаев М. «Абубешар». – «ДоттагIалла», 1959, № 2, 68-78 агIонаш). Зорбанехь яздархочун пхи дийцар арадаьлла – «Абубешара лаьттах тоьхна куй» («Абубешар»), «ГIирмасолтас яьккхина са», «Дурдий, Даргий», «ДIа коч – схьа коч», «Экзамен хаттар». И дийцарш дика девзаш ду вайн книгашъешархошна а, царех, гуш ма-хиллара, алссам дийцина Iилманачаша (вай хьалха хьахийначу Туркаев Хьасанан, Айдаев ЮшаIан, Сулаев Мохьмадан талламел сов, хьажа: Бурчаев Хьалим. Нохчийн забаре произведенеш. – «Орга», 2005, № 4, 52–54 агIонаш). Оцу дийцаршкахь ма-ярра гучуелира Iабдул-Хьамидан юморан а, сатиран а башхаллаш: шен турпалхойн къорггера васташ кхоллар, хIоранна а шен-шен амал, юьхь-сибат, меттан ша-тайпалла йолуш. Яздархочун дийцарийн коьрта маьIна гучудолу Сулаев Мохьмадан царех йолчу жамIдаран статьян цIарехь – «Адмаш дезарна – церан сакхтех» (Хьажа: Сулаев М. Октябро кхоьллинарг. Грозный. 1968.)

Хамидов Iабдул-Хьамида Киргизехь даьхначу шерашкахь тайп-тайпанчу куьйгаллин даржашкахь болх бира, амма шен кхолларалла а, къоман культура а кхиор цунна дихкина дара… Таронаш кхоллаелира Сталин веллачул тIаьхьа, цхьа стаг вазваран бахьнехь дина зуламаш Iорадаха а, нисдан йиш ерг нисдан а долийча, къаьсттина, Нохч-ГIалгIайн республика юхаметтахIоттийначул тIаьхьа. Iабдул-Хьамид хьалха цкъа хелхарийн а, эшарийн а ансаблан, тIаьхьо – драматически театран директор хIутту. 1959-1961-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн цхьаьнакхетараллин правленин куьйгаллехь а лаьтта иза. Оцу шерашкахь цо боккха болх дIахьо, хьалха дуьйна искусствохь къахьегнарш а, похIма долу кегийра нах а вовшахтухуш. 1961-чу шарахь кхоьллинчу Нохч–ГалгIайн театральни студехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш вара иза. И зама дагалоьцуш, гIаръяьллачу актрисас Багалова Зулайс иштта яздора: «Цуьнан дерриге а дахар дара вайнехан искусствона дIаделла… Цо театр кхуллура чоьхьара а, гондахьара а. Театр чоьхьара кхоьллина ца Iаш, иза гондахьара кхоллар – иза ду цуьнан ша-тайпа похIма.

Зоьрталчу дегIехь волу Iабдул-Хьамид тIехьаьжча буьрса стаг вара, амма оцу буьрсаллин тIехьахь шен къоме болу боккха безам бара, шен къоман бала, къаьсттина, артисташка безам, шен бере хуьлу безам а, бала а санна» (Багалова Зулейхан. Яздархо, хьехамча. – «Лам». 2001, № 1 (5), 22 агIо).

  «Ламанан йоI» цIе йолу драма Хамидов Iабдул-Хьамида театран режиссер хиллачу М. Алексеевца цхьаьна язйинера 1960-чу шарахь. Цуьнан коьртачу турпалхочун – нохчийн йоьIан Мареман – вастан прототип яра I9I8-чу шарахь Соьлжа-гIалахь хиллачу БIедийнан тIамехь хIаллакьхилла медйиша Арсанова Фатима, вевзашволчу яздархочун Арсанов Саидбейн йиша. Драма тIеэцар тайп-тайпана дара. Масала, цу тIехь дуьйцучу гIуллакхашкахь дакъалаьцна волу нохчийн яздархо Ошаев Халид реза ца хилира авторшна. Цо пьесин дуккха а ледарлонаш билгалъехира – сюжетехь а, тIом гайтарехь а, турпалхойн амалшкахь а.

Хамидов Iабдул-Хьамидан говзалла къеггина гучуелира «Бож-Iела» комедехь. Вайн драматургехь а, театран исторехь а уггаре а мехала произведени лара мегар долуш ю иза. Яздархочо хьалххе дуьйна муьлха актер хьенан ролехь хир ву а хууш, цу хенахьлерчу театрана язйинера и комеди. Дахарна юкъара схьаэцна а, говза кхоьллина а васташ дара оцу комедин васташ – Бож-Iела (Давлетмирзаев М.), Майма ( Исаева А.), Сутарби (Дениев I.) иштта дIа кхин а. Даима а, паргIата меттиг йоцуш, театран зал юьзна хуьлура, и спектакль хIоттош. Бож-Iела Абубешарх тера вара, амма кхин а кIорггера гайтина, шен амалшца а, кхечу нахаца йолчу юкъметтигашца а… Драматургин произведенех кхин ши пьеса а билгалъяккха еза Хамидов Iабдул-Хьамидан – «ТIам сийна лечий», «Лийрбоцуршший». Царех хьалхарниг – барта кхоллараллин буха тIехь кхоьллина берашна лерина туьйра ду, шолгIаниг – Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна турпаллин драма.

«Лийрбоцурш» драма язйина 1967-чу шарахь, масех сезонехь театран сцени тIехь а лаьттира иза. Цуьнан коьрта турпалхо вара Нурадилов Ханпаша. Цуьнан кхоллам гайтина ца Iаш, фронтехь а, тылехь болчу нехан тайп-тайпана васташ кхоьллира драматурго. Пьесехь, тIеман темана язйинчу кхечу произведенешкахь санна, советски бIаьхойн – тайп-тайпанчу къаьмнийн векалийн Даймахке болу безам, майралла, доьналла гайтина Хамидов Iабдул-Хьамида. Язйинчу шарахь республикански конкурсехь совгIатца а, ткъа иштта РСФСР-н культуран министерствон дипломца а билгалъяьккхира и драма. 1971-чу шарахь Москвахь гайтира театро «Лийрбоцурш» спектакль, «Правда» газетехь а дика мах хадийра цуьнан.

Поэзехь цо башха дукха болх ца бина. Дукха хьолахь, эшаршка йирзина стихаш ю цо язйинчарех дика евзаш («Зезаг», «Партизанан илли», «Лайлаъ», иштта дIа кхин а).

… Ша Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкоме балха хIоттийча а, кхолараллин болх, театраца йолу уьйраш дIа ца тесира цо. Диначух тоам ца беш, къахьоьгуш вара иза, керлачу лехамийн новкъахь…

Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллин мехалла хIинца а яйна яц. Нохчийн исторехь дуьсур ду цо къоман культура кхиорехь дина гIуллакхаш а. 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика