Шарип Цуруев

PDFПечатьE-mail

Гуьйре схьаеъна…

 

Кхоьлина 1аш хир ю хьо тховса корехь,

Хьо санна, цхьалха бутт хьан коре беъна…

Хиндерг и деригге хьуна ца гора,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Г1арг1улеш, мохк хуьйцуш, гена д1аяхна,

Дашо бос лепалуш, г1аш лаьтта эгна.

Хьан цхьалла тешаме йисина тахна,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

 

Д1адевлларш ницкъ боцуш дага ца лаца,

Х1инца а тийжа хьо, б1аьрхиш а лекъна.

Атта ца хилла-кха дерриг т1елаца…

Бехк биллац ас хьуна: гуьйре схьаеъна.

 

Шек доцуш ирсан де хирг хиларх кхана,

Къоначу безамах дара вай тешна.

Тахна, со цецвоккхуш, къоначарна а

Кхолламан макхъелла гуьйре схьаеъна.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика