Ломахь гуьйре

PDFПечатьE-mail

Муртазов 1адлан

 

Ломахь гуьйре хьалхе юлу,

Дерриг хьулдан оьгу г1аш.

Хьаннаш сихха хераюьйлу,

Туьгуш яц тен къийгийн г1ар.

Мархийн юрг1анаш т1еуьйзуш,

Лаьмнаш дахкарлахь д1адов,

Цацах санна дерз ду луьйсуш,

Шеллуш хеба «т1ерлойн б1ов».

Хезаш дац кхин дека хьоза,

Иллин мукъам озабеш,

Ткъа г1арг1улийн жуттан аьзнаш

Дека г1ийла узам беш.

Дерз а 1енош, мархийн г1ера

1аьршахь некъ бан йолало,

Оццул боккха текхош кхера,

Органо 1ин декадо.

Ломахь гуьйре хьалххе юлу,

Дерриг хьулдеш, оьгу г1аш,

Дерзо дерриг, дерриг кхулу.

Туьгуш яц-кха шовдан г1ар.

Яндекс.Метрика