ВИСИТАЕВА Тумани

PDFПечатьE-mail

 

Са чIогIа хилла хьо, Нохчийчоь...

 
                    ***
Безаман ницкъ ло ахь суна,
Цул доккха совгIат дац хьуна,
Ойланаш сан тIома йовлу,
Кийрахь дог ша ловза долу.

Безаман ницкъ ло ахь суна,
Цул деза хIумма дац хьуна,
Реза ю хьо волчу лаьттахь
Яца, хьан безаман хьаьттахь.

Безаман ницкъ ло ахь суна,
Цул доккха ирс хир дац хьуна,
Лууш ю хьан даг чохь яха,
Хуьлийла вайн дахар цхьаьна.

                 ***
Хьо суна ирс дохьуш веъна ца хилла,
Со ирсе ечух ца хилла хьан хIилла,
Сан безам хьан даге кхаьчна ца хилла,
Цундела йоллу со хьоьха дог дилла.

Хьо везаш лезна дог дитина Iилла,
Ца хилча санна, 
                    хьо вицван ницкъ хилла,
Дависа, сан деган делара хIилла,
Цаезарх йиш яц сан хьуна бехк билла.


Хьо везаш кхиийна сан ойла Iуьллу.
Цунах къахетташехь, 
                              хьоьха дог дуьллу...
Цаезарх йиш яц сан хьуна бехк билла,
Сан безам хьан даге кхаьчна ца хилла.

***
БIаьсте йогIу, адамийн дегнаш 
                                            ирсе деш,
Хьозарчий ду, 
                 вовшийн лерехь шабарш деш.
Заза хецна, сан Нохчийчоь къагаеш,
Дада а ву, кIентан кIантана ага деш.

БIаьсте йогIу, адмийн дегнаш 
                                             ирсе деш,
Хьозарчий ду, вовшийн 
                           лерехь шабарш деш,
Зезаг даьлла, сан Нохчийчоь къагаеш,
Баба а ю, кIентан йоIана кIажарш еш.

БIаьсте яьлла, 
                     адмийн дегнаш деладеш,
Кегийрхой бу, 
           ловзаргахь шайн хелхарш деш,
Бераш ловзу, 
             жималлех шайн даккхийдеш,
Къинхетам бу, Дала Ша 
                                вайн халкъах беш.

БIаьсте яьлла, 
                     адмийн дегнаш деладеш,
ЦIахь а, арахь, белхаш ду 
                                вайн каде деш,
Беш дIайийна, пеш латийна 
                                тхан бабас,
Гурахь хьаьжкIаш 
                           йоттур ю тхуна дадас.

***
Со Iемаш яц ойла ца ян Iама,
Хилларг я хиндерг дIатаса кхана,
Со тешаш яц и хиларх пана,
Ца хилларг, хиндоцург
                                 Iиллийта ханна.

Со лиъна яц, цхьаннан ирс хьошуш,                                          
                                     ирс хилла яха.
Ирс дерг а, доцург а 
                     цхьатерра везаш ву ваха,
Ирсениг, ирс дайнарг
                      цхьатерра везаш ву вала,
Дуьнен чохь ваха 
                                мел хиллехь а хала.

Со хьегна яц, дуьненан рицкъано
                     Iехийнарг воьлучохь ела,
Дуьне а, рицкъа а латтош верг 
                              ву-кха АллахI Дела,
Хьолада, миска а тIевуьллург бу-кха
                              цхьа аннийн барам,
И гича ларлойша дуьнен
                           чохь мел долчух хьарам.

***
КIоршаме хьо хиларх, дахар,
Эрна ца хетта сайн яхар,
Чов еш ахь йожаярх лаьтта,
Сан амал ахь цкъа ца аьтта.

Замано идадарх денош,
Къаналло тIеийзарх энаш,
Лур дац ас хьуна сайн гIенаш,
Ас царна яйина хенаш.

Хено чов ерзайо аларх,
Ирсо со хьостур ю бахарх,
Теша со Iемина хилла,
Ца девзаш дахаран хIилла.


ХIора де Iемина диэза,
Адамаш ларийна деза,
Хир вац хьо сан деган эла,
Яхна хан хьо йолу дела.

***
Iуьйккъехь бен ца юьжу, 
                        гIотту хьо Iуьйрре,
Нийсарша даимна, ма олу соь.
Уьш кхета тигац со ца Iабарх дахарх,
Тахне дIаер ю сихха, ас даима бахарх.

Дахарехь мел догIу де-буьйса дезаш,
СовгIатна цо доьху дика-вуо, дезаш,
Iемина со дахар ма-дарра деза,
Вайн Дала деллачух хастам бан беза.

Халонаш тIехIиттарх, 
                              йоьжна ца Iилла,
Балано хьовзаярх, йоьхна ца тилла,
Хазахетар доьссича, акха ца яла,
Даймехкан йоI яй со-м, 
                                   юьхьах ца яла.

***
Кхоьру со, мотт сецна йисарна арахь,
Сайн маттахь ала дош
                                ца карош панахь,
Кхоьру со, йожарна эзар а хилла,
Адамийн дегнаш тIехь 
                                ша хилла Iилла.

Кхоьру со, «адамалла» тIепаза ярна,
Цхьаммо а ловр доцург 
                                       сайн махка дарна,
Кхоьру со, къонахий яхь йоцуш барна,
Мехкарий сий дайна, ирча хан ярна.

***
Ахь айхьа хIоттий вайн безамна тезет.
Ас кадам ца барх а ма билла бехк,
ХIетте а хьох къаьсташ
                                          хир ду сан весет,
Со санна хьо висахь, гIеллой ма техка.

Ирс кхуллу хьан ойла
                                     хиллийца хьарам,
Ткъа, безам ларбар а бу 
                                   шен цхьа барам,
Долчунна хам ца беш,
                            кхин ирс ахь лехахь,
Дакъаза вер ву хьо,
                          цкъа мукъане кхетахь.

***
ГIелъелча, со елча санна,
Дахар, хьо ма хьийзахьа гонах,
КIадъелча, ца яла санна,
Со-м ларлуш лелийца вуонах.

***
Iаьржачу боданехь ас серло лехар
Дахар сан хьоь кхийдар ду,
Мел вуочу гуонехь ас диканиг лехар
Кханенах со тешар ду.

***
Сай санна, айъина корта,
Къаръелла, ца саттош ворта,
ЙогIу со Даймехкан новкъа,
Дахаре сайн йолуш шовкъ а.

Нохчийн йоI ца хилла осала,
Амалца даимна эсала,
Кхане вайн хуьлийла декъал,
ГIиллакхца шортта ду хьекъал.

Нохчийн йоI -  къегина седа,
Серло хьох цкъа а ца хеда,
Хуьлийла хIора де сирла,
Хьан ойла цкъа а ма тила.

***

Чиркх беги хьан корехь, Нохчийчоь,
Дарц хьийзи хьан кхерчахь,
                                     Нохчийчоь,
Ца юьйжи… Ца юьйхи Нохчийчоь,
Са чIогIа хилла хьо, Нохчийчоь.

БIаьрхиш хьан легади наноша,
Баланаш Iаьвшина къаноша,
Ца юьйжи… Ца юьйхи Нохчийчоь,
Са майра хилла хьо, Нохчийчоь.

Къонахий эгий хьан тIемаша,
И чевнаш ерзор яц хенаша,
Ца юьйжи… Ца юьйхи Нохчийчоь,
Са майра хилла хьо, Нохчийчоь.

Замано зIок еттарх, Нохчийчоь,
Балано ка деттарх, Нохчийчоь,
Йоха ца юьйхи хьо, Нохчийчоь,
Са чIогIа хилла хьо, Нохчийчоь.

***
Хьан аре зезагах кхала,
Йоккхаеш, самукъадала
Кхоьллина везачу Дала,
Даймохк, со хьан йоI ю ала.

Вешин сайн йиша ю ала,
Да-нана, сий деш, сайн лара
Кхоьллина везачу Дала,
Даймохк, со хьан йоI ю ала.

ГIиллакхца кхане сайн къаго,
Йицъелла, дахар ца даго,
Кхоьллина Везачу Дала,
Даймохк, со хьан йоI ю ала.

***
Ас шело а ловр яра-кх,
                                    Нохчийчоь,
Хьан йовхонах хьоьгуш со ца
                                    шелъелчахьана,
Ас гIело а ловр яра-кх,
                                    Нохчийчоь,
Хьан марзонах хьоьгуш 
                            со ца гIелъелчахьана.

Ас хало а ловр яра-кх,
                                      Нохчийчоь,
Балано хьо холчу ца хIиттийчахьана,
Ас дуьне а дуьтур дара-кх,
                                         Нохчийчоь,
Сайл тIаьхьа 
      хьо ехар юй хиъчахьана!..

***
Бен доцуш хьан хьежар, 
                        сан синтем кхачош,
Хьо везаш лезна дог 
                                безамна дацош,
Хилла а, хир а ша доцу сайн ирсе
Ас стенна боху-те яккха хьайн ирхе?

Безам а, цабезам бевзинчу суна,
Кхета а, ца кхета йиш йолчу хьуна,
Хала ду тIелаца безаман дукъ,
Цатешам совбаьлла, бойна-те букъ?

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика