ТОТЧИЕВ Ислам

PDFПечатьE-mail


Хастам бу Хьуна, я АллахI


Стигланаш аййина, 
                                    латтанаш шардина,
Iаламца, бошмашца 
                              хIара дуьне хаздина,
Денош а, буьйсанаш 
                                рогIанца ва хуьйцуш
Ахь динчу диканна хастам бу хьуна.

Маьлхан нур, беттан нур 
                              дуьнен чу къагийна,
Аьхкенаш, бIаьстенаш 
                                 хенашца хийцина,
Хьекъал а, дегIан  куц а 
                                адамашна ва делла,
Ахь динчу диканашна 
                                    хастам бу Хьуна!

Маьлхан нур, беттан нур 
                         шен нуьрах кхоьллина,
Шен сийлахь еза цIе 
                                 Iаршан тIе язйина,
Ислам дин кхайкхадеш, 
                            шафаIат да волуш,
Пайхамар вели Ахь, хастам бу Хьуна!

Бакъдолу хьан дешнаш 
                               шена чохь ва долуш,
Адамийн нийса некъ 
                         шена чохь ва буьйцуш,
Сий долчу махка чохь 
                                  доссийна ва долу
Хьайн къорIан дели Ахь, 
                                  хастам бу Хьуна!

Мохь тоххий дийций вай, 
                                        хIай динан адамаш,
Вайн Дала делла долу 
                                  и Делан ниIматаш.
Кийрара дилха дог 
                          детталучуьра саццалца,




Ца кIордош, яхий вай 
АЛЛАХIАН еза цIе.

Дуьнене ма Iехавайта

Ма гIерта хьо хьалхавала,
Лакхадаккха хьайгара дош,
Ма гIерта нахал сов вала,
Дозалца куралла еш.

Вай дехарг дуьне ду хьуна
Ша дуьсур долуш а вайх,
Вай лелорг эрна ду хьуна,
Делан дуьхьа мел доцушдерг.

ХIумма а доцучух Дала
Дуьнен чу кхоьллина хьо,
Хьо санна, кхоьллина хьуна
Кхидолу адамаш Цо.

Адамийн сийдеш хьо хила,
Хилалахь уьш лоруш хьо,
Хьайгара гIо эшначарна
Орцаха валалахь хьо.

Хало тIехIоьттича хьайна
Собарх ма вохалахь,
Вай Дала деллачун хьайна,
Хастам беш хьо хилалахь.

Къоналла эрна ма яййа,
И цаI бен яц хьуна хьан.
Вайн латта эрна ма хьеша,
Диканах пайдаэца ахь.

Дуьнене ма Iехавайта,
И Iехо хьажалахь хьо.
Валар хьо дицдай ма лела,
Iожалло вицвийр вац хьо.
       
             Безам

Буьйсанал Iаржделла денош
ДIаоьху, серла ца довлуш.
Белшаш тIехь базбелла мохь а
Байбелла, паргIат ца волуш.

Ойланца со хьоьжу сахьте,
Цхьамза бу шен гонаш дохуш.
Хьо бахьанехь синтем а байна,
Сагатлуш, са дала доллу.

Кхолламе со хатта гIерта,
Делахь а жоп хир дац суна –
Дахарх со хIунда ваьккхи,
Безамах, езарах гена.

Лаар-кха хьо сайца хила,
ХIара дуьне мел деха яха,
Эхьхетта ца лачкъош, гайта
Даг чуьра безаман къайле.

              ***
Iа деача хи тIехь ша беш,
Аре кIайчу лайх юьзна.
Со вогIур ву, бIаьсте хилла,
Хьан дог хьостуш безамца.

Малх а кхетта, дуьне къагош,
Шен зIаьнарш а яржийна.
Со вогIур ву, IиндагI хилла,
Шовда дохьуш канашца.

Мох а баьлла, дуьне Iадош
Iаьржа бода хIоьттича,
Со хIуттур ву, пардо хилла,
Хьо мохе ца яхьийта.

           Нана

Хьан бIаьргара хIора хин тIадам
Сан дагна Iовжам бу, нана.

Юьхь тIера и хIора хебар
Сан дагна лазам бу, нана.

                 I
1уьйрана хьала а гIоттуш,
Кхача ахьа кечбора, нана.
Тхо Деле доIанца доьхуш,
Хьо гIийла тийжара, нана.

Хьан корта кIайбелла, нана,
Хьо гIора эшна ю, нана.
Амма хьан еза цIе, нана,
Къанлур яц, гIеллур яц цкъа а.

Хьуна тIаьхьа ца хьажа, нана,
Хьуна тIаьхьа ца велха, нана,
Хьо йоцуш ца даа дуьне,
Хьан метта воьрзур вара лаьттах.

   Ехийла хьо, нана

Ахь олу хIора дош йовхо ю, нана,
Ахь кховдош долу куьг дагна бу там.
Еза хьо суна, доза а доцуш,
Воккхавеш лела со, ахь ирсе веш.

Со кхиош, со лелош, хало ахь лайна,
Буьйсана набарах йийлина хьо.
Со бахьнехь дуьненан бала ахь лайна,
КъинтIера, сан нана, ялалахь хьо.

Хьан дуьхьа цу цIергахь вага ву кийча,
Хи хилла, дIахуда лаьтта тIехь вай.
Хьан метта реза ву Iожал тIеэца,
Хьо сайна резаян, хьаста хьан дог.

Малхана го бохуш дуьне мел хьийза,
Лаьтта тIехь ког ловзуш мел лела со,
Вайна тIехула и сийна стигал 
                                             мел лаьтта,
Ехийла хьо, нана, ехийла хьо!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика