ДАКАЕВ Са1идбекГуьйренан суьйренаш

PDFПечатьE-mail

ДАКАЕВ Са1идбек

 

Даьгна г1ора кхачадой,

Де, сахедий, лацало.

Даг чу 1уьйду гуьйрено

Сингаттаме суьйренаш.

 

Дерзан ладарш 1ийдалуш,

Коран б1аьргех хьекхалуш,

Мохо г1одах туьйсуш ка,

Ч1анадаьлла леста га.

 

Стиглан тхевнах хьерчаеш,

Мокха тулг1еш керчаеш,

Карзахъевлла къийсалуш,

Мархаш вовшех тийсало.

 

Кертахь стоьмийн бешара

Олхазарийн эшарш а,

Тийналло пха хадийна,

Лекъна, мукъам 1адийна.

 

Сагатдинчу ойлано

Гатбина шен шалха гуо –

Даг чу 1уьйду гуьйрено

Б1аьргаш муьста суьйренаш.

Яндекс.Метрика