АХМАТУКАЕВ Адам

PDFПечатьE-mail

Синойн пхьоьха
(поэмин кийсак. Юьхь еша 2015-чу шеран «Органан» 5-6-чу номерехь)
 

 
            ***
Тхо юхаденлучу дийнахь
Сан лерехь толаман цӀарах
Само еш собарца зийна –
Весетах – нохчалла яра.
 
Ваханчохь вара со нохчи,
Хьешаца вара со нохчи,
Йишица, вешица – нохчи,
Суо-сайца висча а – нохчи.
 
Берина, оьзна и толам
ХӀиллано хьийзабеш Ӏехо,
Сан ларийн тачано гола
Йиттира – кхолламан мехха.
 
Нохчалла яхчийна вад сан
Ийзийра – бухдаккха синтарх.
Ӏийча а, ца вуьтуш Ӏад со,
Йистера кхийдийра Ӏиттарш.
 
БӀаьрг самаболучохь нохчийн,
Яхь уьйу бӀагор дӀаболош,
Комаьршша сом, кисий, бохчий
Туьйхира йилбазийн болах.
 
(Шаьш юкъа ва даьхчахьана,
Ваша а вешица эгӀош,
Уьш маца хиллера хьанал –
Доькъучохь Ӏесачу дегӀо).
 
Тайпанаш къесторан вон хӀо,
Ӏаьржа ун санна, чударжош,
ЧӀагӀо сан йолийра йохо,
ЧӀана а йоккхуш и, маржа.
 
КӀамдина, уьншарахьлера
Дов юха долийча къесто,
Кхайкхиний, кхайкхазий, эра
Доккхуш, чуӀанийра эскар.
 
Бехкаш а-м ас дехарийца
Дов тӀаме дерзийначарах,
Къорволахь, кхарда сайх кийча, –
Сакх-сема ладоьгӀуш ара.
 
ТӀом – тӀом бу: цайогӀу хичаш
Санна, цхьа бахьана дича,
Доцург а, лохий, тӀекхуллуш,
Алах цӀе санна, дӀабулуш. 
 
***
 
ТӀом – иза забар яц, хӀетте,
Валаран-висаран зилехь
ГӀаддайча, цунна а меттиг
Лехаза карийна хийла.
 
Цу тӀеман кӀуьралахь, дехарх,
ГӀо доцуш нанас я дас дан,
Тоьшаллах дуьззина кехат
Дара сан – советски паспорт.
 
Узура цуьнца сан мах а:
Дуй иза – сайн цӀеран да со,
Леткъамийн бух къагабахь а,
Бехке а хуьлуш, и дацахь.
 
Куьйга кӀел иза – я некхехь –
Ца хилча, са а ца тоьра,
Ларамза и дайна бекхам
Дуьхьала баларна кхоьруш.
 
Маржа, и гойтучу даьлча,
Ас иза – ваханчохь нишка –
Дожийна, дайина аьлча,
Тешар вуй гӀопера Мишка?
 
ХӀан-хӀа, и кханенга даьлча-м,
Хир бара Мишкина «аьлча».
ХӀан-хӀа, и хилийта амал
Долуш ма яцарий зама-м.
 
Цу тӀамо Ӏовжийнчу кертахь
Нур хьаза дисна цхьа «коьрта»
ЦӀа дӀасадаьккхича бертахь,
Дер ду сан паспорт а коьртах.
 
Ехачу гӀожа тӀехь чами
Ор чуьрчу цӀунала Ӏуьттуш,
Лехна, и цӀандийр ду, банихь
Санна, тӀе шортта хи дуьттуш.
 
Ткъа хьожа – кехатах йогӀу –
ӀатӀаршка яйа ца елла,
Телат тӀехьарчор ду чӀоггӀа,
Къайлахьош паспортан цӀелла.
 
Кхана тхо гӀали чу довлуш,
Кехаташ толлур ду гӀопехь.
Салтичо, мерӀуьргаш къовлуш,
Цхьа со схьакъастор ву гӀопал.
 
СадеӀар къийлина кийрахь
(Вийлина сан бехказвийларх),
Эххар а васталур Мишка –
Гойтуш ас ах-литар (шийла)
МаьӀница: «Хьуна, Братишка».
 
Дена я нанас ца барх а,
Хьарам дац синна яр сакхо.
Ас дагахь-м тамбовски барзах
Вер цунна ваша я накъост.
 
Цул тӀаьхьа и «некъан кехат»
Телатан марчонах дала
Кхиале, забарца дехьа–
 
Вуьйлуьйтур ву со сан гӀала
Сох ларъян гӀап йоьгӀначара.
 
***
 
ТӀом – иза забар ца хилла,
Забаре вийлахь а мостагӀ.
Хьан мара хьерчахь а мостагӀ,
Четахь цо леладо хӀилла.
 
Мекара ду тӀеман гӀиллакх:
Къарлуш хьо я хьуна – мостагӀ,
Машарна герз охьадилларх –
Букъ тӀехьа лелаеш бӀоста.
 
ТӀом – тӀом бу, суй ца ларбича,
ГӀийланиг бехкала вуллуш,
Амма ва, бича хьан сица,
Зуьретах сардамах булуш.
 
Декъешна тӀехьийза къийгаш
ТӀегулъеш хӀаваэхь кхаза,
Таьптарийн ченала кхийдаш,
Юха а дендира гӀазот.
 
ЭгӀийна, Ӏехийна, дуьрста
Йоьллина, дӀаоьцуш корта,
Чопанах кхиссира юьстах
Хье тӀера ойлаен ортхалш.
 
ТӀаккха цхьа хӀун ду цахуург
Дуьйлира дахаран кхоьлах,
Ӏедалан васхала хуург
Эцалуш, вохкалуш соьмах.
 
Соьца а лелийра «забарш»,
Когаш кӀел питанаш кхоьхьуш:
Кхийлира бахаман кхаба,
Пхьуьйшара лаьхьа а оьхьуш.
 
Сан бӀаьргийн бодашкахь кхоларш
Гулъеш, цу бӀарлагӀийн вай ду –
Кхоъмаза кхин а сох дуола
Хьаьхна дерг, чан санна, айдеш.
 
Хье бууш, и тӀаьхьалеларг
Сан гӀенийн кхоьлах а лела.
Тховса а: «ЦӀахь дуй шу?» – аьлла,
Моллина хьалха а ваьлла,
 
Чоьхьаваьр, хьалаваьр баьрчче
«ХӀара вайн дин доккхуш, баьчча
Хилла ву, – цу моллас аьлла, 
ЧӀаьнги кӀел ши-кхо чо баьлларг. –
 
Кхунна вайн йоӀ-йиша дола
Яккха хьан пурба ду оьшург»…
Нуц хила гӀоьртинчун – жолам –
ЦӀий кхетта хир тховса доьша.
 
Къоман вад хьаьшна и молла
Кхосса-м со хӀуттур вац ара.
Ша гӀор и, сардам ас боллар
Лаьрра сан гӀиллакхна хьарам.
 
ГӀан лелла далале, «Делан
МостагӀа» цӀе а тӀетуьллуш,
Вуьллур ву со шарӀа-кхиэле,
ГӀожмийн цӀов букъах чубуьллуш.
 
Байттамал, йилбазийн кхоьлах
Самах а лелаш де эшна,
Са эшна висарна кхоьруш,
Со Делан диканах тешна.
 
***
 
Вежарий санна, сайн лулахь
Баьхначех-м къийлало эхь сан:
Сан ма вуй лерг-бӀаьрг а дула
Царна сох бахьанаш даьхнарг.
 
ХӀетте а амал сан эшо
Воьттича герзах и сайниг,
Сан оцу лулахойн пешо
Кхехкийна сан чорпин яй а.
 
Ненан къа тхайн къила хьарччол,
Тхох а ма вацарий хӀора:
Халла гуш – дерг меран баьрччехь,
Генахь дерг ганне ца гора.
 
Тхо нана яларш а дара,
Дара тхо ненан даларш а.
Тхох цхьадерш къуьйлура мара,
Вукхеран отура марш а.
 
Бара шайн кисанийн ойла
ГӀайгӀано лоьцучех йийсар.
Вай дезачунна ма гойла
ХьаргӀанех уьш юкъахьийзар.
 
Мохк оцу цӀергара баккха
Ниййат деш гӀазотан мехха,
ГӀевттина, эгначех баккха
Гулбелла бехк тотту кех ас.
 
Амма и вуьш буй: цу цӀерга
Некъ хьехна, марзбина вайна,
Хьалха а бевлла, ткъа герга
Кхочучохь тӀап-аьлла байнарш;
 
Герзаца шайна тӀекхевдаш,
Йоьллича муьшка а маршах,
Байракхаш эгийна, бевддарш,
Ӏасанийн сий дайинарш а –
 
Царах ца кхета, ца хьоьгу,
Кхера а ца дисна хӀумма.
Кхин, царна суждане оьгуш,
Тилалур дац-кха тхан уммат.
 
Церан лар ца оьцу гамо
Сан лорах ахь а ма лехка,
Дуьненна базбелла бала
Хьехош верг – сан болчу бехках.
 
ХӀун бара техьа сан бехк а?
Нохчалла тӀех дукха хьехор?
БӀешерийн цӀерга и лехкарх,
Цунах бен, хиндерг цаӀехор?
 
Хьаша тӀевоьссинчохь – нохчи,
ХьошалгӀа воьссинчохь – нохчи
Хилар со? Хирг хилар нохчи?
Суо-сайца висча а – нохчи?
 
ХӀетте а, шайтӀа а тоьлла,
Бехказа суо ца висахь а,
Дерзадеш юкъа мотт боьлларг,
Харц-дуьне тӀаьхьадисахь а,
 
Сайна тӀекхача некъ буьллуш,
ТӀаьхьенна васхала дуьллу:
Нохчийн цӀе ларйина гӀиллакх,
Дош а сайн – ден весет хилларг.
 
Цу новкъа лар хьалаягӀахь,
Сица со, гӀаьттина тӀома,
Нохчийн цӀе йисийта яха,
Лаьттар ву, бӀов санна ломахь!
 
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика