Тайниг

PDFПечатьE-mail

Beks2

Тайниг

Бексултанов Муса

 

Ненан йоI цхьаъ бен яц. Нанна шен йоI дукхаеза.

ЙоIана шена а еза ша дукха.

ЙоIана ша чIогIа дукхаеза, уггар а чIогIа, массарначул а дукха а езаш, ша цхьаъ бен йоцу дела.

ЙоI цхьаъ бен ян а яц, хIара санна йоI – хIара цхьаъ бен.

ЙоI ВУЗ-ехь доьшуш ю, хьалхарчу курсехь, хIинц-хIинца ишколера дешна а яьлла.

ЙоI жима ю, ши чIаба а лестош, хьаж тIехула Iаьржа мас а хьаьдда, жима хаза мара а болуш, боккха-боккха – стигал басахь, – боккха сийна ши бIаьрг а болуш.

ЙоI доьшуш ю, йоккха а хилла, йоIана ша-ма жима хета, хIинца а жима, жима бер санна, ловза лууш, гуттар а ела, полла гича а, ела хьодуш, малх хьаьжча а, догIа тоьхча а, ло деъча, а хаза хеташ.

 

 

ЙоI «Газель» тIе хуу, деша яха, куьг ийда, пхеанаш даха, ела, йоккхае.

ЙоIана ша IиндагI хета, IиндагIах йича санна ша, цхьанна а гуш а, хезаш а йоцуш, ша шен ойла йолуш санна, ша ешйолу хаза ойла, полла а  санна, заза а, мохехь леста зезаг а.

Цхьамма дIатотту, юха вукхо, кхозлагIчо тIе ког боккху.

ЙоI юткъало, хеба, жимло, цициган кIорни санна, дIалачкъа лууш, ган ца гайта.

– Бехк ма биллалахь! – аз хеза. Важа а ву вистхила дагахь. КхоалгIаниг бIаьра хьожу.

ЙоI тайниг санна лаьтта, боккха ши бIаьрг а биллина, ши бIаьрг бен, ша гуш а йоцуш, зIаьнарш санна, лепа ши бIаьрг.

КIентий буьсу хьаьжжинчохь, баганаш а юьсуш йиллинчохь, гIан гуш санна, самах гIан.

 

ЙоI охьаюссу социйлехь.

«Газель» кхунна тIаьхьа хьоьжу; дитташ а ду мохехь лесташ, машенийн «пIап-пIип» хеза, гаишникан шок а къарло, аййинчохь гIаж юьсу… дуьхьал вогIург – йоI тIехъяьлча – йоIе хьажа юхавоьрзушшехь, тIаьхьа тIевогIург цунна тIекхета…яппарш хеза, багаеттар: «совца, хIай!» – нехан гIара.

ЙоI йоьлу букътIехьашха, йоьIан юьхь тIехь малх а боьлу, дуьхьал догIу адамаш а доьлуш, кIентан куьг лаьцна йогIу йоккха стаг а.

Йоккха стаг соцу:

– Бабиниг, хьо хьенан ю? – хотту йоIе йоккхачу стага.

ЙоI елало, беснеш тIе ши кIаг хIуттуш, шен ненан цIе а йоккхий.

КIант йоIана бIаьра хьоьжу.

КIентан марахь машен ю, маьIан цIен машен.

– Баба-а, Баба, – кIанта бабин куьг дIасадетта, – баба, и эцахь суна… и тайниг эцахь…ас машен тIе а хаийна…

– Бабиниг, нехан тайниг ма ю хIара, вайшинна юхкур ма яц цара… хьо хIинца а жима ву и тайниг ловзо, – олу бабас бер хьостуш, кIентан кIант маравуллуш, обанаш йохуш, юха йоьлуш, цуьнца лахлуш, охьахиъна, юха-юха а кIант хьоьстуш…

… йоI дIайоьду, ша-шеца ловзуш, ши чIаба а ластийна шен, малх а, дуьне а – массо а стаг шега хьоьжий а хууш, йоьлуш, беснеш тIе кIаьгнаш уьдуш, кIайн цергаш а къагийна шен, нах тилош, уьш Iехош, бералле буьгуш шайн, тIаьхьа хьежарца – йоIана тIаьхьа, – дакха-даккхий синош дохуш: «Дависа хьо дуьненан!» – хезаш…

ЙоI, йоьду-у-уш, нехан ловцашца, тIаьхьа хьежарца, дайчу узаршца, дегабаамашца, сатийсамца, кхочу-кхочу-у-ш ВУЗ-е кхочу…йоIана шен ВУЗ хазахета, и даккхий бIогIамаш цуьнан, хьалхахь Iуьллу сийна бай а… цунна  массо а хIума хета хаза, дерриг а шеца кхолладелча санна, бIаьсте яьлча – бIаьсте а кхуьнан, Iа тIедеъча – кхуьнан дуьхьа деъна, гуьйренан гIаш а – хIара хьоьстуш… студенташ тIаьхьа хьоьжу йоIана, ша бен, кхин ца гучу кхунна, кхунна боьлуш, бIаьрсица хьоьстуш… зудабераш марадеттало, шаьш кхуьнца дуйла хоуьйтуш, кху йоьIаца, уггар а хазчу, кхунна уллера дIа ца довлуш, куьг а лоьцуш, марайоьхкуш, бесни тIе обанаш йохуш, патарша, зезагна санна, кхунна гуо беш, дуьйлуш, ловзуш… кIентий бу – кхуьнан курсера, – дуьххьара санна, хIоразза а, генна-геннара, къайлаха хьуьйсуш…

… йоIанна уьш ган а ца го, цхьа а ца го, шен ойла бен, кхечо шех еш санна хета, кхуо ша-шех ешйолу ойла…

Хьехархо вогIу чу, де дика дарца, кафедре дIа а хIуттуш.

Кхунна хазахета, лекха, товш волу хьехархо, Iаьржа кIужал а, ши мекх а Iаьржа, сирла къиэга ши бIаьрг а цуьнан, хаза балдаш а – деладелла хьуьйсу, шарула кIайн, кIайн цергаш а, доккха шуьйра хьаж а цуьнан, цуьнан къамел а, вистхилар а, аз а цуьнан, иза – верриг а, шаверриг а, ша а цуьнца хIордашкахула, гIамаршкахула эмкалшца, дуьненан йистте цхьа – цхьа а воцчохь цуьнца ша – дIаяха езаш санна хеташ, гIан гуш санна, гIенахула шаьш цхьаьний дIадоьдуш…

… иза кхуьнга хьоьжу – хьехархо, – хIара бен, цхьа а воцуш санна, дерриг а кхунна дуьйцуш санна, ларамза санна я леррина, вицвелча санна, лацалуш, йилбаз бIаьра вахча санна…

… йоI меттах а ца хьовш Iа, цхьамма диллина сурт долуш санна, бIаьранегIар а ца тухуш, хьалхарчу шина церга тIера горга ховха балда хьала а дедда, жимма гIаьттина бага а гуш, хьаж тIехула кIозарш а кхозуш, куьг чIениг кIел а лаьцна, маьлхан зIаьнаре цецдаьлла хьоьжу цициган кIорни санна…

…йоIанна хIумма а ца хеза, цхьа хIума а – цо дуьйцург, иза гар бен, шега хьоьжуш, ша цуьнга а, шаьшшиъ цхьаьна, цхьана кхечахьа – хIурдан гIайрешца, баьццарчу хишца, зезан хьаннашца, юха яккхий отелаш, сирла гIаланаш буьйсанна летта, экватор санна нийсачу боккхачу новкъа машенахь, мохо шен месаш идочу тхов боцчу кабриолетахь…

… горгали бека, гIан хадош, хьехархо тIаьххьара хьожу, ларамза санна я къастарца, цу хьажарца дерриг а олуш, ала луург, цаалалург а, цакхетарна кхоьруш санна, доьхуш санна, шех кхетарна…

… сигналаш, машенаш, тIаьхьа хьоьжуш, соьцу адамаш, гуьйренан мела денош, байчу мохехь леста патарш, дуьне цхьа хаза – хаза туьйра, мерза комар, цIен цIазам…

… сарахь ша, шен меттахь, буьйса Iаржъелча, новкъаяьлча, бехчалган бедакIорница, можа зIок, кIайн месаш а йолуш, цу кIорнига «цуьй-цуьй» бохуш, иза хьоьстуш, маракъуьйлуш, цуьнца ловзуш, дагарадуьйцуш, хьехархо хоьттуш цуьнга: «ас хIун де, ша хIун де, алахь ахь, гIо дехьа суна… иза даим соьга хIунда хьоьжу, цо хIун боху дийцахьа суна, цуьнан бIаьргаша, веларо цуьнан, юха тIаьххьара гIийла хьажаро…

……………………………………………………………………………………

Хьехархо а, кора хьалхахь, ойланашка вахна, Iаьржачу чохь, седарчийн стигла а хьоьжуш, дехьа чохь йижина зуда а йолуш, и йоI гуш, стиглахь цуьнан сурт иэхьалуш, бIаьра хьалхара дIа ца йолуш, и тайниг, и тарсал, и кхорбIаьлг, жима буьхьиг, синкъераме меран буьхьиг цуьнан, зIаьнаре къега боккха ши бIаьрг…

…маржа, сел сихвелла, хIу хадарна – цакхиарна – кхоьруш санна, ткъе итт шо а кхачале, цхьана-шина шарна Iадда ца Iаш… дависарг, ца хилча санна, дIадицдича, дIадолуш хилча ма тара…

……………………………………………………………………………………

… иза гуттар а – алахьа соьга, – и гуттар а соьга хIунда хьоьжу, сан кIорни, суна цхьа эхь ма хета, тIаккха, зудаберашна хьалхахь, хьехархо сайга хьоьжуш, даим соьга, кхин цхьаьнгге а… цхьа къайлаха эхь хета-кх, даг чохь сайн, юха чIогIа-чIогIа хаза а хеташ, иза сайга бен, кхин цхьаьнгге а, цкъа а цхьаьнгге а ца хьоьжуш… цхьа воккха-м хета иза, юха воккха а воцуш санна… иза сайга хьаьжча, юху-кх со, суо нускал а долуш санна хеташ, кирхьана тIехьа цуьнан нускал… и хIун ду-кх, ва-а кIорни, иза сайга хьаьжча, сан дог хIунда тохало-кх, дегIе цхьа тулгIе хьодуш, бIаьрсерло кхулуш санна… цхьа тамашийна ма хьожу иза, цхьа эсала, геннара, тийна, сайн ойланаш йоьшуш санна суна, сан дагара дуьйцуш санна… и хIун ду, сан кIорни, ахь мукъна а дийцахьа суна… хIара буьйса а хIунда ю иштта, къаръелча санна, тийна, тебна, седарчех юьззина  тховса, сахиллалц дIа ца юьжу хIара буьйса а кху буьйсанна, дерриг а са цецах луьттуш, ойла яржош, пана кхоьхьуш… дадахьа, сан кIорни хьо, дадий-дадий, цуьнан коре а хаий, сан сагатло, алахьа цуьнга, со цIарах йогу, алий, сан цунна чIогIа-чIогIа сагатло боху, алахь, сахиллалц наб а ца кхеташ, юха сарралц дагалоьцуш, тIаккха сарахь а – сахиллалц… сан кIорни, хьо мукъна а, ахь мукъна гIо дехьа суна… суна цуьнга ала эхь ма хета, суна ала а ма ца хаьа… 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика