Минкаилов Эльбрус. Шерипов Асланбек – гочдархо

PDFПечатьE-mail

Масех шо хьалха нохчийн гIараваьллачу яздархочо Айдамиров Абузара шен цхьаьна интервьюхь 20–чу бIешеран вайн къоман уггаре а бIаьрла векалш къастабе аьлча, Шерипов Асланбекан цIе а яьккхира. ХIун бахьана дара-техьа яздархочо цуьнан иштта лакхара мах хадоран?

 

 

Шерипов Асланбек революцин, граждански тIеман шерашкахь, большевикийн агIо а лаьцна, Нохчийчохь Советан Iедал дIахIоттийначарех цхьаъ ву. Хетарехь, ша юьхьарлаьцначу гIуллакхна муьтIахь, шеконаш йоцуш, цIена и чекхвалар дара яздархочо тидаме эцнарг.

Шерипов Асланбеках дуккха я язйина историкаша а, литературоведаша а. Цуьнан публицистикина а, гочдаршна дуьххьара леррина тидам тIебахийтина Туркаев Хьасана шен статьяшкахь а, монографешкахь а (Хьажа: Туркаев Х. В. Исторические судьбы литератур чеченцев и ингушей. Грозный. I978; Изза. В семье братских литератур. Грозный. I983; Изза. Путь к художественной правде. Грозный. I987, иштта дIа кхи а). Iилманчас Шерипов Асланбекан кхолларалла теллина, нохчийн къоман эстетически ойла кхиарехь иза цхьа дакъа а лоруш. Амма Советан заманахь язбина белхаш коьртачу декъехь цхьа Iалашо йолуш бара – политик, яздархо коммунистически идеологина тIеверзар гайтар. Тахана керла хьажар лаха деза, хьалхалерчу коммунистически идеологин чалхаш дIа а йохуш, хиламийн а, адамийн а нийса мах хадорхьама.

Шерипов Асланбекан дахар а, вайн халкъан исторехь цо дIалоцу меттиг а къасто еза юха – иза историкийн декхар ду. Амма цо вайн культурехь а йитина шен лар – дуьххьара барта кхоллараллин произведенеш оьрсийн матте гоч а йина, уьш арахецнарг ву иза («Нохчийн иллешна юкъара». Владикавказ. I9I8). Оцу книгехь обаргех кхо илли а, гочдархочун дешхьалхе а яра.

Нохчийн иллеш – иза масех бIешеран истори а йолуш, шира жанр ю. Иза кхоллаелла I5–I6-чу бIешарахь, нохчаша луларчу къаьмнех болчу элашца къийсам латточу муьрехь. Къаьсттина дукха иллеш кхолладелла Россица тIом болчу хенахь. Хууш ма-хиллара, и тIом дIабирзина I862-чу шарахь. Цул тIаьхьа цхьа гIаттам хилла, I877–78 шш., Iаьлбаг–Хьаьжа коьртехь а волуш. I9 бIешо чекхдолуш – 20 бIешо долалуш Кавказехь, къаьсттина, Нохчийчохь, шуьйра даьржина хилла обаргалла. «Iедало таIзар латтадора , бахархоша тIехь, ткъа обаргаша оцу Iедална таIзар дора», – яздора Шерипов Асланбека шен гуларан дешхьалхехь. Цо дIа а яздина, гочдинарг оцу обаргех долу кхо илли дара – «Обарг Геха», «Мусан кIант Юсуп», «Обарг Асир».

И кхо илли вовшех къаьсташ ду, сюжеташ яьржина хиларца. «Мусан кIант Юсуп», хетарехь, тIаьхьо фольклористо Мунаев ИсмаIила иллешна юкъара «узам» аьлла къастийначу жанрехь лара мегар ду. И жанр ша лелаш а, иллица дIаийна а хила тарло. Узамийн чулацамехь турпалхочун дог-ойлано, синхаамаша дIалоцу коьрта меттиг, иллешкахь санна, хиламаша а ца лоцуш (Хьажа: Мунаев И., Ахмадов М. О чеченском песенном фольклоре. – Чеченская народная поэзия в записях ХIХ–ХХ вв. Илли, узамы. Москва. «Новый ключ». 2005. c. 32). Юсупан шен дагца долчу къамелах кхоллало оцу узаман сюжет ­– ша  «дуьне деса ца дита кхоьллина и базаран кIиллойх» я «…тIом буьрсачу а сецаш, вийнарг вуьсучу, докъах мах боьхучу мостагIийн ва махкахь, цу луьрчу мостагIашца турпала къийсам дIахьош…» болчу кIентех  хилар къасто гIерта иза. Даго цунна хьоьху шолгIачу тобанах хилар, цундела «чал дера ва герзаш шен дегIа дерзийна, са цIена ва гила ша сиха кечбина, цу буьрсачу буьйсанан цу буто боданехь, лам тесна дIайоьду сийна марха ва санна, мотт битина дIавайра дог майра Юсуп…». «Мусан кIант Юсуп» илли Шерипов Асланбека ша ма-дарра гочдинчух тера ду, шегара тIетохарш доцуш. Авторо гочдаран болх мелла а сов кхоллараллица бар гучудолу «Обарг Геха», «Обарг Асир» иллешкахь.

Шайн ойланашца, дахаре хьажарца, лай хилла вехачул, къийсамехь Iожалла тIеэца кийча хиларца герга бу Юсупна оцу шина иллин турпалхой а.

Обарг Геха, Юсуп санна, ша шеца латттийначу къийсамехь тоьлла, къийсаман новкъа ваьлла стаг ву. Цунах долчу иллин чулацамехь турпалхочун Iожаллин истори ю. Адамех ца тешаш, царех лечкъаш лела обарг цхьана хIусаме кхочу, буьйса яккха, амма ямартчу Iисас мотт а тухий, и тIевоьссинчу цIенна го лоцу… Гехина хьалха чолхе хаттар хIутту – я карвахар, я къийсамехь валар. Ша тIеэцначу Боккалон хIусамнанас, Зудчо–Лечано (юха а Горький!) гIо до цунна жоп каро – цуьнан сацам хуьлу, кара ца воьдуш, летта, вала…

Мелла а сов гочдархочун тIетохарш хаало «Обарг Асир» иллехь. Сюжет йолаялале йолу ехха дешхьалхе (пролог) – ерриге а авторера ю, иллешкахь иштта иза нислуш яц. Кавказан исбаьхьчу Iаламах, кавказхоша шайн паргIатонехьа латтийначу къийсамах, лейн дукъ ца ловш, къийсамехь эгначу турпалхойх дуьйцу авторо. Цо дуьхь-дуьхьал хIоттайо ши зама – хьалхалерий, хIинцалерий; турпала гIуллакхаш а, турпала къонахий а – уьш хьалха хилла: «ХIей! Шу, турпалчу дайн кIентий! Шу хIунда девлла  иштта сутар-саьхьар дуьне гулдан – деший, сискал – ткъа цхьа а хIотто мах боцу  сан сийлахь–йоккха хазна аш хIунда ца тергалйо? ХIунда ца оьцу аш соьгарчу сирлачу, майрачу дахаран масал, паргIатонехьа къийсаман лекха масал, паргIатонехьа къийсаман лекха лаам, турпала хьуьнарш?» Оцу хьалха цкъа хиллачу турпалхойх ву Асир…

Шех тера, ша санна нах ца карош, дахарх чамбаьлла, Iожаллица ловзуш ву Асир. Цуьнан дахарца йолу зIе латтош берг безам бу, амма Нантина иза ца веза… Езачунна тIе хала киртиг хIоьттича, цунна орцахволу Асир, амма йоьIан ойла тIаккха а хийца ца ло. ЙоIа цIе яьккхинчу кIентан хIусаме иза дIаюьгу обарго. Цул тIаьхьа хIумма а ца дуьсу – гIалагIазкхийн станице хIонцана ваханчохь тIаьххьара а шен Iожалла карайо Асирна. Ала деза, Гехий, Асиррий ший а обарган новкъаваьлла велахь а, вовшех чIогIа къаьсташ хилар. Геха къийсамхо ву, ткъа Асир – зуламхо: «Цхьа а адам а ца дезара Асирна, карзахечу къизаллица дойура цо уьш, хьийзадора, цхьаннах а къинхетам ца беш…».   

Гочдархочо мелла а хийцина сюжеташ а, турпалхойн амалш а. Цул сов, гочдаршкахь хаало керла меттан башхаллаш а – уьш, хетарехь, М. Горькийн романтически произведенеша бинчу тIеIаткъамца йоьзна ю (Хьажа: Минкаилов Э. Горьковские мотивы в творчестве А. Шерипова. – Горьковские чтения. Грозный. I988. С.56–59.). Масала, Шерипов Асланбека хьалха «Борз» олу шен турпалхочух, вайн фольклорехь ма-аллара, амма кхечу меттигехь цунах – «Леча»… Горькийн Леча а, Шериповн Геха а – ши ваша ву, Iожалла а цхьатерра тIеоьцу цу шиммо – Леча ле, бердах а оьккхий, тIаьххьара хIаваэхула хьовзаран а, къийсаман а ирс довзархьама, ткъа Геха – хьалххе дуьйна эшамца чекхбер буй хуучу тIаме а хIуттий. Амма и ший а – толамхо ду:  «МостагIа эшорах хуьлуш бац толам. ПаргIатонан къийсамна шен дегI, шен дахар, ца кхоьруш, дIаделларг – толамхо ву!». Лечин, Гехин а дахар, Iожалла а «паргIатонехьа, серлонехьа болчу кхайкхаман къеггина масал долу»…

Оцу иллийн нохчийн маттахь йолу оригиналаш йисна яц. И тидаме а эцна, Сулейманов Ахьмада юха нохчийн матте гочдира уьш, Шерипов Асланбекан 80 шо кхочуш (I977 ш.).

Вай лакхахь хьахийра, Шерипов Асланбек дIадаханчу бIешеран вайн халкъан исторехь уггаре а сирла лар йитинчех цхьаъ хиларх. Хетарехь, цуьнан дуьнене хьажар, кхетам, амал йовзарехь чIогIа мехала хIума ду цуьнан халкъан барта кхоллараллица хилла йолу уьйраш къастор. Ма-дарра аьлча, и къийсаман новкъа ваьккхина нохчийн иллеша, халкъан паргIатонехьа йолу ойла цара кхоьллина, и паргIато яккхархьама шен ницкъ а, дахар а ца кхоо цара Iамийна… Ткъа оцу луьрчу заманахь уьш зорбане дахар – кхечарна а иштта тIеIаткъам байтархьама бен хуьлийла а дацара… 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика