Минкаилов Эльбрус. Нохчийн сонет а, сонетан кочар а

PDFПечатьE-mail

ХIинцалерчу поэзехь жанраш, классически поэзехь санна, шайн чулацамций, кепаций вовшех къаьсташ яц. ХIетте а, хьалха дуьйна кхоллаелла жанраш хIинца а йолуш ю, шайн коьртачу билгалонашца. Царах ю сонет а.

 

Сонет – поэзин «чIогIа» кеп ю, I4 могIанах лаьтташ йолу. Иза I3-чу бIешарахь Италехь кхоллаелла, Петраркас Лаурех язйина 3I7 сонет бахьнехь чIогIа яьржина Европехь – Испанехь, Францехь, Англехь, Германехь… Росси сонет кхочу I8-чу  бIешарахь, классицизман муьрехь (В. Тредиаковский, А. Сумароков), цу хенахь дуьйна тайп-тайпанчу оьрсийн поэташа кхоьллина оцу жанрехь произведенеш. Нохчийн поэзе сонет оьрсийн литературехула еана.

 

 

I4 могIа бен боццушехь, строфашкахь рифмаш тайп-тайпана хиларца масех сонетан кеп ю къастош: французски сонет (abba abab cdc dcd  я  abba abab cde cde), итальянски сонет (abab abab cdc ded я abab abab cde cde), английски сонет ( abab cdcd efef qq), иштта дIа кхин а. Оцу тайпанех мелла а алсам английски сонет нисло нохчийн поэзехь.

«Сонет» аьлла, жанр къастийна яцахь а, цуьнан лехамашца язйина стихотворенеш вайн поэзехь хьалха дуьйна кхоьллина. Масала, Мамакаев Мохьмадан «Мотт» стихотворени I952-чу шарахь язйина ю:

 

Со хестош, векаш ву илланча,

Сан озца дуцуш шен говза дош,

Къийсамехь гур бугIу векалш а,

Базаршкахь сийсаз а аш со бо. 

 

 

Ас харцлуьйш шух цхьа а бех ца во,

Мерза аз назманче дIаделла,

Некъ сирла шун бина богIу со,

Дахар а сайн азца ас дегна…

 

Сайх тешна кху араваьлла хьо,

Вуьгур ву, некъ хьоьхуш, дIо генна.

ГIо дийр ду ас чIагIдан гергарло,

Хьаьнцци а, и вагIахь догцIена.

 

Сан лепарш ахь лардахь, назманча,

Ас лур бу ницкъ стигла хьо ваккха!

     (Мамакаев Мохьмад. Хаьржинарш. Грозный. I970. 84 агIо).

 

ХIинцалерчу сонетан чулацам тайп-тайпана бу. Нагахь санна, ша кхоллаеллачу хенахь иза безаман эшар хиллехь («sonetto» итальянски маттахь «эшар» бохург ду), тIаьхьо цуьнан чулацам шорло. Безаман тема коьртаниг ю ала мегар долуш йиснехь а, сонеташ патриотически а, Iаламан а, философин а чулацам болуш нисло.

Нохчийн поэтех сонеташ Сулаев Мохьмада а, Ахматова Раисас а, Арсанукаев Шайхис а, Сатуев Хьусейна а, Дакаев СаьIид-Бека а, Бисултанов Аптис а, кхечара а язйина. Угга-ре а алсам вайн поэзехь оцу жанран произведенеш кхоьллина Алиев ГIапура. Оцу хIора а авторан, кхолла-раллин шен-шен башхаллашка хьаьжжина, тайп-тайпана ю сонеташ а.

Масала, Ахматова Раиса кIорггера лирик ю. Шен заманан тIеIаткъам бахьнехь, цо тайп-тайпана произведенеш  кхоьллина, амма тахана а шайн мехалла янза ерш цуьнан лирически стихотворенеш ю, шен синхаамех, гергарчу а, безачу а нахах язйина.

Хьовсур вай царах цхьаьнга:

 

Паччахь ю со хIинца. Шорта ду хьал а,

Дуьненан хазалла – ерриге а сан ю.

Вола сан хIусаме – ахпаччахьалла,

Ахь дехахь, и хьуна ас дIалур ду.

 

Ахь ехахь – дIалур ю аренаш, хьаннаш,

Хьаваэхь тохкур ду ас хьуна тIеш.

Лелачу некъашка, кузашка яржош,

Тосур ю стиглара кIеда мархаш.

 

Ахь дехнарг дерриге а дIалур ду хьуна,

Седарчийн хорханаш езахь лур ю,

Сел боккха ницкъ болчу ирсечу суна

Хьо а иштта ирс долуш ган луур ду.

 

Дехахьа… ХIинца а ца хаьа хьуна –

Хьан безам буйла и ницкъ белларг суна.

                 (Ахматова Раиса. Цхьаьнакхетар. I69 агIо).

 

ХIара сонет шен кепаца английски сонетаца йогIуш ю, рифмийн кеп abab cdcd efef qq а йолуш (кхуьнан кеп, ма-дарра аьлча, abab cdcd efef ee ю, амма иза ларамза нисъелла ю, нохчийн поэзехь цIерметдешнийн рифма «хьуна – суна…» шуьйра яьржина хиларна). Ерриге сонет еа строфах лаьтташ ю, кхаа катренаххий (катрен – биъмогIа), цхьана дистихаххий (дистих – шимогIа). Хьалхарий, шолгIий, кхоалгIий беамогIнехь цхьатерра рифмаш ю (I-чу могIанан 3-чу могIанца, 2-чун – 4-чуьнца, аьлча а, жIарийн рифма), ткъа тIаьххьара ши могIа вовшашца рифма йолуш бу.

ХIора строфа шен чекхдаьлла маьIна долуш ю, тIадамца чекхйолуш. Иза а сонетан цхьа билгало ю, даима нислуш яцахь а. Сонетан чулацамехь, литературан кхечу жанрийн произведенешкахь санна, дIадолор а (I-ра строфа), кхиар а (2 строфа), кхиаран лакхара тIегIа а (3 строфа), дерзор а (4 строфа) хила деза. Амма иза цхьайолчу сонеташкахь бен  нислуш дац. Вовшашца юстур вай лакхахь ялийна Ахматова Раисин а,  Сулаев Мохьмадан  «Ламанан хи» цIе йолу а сонеташ:

 

Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш,

ХIаваэ хьалкхуьссуш жовхIарийн тхи,

ХIорда тIе сихделла, хедадеш лаьмнаш,

Хьаьхкина охьадогIу ламанан хи.

 

Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,

Хийла и кхечу хих дIакхетало,

Хи хазахетарца шен маракъовлуш,

Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.

 

Делахь а, тIаьххьар а, шен хIорд карийча,

Мел лайна халонаш ша йиц а йой,

И, са тоьй, ма соцу, хIордах дIаийча,

ХIорда чохь ша лехна ирс карадой.

 

Сан Даймохк! Сайн ирс а – хаалда хьуна –

Сайн дог хьох дIаэрца карийна суна!

                           (Сулаев Мохьмад. Сирла суьйре. 36 агIо).

 

ХIокху сонетан чулацамехь Iаламан сурт лирически турпалхочо шен Даймахке болу безам къеггина гайтархьама хIоттийна ду. И сурт кхаа строфахь (I4 могIанах I2 могIанехь) кхоьллина ду. Лакхахь вай хьахийна исбаьхьаллин произведенин сюжетан дакъош кхузахь дац. Амма шайн кепашка хьаьжча, и ши сонет вовшех тера ю (английски сонеташ).  

Сонетан кхин кеп ю Бисултанов Аптис ялийнарг:

 

ЭхI, дахар, дахар-яI, хьан гIиллакх:

Кхерчо бен ца вохвеш хан хилла-кх…

Делахь а еса ю кху буса

Ден хIусам – сужданан къубба сан.

 

Со иди, хан юьтуш некъашца,

Хьаьхна кху дуьненан есалла.

Хьаьгнера хьан пхьоран декъах со,

Къеначу сан ненан эсалла…

 

Ткъа хIинца дарц хьоькху пешара,

Адамаш доьлху дIо бешара,

Лулахойн туьнталгаш къаръелла…

ХIан-хIа, дац и суна тарделла.

 

Со хIинца цIахь хиларх тешаш вац,

И чIагIдан тховса сан тешаш бац.

                      (Бисултанов Апти. Цхьа илли. 45 агIо).

 

Гуш ма-хиллара, кхузахь поэта хIора строфахь шалха рифма лелайо (I-чу могIанан 2-чу могIанца рифма ю, 3-чун – 4-чуьнца, иштта дIа кхин а…). Жанран таронаш алссам хилар гойту хIокху масало.

Сонетийн кочар (венок сонетов) мелла а чолхе кеп ю – иза I4 сонетаххий, оцу сонетийн хьалхарчу могIанех кхоллалучу I5-чу сонетаххий (цунах сонетийн догIа олу) кхоллалуш ю. Дерриге а сонетийн кочар 2I0 могIанах лаьтта – (I4 х I4) + I4 = 2I0. Нохчийн поэзехь оцу тайпа произведенеш масех авторо кхоьллина, тIаьххьарлерачех масала Арсанукаев Шайхин «Къонах – и лакхе ю лакхарчу даржийн» а ду.

 

ХIара а, кхул хьалхара I4 сонет а еа строфах лаьтташ ю – шина катренаххий (беамогIанаххий), шина терцинаххий (кхаамогIанаххий), рифмийн кеп abab cdcd eef qqf  а йолуш. Гуш ма-хиллара, хIара сонет хьалха вай билгалъяьхначарах  къаьсташ  ю.

Сонетийн кочар цхьа тема йолуш хила деза. Цул сов, I5-гIа сонет вукху I4 сонетан хьалхарчу могIанех кхоллаяла езаш ю (хIора сонетан тIаьххьара могIа рогIерчун хьалхара могIа хуьлу). Оцу кепо цхьацца чолхенаш кхуллу оцу жанрехь язъечу поэташна хьалха, кеп ларъярхьама чулацам бохорца уьш гучу а йовлу. Гуш ма-хиллара, ерриге а кочарна юкъайогIу сонеташ цхьана барамехь язйина а хила еза, бIаьрго а, лерсино а ца лоццучу кепара, вовшех иэн а бина, царна юкъара схьаэцначу I4 могIанах кхин сонет (сонетийн догIа) кхолла а еза. Оцу Iалашоне кхача поэтана йоккха говзалла оьшу. 

 

Къонах – и лакхе ю лакхарчу даржийн

 

АДАМ – цхьа дуьне ду, жима планета,

Кхачалац кIоргачу къайленаш тIе.

Сирлачу Безаман нур хилла летта,

Йогуш ю цуьнан кийрахь тIепанган цIе.

 

Гуобоху Малхана, чекхдуьйлу дорцех,

Даима лехамийн дорцех ду и.

Безамах, Тешамах хьаьгна, цо орцах

Кхойкху тIе ша санна дуьненаш кхин.

 

Йоцачу оьмаран аьрхачу новкъахь

Хьийза и дахаран нуьцкъалчу шовкъехь,

ХIора а буьйсанна гуш ирча гIан.

 

Хьийзаш ду и Дуьне: доьлу и доьлху,

Цхьалхалла ла ца луш, доттагIий лоьху.

Телескоп  ца оьшу и дуьне ган.

 

2

Телескоп ца оьшу и Дуьне ган –

Схьахьажа цкъа соьга, цец-акъ ма вала:

Со ду и жима Дуьне. Iемина лан

Сайн новкъахь халонаш, харцонаш, бала.

 

Со жима Адам ду, буйннал ду дог,

Амма цо чулоцу дерриг жилIалам.

Болар сан партал ду, беза бу ког,

Амма ю Ойла сан яйн тIемаяьлла.

 

Оьмар сан йоца ю, чолхе бу некъ,

Хьийза со, ца карош сайн Ирсан неI –

Суна сайн дахаран маьIна и хета.

 

Iилманча, доьху хьоь, Iамаве со,

Сайна суо вовзийта де суна гIо.

Со ду и жима дуьне, гIорта сох кхета.

 

3

Со ду и жима Дуьне, гIорта сох кхета,

Доккхачу Дуьненан лазам ас лов.

Сан кийрахь догу дог, Малхах схьакхетта,

Цо ловш ю Дуьненан массо а чов!

 

ЭгIазчу сан дегIехь буьрса ницкъ IаьIна,

Дуьненан кхоллам а ас ловзабо.

Космосан геналлаш, ойла-тай даьIна,

Ракетийн мехалшца тIеийзайо.

 

Сан зама – хьерадаьлла ткъоллагIа бIешо,

Лулахо гIаьттина лулахо эшо,

Къизалла шен акха хелхар деш Iа.

 

ХIаваъ вайн дIаьвше ду, хиш лекъаш лаьтта,

ЦIий алсам хуьйдина, кхохкийна латта.

Iилманча, ладогIа – гIо оьшу хьан.

 

4

Iилманча, ладогIа, гIо оьшу хьан

Дуьненан, Iаламан къайленаш яста.

Адаман деган къайле, деллий и схьа,

Таллахьа – мичахь ду Къизаллин хьост?

 

Исбаьхьчу вайн  лаьттахь IаьIна и дIовш,

Дуьненан Хазалла кхоамза хьоьшу.

Адамийн АДАМАЛЛА лаьтта-кха довш,

Къинхетам, Оьздалла, Иэхь денна оьшу.

 

Космосан кIоргалле хьажийна хьайн

Телескоп Адамехьа ерзае, хIай,

Велахь хьо планеташ талла сел говза.

 

Мильардаш адамаш – уьш планеташ ю,

Царах цхьаъ – со – хьоьга дехар деш ву:

ГIо дехьа адамашна Iалам шайн довза.

 

5

ГIо дехьа адамашна Iалам шайн довза,

Къизалла, ХьагI, Гамуо эшая шайн.

Дегнашкахь чIагIдарца Адамаллин доза,

Дебийта Къинхетам, Оьздалла дайн.

 

Адам – и Диканна кхоьллина Дала,

Хьекъаллий, Кхетаммий ду цунна теш.

Диканна къахьоьгу, цунна лов бала,

Адамо Адамна гIуллакх а деш.

 

Оьздачу гIиллакхийн бохь – Адамалла,

Ца кхоор вовшашна цкъа а Дикалла,

Довхачу шайн дегнийн Безаман нур.

 

Амма дац массо а адам цхьатерра, –

Ницкъ кхачац Адамалла дицделлачеран,

Сий лардеш, чекхбаккха дахаран мур.

 

6

Сий лардеш, чекхбаккха дахаран мур –

Ца лоцу Iалашо и цхьаболчара.

Махкана, халкъана эшарх дац лур

Цкъа а шайн доьналла, я хьекъал цара.

 

Ишттачийн Дела ву тахана сом,

И доккху ца къестош Хьарам я Хьанал.

Стаг вуьйр ву сом даккха, болор бу тIом,

Шайн дуьхьа бехкбоцчу адамийн цIий Iано.

 

ДоттагIий, гергарнаш бицбина шайн,

Дицдина ГIиллакхаш, Ламасташ дайн,

Амма бу «оьшу нах» хьаста-м  уьш говза.

 

Митингехь я тойнехь къаста хууш

Белахь а, хилац уьш хезаш я гуш

Орцанна эшначохь Харцонца къовса.

 

7

Орцанна эшначохь Харцонца къовса,

Зурманца лехарх а, уьш карор бац.

Маршонан вайн пхьалгIахь цкъа левси кховса,

Мел дехарш дарах, уьш цхьаъ вогIур вац.

 

Даима, са мере кхаьчна, бу хьаьвдда,

БIарзбелла хьийза уьш, рицкъа гулдеш.

Иэхь-бехк а ца лоьруш, дузу шайн хьаьвда,

Дуьненан лазамийн ойла ца еш.

 

Сингаттам ца бевзаш, шайн мехкан, къоман,

Дарж къовсу, базар йо, талор до, къола,

Дегнаш тIе биллина пуьсаллин хIур.

 

Къамелаш до говза  – даккхийра, шера,

Кхерамехь-м гуш хилац доьналла церан

Баттара даккха шайн Бакъонан тур.

 

8

Баттара даккха шайн Бакъонан тур

Шорта бу кхин кIентий Нохчийчохь кийча.

Дахар шайн, ца кхоош, ду цара лур

Мехкан сий лардечохь оьшуш и хилча.

 

Бу кIентий – КЪОНАХИЙ – ю церан цIе –

Дахар шайн Даймехкан кхолламах доьзна.

Мел Iаьржа доьхна де кхачарах тIе,

Халонех, кхерамех агIо ца оьзна.

 

Даржашлахь сийлахьчех лору цхьа дарж,

Яц цунна тIекхача хIоттийна раж,

И эца ницкъ кхачац дашочу харжийн.

 

КЪОНАХ – цул деза дарж Нохчийчохь дац,

Халкъо хьакъ воцчунна и цIе луш яц.

КЪОНАХ – и Лакхе ю лакхарчу даржийн.

9

КЪОНАХ – и Лакхе ю лакхарчу даржийн,

Чолхе бу, ирхе бу цунна тIе некъ.

Дахаран денош ду ийна – кIайн, Iаьржий,

ХIоранна еллалуш яц Ирсан неI.

 

Къонахчо цIарна ца леладо гIиллакх,

И цуьнан цIийца ду, амал и ю.

Къонахчо дош деллехь – хилла ду гIуллакх,

ГIо эшахь – куьг кховдо кийча и ву.

 

ЯМАРТЛО ХЬАГI, ГАМУО – лийрина иэхь

Вайн дайша, хестаеш къонахийн ЯХЬ,

Беш цуьнан сий-ларам массо а даржийл.

 

Къонахчун дарж – ду и сов деза дукъ,

Атта дац дIакхехьа, ца саттош букъ.

Цу дарже кхочу стаг, Махкахь сий даьржий.

 

I0

Цу дарже кхочу стаг, Махкахь сий даьржий,

Лоруш и Даймехкан, шен къоман воI.

Ткъа наггахь нислуш ду къонахчун дарже

Йоккхуш вайн яхь йолу зуда я йоI.

 

Къизачу заманийн боданехь гIийла,

МАРШОНЕ сатуьссуш, баьхна вайн дай,

Иэхьечу лоллина къар ца луш, хийла

ГIиттина къийсамна къонахий вайн.

 

Къонахий бицлуш бац – иллешкахь денлой,

ДIахIуьтту, турпалхой хуьлий вайн денойн

Дозалла ду хилар уьш багарбан,

 

Къонахийн амалехь дац къамел деха,

Баьхна уьш даим а, хIинца а беха,

Юкъ йоьхкий гIуллакх Даймехкан дан.

 

II

Юкъ йоьхкий гIуллакх Даймехкан дан

Къонахий леллашехь, цхьа кIиллош теба,

Катоха кечбелла, я талор дан,

Дузо шайн тIингараш, цкъа а ца Iеба.

 

Маржа яI, исбаьхьчу вайн лаьтта тIехь

Мел дукха IаьIна-кх и Iаьржа Къизалла.

Ма тийна, ма хеба вайн ИМАН, ИЭХЬ,

Мича дахна хIинццалц вайн хилла

                                                 Адамалла?!

 

Эхь хетта-кх тахана цхьа ЧИКАРШ гуш,

Берзалойн амале бирзина уьш,

Кадетташталорех берстина, сийса.

 

Инзаре халонаш, трагедиш ловш,

Баьхна дай, АДАМАЛЛА, ГIИЛЛАКХ ца довш,

БIешераша къежбина къоман САТИЙСАМ.

 

I2

 

БIешераша къежбина къоман САТИЙСАМ

Бицбиначарна вай гечдан тарлой?

Вай къомо кхайкхийнарг – МАШАР! БАРТ!

                                                           НИЙСО! –

Вовшашца къийсаре дерзо тарлой?!

 

Тайпанаш, тукхамаш, ярташ а къестош,

Тахана вай хестабо къонахий – дай,

Амма хIун дуьтур ду кхана ваьш хестош,

Даггара дош ала тIаьхьешна вай?

 

Тахна вайн боьхна барт, ца доьрзу дов,

Акхачу талорийн Iовжаме чов –

Бакъо яц Къонахийн бен доцуш хьийса.

 

БIешерийн Сатийсам – лепахь а и,

Вайн новкъахь хIинцаъ ду кхераман Iин,

ХIинцаъ чекхбаьлла бац Къонахийн къийсам.

 

I3

 

ХIинцаъ чекхбаьлла бац Къонахийн къийсам,

ХIинца а бодашлахь тиэба чикарш.

Амма бу лепаш вайн сирла Сатийсам,

Къагийна цо нохчийн стигланийн Iарш.

 

Дуьйцу, вай ду говрийн амалехь, олий:

Уьш санна, терса вай, къастар ца ловш,

Ткъа вовшех ма-кхийтти, къовсаме довлий,

Вовшашна цIингаш вай беттар дац товш.

 

Шел тоьлларг ца везаш, хуьлу вай гома,

Сийлахьниг тIевоккхуш гу бац вайн къоман,

Я ор дац сийдоцург чохь воллуш ган.

 

Хиндолчун ойла яр доцуш, чухьолхий,

Вай вешан сийлахь некъ баккхарна чолхе,

МАРШОНО хIинцаъ ца баькхина кан.

 

I4

 

Маршоно хIинцаъ ца баьккхина кан,

НИЙСО ян ницкъ кхачац Бакъонан архийн.

Вайн сирла Сатийсам – вайн сийна гIан –

Беттало хIинца а йийсарехь мархийн.

 

Амма бу Къонахий  некъ шайн дIахьош,

Къонахийн карахь бу кхоллам а къоман.

Йоссор ю – онда ду Къонахийн дош –

Нийсо вай Нохчийчу нускалха къона

 

ХIан-хIа, яц берзалой – АДАМАШ ду вай,

Акхарой ца хилла вайн наной, дай.

Берзалойх вай тардар – сийсаздар хета

 

АДАМ – цул исбаьхьа, сийлахь дош дац,

Я Маршо, я Нийсо цуьнца бен яц.

АДАМ – цхьа Дуьне ду, жима планета!

 

I5

 

АДАМ – цхьа Дуьне ду, жима планета,

Телескоп ца оьшу и Дуьне ган.

Со ду и жима Дуьне, гIорта соьх кхета,

Iилманча, ладогIа – гIо оьшу хьан.

 

ГIо дехьа адамашна Iалам шайн довза,

Сий лардеш чекхбаккха дахаран мур.

Орцанна эшначохь Харцонца къовса,

Баттара даккха шайн Бакъонан тур.

 

КЪОНАХ – и Лакхе ю лакхарчу даржийн,

Цу дарже кхочу стаг Махкахь сий даьржий,

Юкъ йоьхкий, гIуллакх Даймахкана дан.

 

БIешерша къежбина къоман САТИЙСАМ,

ХIинцаъ чекхбаьлла бац Къонахийн къийсам,

МАРШОНО хIинцаъ ца баьккхина кан…

 

(Арсанукаев Шайхи. Къонах – и лакхе ю лакхарчу даржийн. – «Орга». 2003. № I0. 4 агIо.).

 

 

Амма, мухха делахь а, сонет а, сонетийн кочар а нохчийн поэзи юкъа а яьхкина, тахана а йолуш а ю. Вайн заманахь уьш кхуллуш, поэташа шайн ницкъ зуьй, хьалха баьхначу оцу жанран классикашца къийса а луш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика