Абузаран хIусамехь – цIахь санна

PDFПечатьE-mail

IMG-20180516-WA0004-x

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

 

Абузаран хIусамехь – цIахь санна

 

Тамашийна хIума ду хьуна,  хьо цкъа а ца хиллачохь дуьххьара бен  воцушшехь, хьо цигахь эзарзза хилла моттало наггахь.  Мескитахь, Айдамиров Абузаран ц1арахчу литературин музейхь, хилира сан иштта ойла. Абузаран хIусамехь, цIахь санна, паргIат, аьхна хеташ хиллера. ХIусам, ков-керт кетIара дуьйна совнаха хIума доцуш ду. Нажин-Юьртан к1оштарчу Мескитахь массеран а чиркхаш дIадайча а, яздархо хийлазза сахуьленга вийлина х1усам ю-кх х1ара «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Ненан дог», «Вайн амалш», «Тхан эвлахь», «Маршонан цIарах», «Лаьмнашкахь серло», «Генарсолтин хьуьнарш», «Кхолламан цхьа де», «Ирхенаш», «Вешин весет», «Сан дахаран некъаш» книгаш язъеш.

 

Нохчийн къоман кхолламна хийлазза вилхина вара иза, нохчийн къоме само яр хийла дехна вара. ДIадевллачу бIешерийн хиламаша, Кавказ йоккхуш бинчу тIемаша а, цул тIаьхьа нохчийн халкъ махках доккхуш а лайначу халонаша дог хорамашкахь латтийнчу цо яздира нохчийн къам Хонкара, Иордане,  Г1ум-Азин аренашка дигарх. Харцонаш, халонаш йийцинчу цо, юха ша вехачу заманахь хийлазза ша яздинарг вайн нахана юха а тIехIоьттича хала лайра, аьлча а, ца лайра. Абузаран музей чохь долчуьнга хьоьжуш цуьнан тIаьххьара даьккхина сурт гича, цо кийрахь къийлина узам хаало. Даймохк, шен цхьа уьйтIе санна, къам – шен цхьа доьзал санна, гергара хеташ ваьхначу цо, эзарзза литтира вайн къоман гIалаташ, мостагIийн ямартлонаш. Делахь а, дуьне массарех диса дезаш ду. Дуьсуш дерг оцу адамех олу дош ду. Тахана вайн къоман юьхькIам бу Абузар. Истори, хронологи, очеркаш, публицистика. Цо къахьегна литературин ерриге а жанрашкахь.

Абузар – догцIена адам, дагца, гIиллакхашца нохчалла йолу ваша хилар хууш а, гуш а дара даима. ХIинца цуьнан хIусамехь, цуьнан тептаршка хьоьжуш, хаало, иза Дала шена мел деллачун тIалам беш ваьхна хилар. ХIора кехат шен низамехь дIадиллина ду, хIора де йозанехь дисина ду. Шен кхолламан мIаьргонийн а маьIна ца деш ца Iийна иза.

Музей чохь масех гайтам бу. Абузаран гергарлонаш гойту царех цхьаммо. Яздархошца д1асадахьийтинчу кехаташца хилла къамелаш. Яздархоша: М.Сулаевс, М.Мамакаевс, Н.Музаевс, А.Сулеймановс, Х.Эдиловс, Ш.Арсанукаевс, З.Муталибовс, Х.Ошаевс, М-С.Гадаевс куьйгайозанан хот1ехь яздина кехаташ ду. Уьш хIора а мехала ду, безам хеташ лардина ду.

«50 шо даьлча, истори юхахьаьвзаш ю» – гайтамехь Нохч-ГIалгIайн  АССР-н историн хронологи ю, нохчийн бохаман орамаш билгалдохуш, Абузара бина болх. Цхьа мур дIа моссазза бели дехьа-сехьа бахар, йиш-ваша лахар, «пропускаш» яхийтича бен, бакъо цахилар гайтина. ГIиргIизийн Республикехь елла «спецпропуск» ю 1954-чу шеран чиллин беттан 10-чу дийнахь. Цунна уллехь Iуьллу 2000-чу шарахь елла  юьртара-юьрта ваха бакъо ялар гойтуш йолу «пропуск» а. Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вайн къам 1944-чу шарахь  махках даьккхича, ГIиргIизойн АССР-н Каравански к1оштарчу Успеновка юьртахь Iийна ву. Оцу гайтамна уллехь йолчу стоьла тIехь ю яздархочун зорба туху «ConsuI» машен… 2005-гIа шеран, 27-гIа майхь,  «тIаьххьара де» аьлла, сецна ю стоьлан рузма. Иза Абузар кхелхина де ду.

Тахана боккха безам хета, цо шен а, нехан а йозанаш нисдеш, йина билгалонаш, дитина  куьйгайозанаш а.

Нохчийчохь тIемаш болуш (1995–2000-чуй шерашкахь) тIамах мел аьлла дош тIехь долу  газеташ, журналаш ду цо гулдина. Царна юкъахь ду меттигера, Россин мехкийн, луларчу республикийн а газеташ, журналаш а. АйдамировгIеран библиотека доккхачу цIа чохь ю. Цу юккъехь лаьтта горга стол. Цу тIехь долчу Iаламат даккхийчу тептарех дерг хаьттира оха Абузаран йоIе Машаре. «ХIара книга, Вашис ша мел яздинчуьнан чот еш, йина реестр ю. Муьлхачу шарахь, муьлхачу газетан, журналан аг1он тIехь шен статья, говзар хилла хоуьйтуш. Сирникан биста кхаччалц, мел долчу хIуманан пусар деш вара иза» – элира цо. (Доьзало Ваши олура шайн дех)

Музейхь Абузаран книгаш, документаш, библиотека, куьйгайозанаш, суьрташ, дечиг-пондар, цхьаьнакхетаршкахь цуьнан кхолларалла езачара дина совгIаташ ду. Музейн цхьа аг1о цуьнан хIусамненах МухIажарах дуьйцуш ю.

Хаддаза хьеший лаьтта нохчийн къомана дукхавезачу яздархочун хIусамехь. Музейн уьйтIе, чоьнаш гича а, хадам боллуш алалур дара: Абузар дика да а, хIусамда а хилла. Хьеший безаш а, шена уллехь мел нисвелларг, Делера совгIат санна, тIеоьцуш, ваьхна иза.

Хьанал вахар дезнарг дуьненан хIуманех Iехалуш хилла цахилар го, Абузара язйинчу «Сан дахаран некъаш» дагалецамашна юккъера, пенах кхозучу гурашна чуьра кийсакаш ешча:

«…Цкъацкъа цхьа юкъ йогIура, къийсамо кIадвича, гIелвича, сан собар, сацам, ойла а лестош, карахь кепек ахча а доцуш, хила меттиг а йоцуш. Хийлазза меттигаш нислора Ленински библиотекера я архивашкара араваьлча, юкъарIойле дIаваха трамвайна, автобусна яла кисанахь пхи кепек йоцуш. ТIаккха ойла кхоллалора: «Ванах, хIокху къелле доьзал а боьллина, ас хIара къа хIунда хьоьгу-те?!» – олий. Цул а, кхечара санна, Ленин, парти, советийн Iедал, сийлахь доккха оьрсийн халкъ а хестош, къоман гIиллакхашна, динан дайшна Iиттарш еш книгаш а язъеш, уьш хIора шарахь арайохуш, хIунда ца Iа со?

ТIаккха, уьш нохчийн а, оьрсийн а маттахь шозза а, кхузза а арайохур ма яра. ТIаккха, нехан санна, сан хIусамехь а импортни йийбар, хрустал, фарфор, безачу механ кузаш, хехка машен хир яра. ХIора шарахь доьзалца курорте, санаторе, хIорда тIе садаIа гIойла а хир дара.

Иштта ойла а хьаьвзара цкъа коьрте. ТIаккха лаамза сан бIаьргаш пенах кхозучу нохчийн къоман турпалхойн суьрташна тIебоьрзура: Шайх Мансур, Таймин Бийболат, Зеламха, Чермоев Iабдул-Межед, Шарипов Асланбек. Нохчийн наибаш: Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа. Оцу суьрташка хьаьжча, юха а ойла хийцалора сан. КIадделлачу, гIелделлачу дегIе юха а ницкъ богIура». Халкъан яздархочуьнга бен ала лур дацара, дийца хуур дацара иштта бен.

 

2006-чу шеран лахьанан беттан 2-чу дийнахь дара, Нажин-Юьртан к1оштарчу Мескитахь Айдамиров Абузаран цIарах литературни-мемориальни музей схьайиллича. Нохчийн Республикин къоман музейн филиал лоруш ю тахана и музей. Цуьнан директор Абузаран йоI яздархо Айдамирова Машар ю. Музей схьаеллар а, иза хилар а нохчийн къоман культурехь, исторехь боккха хилам бу. Абузар шена тIе беза мохь эцна, халкъах дош аьлла яздархо, историк, къоман верас хилла ваьхна стаг ву.

Музей чохь, лакхахь ма-аллара, Абузарна дезна хIуманаш ду: истанг, чоа, шаьлта, тур-тапча, цо хаза локхуш хилла дечиг-пондар, Эдисултанов ШитIас ша бина, белла Iад-хьокху пондар. Абузаран да Iабдулхьаькам Iеламстаг хилла. (Дала декъалбойла уьш) Iаьрбийн мотт дика хууш, Къуръан доьшуш стаг хилла. Цо дешна Сийлахь Къуръан, жайнаш ду музейн баьрчехь.

Абузар Хьалха-Мартан к1оштан больницехь дIаваьлла. Иза тIехь Iиллина маьнга бу музейхь. Машарца дехха къамелаш деш Iийра тхо. Хьуна уггаре а дагахь лаьттина музейн хьеший муьлш бу, аьлла, шега хаьттича, цо дийцира: «Масех шо хьалха Сесанарчу зератера богIушшехь вайга цхьа тамехь баккхий нах бахкар ду суна чIогIа безам хеташ. Дешархой я студенташ бахкарх дIадоьллера, ткъа оцу тайпа баккхий нах, лерина нийят а дина, Ваши ваьхначу хIусаме хIитта лаьара шайна аьлла, бахкар чIогIа хаза а, мерза а дара. Цара дукха хаза хIуманаш а дийцира, ламазаш а дира, мел а белира. Ваши ваьхна зама юхаеъча санна дара иза. Иштта, «Еха буьйсанаш» Iарбийн матте гочйина волу Иорданера Фовзи Асхьаб вар а, цуьнца цхьаьна Оманерчу университетан ингалсан меттан кафедрин куьйгалхо йолу нохчи Джафар Фатима яр а бара хаза кхаъ»

Ткъа къоначарна хаьий хIара музей хьенан цIарах ю, (цуьнан маьIна, мах) хаьттича, Машара дийцира: «Вай резадоцуш-м хуьлу вешан кегийрхошна, амма, тахана санна, нохчийн историца бала болуш, Абузаран кхолларалла йовза лууш кегий нах хилла зама суна дага а ца йогIу. Мел дукха хаттарш до цара, мел чIогIа лаьа царна цунах дерг довза. Со йоккхае, иштта денош даьхкича».

Абузар ваьхначу, леллачу урамашкахула, цунна езначу Мескита хIоьттича, сайн дог-ойла гIийла а, юха оццу хенахь дозаллах гIаьттина а карийра суна. Цуьнан кхоллараллах хаддаза дуьйцур ду яхь йолчу тIаьхьено.

Цуьнан книгаш ингалсан, французийн меттанашка гочйина, дуьненахь яржаре сатуьйсу ас. Нохчийн къам а, цуьнан истори а йовза луучара сатуьйсург а ду изза.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика