ДАКАЕВ СаIидбек

PDFПечатьE-mail

 
 

Доьналло гIаттийна цIе

 
Нохчий Республикин хьалхарчу президентан,
Россин Федерацин турпалхочуьнан Кадыров
Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна лерина.
 
 
               1                                                                
Ас  хийла  ладоьгIна,
Тийналлин  йийсарехь,
Дог  дуьзна,  гулъелла
Ойланаш  кегайо.
Бакъдолчу  кху  дешнийн
Йозанийн  дийцарехь,
Цхьа  дош  харц  хиларна,
Цхьа  цуьрриг  кхерац  со.
 
Къонахчуьн  доьналлех,
Дагах  чекхлиттина,
Со  кхета, дош  ала-м
Данне  а атта  дац.
Дог  дуьзна,  ойланийн
Кегарехь  гIиттинарш,
Йозане  ца хIуьттуш,
Со  валарх,  сецалац… 
 
Ца  воллу  со  дешнаш,
Дуьйсина,   дестадеш,
Кахьоькхуш  кIамдина,
Кего  цадевзинарш.
Дерриге  хилла  ду
Ойлано  луьстудерш, -
Кху  лаьттан,  кху  мехкан
Букъ  хьаьшна,  левзинарш…
ХIокху  сан  бакъдолчу
Дийцаран  тешаш  а
Дукхахберш  болуш  бу, -
Баланза  дийна  бу.
Iесачу  къизаллин
Чевнечу  зиэраша,
Шайн  когийн  айрашца
Ца Iебаш,  хьийна  бу…
 
Кхоьлинчу  бIаьркIорех
Мела  хиш  Iийдалуш,
Кийрара  аз  лекъна
Билхина  наной  а,
Болуш  бу,- дихкинчу
Синошца  къийлалуш,
Собарца,  садетта
Iемина  къаной  а.
 
Сан  лаам  ладоьгIна,
Шеконца  кхийрина,
Ас  вовшахтуьйсучу
Йозанийн  хааршна,
ЦIейоккхуш  доккхачу
Дуьнено  лиринчух,
Мохь  тоьхна,  дош  Iаббош
Ала  цахаарна.
 
Сайн  аьлларг  хилча-м  ас,
Къонахчун  сийлахь  цIе,
Варкъ  хьаьхна,  къагийна
Дашочу  хьаркашца,
Кхевдина,  стигланан
Йист  йоцчу  некха  тIе
Латийна,  яьккхина
Хир  яра  Iаьршашка.
 
Йорт  эцна,  дIакхачарх
Генарчу  эхаре,
Доьналла,  дожийна
Дохалац  замане.
И  деха  даима
Дуьненан  дахарехь,
Дирзина,  лен  йоцчу,
Шовкъечу  назмане.
             
Дуьненан   къематан
Махьшаре  лаьхкина
Кхолламан  кадетта
Эрчонаш  хирцинарш,-
Мел  бара  тIехь  боцуш
Хьаьрчинчу  бехкана
Барз  бижош  хьулбелла
Лаьтта  кIел  бирзинарш.
 
И  хилларш,  дIадевлларш,
Набаран  гIенашца
БIарлагIаш  лехьаеш,
Тем  хила  ца вуьтуш,
Гуо  бина  къевлинчу,
ХIусаман  пенашна
Чекхдуьйлуш,  бертаза
ГIевланга  хуьйшу  уьш.
 
Амма  кхин цхьабакъду,
Iуьйрено  ясталой,
Буьйсанан  боданан
Iаьржа  чкъор  дагадо.-
Дуьненан  шоралле
Эсала  хьасталой,
Серлонан  садоьллий,
Сирла  бIаьрг  къагабо.
 
2
 
Экханах  жа  санна,
Даьржина,  къаьхкина
Адамаш  де  доьхна,
БIарзделла  хьийзара.
Кху  нохчийн  лаьтта тIехь
Балийна  техкина,
Даръелла,  къизалла
КIеж  туьйсуш  сийсара.
 
ЛадегIа  хьаьхначу,
Дуьненан  эшарехь
Дог  хьаста,  лекхалуш
Цхьа  мукъам  бацара.
Хьаж  хебош кхуьйсучу
БIаьрсинан  хьежаре
Къасталуш,  ког  билла,
Некъан  лар  яцара.
 
Шовкъ  яйна  къамелаш
Нахала  дуьйлура,
Вадийна,  ваьккхина -
Дерриге  и дара.
Дин  юххех цадаьлларш
Имамаш  буьйлура,
Мохк  буьтуш,  эзарнаш
Адамаш  уьдура.   
 
ЧагIалкхаш,  шаьш  шайна
Берзалойх  таръелла,
Нохчийчоь  Iадийна,
Сакъуьйлуш  цIийзара.
Къийгаша  маьхьаршца
Чомана  марзъелла,
Кхеллеша  мустийна
Оьланаш  къуьйсура.
 
Мокхачу  мархех чекх
ДогIанах  Iийдалуш,
Кхоьлинчу  маьлхан  бIаьрг
БIаьрхишца  боьлхура.
Мехаша  лаьхкина,
Вовшашца  къийсалуш,
Мокхачу  мархийн дой
Малх  лаца  хьоьлхура…
 
Кийрара  садаккха
Ластийна,  кхоьссина,
Хорамца,  садукъдан
Легашка  хIоьттина,
Кху  нохчийн  лаьтта тIе
ТIам  бижош  доьссина,
Цхьа  аьрха,  цхьа  ирча
Де  дара  гIаттинарг.
 
Iаламан  садеIар
Кхерийна,  Iададеш,
Генара,  гергара
ГIоргIа  гIов  къекъара.
Дахаран  меженаш
Кхоамза  хедаеш,
Къизаллин  шога  нох
Диъларахь  текхара.
 
Даръелла  оьгIазло
КIоршаме  кхевдина,
Бехкана  къа  доцурш
ГIо  доцуш  хьийзара.
Дуьненан  Iазапо
ДегIан  чарх  Iаьвдина,
Нохчийчоь  сауьйзуш
Садала  тийжара.
 
ХьегIарехь,  бIешарал
Яхъелла  буьйсанаш,
Сатийсарх,  замане
Кхачалуш  яцара.
Йочанийн  муьстачу
Дерзаша  туьйсинчу
Стигланийн  сийна  бIаьрг
Беллалуш  бацара.
 
Герзаша,  кийрара
Лестадеш  кхуьйсучу,
ГIоргIачу  гIовгIанийн
Татанаш  терсара.
Кхоьлинчу  Iаламо
ГIийла  сауьйзура,
ЦIелетта  богучу
Къизаллин  кхерчара.
 
ГIайракхан  апарех
АгIонаш  хьекхабеш,
Шовданаш,  Iийдалуш
Iаламна  доьлхура.
Са  доцуш,  малъелла
Синчархаш  текхаеш,
Чехкачу  Органан
ТулгIенаш  хьоьлхура.
 
Iадийна  ийалуш,
Буьхьара  хIиттина,
Лаьмнаш  а  дахкаран
Чалбанех  хьерчара.
Олхазарш,  маьхьаршца
Мохк  буьтуш  гIевттина,
Къаьхкина  уьдура
Кхераман  кхерчара.
 
Гуо  бина  некъ  лаца
Доьттинчу  оганан,
Мокхаза  чIагIонах
Волийла  дацара.
Кховдийна  гIулч  тесна,
Лар  йожа  когана,
Маьрша  цхьа, Iаьржачу,
Лаьттан  цинц  бацара.
Сатийсарх, генара,
Гергара  кхевдина,
ТIекхача  сихделла
ГIо-орца  дацара.
«Со!..»- аьлла,  даздина,
Даг тIера  Iаьвдина,
Дош  аьлла,  вистхила
БIобулург  вацара.
 
Мискачийн  бIаьрхишца
ДоIанаш,  ламазийн,
Тийна  аз  хьесталуш,
Вайн  Деле  доьлхура:
Цалалун  баланаш
Сихонца  дIаэций,
Комаьрша  къинхетам
Боссабар  доьхура.
 
3
 
Делера  кхаъ  хилла,
Къинхетам  боьссина,
Iуьйрене  бIаьрг  хьаьжна,
Малх  санна,  гIеттина,
Кху  нохчийн  лаьтта тIе
Маршонна  доьссина,
Къонахчуьн  болатан
Доьналла  хIоьттира.
 
ДегIан  са  дуьйлина,
Шен  белш тIе  базбина,
Цуо  къоман  къахьбелла,
Балин  мохь  биллира.
Бодано,  бIаьрг  белла
Ца  йуьтуш  азйинчу
Серлоно,  хьаббелла
БIаьргаш  дIабиллира.
 
Мокхазан  лам  санна,
Некъ-гечо  дихкина,
Къонаха  харцонан
Юьхьдуьхьал  хIоьттира.
Логе  куьг  кхийдочу,
Кхерамах  къаьхкира,
Мокхачу  мостагIийн
ГIерашна  моьттинарш.
 
 
Ког  юхацабаккха,
Нийса  некъ  хаьржина,
Къонахчо,  вистхуьлуш
Шен  къоме  элира:
Хьовсийша,  ши  некъ  бу
Хьалхахьа  баьржина,
Вежарий,  ладогIий
Ойла  йиэ лерина. -
 
Цу  шиннах  кIоргачу
Бердах  чукхийда  цхьаъ,
Вукхунна  маьршачу
Дахаро  йоьллу  неI.
Бердах  чукхийсалуш,
Делла  дIадовлу вай?
Я  деха нах санна,
Хилла  кху  мехкан дай?
 
Дерриге  цхьаъ  хилла,
Вовшашца  ца  тарлахь,
Дайн  оьзда  гIиллакхаш,
Iадаташ  ца  лардахь,
ТIекховда  гIо  доцуш,
Доладан  да  воцуш,
Нохчийчоь  дIаяьлла,
Вай  байлахь  дуьсур  ду.
 
Яхь  кхаба  дог  дацахь,
Дог  кхаба  са  дацахь,
Сискалан  лай  хилла
Вай  акха  лелар  ду.
Мохо  шен  кахьоькхуш,
Шагъелла  къаж  лоькхуш,
Аренаш  луьйсур  ю, -
Акхарша  къуьйсур  ю.
 
Тарвала  бен  бацахь,
ЦIе  яга кхерч  бацахь,
Доьналла  дожадахь,
Къонахий  кхачабахь,
Вайн  кешнийн  чарташ тIехь
ХьаргIанаш  екар  ю.
Замано  туй  туьйсуш,
КIарлагIаш  йоьгIур  ю.
Баланий,  харцонийн
Йозалла  Iаьткъина,
Адамаш  леррина 
ЛадоьгIна  лаьттара.
Дуьненан  чам  байна
Ойланаш  хьаьстина,
Къонахчуьн  къамело
Сатийсам  баьстира…
 
Баттара  яьккхина,
Шаьлта  ца  лестийра,
Синметта  хьежадеш,
Герзаш  ца  кхийсира. –
Мокхачу, мостагIчун
Лаамаш  цистина,
Къонахчун дош  дара
Харцонца  къийсинарг.
 
Тешаман  чIагIонца,
Ца  доха  гIаьттина,
Дуй  хилла,  и  халкъе,
И  махке  даьржира.
Iу  хилла,  маршонан
ГIароле  хIоьттинчу,
Атта  некъ  бацара
Цуо  шена  хаьржинарг.
 
Цуо  дуьне  къахьдина,
Харцонийн  кIелонаш,
Тешнабехк  ирбина,
Кадала  хуьйшура.
Чу  оьзча  схьадаллал,
Са  доцчу  к1иллоша,
ХьогIана  хьежабеш,
Гома  бIаьрг  кхуьйсура.
 
Маршонна  некъ  баста
И  хьалхавелира. -
Нохчийчохь  дахаран
Самалхаделира 
Де  доцург  вуьйхира,
Са  доцург  вуьйжира,
Синпхенаш  дуьйлина
Доьналла  туьйлира…
 
4
 
Цу  дийнахь  малх  гIийла
ГIушлакхе  текхара.
Даго  цхьа  гуш  доцу
Цатерриг  хьехара.
Цу  дийнахь  дуьнене
Шийла  кхаъ  кхерстира.
Iаламан  хазалла
Бохамо  цестира.
 
Эзарнаш, адамийн
ТулгIенаш  гIевттина,
Кху  мехкан лаьтта тIехь
Тезет  дIахIоьттира.
Доьлхура  адамаш
БIаьрхиш  ца  кхачалуш,
Легашкахь  шад  бинчу
Къурдашца  къийлалуш.
 
Цу  дийнахь  гIа-маргIал
Бос  баьхьна  техкара,
Дуьненан  кийрара
Мохь-орца  кхехкара,
Юьхь  лечкъош, тешнабехк
ТIаьхьашха  кхевдина,
Маршонан  да  вара
Цу  дийнахь  кхелхинарг.
 
Лаьмнаша  гIиттина,
Лакхенаш  лоьцура,
Гуо  бинчу  Iаламан
Кадам  тIеоьцура.
Шабаршца  доьлхура
Бухдуьйлу  шовданаш,
Зевнечу  маьхьаршца
Доьлхура  олхазарш.
 
Мила  хир  вацарий
Къонахчуьн  меттана,
Мерза  са  дIаделларг
Халкъана,  махкана.
Дела  ву  хууш  верг,
ЧIир  ягIац  Делаца.
Делан  кхиэл  даима
Ца  яьлла  лелаза.
 
И  хIора  хIусамехь,
И  хIора  доьзалехь,
Да  хила,  Iу  хила
Доладан  дийна  ву.
Дош  аьлла,  цIе  яккха,
Дог  тесна  дозаллех
И вайца  хIоранца
Даима  ийна  ву.
ТIекховда  гIо  доцуш,
Дола  дан  да  воцуш,
Нохчийчоь  дIатесна,
Байлахь  ца  йисира.
Хьегамийн  цинц  боцу,
Дуьненан  чам  боцу,
Яхъелла  буьйсанаш
Кочара  йиссира.
 
Халкъана,  махкана
Эшначохь  са  дала,
Къонахийн  амалехь
Вахчийна,  кхиийна,
Къонахийн  хьаьттара,
Дена  ма-хеттара,
Ден  метта  дIахIотта
Яхь  йолу кIант вара…
 
Зуламийн  дай  хилла,
Кху  махкахь бен  бина,
Дов  хатта  да  воцуш,
Кхайкхаза  баьхкинарш;
ЦIийн  Iоврех  юстийна,
Вортанаш  кегйина,
Човхийна,  лазийна
Махкара  лаьхкира.
 
Сакъийла  де  доцуш,
Махкара  къаьхкина,
Генара,  гергара
Адам  цIадирзина,
Мокхачу  саьрмакан
Багара  даьккхинчу,
Маьршачу  дахаран
Лууре  дирзира.
 
Мох  лоькхуш  макхъелла,
Къух  хьаьхна  аренаш,
Орамаш  бухдохуш
КIохцалех  цIанйира…
Нох  таса куьг  доцуш,
Ялтина  якхделла,
Даймехкан  латтанаш
Беркато  хьандира…
 
Денделла  г1уьттучу
Дахаро  тахана,
Маршоне  баржийна,
Шуьйра  тIам  кхерстабо;
Дийцарехь,  аларехь
Дош  самадаьккхина,
Кхолламо,  хаьржина,
Къонахий  хестабо.
 
Меженаш  малъелла,
Азбели  баланаш.
Туьйранел  хазъелла
ГIиттина  гIаланаш.
Ламанца,  аренца
Ярташ  вайн,  хIусамаш
БIаьрг  тилош, денъелла,
Ирсе  го  адамаш.
 
Малх  гIотту, зIаьнаршца
Iуьйренаш  хьерчаеш.
Жовхарех  доьттина,
Маьждигаш  кхелина.
Буьйсанан  седарчий
Серлонаш  керчаеш,
Царна  тIехьуьйсуш Iа
Сахиллалц,  леррина!
 
Бакъдолчех  IаIийна
Даг тIера  дIа ца туьйш,
Ойлано  гулдинарш-м -
Лам  боттал  дара  уьш.
Со  кхийда  гIиртина
Кху  жимчу  дийцарехь,
Хан  яларх,  лен  доцчу
Къонахчуьн  дахаре…
 
Сайн  дийцар  дерзадеш,
ТIадамца  къовлу ас.
Ойла  тIе  ца  кхиънарш
Дайна  ма  ларалаш.
Дерриге  гулдина,
Зама  ю  кийча  Iаш,-
Кхи-дIа  ас  цуьнга  ло
Къонахчух  ала  дош.
 
Дийцаран  чаккхенгахь
ГIовттий  вай,  вежарий,
Нисдинчу  догIмашца,
ГIаттадеш  цуьнан  сий.-
И  къонах  ву, аьлла,
Кхетаме  диллина,
Цунна  цIе  доккхачу  
Дуьнено  тиллина…

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика