Берсанов Хожа-Ахьмад

PDFПечатьE-mail

                     Кицанаш 


Хийрачу махка вахча, дохковолу, кхетам алсамболу.
Даймохк беза яхь йолчу къонахашна.
Даймохк боцуш волу стаг тIам боцу олхазар ду.
Виначу махкахь малх дарбане бу, догIа хьена ду.
ХIордал дехьа хаза делахь а, цIахь гIоле ду.
Хийрачу махкахь бIаьсте а сингаттаме хуьлу.
Ша вина мохк – нана, хийра мохк – десте.
Мерзачу дагалецамаша дагна там бо.
Муьлххачу а цхьогало шен цIога хестадо.
Экха цуьнан мIарех, бергех девза.
ХIора заманан шен-шен иллеш ду.
Хилларг  дIадаьлла, карахь дерг ларде.
Дахар хIорд бац, нека дарх чекхвалалур вац.
Кхана хиндерг Дела Ша воцчунна бен хуур дац. 
ДIаяхна зама юхайогIур яц.
Цхьанна шенна хууш ерг къайле ю, шинна хууш ерг ахкъайле ю.
Къуьйсуш хила, тIехьаша ладугIуш хила.
ТIемалочо тIом бо, зудчо цIахь сагатдо.
Толамах дог тешна вацахь, толам боккхур бац.
МостагIчух кхоьруш волчо толам боккхур бац.
Лаьхьа шен Iуьргахь бен беза.
ТIаргIа ларга, тIера цIока ма яккха.
Дуьйцучух теша, цкъа айхьа талла.
ЦIе а ма ловзае, хих а ма теша.
Дешин хиларх хьозана гура ца беза.
Нахана зулам деш вацахь, стаг маьрша ву.
Готтачу мачи чохь ког къуьйлуьйтучул, когаш берзина хилар гIолехь ду.
ЦIий-хьацарца лай хилла вацарал, паргIатонехьа къуьйсуш валар ду тоьлуш.
Вонах ларлуш верг Дала а ларво.
Къоладеш волчу стага къера дуй а буур бу.
Тешам боцчу стагаца тасаделла гергарло деха ца лаьтта.
Дуккха а гIуллакхаш дан лууш волу стаг вижна дукха Iуьллур вац.
Лергаш ирде, хьо генахь саца.
Цхьа бIаьрг хьаббай набъе, вукху бIаьргаца самое.
ЖIаьла хьаста, амма гIаж буйнара дIа ма яккха.
ХIума саттае, амма кагъяларх ларъе.
ХIума схьалаца, хьо дIа ма лацийта.
Керчаш болу тIулг шарло.
ГIуллакх деш волу стаг жоп дала кийча хуьлу.
ГIелъеллачу говрана шен цIога а деза ду.
Дуккха а хууш хила, кIезиг дуьйцуш хила.
Жимчохь Iамийнарг атта дIаоьцу.
Iилма – исбаьхьа йоккха хазна ю.
Диканиг Iамадахь, вониг коьртачу догIур дац.
Ах хууш хиларал, хаъане а цахаар гIоли ду.
Болх ца беш мукъа Iашверг сагатлуш хир ву.
Аьхка вижна Iиллинарг Iай ида дезаш хуьлу.
Хьалха ойлае, гIуллакх тIаккха доладе.
Болх бечохь шун дуьзна хуьлу, мало ечохь шун даьсса хуьлу.
ХIума вуззалц яа, болх хьацар даллалц бе.
Хьайн доцу гIуллакх тIе ма лаца.
Мангал ира белахь, бецан кес хир ду.
Балхо вахаво, малоно талхаво.
Хьанала къахьоьгуш даьккхина ахча беркате хуьлу.
ХIумма а дешвоцчо дуьне ца дуу.
Болх  беш вацахь, чоь шийла хир ю.
БIаьрг стешха бу, куьг майра ду.
Хьалххе гIаьттинчунна Дала а гIо до.
Охьа ца таьIча, лаьттара хьостам а хьала ца эцало.
Хьарама даьккхинчу ахчанца неIалташ дукха хуьлу.
Тахана дан йиш ерг кханенна тIаьхьа ма тетта.
Кхана хуттур ду аьлла гIелан цIога хоттаза дисна.
Хабаро хьаьжкIийн до ца бузу.
Ша хIумма а деш воцург дукха луьйш хуьлу.
Татта бохуш мохь беттарх, татта ца теттича, чохь йисна ворда хьала ца йолу.
Дукха луьйш верг шуьнехь а хуьлу новкъа.
Хабарца гота ца ахало.
Хьалххе гIаьттинчу жаIуьнан жий шалабехкина.
Шен гIуллакх ша дича дика хуьлу.
Чохь лай воцург арахь эла хилалур вац.
Хьанала къахьегна бууш болу кхача мерза хуьлу.
Лаьтта тIехула кхерсташ верг вац лаьттан да – дуьйш-дерзош верг ву.
Хьанала рицкъ дууш волчуьнан дог-ойла цIена хуьлу.
Хьанал рицкъ даош болу доьзал ийман долуш кхуьу.
Дегаза деш долу гIуллакх баркалла доцуш дуьсу.
Ша къахьегна доцург атта хета.
ХIуманан кхоам ца баро има-беркат дойу.
Къу вехаш ца хуьлу, лачкъийначух има-беркат ца хуьлу.
Къу нехан керташка бIаьрг бетташ хуьлу.
Хьарам рицкъ дууш волчуьнан цIий бехло.
Къуьнна къу а веза, Iаьржа буьйса а еза.
Къу ваьхначу кертахь къух долу.
ГIуллакх дан лууш воцчунна и ца дан бахьанаш дукха карадо.
Аьхкенан цхьана дийно динна шо кхобу.
Охуш аьлларг – оруш карийна.
Ницкъал хьекъал тоьлу.
Хазаниг хьежа дика ю, хьекъал дерг яло дика ю.
Белшаш тIехь корта хиларх массаьргахь а хуьлуш дац хьекъал.
Ахча дац деза, кхетам бу беза.
Куй лело белла бац корта, коьртана куй белла.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика