Нохчийн меттан Денна. Стихаш (2)

PDFПечатьE-mail

 

АХМАДОВ Муса

  Нохчийн мотт

 

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам.

 

Генарчу шахьаршкахь шелло,

Ца хезаш вайн меттан аьзнаш.

Даймахках хьоьгуш, са гIелло,

Хийрачу мохо веш аьшнаш.

 

Нохчийн мотт – хьо сина гIортор,

Хьоьца ду тхан хилларг, хиндерг…

Лар яйъа милла а гIортарх.

Лар йовр яц – тIулга тIехь йитнарг.

 

Хьан лараш – зуьретийн юьххьехь,

Ширачу шумерийн кхерчахь,

Адаман лараман дуьхьа

ГIиллакхаш туьйсина кертахь.

 

Хьан аьзнаш, – шираллин хьаьркаш,

ХIорангахь – эзарнаш шераш.

Ма гойла дIадовлуш, даьржаш,

Хьан къайле ястаза дешнаш!

 

ЦIа, барзакъ, марзонаш, уьйраш

ДIаяьхьна къизаллин мохо,

Лаьтта со, ловш дерзийн гуьйре,

Хаддаза мохь бетташ даго:

 

ТIевогIург, соьгахь дац деши,

Дац соьгахь дуьненан даьхни,

Ду соьгахь дайх дисна дешнаш,

Нохчийн мотт –

                     тахханалц баьхнарг.

 

 

ДIаэца, ма байта доьза,

Iалашбеш, сийде вайн меттан!

Нохчийн мотт мел беха хьоьца,

Чиркх хир бу дайн корехь летта.

 

Кхераме дац хьуна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт хьоьца мел беха,

Онда бу хьан лаьттан орам.

 

ЦУРУЕВ Шарип

 

      Нохчийн мотт

 

Акха яр санна, и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна а базарахь,

Цхьаьнггара юхалург

                                    баьккхина бацара –

Кхоьллина хилла и

                                 вайн дайша азаллехь.

 

Ас лору дуьненчохь

                                    мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт –  гуттар а

                                       сан оьзда дозалла,

Iожаллин цамгаро

                            дIалаьцна, меттахь Iаш,

Цу маттахь дийр ду ас

                                            весет а доьзале.

 

Цу маттахь вина со

                                   дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош

                                     дадас а кхайкхийна.

Цу матто – уггара гергарчу сан синна –

Сан, генахь цхьа висча,

                                          дог-ойла айина.

 

 

ТАЛХАДОВ Хьамзат

 

 Нохчийн мотт

 

Дуьххьара дош олуш,

Ас, гIалат вуьйлуш,

Воккхавеш, дуьненахь

Бийцина хьо.

Дог лазош, вилхича,

Со маракъуьйлуш,

Со тевеш, бийцина

Хьо, ненан мотт.

 

Тахана цхьамма хьо,

Емалбеш, воьлхуш,

Лазаво, куралла

Ца буьйцуш хьо.

И коча зударий

Шен ненал тоьлла

Хеташ бу цабуьйцург

Шен ненан мотт.

 

Вон деъча, гIеттина

Вайн Даймохк ларбеш,

Майралла дIагойтуш,

Хьийзина хьо.

Шовданехь оьздачу

ЙоIан дог дохдеш,

Мел говза бу бийца

Хьо, ненан мотт.

 

Шовданан зов санна,

Хьо зевне бека,

Нохчичун дог санна,

ЦIена бу хьо.

Ца вешаш, хьох даха

ГIалаташ лехахь,

Я бицбахь, ирсдоцуш

Вуьсийла со.

 

ТIаьххьара кешнашка

Стаг новкъа воккхуш,

Хьо буьйцуш, диканца

Тоьшалла до:

ХIумма дац кху лаьттахь

Хьох сан догдоккхуш,

Хьо соьга бицбайта,

Сан ненан мотт.

 

Сан дайша бIешерех

Чекхбоккхуш, луьттуш,

СовгIатдеш, тIаьхьенна

Схьабелла хьо.

Дикане я воне

Хьо тхоьца хIуьтту,

 

Хьо говза бехийла,

Сан нохчийн мотт!

 

***

Сайн ненан маттахь ас язйо

Сайн хIора Iуьйренан назма.

Сан дахар цу матто хаздо –

Хир яц-кха цул йоккха хазна.

 

Цу маттахь со Деле воьлху,

ТIом боцу тийналла йоьхуш,

Вела а цу маттахь воьлу,

Кхера а цу маттахь кхоьру.

 

Кху лаьттахь со цуьнца веха –

Ю иза сан ирсан момсар.

Безамах ца во со Iеха,

Ницкъ а ло къайленаш йовза.

 

Цу маттахь ас кадам оьцу,

Захало цу маттахь дуьйцу.

Сан ненан мотт бу и оьзда –

Йиш яц и бахамах хийца.

 

Цу маттахь ас оьмар ехна,

Вахана со цуьнца кога.

ДоттагIий ас цуьнца лехна,

Ца буьйцуш и цкъа а шога.

 

Хьаша а ас цуьнца вохво,

Кхерч латто суй цуьнгахь лоьху.

Схьаэца кхечуьнан бохам

Дахарехь цо суна хьоьху.

 

Ненан мотт, хьо ду сан дахар,

Хьан лазам сайн лазам лору.

Хьо бицбеш, гулбина бахам

Хир бац-кха къоман ирс кхолуш.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика