«Органан» агIонаш луьстуш

PDFПечатьE-mail

 
 

 МУСАЕВ Мохьмад

Таймин Бийболат

(II

 
 
 
Цхьаццанхьа схьадетталучу цунна Черкисскис тIаьхьабаьхнарш, сера дайна котам санна хьийзара, и бехке деш, коьллаш, хьаннаш дийнахь а, буса а кегош.
ХIинца Iахин боьрахула (Iаха цIе йолчу стагана эццахь цхьаъ-м хиларх оцу меттигана яхана цIе яра иза.) цхьанхьара-м вогIучу Девлатгирас говр юхауьйзира. ТIаьхьа вогIучу нукерниг сецира. ЛадуьйгIира. Юькъачу эльхьамчан кондаршлахь диг детталора. Цуьнан декарх элан лерго къестадора дагаро дийриг. Дечиге деанчу дагаран тата дацара схьахезарг. «Иза лаьттах дохкучу дечигийн орамех лета. Ирзо доккхуш ду диг!..» – сецира эла. ТIеваха а, ца ваха а – шина даггахь юьйлура элан ойла.
ТIаьххьарчу нукерх а, шех а эхь хетта, диг дуьйлучуха йолаялийтира эло говр.
Кхо стаг вара, сихвелла, ирзо доккхуш.
– Шу хIун деш ду-у? – хаттийтира Девлатгирас нукере.
– ВаIалайкум-солом! Далла доьзийла шу а, – буош тиллина мангалан куй хьацардаьллачу юьхьах хьокхуш, ирахIоьттира, кондара тIехьа социйла нисделла, ДевлатгирагIар ца гун Тайма. Царех цхьаммо салам луш, шайга хьоькъийла аьлла, сурт хIоьттина.
Шу хIун деш ду, бохура аса-м? – лер доьхна хеталора нукеран хаттар мелла а.
– Хьуна ца го оха дийриг?
Диг карахь Тайма баьхкинчарна тIеволавелча, кхуьнца волу шиъ дикка вулавелира.
– Ирзош даха мегар дац ма аьлла! – алийтира эло нукере.
– Хьан?
– Хуур ду вайна, хIара хьенан бу-м!.. Дукха оьгIазвахана, цхьана меттехь ца сацалу Тайма, кхин вистхила а ца велла, шен балха тIе вухавирзира. Цуьнан буйнарчу дагаран инзаре дегорна шеен хьаьбна бIаьргаш схьабиллича, мотт Iаьвшича санна, дохковаьллера Черкасский. Амма уьш дерриш лачкъо, вист ца хуьлуш, дIавахар дола хийтира.
Стешха-м вацара ротмистр Эльмурзович. ХIан-хIа. Ишта ледара-м хуьлийла яцара, таттавелла веана нохчийн латта дажа охьахиъна БековичагIеран инарлин хьарам дуьнентIе ваьлла кIант.
– Хьо мила ву, ван? – гучувелира кIайчу чоьийца, бохь лекха чо чехка чола куй коьртахь, иштта олу, осмалойн тапча хаьн тIехь, кхелина шаьлтий-доьхкий юкъах дегIана тоьлла, борачу динахь безамехь бере, кхаж дато шед буйнахь.
– Шайн-цигахь дуьйна айхьа хоьтту со маца вовза волу-техьа, къонаха хьо? – элира вухавирзинчу Таймас. – Дукха хан йоцуш АтагIарчу тезетахь вайра вайшинна-х.
– ХIа-а-а! Тайма. Ой, мича тхайн-цигахь? Стенна вогIур вара-техьа суна хьо дага? – гIеххьа битамаш сеттира элан юьхьа тIехь.
– ХIара гергарло шардеш, Хьаьжин-Эвлара Хьату хьо волчу лесташ!
ЧIогIа шега ойла яйтаре Таймас далийнчу оцуьнга ладоьгIна хилира Черкасский. Амма кхин кIорге ваьлла, и цакегор гIоле лерина, Iалашонан хаттарца шайн хабар хийца вуьйлира иза:
– ХIорш хьан къонахий хир бу?
– ХIан-хIа, хIорш оцу Кериман бераш ду.
Мича Кериман, ца хаьттира, юха а ша харцахьа тасавелла хеттачу Девлатгирас. Сурт даккха санна, лерана хьаьжира иза кегийчу нехан бIаьра. Оцу мацахлерчу ирчачу буса мел хилларг деган бIаьргашна хьалхахула дуьйлалуш, карладевлира эланна.
– ХIара ирзош ас дахар дихкина ма ду, Тайма, – элира цо шадерг дIатоттуш.
– Ой, веана схьахIоьттинчу ахь хIунда доьхку, ва Девлатгира, наха шайн лаьтта тIехь дийриг?! Сан лаьттан дакъа тхо дерриш кхаба лара ма ца до.
– Цуьнан бала бац суна! – кхоьссира эло, шедан кхаж хьажош.
– Бацахь, хьайн цIа гIуо. Хезий хьуна, хьайн цIа. Нехан яа а, юха а деза! – дукха дарвелла, Таймин диг буйнара куьйгаш каррехь дегадора. – ГIуо-те!.. Балий, латтий долчаьргахь дита… уьш цара шаьш къастор…
ТIехьаьдда, мара а воьллина, Алиханий, Асланий цхьана хьаштдоцчух ларва дIавадийра, шайна веллачу ден метта хIоьттина догдика Тайма.
– Дитахьа, Тайма, вай тоьлар дац кху дуьненахь, – хьоьстура иза, кхеравелла, жимачу Алихана.
– ДIадоьлху тхо, господин пши…
Шаьш бахьанехь Таймина сингаттам баларх вогуш, когаш а, куьйгаш а лехначу Асланна чохь дендаладуьйлира шайн ГIебартахьлера ялхочун доллучунна а кIелсеца цIийх доьлла бIаьрзе муьтIахьалла. ЦIеххьана вуха а верзийна, феодалана гуоравожийра цо кIант.
И гинчу Таймас, Алиханан карара а ваьлла, тIара тоьхна, кхоьссина дIавахийтира Аслан: – «ИрахIотта, зуда-бер! Вай ГIебартахь дац, боьрша ма хиларг!!»
– Бакъ… дIаэца хьайна, – элана чутасавеллачу Таймина улле иккхира, шех хилларг ца хууш, тхьусвоьлла Алихан, шен жоммагIа а айина.
Кхеттачу тIарано мIизваьккхина Аслан, хьала а иккхина шен дагара тIе виллавелира, хьераваьлча санна…
Леррина цуьнга хьаьжча, дагахь кхеравеллачу Девлатгирас, пIелг лоцуш, говр дIаэккхийтира:
– Хьовсур вай!..
– Ма гIуо, досса говрара, зуьдан-кIеза!..
Эла лоцуш, ца лоцуш, цунна тIаьхьа баханчу маьхьаро ерриг аре тхьусйолийра, юьйлина.
Цергаш хьаккхийначохь ша вуьсуш дирзина, и шайн иккхинарг Таймас чIогIа дихкинера Асланний, Алиханний адаме багах даккхар. Цхьаннахьахула а цунах хIума ца хаадаларехь, элана а башха юьхькIам ца хетта куц дара иза нахала далийтар.
Хан дIаоьхура. Амма шена долчу декъана и иштта дисахь, Тайма тамаша чIогIа бийр болуш вара. Цо, дагахь кийча ларлуш, лерина ладоьгIура Девлатгира хьахавеллачохь, дуьйцу-олучух цуьнан хьожа-мода кхета ца кхета. Мискъала-зарратал хIума ца тосалора, тIеттIа балевуьйлучу эланий, язлучу цуьнан ясакхний адам лер, резадацар сийсар доцург.
Цхьаццаберш шайн-шайн лаьмнашка юхаберза безам болуш хаалора. Ткъа дукхахболчара и башха ца тодора.
 
… Вада луучун, уьдуш садолийла, къийса луучун, леташ кадолийла…
 
Мехкан балийна адам вовшахкхеттачохь хийла нохчо яхь воккхура, цхьана хьекъалан дайша леррина цунна даьхначу оцу нийсачу дешнаша.
Цхьана бIаьстенан пIерасканан дийнахь рузба чекхдаьлла, маьждига чуьра арабовлуш бара шелахой. Шен Iожа говр дIо гIончакъан кертах дIа а тесна, майданахь, ялкхан тIе яьллачу нIаьнех дегала айавелла лелара тамехь вухавелла Хьату. Тавала гIерташ, цкъа тIехьа лоцура, юха охьахоьцура цо пхьаьрсаш тамашийна деха куьйгаш. Нахалахь шаьшшиъ даима билгала хила везаш лоручу шайн шел воккхачу Сатус санна. Адам, хIара тайп-тайпана тергалвеш а, ца тергалвеш а, хьаьрме даржа делира. Цхьаццаволчо, схьахьаьвзий, кхуьнга салам-маршалла а тосуш.
– Нах, шорто хилалаш! – вистхилира Сатуна резахеталуш, цунна улле хьийза цхьа къонаха. – ХIара хьаша вайга цхьаъ ала дагахь веана сурт дуьйлу. Суна моттарехь.
Адаман жил-Iаламат схьахьажаделла хилира оцу сохьта.
– Дукха хан йоцуш охьавеана, дIа-эвлан йистехь Iаш, чIебарлойх вуй-техьа моьтту суна хIара, – вовзуьйтура воккхуочу шелахочо. – Важа шуна вевза – Хьаьжин-Эвлара, Соломгирин некъойх…
– ХIаа, вевзу-те.
– Девлатгира-эвлан цхьа сиха гIуллакх даьлла, Сехьа-АтагIа ваха дийзи, нах! – массарна а хеззарг лера Хьату. – Шуьга дIаса ма довла ала, боху со схьа а хьажийна. Жимма шух дагавала хIума долчух тера ду цуьнан. Хьовсур ду-кх вай. Галуьрг хир вац и дешан да.
– Ой, ахь схьаала, – кхоьссира дIо-юккъерчу цхьаммо чаьмза. – Цу гIебарточун чуьра-чо хилла лелачу шу Соламгирин некъашна-м кIира хьалха хаа деза цунна дагадогIу дерг.
Хьатун ваккхийра лелар хаъал дожош, и адамаш юккъехь даьлларг. Цунна резахиллачех дукханна хаза дисира, муьлхачо эли.
Органан аймина бурош санна, маьждигехь кегаделла адам, ваха мегаверг воьдуш, виса вогIург соцуш, меллаша лахделира. Бисинарш, шаьш нислу-лучу – керташ юххей, бай тIей дIатарбелира, меттахъхьеш.
Тийна, IаддаIара майда. Тапъаьлла, гIар-тата яйна. Схьахетарехь, хIораммо шена хетачун а, кхечарна хета долчун а ойла йора, меллаша шашех дагавуьйлура. Ма бос цхьаъ, вовшахлато, хьуьйш къахьега ца дезаш, чIогIачу лааман, бартан буто лам, китайн пен хир бара оцу ойланех тIекIелйоьттича.
– Цуьнга вай хьуьйсуш текха хан яцъян, хьан дац-техьа, хIокху тIаьххьарчу цхьана-шина шарахь гезваларш садевллачу, Хьату, вайна дийца а, пайдехь хIума? – хаттаре вистхилира, Iасанан юьхьиг нийсалгIа хьежо къена Бача. – «Лелачу жIаьлина кхета гIаж ца эшна» – аьллачунний дайна. Масане хеза, аренаш идочунна. Вистхилахьа.
– Кхи дIогара керла хIума а ма дац сан-м, Бача, вайна хуучел тIех, ка лаьттах боьллинчу берзан дагахь оьхь-моьхь деш, аз тодина, белшашкахь сетташ, дегI самсадаьккхира Хьатус. – Шуна ма-хаъара, вайн цхьаболчара эгочу хIуманашна шенчулла резавоцуш ву эла хIокху тIаьххьарчу хенахь. Кхидолчарна тIе хьешан юьхь яра вай цуьнан ларъян езаш…
– Хиндацарий шен цIахь Iийнехь!..
– И хьошалара ваьлла дукха хан ю…
– НаьIалт дена хуьлда, цунна резаволчунна!..
– ХIара мила кхайкхина веана?!
Иштта наха кар-кара оьцуш, боьха багахь хьовзийра гIебартойн эла. ЧIогIа шех тоам бина ваьлла стаг хеталун и Девлатгира ондда сакхат шена тIехь долуш хилар иккхира, цIеххьана деана, юкъа: «Хьан, муьлхачунна вина а ца хуу хIара…», – аьлла. Амма, дика къаьсташ ца къаьсташ, дайра иза, гуттар масделлачу вукхарлахь. Кхузахь маьI-маьIнехьара чIогIа кIаж-мехала дохура ХьатугIара салойх, ГIебарта хехкабалар а, цаьрца захалонаш тийсар а, цигарчу элашна Нохчмахка догIу некъаш эвхьазадахарехь и чуччоьнтеш цигахь шайга кховдийнарг чекхдалийта гIортаза Iийна хир яцара а…
– ХIети ткъа. ДIахоуьйла Соламгирин некъашна, кхара цуьнана юьхь лецарх, тхуна шайх элий хир боцийла.
Пхьуьйшахь кIурбаьккхина цигаьрка шега схьахьаьвсинчех лачкъийна цхьа къонахчун юьхк яра и аьлларг.
– ХIаа, лаа ца аьлла нохчаша: «Iуьргара берзан кIеза а ма долийла, аганара элан кIант ма вуссийла!»
Багара и дешнаш хьовха, юьхьан бос а, цу тIехь мел болу битам а дуьхьалбелира, нохчех эла валарна цу бурслуш вистхиллачу Бачин. Я цуьрриг духахьа а ца хийтира, жима-воккхаллин гIиллакхца догIучу кепара дагахь а, багахь а дера хIетаца и чIагIдинчу адамашна.
– Хьовсал шу, нах, – тIевеанчун «де дикенна» гIеххьа айалуш, долийра Бачас. – Мел дукха дайнехь а, дала хан ца кхачош, ардангах борз санна, хенарчех хедош, бIарваьлла со. Гина, тIамо эгораш гина, уьной, мацаллой хьоькхурш – байна хIокху бIаьргашна! Сарралц белларш, сахиллалц бихкина дIа. ХIетте а, ала эхь хеташ, деза хIара хьайга къиза доуьйту, хьайна готта дуьне. Бехк бац. Мерза ду бIаьрг хьежар, хIара гар. Башха дIора хьелаш-м ламанан цхьана а къомехь долу куц хеталац. Амма, и туркой, хIара гIазакхий кху Капказе гIерта бевлчахьана дуьйна, вайн докъазалла делахь а, я вайн ирсана доладеллехь а, ишта, массарначул ницкъ чIогIа вайнахана хуьлуш схьадогIу. Цара харцо ца лов дела. Уьш цуьнан къиза мостагIий болу дела.
– Дечун ду, олу, гIуллакх! Цу тIе, Бача, ас цIе йоккхур яц, вайлахь болуш бу шуна, элий хила дагахь нах.
– Иштта олийла юьйлу кхузахь, Тайма, – хевшина Iачийн могIанца охьахьаьжира Бача. – ХIинца дика хаац суна, юьхьанца вай алсам дара ламанхошлахь. Оцу ломара охьабовлар къуьйсуш дукха хIаллакьхили нохчий. ХIинца жимма лацаделла догIу вай кху лахенца. ГIоьрттина, цхьадика, хIара ярташ йогIаели: Дадин-юрт, и Гермчига, Хьаьжин-Эвла, ГихтIа, дIогара Чечанаш, АтагIаш, Алда, хIара вайн Шела… Жим-тIама чу садогIур дара, хIара биъ-тоьхна чугIертарш шайн цIахь Iахьара, – дехьа а, сехьа а куьг теттира Бачас.
Салойн, гIебартойн элий буйла хаьара хьаьрмана цо куьйга юхатуьттурш. Адам реза а дара Бачас хьедечунна.
– ХIан-хIа, нах, – хатар хиллачун кортали догу аьлча санна, лен велира шайх вогу Хьату, – и элий вайна тIе биссийнчех коьрта бахьана, церан лай вай тIекIуобар дара. Шайн маьрша-маха баьлла ялхой бовла царна цалаарх бехкбуьллийла яц сан-м. ткъа вай, и церан лай тIе а лоьцуш, лергаш таIIийна, IадIийра.
– Уьш-м цара иштта шаьш тIаьхьабахка, схьахьийсорий хаацара…
– Иштта а, вуьшта а вайн йиш яцара, хьошалгIа лелха адамаш дIакъехко, Далла кIел а хевшина! – элира Таймас, дIанехьуо Iачу Аслане а хьожуш.
Нийса ойла ечунна эццахь бIаьргана сурт хIуттуш, дагахь карладелира, чIерана хин кIорге санна, дуьненан гIоле езаш, халонера схьауьдучу адамашна кхерч-кхалор еш а, диэн-детта нисдеш а вайнехан доггах хьийзаран. ХIинца бIаьрг хIоьттина Iачу Асланна. Кхидолчарна юккъехула дика дуьхьалтуьйсура ТаймагIаьргахь, шайн цIеношна кибарчигаш йина белхий, цIенош хьоьху а, тхов туьллу а адам, куьпо шайна ши старгIий, дуьхьарг эцар а, цхьана зудчо ши котам, нIаьний шайн керта хецар а…
Ткъа Хьатун коьрта чохь чIогIа Iара шай, Сатуй элан дарже кхачор цхьанахьашха билггал чекхдериг хиларх Черкасский шена тешна хетавалар. Цу балхо хьеребинчу Саламгирин некъашна дуьне-эхарт а, доллу дош а дицделлера.
– Вайн а ма лелха цхьацца нацкъарабийла дезарш. Кхо-диъ шо долуш юккъерчу кертан хьокха дIасаозар къовсадалар тIехь стаг хьаьрчина, лакхахьара ваханчу ЯрагIис хIун дийр дара, цхьанхьахь ша тIе ца лаьцнехь, – лоха далхадора цхьана тамехь лергина къоьжа маж йолчо. Кхузахь дазделла хабар кар-кара оьцуш, билгалделира и ЯрагIий цхьанхьа-м салтийн карах валар а, цуьнан кIант цхьана адамашца оьрсийн махкахула дIавахар а, ГIебартахь декъаза де дадийна доьзалхо карахь лелаш цунах йисина пекъар хилар а.
– Дера, нах, со теш волуш, оцу Хьатус шен хенахь дукха-м бехира и тIеоьху адамаш юхатоха, – элира йисте лаьцна Iачу, тIехь-когахь мелла а гIолехьчо, ладегIна. – Суна хетарехь, хIинца юьртана а цхьа чамбайа карзахъяьлла, оцу ЯрагIи-мисканах яхана сутаралла. Ма ейша, эххар муьлххачунна а ши ког дIахеццал бен ца оьшу, латта къуьйсуш, вовшашна весаш.
– Сацийта, сацийта! И зуьдан хабар ду, хIокху махках лулахошка шерет дайта гIертарш! Лаахь, ког хеца а, лаахь – и чуоза а, хIара къуьйсуш дай беллачийн ду нана-латта! Ткъа ахь, хьайн ненахошна тIе а воссий, ийза цаьргахьа!..
ОьгIазвахана, ша Iаччохь вегавора, нуьцкъаш луьйчура сацавелла, верриг вехьа Тайма.
Хьошаллех, накъосталлех адамна зулам даьлла меттиг яц, элира Бачас, генадала марсадуьйлу гIуллакх маслаIате дало. Амма «ТIехь-когахь гIолехьчун» ненахошна Iоттар ян хаза гIортар билгал а даьккхина, йишина воIана а, цуьнан ненахошна  а эхь хетийта, дай-й тIетуьйхира къеначу тхьамдас:
– Вуьшта, йишин воI, и ахь хIинца шерехьа худар уьйзу ненахой мичахь бара-техьа, хьан Iай баьгна элан хола шелахоша меттахIоттош?
– Цу дехоша тIе ца озош, жимчохь йисина, бай кхобуш шайн ненан ялар дагалаца, дош доцург дитий! – кхоьссира кхечо.
Оцу шайн деанчу къамелана тоьшалла дан кийча, ладоьггIинчохь йисинчу майдане ала хIума доцуш мотт сецна Хьату а вуьсуш. Деган Iаьржалло бакъонна даредан ца вуьту йишин воI, уккал таIийна, адаме кIелдIахула бIаьрг гома кхарстош, вахара майданара.
Цу кхиссаршка далара тIехь, цхьана тосаделлачо дожийна, гуттар цатерг хьовзийра юкъа: хууш ма дуй, Девлатгирас шен йолчуха Сатун кIанте елларг цуьнан стечун йоI хилар. Ткъа оцу ненамайрачо шегахь сацийна бон сахь-закатах вовшахкхеттарг марда кIелдIахула несе дIадоьхуьйтуш ву. Иза, юкъ-кара цаьрга хьажа-хIуттучу Гулазас далхийна, схьахетарехь. Шен махкахочуьнга Аслане.
И кхузахь хьахадалар шен лерах кхетча, гуттар мекхех тасавелира цхьацца цатамаш цунах  лелха герга хета Сату.
Кхуьнан доггах, цхьадика, дIатийра иза, башха гоьдала кхиале. Бакъ ца хеттехь а, я цунах кхиинчу баккхийчара дижийнехь а.
– Цхьа береш-м богIу вайна.
Берриш дIахьовсало…
– Эла ву… Хаза тамехь хьалагIовтталаш. ГIеххьа воккхучо луьйта лоцуш, говрара а воссаве, – латтарехь, шен ма-хуьллу толуш, айавелира Хьату.
– Ахь де ахь иза. Нохчийн жимахчо лоцу веанарг вуссучу говран юьхь-луьйта.
И хеза-къаьстачохь ца хилира, Давлетгира вазвеш, цунна дуьхьалхьада кечлу Хьату. Адамаша дашацаре балдаш дохура цо лелочунна.
– Тайма, хьо меллаша, эццашха ваьлла, дIавахча хIун дара хьовх, – тIехьахьа куьг хьажийра Аслана. – Хьо вайча, цу хьастахлерчу кепо чаьмза воккхурий-техьа, вуьшта а цунна тIера иза.
Дала хьеха, и-м хьаха яц цунна йицъялийта ялийна. Вуьшта, хьо ишта ву-м ца моттара шена, Аслан, элира Таймас. Ишта-м, оцу Делан ницкъ кхачарца, набарх цунна дуьхьалвийлалуш велара. Ткъа Аслан кхин вист ца хилийта, шен бете пIелг лецира Таймас.
Теттина, нукерш гуонах а баьхна, шен дагахь, борз санна, веана схьакхечира, хIокху тIаьххьарчу хенахь къаьсттина адамашлахь кхоьлина хилар хержа ваьлла, Девлатгира.
Майдана юккъе яьккхина говр сацийна. Шен ма-хуьллу буьрса дIасахьаьжира иза. IаддаIара адам, цуьнан говран юьхь-луьйта лаца воьду жимаха воцург.
– Ассалам-Iалайкум, хIай дегала шелахой! – воьссира динара эла.
– ВаIалайкум-салам! Бусалба ваша. Иштта тхуна хьайн чам бан хьажахьа, къонаха. Доллучул хьалха вай адамаш ду хьуна… – веанчунна жимма дуьхьалволавелла сецначу Бачина тIаьххье ирахIоьттира ерриг майда.
Цхьаберш элана тIе боьлхуш, вукхарна хIара тIе хIуьттуш, салам-маршалла эцна хаьттина шаьш девлча, хьарман цхьана маьIIе ваьллачу  Девлатгирина тIаьхьа бевлира цуьнца баьхкинарш. Вухахилла, цунна аьрру агIо лецира Хьатус.
– ХIун боху, муха бохку, Девлатгира, атагIой? – йоккха ца ере гIар-тата яйначу хьаьрмин мотт баьстира, кIайн маж белхан берчийн куьйган тамехь шарйинчу Бачас.
– ХIун бохур дара цара? Цахиндолчух догдиллина, дIабохку атагIой. Ткъа аша сан а, шайн а эрна садоу.
Кура луьйчу эле хьаьжжинчохь висинера, хьаставаларе цуьнга ладоьгIуш, велаоззийнчохь лаьтта Хьату.
– Ма хала дац-кх, Девлатгира, тIевеанчунна бухарчаьрга ша хьийза ца вайта, дан-м ткъа.
– Ишта ма алийша, ва воккха стаг. Бача варий хьо? – бен боцуш, шедан кхаж хьажийра эло. – Тхо, цхьадолчу декъана дехний, юхадолчунна хьовсиний ма-диссиний кхуза. ГIеххьа шуна шайна а хууш. Дерриш цхьана сан, шун карахь даций хIорш-м. Кхетийша, хIай, деллаша!
– ХIети, – шеха тодира Хьатус, и де аьлча санна, шега а хьажавелла, элан луьйчура сацар.
– Шелахоша-м дийхирий хьовх шу!...
Шелахой, нохчий бен-бен беш, цахарах кIадболчаьрга хаттаза хуьлучийн, гIебартойн элий вайнахала баржар. И аьлларг шена ца вевза моьттуш, лере веанчу Хьатуна хаъал корта таIийра феодала. Таймех лаьцна жимма хIума ала дезарх важа кхуьу бIаьрган бIаьца а еш. Хьатус-м ша схьакхачарца адамашлахь Тайма волу меттиг лехна а, лерина и бIаьрга лоьцуш а хиллера.
Куьйган а, бIаьрган а, бетан а эшара адам тедан, собаре дало хьоьстуш, шен хирг деш, йишйоьхна, мехкан воцчу стагана хьалха бехкалавахана хеталуш Хьатун хьийзар шен дуьхьа дара доллучул хьалха. Схьагарехь, и дадала тIелаьцна я цунна тIе дожийна хила герга дара иза. Вукхуьнан дукха хамаза леларехь, цуьнан кхуза ван дезар.
– Тхо ладугIуш ду-кх ахь деанчуьнга! – эккхийтира, элан дукха тIехтуьйсу хабар кIордийнчу цхьаммо.
– Эр ду, – ладоьгIна волавелира Девлатгира. – ХIан-хIа, нах! Денна бохуш лаьтташехь, шу тIеттIа эвхьазадуьйлу хIуманашна. Аша, хьун а, куол а хьоькхуш, къайлах доху ирзош дуьйцу ас. Ма де бохург къаьсттана марзлуш нах ду шу…
Майда иккхича санна, маьхьарий девлира адамийн: «ХIунда?! ХIун дина оха, ца дича дериг?! Тхан йиш яц, тхешан лаьтта тIе а хевшина, мацалла дала!»...
– Собар, собар, адам! – куьг айира Хьатус, диканиг хила.
– Собар ахь дел, Хьату, хIинца. Тоьар ду! – Iасанах тевжаш, ирахIоьттира Бача.
Ерриг хьаьрме хIалагIаьттира, деггелц йогIучу кIайчу можан сийнна.
– ХIан-хIа, охьаховшал, нах. Охьаховшал! Меттах дIа ма хьалаш!.. – оьгIазвахана, бетан яххашкахь чопаш теснехь а, деган Iайган цхьана сонехь озавалар хебара элан. Масуьйттазза ницкъо човхийна адам шега иштта дистхила хIуттур ду ца моьттинера, шайн цигахьа и кеп ца гинчу кхунна. Шайначулла нукерш а боьхнера. – Ой, хIара хIун ду-у?!
– Уьш-м охьаховшур бу, Давлетгира. – Бачина тIаьххье охьалахъелира майда. – ХIума хир дац, хьо жимма сихвелла. ТIехвуьйлу…
– ХIун бIаьргаш бу тIебоьгIурш! Тхо шун ялхой-котамаш яц хьуна. И йиш-маIаш тхоьца тарлур яц. Цу хичех кхузахь юрт йиллар хир дац…
– ХIаа-те. Собардел шайна, – ша Iачохь хаъал айалуш, товелира Бача. – Хьо валийнехь а, ваийтинехь а бен дац, Девлатгира, ницкъ хуьлучарна. Уьш тхо ду, – майданхула куьг тесира къеначо. – Ишта а, вуьшта а нехан дуьхьа ца нисвелла хьо кхуза. Иза цхьа кхел хир ю. Дийцал ахь.
– Хийланна шух дан хIума хир дац моьтту, – ваккхийра волавелира эла. – ХIан-хIа, ишта дац. Айп кхет-кхеттачуьра дIаяьккхича, йисина гIабакх яа мега. Адамаш ду иштта айпе а, айпаза а – схьакъастийча, мегадерш сов. Ас тIаьхьа вовзуьйтур ву шуна и, вон кхаж баьлла аьлча а, ша баьккхинарг. Ас бохуш ма-дарра, туркой Iад мел ца Iин, ясакх сайийлаза ер яц. ХIинца кестта дуьйна ахгирда ялтий, лан далла эчиггий тIекхета иза.
– Тамаша бу-кх, оха и дахь!..
Цхьабосса бохург санна, дийкира ерриг майданахь.
– Дайтича, дийр ду. Цалуург, шен мокхазан лам бажа хьалавер! Сан латта Iахара Iуьллур дац. – доцца хадийра Девлатгирас.
– Ой, и хIун хабар ду?! Ахь, хьуо къуотIалгIа вайтинчу ден цIера кисанахь-м ца деана хIара! Мичхьа ду хьан латта?..
Оцу къаьхьачу маьхьаро хье тIе баххаза бисина бакхий бIаьргаш, хьераваьлча санна, адамна тIехула кхарстийра Черкасскийс:
– Мила, муьлха вара…схьакаравел иза!..
ХьатугIарна тIе къарззинчохь висинера эла.
– Виц ма лолахь, ахь лехка, тхо хьан лай дац, Девлатгира… – дийкира майданера.
– И ирс ду шун тахана! – кура чIугтуьйхира эло адамана.
– ХIунда «тахана?» Кхана и кхачо-м ца воллу хьо? Хьайн кIесара кIаг гур бу хьуна, и ца хуьлуш!..
Хьастаха коьллаш юккъехь Таймас шеца ялийна кеп а, цул хьалха лакхахьахь цхьана стагана шед тоха безам хиллачу шега нохчаша хIоттийнарг а карладевллачу элан дог тамашийна кхераделира. Уллерчаьрга цхьаъ-м хаттаре дIасатаьIначу цо бIаьран эшара гома кегийра хьаьрме, марсабевллачийн коьрте йовза дагахь. Цу хьажаро лаьцна юьртан молла социйла дайна хилира, ша Iачохь…
– Ва бусалбанаш, хIай! Мел латийначу къина Деле гечдар доьхуш, оцу чохь, – маьждига тIе куьг хьажийра цо, – вай корта беттар хIун пайда бу, ара ма-девлли шадерг дойуш хилча? Беа бац! ХIара харц дуьне, хала мел дии, эхартана йоле дуьжу. АллахIа ша а, цо даздеш доссийнчу къорIано а чIогIа кхераме дуьйцу, хIара гIаж и елахь а, шена тIехIоттийначо бохург цадар, цунна муьтIахь цахилар. Со юкъара ву, оцу Iедалан дена резаниг, – Девлатгирина тIе берзийра моллас шен суьлхьанаш кхозу пIелг, – эхартахь декъала хилийта. Паччахьаш-м Делан лаамца лелаш нах бай. Оцу везачу Дала лардойла вай царна дуьхьалбуьйлучийн, цу Дела цхьаъ, элча бакъ цавечийн лахьтех.
Эццахь хьаьрмехула кхерстина къедин бIаьрг шена тIехь сецча, Тайма охьатаьIира. Майратуьпахула ваханчуьра селханий бен цIаккхазчу цунна, ша элаца ялийна кеп хIеттахьехь дуьйна хуу сурт хIоьттина.
ГIеза-Молла гIеххьа эвлаяаллин дакъа кхаьчна стаг лоруш яра Нохчмахке. Хийла Делан лена тоара, чекхдаьллера ГIеза-Моллас аьллий, цунна хетий бохург. Дуьненан цхьацца къайленаш, хирш, хиндерш хуу шайхалла цуьнгахь хетачарлахь тIаьхьара вацара Тайма. «Шайхалла-м хьаха дара цуьнгахь, лечкъадо-кх», – олу хIара, цуьнан бага хьаьжна а, валахIоьттина и къовса а кийча вара.
Закат, мархин сахь, кхидолчу шен сагIин бохь цуьнгахьа буьллура Таймас. Шеначул хьалха васхала а цунна йоккхура. Гурахь юттий хьаьжкIийн варда яссайора, гIеххьа Iаьнна элан хуола хIоттабора цо динан дена.
Оццул ша лоручу ГIеза-Моллина хьалха шеначулла бехкалавахана, цунна шех шадерг хаьа моттар тIеттIа садуьйлуш Iара, бусалбанан кIадаллийн, къонахаллий цхьана даг чу тардан гIерта Тайма, юкъ-кара кхосса а луш, ша волччохь. Динан дас хьоланний, ницкъанний корта тухур бу, цу шингехьа цо узур ду бохург, кхуо аьттехьа а ца дуьтура.
– Со лоьхий ахь? ХIара ву хьуна – юкъавелира, Аслана сацийна Тайма. – Ларрий хьажа хьо! ГIеза-Молла, хьоь бехк цабиллар доьху. Хун дийр ду, Iелац..
– Вевза суна, – корта саттийра гIебартойн хьарам винчу эло. – Я вицлур вац шен хенналц.
– И хIетахьлерниг ву-кх со. Хьайн лераниг м кхоаделахь…
– Вац, тIаьхьахIитта хьайх теранаш боцуш-м… – маьхьарий девлира маьI-маьIIехь.
Оцу хенахь герзех воьттина виъ-пхиъ драгун кхечира майдана. Адам цаьрга хьажаделира бен-бен. Хьатул бекхабелира нукерш.
Дукха дарвелла, цхьацца ойланаша вехьавечу ротмистрана Эльмарзин Девлатгирина, шаьш схьакхаьччийла хаийта, сийдеш, ког тоьхна, хьалхахIоьттина драгун кхоччуш тергал ца лора. Хьатус мекара ветира цуьнга и, хиллачух ца кхуьуш сира дин сецо бере. Ротмистра тIе вехна хIара, говрара вай-й охьаиккхина, мох санна, дIавиллавелира.
Шеца доца хиллачу къамелана корта таIийна драгун маса дина хиира. Цхьа цамоьттинарг эккхадалар тардаларо салаьцна шелахой тамашийна совцабеллера цхьана юкъана.
– Варийлаш, тахана-тховса дуьйна цхьана а меттехь шайггара ирзо ма доккхуьйла аша цхьана а дегIо, – буьрса дIасахьаьжира Девлатгира везза. – Ца тешачунна таIзар муха хир ду гайта, Тайма хуур ву цунна кечдайтинчу ор чу…
Мегарг нехан бIаьра а ца хьожуш, луьйра эла.
Адамашлахь гIугI сийсара. «ХIун даьллачунна?!» Воьхначу Асланна уллера Тайма шеек а вацара. Массара а иза хаттаре тергалвора.
– Ишта-м хила дагIарий хьовх, Девлатгира, – ХIинццалцачул деза дара воккхачу Бачин лер. И тергалделла адам дуьхьалдала кийча меттахъхьаре деара. Эццахь, дерриг доруш-дустуш, ойлане ваьллачу Бачин нах собаре балор сецира. – ХIокху наха садетта, гIебарто. Тхо и дан Iемина ду, тхешан собар кхаччалац. Амма и кхачадой…
– ТIаккха а хир дац хIумма а. «Сатоьхначу салтичух эпсар хилл» – олу. Таймина и ца лаьа. Ротмистрана тIаккха кхин лаьа.
Буьйран мукъамехь деара элан луьйчура сацар:
– Схьалаца!
Шайн эпсаран омрица говрашкара охьа а лилхина, драгунаш Тайма лаца буьйлира. Нохчий дуьхьалбевлира.
ЦIий хьийза моьттар дара, царна юккъехь Аслан, кхин цхьа-ши гIебартой вайначу элан бIаьрга.
– КъотIалгIа винчу хьуна луург-м дош дацара, – аьлла, шайна юкъара хьалхаваьллачу Таймас йийриг ша-дIа Iоттар хетара дукхахболчарна. Ткъа, ладоьгIна, хаъал вохар доьссинчу элан куралло аьттехьа а ца дитира, хIокху къорачу хьаннашлахь воллучу нохчочунна, адам тешшал шена тIехтоха хIума хуур ду бохург. Амма деган кIорге мерцина дIаяьккхира коьрте хьевддачу бакъдолчара. БIаьрган негIар тухучу юкъана хийла хIума схьалаца-листа кхуьучу ойланна карладевлира шортта.
Цхьана хенахь шех инарла вайтинчу стагана совгIатна яла, бIаьрго яттIол хаза, чергазойн йоI эцна Петарбухе воьдура Черкасский Бековичан Эльмирза. Оцу йоIе шен безам бахара цуьнан некъан бохалла. Лелийра эло иза. Цу юьгучу дIакхачаза йисинчу чергазочо ЧеркасскигIарна къотIалгIа вина ву хIара Девлатгира.
ХIинца Таймас санна, цхьана шайн-цигахь тасадала мегачо тIехтохарх ларва нисвина хила а гена дац, ГIизларерчу эскаран командир волчу Эльмирзас хIара шен воккхахволу кIант, ротмистр Девлатгира кхуза, вайнахана тIе…
– ХIан-хIа, нах! Юхадовлал, – долийра гIовгIанаша сацийначу Таймас. – Эла динарг доькхуш ву. Латтийта. Цу тIехула шуна хьовзам ца богIу. IадъIе, ас ца кхачабо шуна иза. Вай эшна хIума дац кхузахь. Аслане дуьйцуьйтур аша. Бакъду, со ор чу волларх, гIуллакх, Дала мукъалахь, хьуна моьттучу тIе догIур дац, Девлатгира. ТIаьхье еха ю. ХIа… – Волавелла драгунашна тIевеара Тайма.
– ВаллаIазмора, ма «ХIа», оха хьо иштта дIа а луш-м… – карзахделира адам.
– Со лаца хьан меттана!..
– Бача, вистхилал хIокху адамашка, – Аслан юхаваьккхира Таймас. – Пурба дац шуна, нах, хIара зуламе далийта!
– Юхадовла, ма-тов ца хилча, ма-торру бакъахьа ду!.. – Iаса айира Бачас. Адам оьгIазе дIатийра. Таймин куьйгаш дIадихкира драгунаша.
– ХIума дац, Тайма, хIума, – ирахIоьттира ГIеза-Молла. – Хастам белахь Дала дечунна. Шена Iамал тайнарг эхартан балех цIанвеш волу ЛаилахIа-ИллаллахI. Дала дийриг цхьа а хала дац!..
Сихдинна цхьа шабар-шибарш дора моллас багахь.
ТаьIна, Iадда Iара Тайма. Схьахетарехь, юьртана шех зулам дала хала лардеш. Цуьнгий, шен суьпаллей бен сецалур доцийла хаьара нахана иштачохь кхуьнан цкъацкъа карзахе доьналла. Цундела майдано башха тамаша ца бора Тайма сел тапъаьлла хиларх. Ткъа цуьнах элана хьалха юьхькIайъелла ГIеза-Молла чоданца ца лахьаваллал кочча вазвеллера шаболчарна.
– ХIай, Кериман кIант, – элира нукерша говра ваьккхинчу эло, – со Девлатгира вац шуна, хIокху шаьш ялийначу кепах ас шу дохко ца дахахь!
– Хам бац хьан! Хьан вонах оза агIо а, дикане тийса са а дац хьуна тхан. Хьайн леранарг юха ма озалахь!.. – иккхира, IаддаргIа санна, юлаеллачу хьаьрмехь, цхьабосса масеххана багара.
Нукершца эла хьалха волуш, Тайма вигинчу драгунашна тIаьхьа дера декаш, цхьана бартана кечдала, майда яссийра адамо катоьххана…
ХIара буьйса пхоьалгIа сахуьлунга йолуш яра Таймин кху ротмистран гIоперчу, шел шозза кIоргачу таIзаран ор чохь, Гермчигахь. Цамгаро лаьцнехь а, мел сиха валлахь а динан перзашна малой, ледарлой ца евзара кхуьнан суьпаллина. Маьлхан дуьненан серло къийеш, тIедиллинчу зIара кIел нана-лаьттаца оьцуш, моллин кхайкхаран мукъамца доьхкуш, ламазаш до, дуьне долийна олучу кхааран дийнахь мел марха лийци Таймас. Шена хуу-хезна аят-доIа багара охьа ца дуьллуш.
Гермчигахоший, шелахоший, кхечех дага а буьйлуш, хIара кху ор чуьра лачкъоран, нуьцкъала ваккхаран биста кхаччалц дакъош хIиттийра кху белхан. Аслана уьш Гулазехула схьа а детташ. Амма царна Тайма дуьхьал вара, Дала тоьхнарг бен хан яц, и яккхаза ша вер вац, бохуш.
Цуьнгарчу гIуммагIно бехказа ца яьккхинехь, и Делан минот ца елира, цо дан дезарг Таймига дийца яхана Гулаз хехочунна гучуяла.
Уран горгаллица хIазаре хьаьвзаш, кIегар Iаш, буьйса текхна Тайма, хьалахIиттинчу настарийн голаш тIе корта а боьжна, семачу набарх Iуьйр-ламазана суьлхьанаш дохуш Iара. Юкъ-юкъа сецарш а хуьлуш. ХIинца гуттар дIатийра уьш луьсту шога пIелгаш. Болх бечуьра сецна корта, ойланех бассалуш, базбелира ша Iуьллучохь.
Самах дагахь мел дохкучех бес-бесарчу гIенийн чалх хилира: уллехь лаьттарг ца гуш, кIарула-Iаьржачу бодашкахь, меттах ца довлалуш, вовшашка кхойкху адамаш. Цхьа хан яьллачу хена, меллаша серлаяла йолало. Оццул юькъа лаьттина хьаннаш а, шадолу дитташ а дийшина. Доьхначу адамашка маьхьарий оьху: «Ва-а, хIара хIун ду?! «… Вайна хIун хила гIерта!..» 
– ХIума ца хилла. ЛайтIа-къадаран миноташ хIиттина! Далла хьастало. Къинхетам беха… – обанан тIемаш тIаьхьа а ловзуш, мох санна, адам жил-Iаламата юкъа хьийза ГIеза-Молла.
– ЛайтIа-къадаран буьйса хилча, сирла хIунда юьйлу?!
– Иштта хета, хьаннаш, дитташ дийшина дела… – века мола. – Делан цIе яккха! Цуьнан къинхетаме кхайкха…
Геннахь эскаран цIоз теIа схьа. Герга мел гIоьрти, болар сихло цуьнан, цхьана ницкъо тIаьхьара туьттуш санна, инзардуьйлу. Шаьш лаьттачохь тIаппехь дан дуьйлало адамаш. Дуьсурш, цецдуьйлуш, дIасауьду. Хьаннаш, дитташ, кхин мел дерш, узарш деш, меттахъхье.
«Iаж-мIажойн бIо богIу!» «ЯаллахI-Дела, даха тхо балех!..»
БIаьн цIоз юкъадаьржа. Хьун, дитташ ирахIуьтту, бIаьрг ца кхуьуш. Адамаш цаьрца хьалаоьху. БIаьн цIозо хIуп бохуш, хьаннех, диттех юьйлу цIе цаьрца хьалауьду, адамашна тIаьхьа. Цхьаболчех лета иза. Цу буьххьера чуиккхина молла, куза тIехь доIа деш лаьтта, бухахь.
– Молла, кхайкхахьа Деле, – боху Таймас.
– Собарде, кхерабайта ахь! – шен обанан тIомаца тIехьахула цIе хьалачехайо ГIеза-Моллас къайллах.
– Ва-а хиш, лаьмнаш! Шу мукъана довлийша орцах, – кхойкху адамаш.
Хиш хецало чу. ШайтIанан говрашкахь санна, цу тIехула бага хи лелхаш хьийзинчу эскаран цIозо, цхьана агIор гуллой, вал бо. Хи тIеттIа ийало. БогIий, хи тIехула болалой, цхьана ломо адам лаххьадой шена тIе хьалаоьцу. Ткъа чухаьрцинчу вукху лаьмнаша эргIададаьккхинчу хе берриг Iаьж-мIажгойн бIо бохабой-бадабой охьахьо…
Эццахь верриг хьацаран кIур хилла самаваьлла Тайма мелчу маьхьарх вилхира самах а, набарах а хьийзочу, коржамаш йохучу нана-махкана, де эшначу, балехь доллучу шен халкъана:
– ХIай Везан Дела, кхин хIун гайта волу-техьа хьо тхуна!?
Оцу хенахь хехочуьнца кхуьнга ладоьгIуш лаьттачу ГIеза-Моллас, катоьхна зIар хьала а айина, элира:
Иштта хастам бе ахь, Тайма, ницкъкхочучо дечунна! Шен догдика лай сарле цIавахийта воллий ца хаьа, лаилахIа-иллаллахI!.. ГIенан-кхоьлах цо сайга аьлларг боху ас…
БIаьргех обанан тIам хьоькхучу ГIеза-Моллина дегI нисдеш ирахIоьттира, бехкалавахана Тайма:
– Со хIун ю, ГIеза-Молла, Мохьаммадан уммат холчахIуьттучу дуьненахь? Дала декъала дойла вай!
Шена хIинца дайна гIан самах долчул башха ца хетара, цунах мегарг меттаванза вехьачу Таймина.
– ХIан-хIа, ма алалахь, Тайма, – корта ластийра ГIеза-Моллас. – Умматахь Iамалш бен-бен ду адамаш. Хьо тоьллачех, декъала хилла бевллачех стаг хетало. Сарахь жамаIат цхьана дийр ду вай. Дала иштта аьлла, шен мукъалахь. Бехк ма билла, настарш дика яц. Латталац со…
ЦIеххьана зIар тIедужуш, ГIеза-Моллин вар хIинццарчу шен Iаматечу гIенах хитталуш, цунах лелхаш цесталучу тамашаша инзарвохуш. Ма дарра царех кхиа-кхета хьекъал шен цакхачар Делан лаамехь лерина, ГIеза-Моллех яккхийчу ойланашка вахара Тайма. Оцу гIена-кхоьлана а, самах тарлуш шена хIиттинчу кепашна а тIера цIахь мовлад ешийтар дагахь чIогIа соцуш. 
Селхана санна, меллаша регIа тIе лахлуш бу буза боьду можа малх. Гуттарлеррачухула. Шед тоьхна хьаьвзича, хала Делан балица ГIизларехь нислучу боьзах, шаьш дечу морсачу машойх хьерчаш, корешкарчу ахкаргех чекх чохь гург бен серло йогIазчу ламанхойн дахарна кхин бос ца хуьйцу моьтту оцу малхо. Шаьш дуьнентIе бевличхьана тоьпой, цхьамзаной адаман ирсах хьегочу нохчашна, шаьш чомахь ган ца дуьтучу малхана гонах нана-латта шайн дуьхьа хьийза моьтту хир дара, цаьрга и хатта да ваьлча. Схьахетарехь, хIокху сихачу дуьненахь воцу и мичара вер вара?
Самукъаза, гIийла де дерзийна ваьл-ваьллачух стамлуш йогIучу пхьоьгIанна, цундела ца къаьста хIокху бIаьстенан юьхьан сарахь дIо-о малхбузе цIегIа ягар. Дечиган нох кечдеш ваьллинарг а, гIоматан марш тегнарг а – неIаран мача нисъеш, ког сеттош, кхекхийн кетарна тIемаш ваьшта уьйзуш, куй карахь бегош, схьа тIе оьхуш, ирахь саца везарг а, барч-дух лерина охьахаа вогIург а шен-шен меттигашка дIатарлора шелахойн пхьоьгIанахь.
Лаьцна, элан ор чохь ваьллинчуьра цIавеана дукха хан йоцу Тайма а ву кхузахь. Цигахь дегIах йоьллачу тIуьнчу шелонан хьаз-хьизаш юккъехула тухучу йовхарша кийра а бекош, дIо Iаш.
– И хьу дIа ца къаьста. Хьацар тухуьйтуш, вохвала везара хьо, Тайма. Чохь сецна, яйна тIе а хууш…
– ХIара цIавеъчахьана кхуьнга и бохуш ву со, – элира Аслана. – Шелонан хьу хала ю. Могашалла чIогIа вацахьара, цо тоххара вожийна хир вара. Хилар пайда бац, олура тхан дас, могашалла, лар ца йича.
Таймин кийра лоькхучу хьаз-хьизашна реза вац ша, бохура Бачас. Механ хIуо чу цакхоччург, юргIа-хIума а кхуллуш, цкъа-шозза Iаждар бецан яйна тIе хаа веза. Хьуо ма варра хир ву, Дала мукъалахь.
Къеначу Бачас ма-аллара, тохара хьалахь-ломахь дуьйна нахана зе а делла, шайн божарий могуш, дукха бехаш, догIмашна боьттина бича санна, хуьлуш схьадогIучу хIух ву Тайма ша а, кхуьнан кхиъна богIу къоьнгий а.
– Хена-замалахь зуда ялош бац, олура тхан дадас кхарна, – дуьйцура Бачас. – Цундела башха дебац хIорш. ЦIе хIинца дагаягIац сунна, наха цунна зуда ца ялийнехь, шайн хIу хадош хиллера кхеран цхьаммо.
– Тхан ден дедеда Гинардукъа хилла иза, – далийра Таймас. – Билтойн юкъо нуьцкъала ялийна олура, цунна зуда.
– И хIун ду-техьа, ва Бача? Сакъоьруш некъий хилла хIорш-х ткъа?
ХIан-хIа. Хьошаллаш тийсадалар. Аренаш идор сов лелла кхеран. Дино чохь бен лаьцна, заманан йозалла кхуьнан жимма херо юьйли цу юкъа. Амма кхелхинчун чIир ша валлалц ца кхобу висинчо. Зуда ялае, Тайма. Тхо и яло доьлча, хьайна ишта-вуьшта хетар делахь. Йишина а кIордорий, тIехдаладоьлча, бохучу тIе дала дуьйлира…
– Цергаш харцалий, бохий ахь?
Уьш дийца девлча, Тайма вист ца хуьлу. Бехк лоьцуш. Бакъду, воккхачу, ша зуда ялоле маре яха там ца хеташ, цхьаъ-шиъ хан дIа а эккхийтина Iачу йишех дагахь эхь а, кхоам а хеттера вешина. Я кхоччуш цуьнан ойла ца йина хила мегара цо хIетталц. Шен хена чуьра даьлла маре, дукха хьолахь, зуда оьшуш хуьлу, олу-м хезна хир дара Таймина.
– Важадерш хаац, Бача, – элира цо эххар а, – Делах эхь хетар дара суна, бага са а кхачийна, дойуш, лелхийна хьийзочу шух ваьлла дуьне даа, дарбанаш лело. Цхьацца чевнаш ма лелийра ас. Йирзина евли мотталуш, юха ясталуш. Ткъа шолгIачунна-м сайначулла бехке хир вара со.
Иза – шен зуда ялор тIаьхьадахар дара Таймин.
– ХIети. Вайн дехха лета деза мегаш ду гIуллакх. Кхидолчочул ойла ца йойту хIу дебаран. Халкъан доь да мА тарло…
Багахь забаршла хьекхадахь а, дагахь кIорга, йоьхна ойланаш яра оцу лераша йойтурш. ГIаддайна…
– Ассалам-Iалайкум, бусалба вежарий!
Iай, бIаьстей къаьстачу хенан цхьана делкъехь ши бер, зудий шеца, боьхначу нохчийн цхьа къонаха хIоьттира атагIойн жамIатан маьждиге. ДIадуьхе дахча, куьпчий хилира уьш.
Стага куьг лаьцний, ненан марарий ши бер а тIехь, чIогIа деэшна адамаш хеталора уьш тIехулара а, схьахетарехь, чухулара а. Хьошалла а доьхуш, зудчо шаьш Гермчигара девдда дахкар хаийтира.
Шела кхетийча хIун дара-техьа уьшший, я эла эккхо махкахь бечу кечамана лелош питана дуй-техьа хIара а, аьлла, хабарш девлира нахалахь.
– Ой, – элира, шен цхьана гIуллакхана кхуза веана нисвеллачу Таймас – аша хIун дуьйцу, ва нах, хIай! Шелахой нохчий бу, вайн муьлхха юьртахой санна. Хьаша зулам дац. Ткъа цуьнан юьхь лаьцна и араваьллехь, Дала и некъ цунах шех бохуьйтийла. БисмиллахIир-рохьийм, дуьло…
И схьадала там ца хеташ, къийлалучу ненера схьакхевдина шен вортанах биши тесна бер мара а доьллина, хьешашна хьалхавелира Тайма.
ХIорш ТаймагIаьрга дIакхаьчча билгалделира и зудий, бераш цаьрца волчу къонахчун цахилар. И нана, бераш Гермчигахь цаьрга хIотта хьаьвзинчу ирчачу Iазапа кIелхьара довдийна далийна хиллера, цигахь кхийра пхьегIаш еш Iачу куьпчичо.
– Хьо, Тайма, оха боххушехь, и дан ца тигира. Адамана, схьахетарехь, хьайх зулам даларх ларлуш. Кхеран да, – ша бовдийна балийнарш шуьне бирзинчу чу корта тесира куьпчичо, кхийра хедарара шура тоьхна гарзанаш молуш дечиган чадица, – ведда оцу хьо ваьллинчу Девлатгирин ор чуьра. Барам-чот йоцуш чIогIа гуобаьккхина лохуш-ларвеш ву. Вочу маттах, бIаьргах Дала ларвариг, хье ца луш, цхьанхьашха гучувериг хир ву иза, Дала мукълахь.
– ХIети-те: «Борз дуьхьал ца кхетта газа хьаьжцIа яхана» – олу тхан. – Масехазза корта таIош, ладогIаре хаьттира Таймас. – ТIаккха?
– ТIаккха, цIахь бацар коьртах далахь, хIара нана, бераш лахар, соьга хаьттича, кху чу сиха кхочур ду, – дуьйцура куьпчичо Межида. – Кхарна-м хIун дендарий. Ахь дукха халонаш лов, иштта цхьацца хIуманашна тIехула. Хьан докъазалла нисло хир ду-кх хIорш…
– ХIан-хIа, Межид. Ма алалахь, – цо долийнарг хадийра Таймас. – Шулахь ишта хеталуш меттигаш хааелла суна. И бакъ дац. Цхьанна доьгIнарг кхечуьнга Iовшуьйтур дац нийсонан Дала. ХIораммо ловриг, шена кхуллуш, яздинарг ду. Уьш дитал аш, Межид. Нана, бераш Селиматца бакъахьа ду. Уьш шайн хIусаме кхаьчна…
Ваха веана куьпчи новкъа а ваьккхина, даьлла-хезачуьнга ладогIа, эвла юккъе велира Тайма, катоьххана, суьйренца, нохчийн маттах кIезиг кхетачу нанна, берашна а самукъенна Аслан чу а хьажош.
 
                                                                                                                                
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика