Даймохк

PDFПечатьE-mail

Mamakaev Arbi1 1

МАМАКАЕВ Iаьрби

Даймохк

 

БӀаьстенан Ӏаламо хаздо шу, ламанаш,

Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,

Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна

Там хилла, маьлхан де го суна ва тахна.

Йийначу кондарийн вовшашца кхелина,

Сирлачу шовданийн хьесашца ерина,

 

Сан дагна сел езна Даймехкан аренаш,

Шул мерза хӀун хир ду яхь йолчу дагна!

Ва хьоме Даймохк!

Хьан сирлачу некъашкахь

Уьншарехь дуьйна хьайн хиллачу декхаршлахь,

Дуьненан некъ гойтуш, халкъийн ирс кхолларна

Са яла дан дезарг хьехахьа ва тхуна.

Дуьххьара дуьненна дӀадаккха бода-дохк

Ирсан некъ гайтина, ва нана – тхан Даймохк,

Шен нана санна, хьо

Марзонца безна верг

Зен вовр вац – теша со –

Декъала хуьлда хьо!

Дагалецамаш

I

Бералла-м сан хьайчух

Тера хир, я хир яц,

ХӀетахьарчу сан ирсах

Хьоьгийла-м ян а яц,

Амма шен жималлех

Безам а бовр бац,

Къаналла цаезарх,

Мел дезарг хир дац...

II

ХӀетахь сайн...

ХӀетахь сайн

Деноша хьоьстура со,

Хьоьстуш я тергам беш

Дай-наний-м дацара.

Аьрха бер, аьрха бер

Хилла схьавогӀура со,

Боберах мисхал а

Тера а-м вацара.

III           

Беттаса кхеттачу

Буъйсанцаберашлахь

Туьйранашдуьйцураас

КетӀарчутӀулгатӀехь.

Кханенгасатуьйсуш,

Седарчийнсийналлехь,

Ойлаеш, Ӏуьллурасо

БешарчучардакхтӀехь.

IV

Неврехь сайн бераллин

МурхӀетахьасбоккхуш,

ГечошцаТеркангах

Вуьйлуш, сакъералуш,

Хьуьнхарчууьшалшкахь

Бедашна гӀаж кхуьйсуш,

Лелара со, деха де

Дац а лой, сакъералуш.

V

Бовхачу малхо со

Ца кхоош воттура,

РегӀахь я тогӀешкахь

ДогӀнаша тӀунвора.

Ганзадерг ган гӀерташ

Водий со лелара,

Мел кхерстарх, ца Ӏебаш,

КӀадлой цӀа воьрзура.

VI

Ялх-ворхӀ шо хьалхарчу

ТӀемийнларшалоьхуш,

Эвлайисттехьсаьнгаршца

ХӀоьънашакарадеш,

Баккхийчийнхьехаршка

ЛадоьгӀуш, ойлаеш,

Леларасоберашца,

Хиндолчуьнгасатуьйсуш.

VII

Нанас ца хьистина

СайндогцхьагӀелделча,

Воьдушсохиллачу

ИрзонсуртдагадогӀу.

Цигахьсоцхьанвисча,

ДагахьдергӀаьткъича,

СулутӀехькхоьллинчу

МукъаманаздагадогӀу.

VIII

Со бертал бай тӀехь, сайн

Когаш а ловзабеш,

Ma Ӏиллар-кх хӀетахь, дайн

Иллеш а декадеш.

Ткъа тулгӀеш, берашха

Качлой, со Ӏехавеш,

Ма хуьлур-кх вайн боцчу

Маттахь соь къамел деш.

IX

Моьттура цара сайна

Хьехар до, дог хууш:

«КӀант, илли ала ахь

Хезначех, долчех гуш,

Ткъа оха Терк ма-дду

Хьан аз, тхайн аз лоруш,

Аренца даржор ду,

Хьо а тхайн кӀант лоруш...»

X

ГӀум гӀаттош мох баьлла,

Терк, терсаш, шагделча,

Цхьаллехь сайн шекваьлла

Хийла ас хаьттина:

«Черчашха даръелла,

Мохца шайн шок етташ,

Шу стенна Ӏаржъелла,

ХӀай Теркан тулгӀенаш?..»

XI

Ткъа цкъацкъа тийначу

Деношкахь мехнашца

Хуьлура Терк, йистерчун

Дог хьостуш шен гӀарца.

«Хьо стенга сихделла,

Хьоме Терк? – олура ас, –

Тарлой со ван хьоьца

Дуьнене тоха бӀаьрг?»

XII

Цецвуьйлуш хьоьжура со

Бердашца хьал-охьа,

Хил дехьахь шерачу

Аренгахь машене,

Сатуьйсуш хьоьгура со,

Генна и йоьддучхьа

КӀордолца дӀаихна,

Ца гинчохь воссаре.

XIII

И кхеттал лоцучу

Сан жимчу хьекъална

Моьттура и, ловзуш,

Хазахета дӀаслела.

ЙогӀура и, лар юьтуш

Мокхачу асанан,

Туьйранахь бийцинчу

Саьрмиках таръелла.

XIV

Цу хенахь тхайн юьртахь

Хиллачех цхьаццадерш,

Заманийн аьнгалех

Чекхъхьаьжча, дагадогӀу.

Стохкалера гӀан санна,

Дицделла хийла гӀуллакх,

Туьйранийн сурт санна,

Халла суна дагадогӀу.

XV

«Бераш, юрт, урамашкахь

Суьйренашца ловзарш...

Воьду со. Вай къастарх,

Хийцамаш боцуш.

Хир ду-кх вай, хан яларх,

Цхьабосса...» – моьттуш,

Къаьстира со тхайн юьртах,

Bopxl шо сайн кхочуш.

XVI

Эх1! Иштта-м ца хилла,

Хилла дац иштта!

Едда хан. Бералло

Геннахь тӀам бетта.

ХӀеттахье тӀе буц яьлла,

Ширлехье кхетта,

Денойн цу тулгӀеша

Бералла яьхьна...

XVII

Хено вайн Ӏамийна

Кегийнаш хир бу,

ХӀинца ирс кховдийна,

Юьртахь тхан ловзуш.

Хийла гӀум кегийна,

Терк хьаьъна хир ду,

ХӀетахь тхо левзина

Ларш дӀа а йойуш.

XVIII

Шена со тӀевийлла,

Лечкъаргех ловзуш,

Бешара шалго кхор

Хадийна хир бу.

Хийла тӀелахвелла,

Замано хуьйцуш,

КетӀара къена чхар

Кагбелла хир бу.

XIX

Баккхаллийн могӀаршца

Совдегарш хьийзинчу

Тхан юьртан майданах

Маьлхан беш хилла.

Шайн дечкан семнашца

Ворданаш цӀийзинчу

ЛапгӀанийн урамийн

Сурт хийцаделла.

XX

Ткъа хӀинца со хӀетахь

Леллачохь гӀелонца,

Бераш го наг-наггахь

Гуллой шайн тобанца,

Амма уьш-м, со санна,

Гуш долчух Ӏабаций,

ДагӀац цу ирзошка,

Делхо шайн дог, дакъий.

XXI

Тхан дадин бераллел

Сайниг а тоьлура,

Кхераниг цу сайчул

БӀозза сов тоьлуш ю,

Делара со бер хӀинца

Цаьрцанна ишколехь...

Уьш дац ткъа кхетамца

Кхуьуш дерш Нохчийчохь!

XXII

Уьш ду – и ирсенаш –

Ярташкахь, гӀали чохь

Леттачийн, и лоьхуш

ТӀаьхьешна. Царалахь

Ловзийта, Ӏамийта

Ac а дӀахоьцур ву

Сайн кӀант, ткъа – масийтта

Сов сол и тоьлур ву!

XXIII

Ткъа со? Со къанлур вац,

Шераша хан идорх,

Сан дог а гӀеллур дац,

Мел чӀогӀа къахьегарх.

Къона ву, могуш ву,

Тоам бо ас вахарх,

Тоъал ницкъ соьгахь бу. –

Со а вац ткъа ирсечех?!

Кавказе маршалла

Лаамзий,

Лаамций

Со лелла некъаш,

Заманийн йохалла

Шу марша Ӏойла!

Даггарий,

Дегазий             

Дезнехь а, текхаш,      

Ваха сан, вахаран         

Цхьайолчу хенахь,      

(КӀант велахь яхь йоцуш,         

Хан йоцуш лойла).      

Кавказ,               

Со хьан вара,  

Хиларх мел генахь.

               

Сан лекхий      

Я лохий             

Хила ца деза:  

Юккъера стаг ву со,     

Хьан 1ин чохь кхиъна.

Кхиийнарг,       

Ӏамийнарг        

Со нохчий беза,            

Кавказ, хьо яра сан      

Да-нана хилла.              

Даймехкан,     

Вайн халкъан  

Ирс хилар лиъна,         

Вахар дӀалур ду ас,      

Хьан во1 вац тилла!    

Даггара кӀантера

Маршалла хьоьга,       

Эсала, 

Исбаьхьа,         

Къонаха Кавказ.

               

Даге     

               

Суьйренга лестина      

Сан шерийн йорта.      

Дог, шек ма далалахь,              

Хьалхе ду алий.            

Йисинчу хьайн ханна 

Г1оза а далий,

ЙогӀучу суьйренан       

Беркат а ларий,

Ӏуьйранна ца динарг   

Дан кхиа гӀорта,            

Кхетаммий, безаммий              

Хилийта шорта.

               

Мох болуш, хӀорда тӀехь

ТулгӀенаш санна,

ДӀаиди, дӀаихи

Вахаран денош.

Хиллачийн ойланехь

ГӀаларташ дебош,

Дийлинчу гӀалатийн

ТӀаьхьеша вегош,

Шерийн дукъ дазделча,

Малонан анна,

Къонахчун дог, буйна

Ма гӀолахь тахна.

               

Яздан ницкъ боллушехь,

Хьан 1ин чохь кхиъна.

Ца яздеш дисна,

Дагахь дерг дӀаяздан

Таро ца хилла,

Безаман алонна

Хьо юьстах тилла.

Лаамца,

Лаамза

Некъаш тӀе дийлла,

Кхолламо гамдинарг,

Ницкъ боцуш нисдан,

Хиллачу гӀелонна

Хьо кӀел ма дислахь!

               

Хьайн мукъам,

Хьайн ойла

Ма-ярра хьолахь,

Эхь деца, дагахь цхьаъ,

Дуьйцуш кхин хилча,

Поэт бакъ-нийсачу

Некъах дӀатилча,

ЦӀенаниг бехдича,

Боьханиг дилча.

Гонахе бакъонан

БӀаьргашца голахь,

Стаг кхарда йиш йоцчу

Амалца гӀолахь!

               

Заманан мукъамца

Хьо детталолахь,

Хьайн къоман къонахий

Вежарий лоруш,

Хьайн мехкан мехкарий

Хазбан дош олуш,

Хьо дахарх

Царна кхаъ хилийта,

Лоруш,

Уьш реза хинболчу

Некъаца гӀолахь,

Хьайна вон аьндолчу

Дашах ларлолахь!

Хьо сецча,

Хьо лаьттах

Ийначу бай тӀехь

Баьццара буц хир ю,

Зезагаш девр ду...

Хьоьх тешнарг наг-наггахь

Хьан коше вер ву:

«Ӏаьржа дог дацара», –

Хьуна цо эр ду.

Тахна ахь къонахчун

Стогалла гайтахь,

ТӀаьхьеша лорур ду

Хьо даим шайлахь.

Цхьайолу суьйренаш

Ӏуьйренел тоьлу,

Атта дац xlapa дуьне

Ма-дарра довза.

Дахаран сурт дилла

Г1орта хьо говза,

Хьайн дешнаш доьшучун

Дог даккха ловза.

Къоналла хастае,

Даима йоьду,

Стом боцчу ойланел

Мерза дош тоьлу.

Ойланаш – кхокхарчий

Мархашка яха,

ДӀадевлларш, долуш дерш,

Хиндерш а дийца,

Халкъана шайн дахар

ДӀаделларш бийца,

КӀезгалла,

Осалла,

Сийсазъеш, йийца,

Хьайн хенан теш хилий,

Дуьненахь даха,

Тайна дерш,

Оьзда дерш

Иллеш т1е даха!

Цкъа ца леш висна вац

Цхьа а стаг лаьттахь.

Сохьтан сий ца лоьхуш,

Халкъана язде,

Иллица ирсехьа

Къахьегар дазде,

Заманан йохалла

Лендоцург дазде.

Хилийта безаман

Беркат хьайн хьаьттахь,

Хи гIyp ду –

ТӀулгаш ду

Дуьсу дерш меттахь.

Нах безаш,

Нахана ша везаш

Ваха,

Шен халкъан во1 волчун

Бу ирсан корта.

Хьо винчу мехкан хьал

Хилийта шорта,

Халкъана

Хьайн дахар

ДӀадала гӀорта.

ГӀуллакхийн сий цкъа а

Дойур дац наха:

Поэтан вахаран

МаьӀна сов даха!

Эхь ду вай теӀахь

ДоттагӀчуънга

Вай вовшех къаьстина

Хийла хан яьлла,

Маса бӀаьсте, маса гуьйре,

1а хийцаделла...

Хьан, санний коьртан чоьш

Сел нилхадевлла,

Дог къона латтахь а,

ЦӀока къанъелла.

Зама Ӏай, ткъа, доттагӀ,

Шениг ца лелош:

Денделларг кхиадеш,

Кхиийнарг къандеш,

Къанделларг кхалхадеш,

Кхин керла денош

Ло хено дуьненна,

Хиллачех гӀан деш.

Бераллехь, къоналлехь

Шен хилла уьйраш,

Воккхалле стаг таьӀча,

Схьа карлаюьйлу,

Мерзачу безамо

Шегахьа уьйзурш

Ца гуш цхьа хан яьлча,

Дог карзахдуьйлу.

Цхьаболчийн цӀераш йицло.

Маса ойла йойту,

Вукхара, шаьш гape

Сатуьйсуш, вайга.

Вай вовшех къаьстинчу

Замано гойту

Вовшашка безамийн

Барамаш вайна.

Дуккха а ду мехкаш

Дуьненахь таме.

КӀезганиг, гай юьзча,

Ӏебар ву дахарх.

Амма ша кхиийнчу

Махкала хьоме

Кхин меттиг-м карор яц,

Стаг дукха вахарх.

Букар дарц хьийзочу

Буьрсачу чиллахь,

Девллера дуьнен т1е

Миска вай – бераш.

Цу бардалӀазийн ша

Башийнарш иллехь

Бийцарна, Ӏема вай,

Даймехкан лоьмаш.

Цара йийначу бошмашкахь

Стоьмаш а лехьош,

Вай кхиъна церачул

Аттачу новкъахь.

Вай йийначу бошмашкахь

Берийн ирс дебош,

Вахар дӀадаллал

Ницкъ хуьлда-кха дегӀехь.

Лелонзий я ганзий

ХӀун дисна. ТӀаккха,

Ирхеш а нисло-кха

Къонахчун новкъахь.

Вайн дикчу адамийн

Самукъадаккха,

Мукъам бан хьовсур вай:

Иэхь ду вай теӀахь!

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика