Журналах лаьцна

PDFПечатьE-mail

 

 «Орга» нохчийн маттахь цхьаъ бен доцу литературин-исбаьхьаллин журнал ду. Кхаа баттахь цкъа арадолу, тираж 1000 экземпляр а йолуш.

Иза советан заманахь арадолуш хилла долу «Орга» альманахан тӀаьхьало ю. Цуьнан хьалхара номер 1958 шарахь араяьлла. Журналан историн юьххьехь къахьегнарш нохчийн литературин бухбиллархой бу, ткъа хьалхарчу номерийн редакторийн болх бина Мамакаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, Шайхиев Ӏалвадис.

 

1991 шарахь «Орга» альманахах журнал дира, коьрта редактор Ахмадов Муса а хIоттош. Цул тIаьхьа Юсупов Iильмана, Эльсанов Ислама бира оцу даржехь болх. Хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа журнал шина баттахь цкъа арадолуш дара, цуьнан коьртехь Ибрагимов Лоьма а волуш. И хьалхаваьлла а волуш юхаметтхIоттийра «Орга» 2002 шарахь а, шолгIа тIом дIабаьлча. Цул тIаьхьа цхьана юкъана Юсупова Сацита лаьттира коьрта редактор. 2003 шеран апрель баттахь дуьйна журналана куьйгалла деш яздархо, критик, гочдархо Минкаилов Эльбрус вара. Карарчу хенахь журналан коьрта редактор Алиева Зарина ю.

 

«Орга» журнала тIехь зорбане юьйлу яздархойн а, Iилман белхахойн а поэзин, прозин, публицистикин, критикин, Iилманан говзарш, кхечу меттанашкара гочйина материалаш а.

Журналан редакцин кхеташо: Абдулаев Леча, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Бурчаев Хьаьлим, Минкаилов Эльбрус, Сумбулатов Дени, Цуруев Шарип, Шамсудинов Бувайсар.

 

 

Яндекс.Метрика