Ламанхой-зударех дийца сан деза…

PDFПечатьE-mail

727679154

Ахматова Раисин – 90 шо

 

БАЙБУЛАТОВ Надирбек

«Ламанхой-зударех дийца сан деза…»

 

Ахматова Раисин хаьржинчу лирикин киншканех цхьаъ поэтессин хӀокху дешнашца дӀайолалуш ю: «Стихаш – сан дахар, сан безам, сан сагатдалар, сан хазахетар ду. Сайн лирикин турпалхочун вастехь сайн заманан зударийн уггаре дика дог-ойланаш гулъян гӀерта со. Стихаш – беркат ду. Адамашна мелла а лекхий, цӀений, хазий хила гӀо дан декхарийлахь ю уьш. Иза, бакъ хилла ца Ӏаш, сан стихийн амал а ю».

   Дикалла кхоллар ю кхоллараллин лаккхара Ӏалашо. Ахматован иркараллица, сингӀаттамца ялийна ю и ойла цуьнан хӀокху стихотворенехь:

 

 

Даима а хуьлда сийлахь

Дикалла...

Ас ца боху, дерригенна геч а деш,

Доллучунна бӀаьрзе хила веза стаг.

Ac юьйцуш ерг ю маргӀалан дикалла,

Генна доьлхуш долчу некъийн дикалла,

Вайн кхерч бохбеш, йогучу цӀеран дикалла,

Хин тӀадаман, баьпкан юьхкан дикалла,

Амма дикалла а наггахь Ӏаржлойла,

Стигал санна, оьгӀазъяхача, ткъес тоха:

Вонал тола,

ОьгӀазло а оьшуш ю,

Дикалла а тӀамна кийча хуьлийла –

ТӀаккхий бен цо зулам духатухур дац!

 

   Шен стихаш автобиографица йогӀуш хиларна цкъа а даре ца дина Ахматовас. Амма царах хӀоранна тӀехь а хаало цуьнан шен дахаран, синкхетаман ша-тайпаналлин лар. Цундела поэтесса чӀогӀа «тера» ю цӀений, хьекъалей, адамаш дезарх, дикаллин толамах тешарх юьззина йолчу щен стихех. Ламанхойн- зударийн цӀарах къамел деш, поэтессина цкъа а кӀорда ца до шен кхоллам церачуьнца а, дуккха а вукху адамийчуьнца а ийна хилар билгалдаккха.

   Ӏаламат хала ду хеназа гӀеметтахӀотта. Ахматова Раисе гӀеметталла гӀеххьа хьалхе еана. Цо хьалххе а, ондда а цхьа нийса бакъ кхетор бахьана долуш хилла хила а мега иза: дахарехь дерригенах а беза мах бала деза. Поэтессин лирикин турпалхочо тоьшуьйтуш чӀагӀдо иза.

 

   Ахматова Раисин турпалхочун дахаран некъ халонаш эшарех, ницкъалла зиэрийн чаккхе йоцчу зӀенах чекх дӀабоьдуш бу. Цу халачу новкъахь цкъац- къа цхьаъ бен ца карайо дуьхьало, синхӀоттаман гӀортор. Безаман сирла, лекха синхаам бу иза, хӀунда аьлча, стеган, нагахь цуьнан безаман синхаамна маршо яцахь, вуьззина ирсе хуьлийла доцу дела.

   Дахаро xlopa а ву зуьйш, иза деккъа цхьана дезачу денойх лаьтташ дац. Ойланаш язъеллачу деношкахь а, дехьахь гуш са-серло йоцчу, цхьабосса, сингаттаме, мокха боьдучу муьрехь а хаа деза оьзда ваха. Адамаллех ца вухуш, деза де тӀеэца кийчча хила веза инзаре халачу зерийн миноташкахь, сахьташкахь, деношкахь, и деза де шен дог-ойланций, гӀуллакхашций герга а уьйзуш. Дуьйцийла йоццуш хала хӀума ду иза. Хьуьнаречу, синкхетамца чӀагӀвеллачу стаге бен далур дац иза. Поэтессас иза къеггина гайта а гойту шен турпалхочунна дахарехь зиэ мел деллачуьнца:

 

Дахаран цу цӀергахь тоъал со а яьгна,

ХӀетте а ю дуьне хазахеташ со.

Нислора, тӀам бойна олхазар а санна,

Со южуш а, амма гӀоттура хьала.

 

Дахаро луьра урокаш елла цунна. Цо ша а лехна яц шена «дорцан дахарх» ларъен дуьхьало:

 

Кхерац со халонех!

Атто ца лоьхуш,

Елхар я арз доцуш,

Майрра со еха...

 

…Со новкъа ер ю-кх,

Буьрса мох хьекхийта ма-луъу чӀогӀа!

Со новкъа ер ю-кха,

Седарчийн буьйсанна со дуьхьал йогӀу!

 

   Тидамера далийта мегар дац Ахматова Раисин турпалхо – «бӀе бӀаьрг болчу Ӏадатан» селхана лай хилла, Сийлахь Октябрь хиллачул тӀаьхьий бен дуьззина, кӀорггера маьӀна долу дахар ца гина зуда-ламанхо хилар:

 

.. .Нанас дуьйцурш къаьхьа ду...

Цо ца ловш хӀун дисина!

Халчу хенан теш и ю,

Цо хеназа къанйина.

Зуда адам ларацара...

Елаяла тарлуш дац,

Товхан кӀуьрехь сискал ян,

Елхан бен хьан бакъо яц...

 

   Керлачу замано елла зуда-ламанхочунна маьрша а, ирсе а хилла, шен деган берриге а ницкъашца адамашна гӀуллакх дан, веза а, езаш хила а бакъо:

 

Ницкъ кхочур бацара

Эшарш язъян а сан

Ӏадато бага д1а

Тегначу хенахь...

 

.. .Йоккхае со дахарх,

Куьйгаша боьху болх,

Ӏуьйре тӀееача,

Шашах йиш кхоллало.

 

   ХӀора поэтан кхолларалла иза цо шай, дешархой а хербо юкъ дӀаяккхаре бен некъ бу. Оцу халачу некъа тӀехь Ахматова Раисин эшамаш а, кхиамзаллаш а, къаьхьа дагахьбалламаш а хилла. Поэтесса цкъа а ца гӀиртина уьш «нехан бӀаьргах» лачкъо. Цуьнга кхаьчнарг мел «къиза хан» хиллехь а, цо язйинчу цхьана а стихотворенехь вайна карор бац шен кхолламна цо балхамаш беш. Ахматован лирикин турпалхочо (делахь-хӀета цо ша а) шен массо бохамийн бахьанаш а шеггахь бен ца лоху. Ткъа мел атта дара дерригенна а бехке «неӀалте хан» ян, дерриге а гонахарнаш чордий, бӀаьрзей хиларна т1е дожо, везачун шен лекхачу синхааме хьалакхача кхетам ца тоьъна, ала, адамаша шира Ӏадат дӀатесна даьлла цахилар дуьхьала тоха, и. д1. кх. Доккха доьналла оьшу оцу бехказлонах Ӏеха ца вала, ша «айа» ца гӀорта, ша-шена хастамаш ца бан. Ахматова Раисин тоьъна и доьналла. Цо кхин цкъа а гайтина стаг ша вериг хилар – иза, хастаме амал хилла ца 1аш, цуьнан шен исбаьхьаллин дог а хилар.

 

   ХӀора лирикин стихотворенехь шен турпалхочун чоьхьара дуьне ма-хуьллу схьаделла, цуьнан синхӀоттам гайта, оццу синхӀоттамах вай а «дӀатоха» гӀерта Ахматова. Цуьнан дукхах йолу безаман стихаш везачуьнца диалоган битамехь язйина ю. Лирикин турпалхочо башха дукха ца буьйцу шен лекха, цӀена, маьрша безам, иза дукхахьолахь везачуьнга гlo доьхуш, цунах дагаюьйлуш, цуьнца дуьххьалд1а, ца лечкъош, шен хазахетаррий, халахетаррий доькъуш хуьлу. «Нийсой», «сий», «декхаррий», «доьналлий» бохучу кхетамашца цхьана могӀаре хӀоттабо поэтессас безам. Бехкаш дахаррий, дуйнаш кхийларрий, хьехамаш баррий доцуш бу и безам.

 

Деттийта буьрса ткъес, хьекхийта мох а –

Безаман дуьхьа ас хӀуъа ловр ду.

 

Хьо теша.

Хьо хьежа.

Хьо хила дийна.

Ткъа со дӀакхочур ю.

Ахь хаам бе.

 

   Ахматова Раисин кӀезиг яц башха генавалазчу дешархочунна, поэтессин лирикехь набатах бекаш беккъа цхьа дахаран, бекъазчу безаман мукъам бен буй-те, аьлла хетадала тарлун стихаш. Турпалхо шен синхаамаш ца лечкъош, дуьххьалдӀа хилар, гӀайгӀанаший, дехарой лекха синхаам лахбеш цахиларх тешар ду оцунна гӀеххьачу декъана «бехке». Йоккха сийлахьалла ю шен синхаамаш, шен эшамаш ца лечкъо а, бакъ долчунна нийсса бӀаьра хьажа а, къастаран луьрачу лазамна сатоха а доьналла тоар. Коьртаниг Ахматова Раисин стихашкахь долуш ду – шен бакъ лардар, нийсонан декхар довзар, шен ницкъах а, езаш хила шен бакъо хиларх а тешар:

 

Хьо волчу йогӀу со

БӀаьстенах, эсал,

Цхьана а халонах,

Дорцах ца кхоьруш.

Даггара тешалахь:

Хир яц со осал,

Къонахчун некъаш ас

Хьоьца дӀакхоьхьуш.

 

   ГӀайгӀа, синтемзалла, онддачу синхаамах хьегар – и дерриге а долуш ду Ахматова Раисин лирикехь. Амма йохаррий, догдилларрий, «делкъенан мохах» лачкъа лааррий – иза дац. Поэтессин доккха дог делладелла ду диканний, экамаллиний, синхаамна лучу жоьпаний, кийча ду ларамза яьллачу ледарлонах кхета а, цунна къинтӀерадала а, къинхетаме хила а, нехан лазамна дарба дан а. Р. Ахматован лирикин турпалхо даима а хилла адамех доза доццуш тешаран хьуьнар долуш.

   Адаман сийлахьчу кхолламах, цуьнга мел яккхий халонаш эшалург хиларх тешам луш бу дуккха а шерашкахь зиэделларг чулоцучу «ХӀайкал» стихотворенин хӀора могӀа:

 

Амма сан дахар аттачех дацара,

ХӀор дӀабоккху ког хаалуш бара.

Тесначу полах тешачохь яцара –

Когаш тӀехь латта ницкъ тоьъчахьана.

Буьззинчу барамехь кхаьчна соь дахар,

Амма со яьхна, и дерриг лаам хиларна,

Хало а, атто а евзина суна,

Ницкъ болуш ю, сайн лаам хиларна,

Кхиэлах ца тешаш, адамех тешарна.

 

   Адамийн дахаре, цуьнан беснийн дукхалла а, чолхалла а юьстах а ца юьтуш, шуьйррий, маьрший хьажар, дикаллий, адамаш дезаррий, ма-хуьллу уьш толарехьа къийсаррий – и дерриге а карадо поэтессин хьекъалой, дагой кхоьллинчу «ХӀайкална» тӀехь. Стихотворенин амалехь лаккхара айам а, тайна ша-шен сецор а ду. Шен кхолламах лаьцна Ахматова Раисас йо ойланаш а, цуьнан гӀайгӀа-баланийн чоьхьара дуьне а вайна гергарий, кхеташший ду. Амма поэтесса ца тарло деккъа цхьана шен дахарера xlopa зил массарна а хаа безашший, ша мел олу дош, чӀогӀа деза хиларна, сийлахьчу адамалле дӀакхача дезашший, ца кхачахь, цунна тӀехь эгӀаза кхиаран кхерам лаьтташший хиларх тешна ваьллачу стагах.

   Диццадер вай стихаш мелла а автобиографица ялор поэтана гӀеххьа кхераме хилар. Ишттачу стихашкахь ша а, шен амалан барамаш а дика гуламе ма гойту. Амма «ХӀайкалан» турпалхо хатI дуьззина долу адам ду. Иза къинхьегамхо, къийсамхо ю, йоккхачу а, массарна йиллина а йолчу дог-ойланан стаг ю. Дерригенна тӀехь а дуьххьалдӀа, шен некъах ца туьлушший схьайогӀу иза дахарехь, хьомечу лаьттаций, халкъаций, цуьнан хиллачуьнций, долучунций, гӀайгӀа- баланашций, дегайовхонашций з1е ца хадош. И дерриге а стихотворенехь схьадийцина 1аш дац. Ахматован амалца а догӀуш, xlopa могӀанехь, интонацешкахь, ритмашкахь кхочушхуьлуш ду:

 

Ӏаьржачу дийнахь со гор ца хӀиттина,

Токхечу дахарехь атто езаш,

МогӀанаш дагардеш, иллеш ца доьхкина –

Латталахь дозаллехь, сан къоналла!

Ӏаьржачу дийнахь доттагӀ ца воьхкина,

ГӀуллакхаш, ойла сан цӀена хилла.

МостагӀчун юьхьа-дуьхьал майра хӀиттина,

ЧӀир екхар доцуш, бакъонан дуьхьа.

 

   Боккхачу Ӏаткъаман ницкъаца дека «ХӀайкалан» дерзоран дешнаш:

 

ХӀара ю-кх со: куралла, я харцо йоцуш,

Ламанан хи санна, чекхсагуш, хьаьъна.

Дуккха хан ю со хӀайкалех ца теша –

Цара харцо йийр ю, ткъа наха – цкъа а.

 

   Харцо ша цхьана а кепара тӀецаэцаран хьокъехь оцу стихотворенехь аьлла ца 1а поэтесса. Ша-шен язъян гӀертар а дац иза, Ахматова Раисин исбаьхьаллин а, гражданаллин а хатӀ ду. Цунна цо цкъа а ца йина кийтарло. Дагалоцур вай, масала:

 

Хьанал берш бен марцац харцоно аьрзнашца,

Эрна дац хьарамниг дош говза хилар:

Харцонна жоп ло цо харцонан дешнашца –

И цунна пайдехь ду, ша цӀенаъ вуьсу.

 

   Кхин а ду цуьнан ша бакъ хиларх тешаро боккха ницкъ белла могӀанаш:

 

Суна-м хаац, мичахь ю

Массарна а товш йолу,

Наха «дашониг» олу

И «юккъера» цхьа меттиг.

Ас-ма цхьа йист къастайо,

Цхьа aгlo ас лоцу схьа!..

 

   Цхьа стихотворени ю Ахматован, цкъа юьхьанца башха бен-берса а ца хеташ, амма поэтессин синхӀоттаман а, гражданаллин а хотӀаца чӀогӀа йогӀуш. ГӀеххьа прозехь хила тарлун цӀе ю оцу стихотворенин – «ГӀезаш» аьлла. Цо кхин цкъа а ло вайна поэтесса, харцонций, аьшпашций гома хилла ца Ӏаш, иштта адамийн юкъаметтигашкахь ша-шех тоам барий, мало яррий, диначунна тӀехь сацаррий ца лалуш хиларан тоьшаллин чӀагӀо... ТӀуналла лешочу стигалхула, мархех чекх а юьйлуш, дӀайоьлху гӀезаш. Кертах чекх царна тӀаьхьа хьоьжу ерстина, юзийна, кхин цкъа а хӀаваэ йоцу цӀахь кхобу гӀаз. Цуьнан кхоллам ша кхочучу дӀакхаьчна баьлла, шегара дакъа цунна тоа а тоьъна. Ишта бу стихотворенин чулацам. Цу тӀехь емалдеш ду хӀума дан цалаар, и цададалар, байттамалле дуьллуш ду токхонан готтачу дуьненахь Ӏалашонза зама такхар, доккхачу дуьненах дӀахадар.

   Безам – Ахматова Раисин турпалхочун дийнна син дуьне, неӀсагӀехь бехкаман хьаьркаш доцу, керланиг довзаран дуьне ду. Кхузахь дерриге а гушший, ца лечкъошший ду. Дешархочунна шен дог доьллуш, иза кхерац «нехан меттанех» а, церан бехкашдахарех а, неӀалтех а, хӀунда аьлча, дуьххьалдӀай, дог даьсттиний ца хилча, юкъахь тешам а, вовшехкхетар а ма дац хир. Поэтессин аз цхьабосса, ондда, псевдолирика йоцуш дека – иза ша бакъ хиларх шеко йоцчун аз ду. Шен «со» бохучух дозаллаш ца дина цо цкъа а, цкъа а ца лийрина ша дахарехь а, я поэзехь а «хаьржинчийн» даржехь. Цхьаъ ду поэтессас гӀайгӀа бийриг: муха гайта-те дешархочунна шен турпалхочун син а, ойланийн а, гӀуллакхийн а тамашийна цхьаалла?

   Шен заманхойн даккхийчу а, кегийчу а гӀуллакхийн, адамийн; хазахетарийн а, лазамийн а декъахо иза ша хиларе терра. Ахматова Раисин тоьлла йолу стихаш атта кхоллалуш яц.

   Хала ду Ахматова Раисас нохчийн советски поэзи юкъадиллинчу закъалтан маххадо. Бакъду, иза кхолла кхиънарг дерриг а дац цхьабосса лаккхара меттиг дӀалоцушший, поэтессина шена а, цуьнан дешархошна а тоам хуьлуьйтушший. ПохӀмо, хууш ма-хиллара, xlopa произведени а яц цхьабосса лакхене кхачош. Поэтессина дика хаьа похӀмо шена жимма а малъяла пурба ца лойла, дешархочунна хьалха долчу шен жоьпаллех ша мукъа ца йолуьйтийла, хӀунда аьлча, хала кхочушший, атта довшший хӀума ма ду дешархочун даггара уьйр, тешам, безам.

   Дерриг шен дахарца, шен кхоллараллица поэтессас гайтина шена мохк а, халкъ а дезаш хилар.

 

Со иштта яьхна: канашца оьцуш

Йовхо а, лазам а – кхин а схьало!..

Яхлолахь, зама! ЦӀарца со морцуш,

Ягае дерачу мохехь а со.

Яхлолахь, зама, дехар сан ларий...

Дицделлачух со ю хӀинца кхеташ:

Бераллин гӀенаш, буьйсанан аре,

Туьйранаш, олхазарш – башха декаш.

.. .Со йоккха хилла. Со къан ца елла -

Шера чохь кхоъ лоруш, ехар ю со.

 

   «Цкъа литературина тӀевирзинехь – оцуьнца бегаш бан мегар дац, цунна дерриг а дахар дӀадала деза». И дешнаш сийлахьчу Л. Н. Толстойн ду. Зуда-ламанхо, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан халкъан поэтесса йолу Ахматова Раиса шен син берриге а ницкъашца, похӀмица хьанал а, безамца а къахьоьгуш ю поэзина, делахь-хӀета шен халкъана а.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика