Заккаманин гӀан

PDFПечатьE-mail

Айдамиров

АЙДАМИРОВ АБУЗАР

Заккаманин гӀан

 

Ӏ

 

Тахана Ӏуьйранна хӀинццалцчул хьалхе самавелира Заккамани. Иза самаваьккхира генадоццуш урамехь долийначу зуькаран мукъамо. Заккаманис бӀаьргаш биллира. Амма хӀетта, Яьссил дехьарчу регӀа тӀехула хьалаайбеллачу аьхкенан маьлхан йовхачу зӀаьнарша юха а хьаббайтира цуьнга уьш. И мукъам хезча, хазахийтира цунна: баккхий нах вовшахкхетта меттиг МутӀелип юкъахь воцуш ца хуьлура.

 

«Тахана мукъане а чомахь вижна Ӏойла хир дац-техьа!?» – аьлла, ха хаьрцира цо. Амма, Заккамани и йоца ойла йина валале, учара схьа когийн татанан «дур» деара. ЦӀеххьана, неӀ, еттачу пулеметачух тера, тата дан юьйлира. Иза дара МутӀелипа неӀарна тӀе кӀирбинчу буйнан тата.

– ХӀай, кӀант! – олий, юкъ-юкъа мохь тухура МутӀелипа. Юха а ека йолалора неӀ.

«Дела, Ахь собар ца лахь, холчохь ву-кх со!» – аьлла, шена тӀера одеял дӀа а тесна, хьалагӀаьттина иза неӀарехьа волавелира.

«Маржа неӀ яӀ! Дика хьал-м хьоьгахь а дац хьуна. ХӀора Ӏуьйранна хӀара «динк-х» йой хьуна тӀехь».

Зайл дӀа а баьккхина, да неӀ елла кхиале, сихха метта а ваьлла, одеяла кӀелвуьйлира иза. Масех тайпа мукъам хуьйцуш, цӀевзина, схьаеллаелира якхъелла неӀ. Цхьана буйна шога Ӏаса а, вукха буйна пхи бӀе суьлхьа а лаьцна, чоьхьавелира МутӀелип.

 – КӀант! – кхайкхира иза.

– ХӀун боху ахь? – аьлла, экхийтира Заккаманис.

– Хьо хьала хӀунда ца гӀотту?

– ГӀоттур ву-кх. Дуьне дедда доьдуш-м дац?

– Ой, и хӀун ду ахь дуьйцург?! Оцу майдана гулделла адам ца го хьуна?

– Чохь вижина Ӏуьллучу суна муха го, дӀо хьуьчӀанчӀаьлларчу майдана гулделла адам?

МутӀелип оьгӀазваха вуьйлира.

– ГӀатта хьала, хӀай мунепикъ! Деш ламаз дац, беш болх а бац! Дерриг адам, догӀа деха, майдана даьлла, ткъа хьо кху чохь, жаргӀа санна, Ӏуьллу! ГӀатта хьала, царна юкъа кхета вайша!

– Со-м ца вогӀу…

– Ца вогӀу бохург хӀун ду? ГӀатта хьала, ас хьайн букъ тӀехь хӀара Ӏаса кегъяле!

Евза Ӏаса юххехь хааелла, Заккаманин букъа тӀера цӀока егийра. Букъ кӀел бохуьйтуш аркъал а хьаьвзина, МутӀелипе хьажира иза.

– Хьайн Дела дуьхьа, МутӀа, витахьа со чомахь вижа. Цхьа пайдабоццу гӀуллакх дохьуш вогӀий, хӀора Ӏуьйранна суна тӀе хӀутту-кх хьо…

– Пайдабоцу гӀуллукх ду ткъа балха гӀо алар? Хьо-м, ткъа шарчу дахана, къанделла божа дай! Тоьур ду ас хьан кхабар. Къанвелла, хӀоз хилла лаьттачу соьга кхабалац  шу. Цхьа декъарлойн хилча, хьайн  да-нана кхобу вара хьо, хьайл жимачу шина беран дола дан вара хьо. Хьо санначех эхь ца хета хьуна?

«ХӀора денна дуьйцург и цхьаъ ду!», – элира Заккаманис ша-шега.

– Со кхобуш-м къа ца хьегара ахь. Хьайн кӀантана кхача а ца лун бара ахь! Эхь хета дера суна-м со санначех… сагӀадоьхург санна беркъа, царна юкъавала. Ши шо ду ахь суна тӀеюха бедар ца оьцу…

– Хьай жолам яӀ! Цара санна болх а беш, эца ахь а. Дешар дӀатеси ахь? Балха ца воьдий хьо? Лийр велара хьо, ас бедарш ца эцча!

– Ма эцахьа. Со вижа витахьа.

– Ца вуьту ас! ГӀатта хьала, догӀа деха воьду вайша. Ӏесачу стеган доӀийна жоп ло, боху, Дала. Ткъа хьол Ӏеса хӀума кху лаьттан букъ тӀехь яц!

– Со ца вогӀу.

– Ца вогӀу бохург хӀун ду?

Заккаманин детта са кхачийра.

– Гора МутӀа яӀ, хьо маца кхетар ву-техьа?! Цкъа-делахь, аша сарралц-сахиллалц дехарх, шуна цхьаммо догӀа а лур дац, шолгӀа-делахь, дехна даьккхинчух вайна догӀа а хир дац. ХӀинцца гуьйре тӀекхочур ю, тӀаккха ша серсаш лаьттар ду…

МутӀелипан карара Ӏаса кхоссалуш гинчу Заккаманис, шен хьехам юкъах а битина, катоьхна гӀевлангера гӀайба схьа а эцна, дуьхьал лецира. Чохь «бапп» аьлла, тата делира. ГӀайбина шина а агӀор тулгӀе етташ, чухула чан яьржира.

– Хьай, хьан ма хила аьллар, гаур! Хьо иштта кхиийначу сан бехк дера бара хӀара бан-м. Хьоьх кхин стаг хирйоцийла хиънехь, ас дуьнентӀе вала кхиале, вийна хир вара хьо, гӀизби! – аьлла, дог доьхна, аравелира МутӀелип.

«Боккха болх бу-кх, кху тӀаьххьарчу хенахь цуьнан соьца гамвалар», – ойла йора Заккаманис, да араваьлча.

Цунна дагаеара ша хьалха яьккхина хаза хан.

… Заккамани дуьнен тӀе ваьллачу кхоалгӀачу дийнахь, нанас, дукха вахийта лергах чӀуг а йоккхуш, кучан белша тӀе хьайбанан дечигах дина лаг а тоьгуш, хӀума лелийра цунна. Кхойтта-дейтта шо кхаччалц, даима нанас: «Цока, Цока, Цокамани, Цаккали! Мамин гӀовла ю хӀара! Мама кхобур ю хӀокхо!» – бохуш, хьестара иза. Школехь доьшучу хенахь даима, хаддаза кисанахь кемпеташший, ахчий латтара жимчу Заккаманин. Ма дукхавезара хӀетахь иза дений, нанний!

Чу стаг веъча, шех лаьцна нанас хабар дуьйцуш, ма боккха там хуьлура Заккаманина! «Инзаре хьекъал долуш бер ду тхан Заккамани. Муьлхха киншка, миччахьара а схьалоций, жарра олий, дӀайоьшу цо. ХӀумма а, шен дас санна, кха тӀехь хьаьжкӀашна цел етташ, къанлур вац! Парписар хир ву тхан Заккаманих!» – бохуш, дуьйцура нанас чу мел веанчуьнга.

Боккъала а, Заккаманина мотта а делира, шен нийсархойл ша хьекъале ву. Шеца цхьана классехь доьшуш болу Масхьуддий, Махьмуддий, Султанний, Ахьмаддий, Салавддий – массо а шеца буьстича, зингатех тарлора цунна. Уьш наггахь бен буса кино а ца богӀура, аьхкенан каникулашкахь, садаӀаран меттана, колхозан арахь денна белхаш беш хуьлура. Ткъа Заккамани мерзаниг дууш, хазаниг духуш, де дохделча, вуьжуш, и шелделча, гӀоттуш, лелара. Шена езарг ло аьлла нене дехар мичхьа дора цо, тӀечевххий буьйр дора-кх. Нанас хьоьстуш кхуьу Заккамани, Ӏуьттуш, туьттуш, халла ворхӀалгӀачу классе велира. Воьдуш а, ца воьдуш а, чекхделира и шо. Амма Заккамани классехь висира. Заккаманих изза ца хилийта дукха гӀиртира хьехархой а, цуьнан накъостий а. Комсомоле тӀеэца гӀоьртича, иза аьттехьа а ца дитира цо, шена до хьехар лергах а ца хьокхура.

Заккамани дешарна ледара ву, школехь шега аьлларг деш вац, аьлла, хьехархоша арз дича, оьгӀаздодара Заккаманин да-нана.

– Сан кӀант хьекъал долуш бер долу дела, иза шайл толарна кхоьруш, и ца везаш дуьйцу аша! Цул эсала бер кху юьртахь дац. И хабарш а юьйций, дешарх догйоккху аша цуьнан! – олий, ирхъоьккхура Хьаьсипат.

– Ас сайн кӀант Ӏамаве аьлла шуьга дӀавелла. Даа ца оьшу цунна, духа ца оьшу цунна, балха теӀош и вац. Цунна тӀаьхьа а хӀоьттина, цо хӀун леладо хьоьжуш лелар бен, кхин гӀуллакх доцуш ваций со-м. Со белхан стаг ву. Пачхьалкхо ахча а луш, и бераш Ӏамо хӀиттийна шу. Ӏамаде, олий, доцца хададой, дуьтура МутӀелипа а.

ШолгӀачу шарахь юха а ворхӀалгӀачу классе деша вахаран меттана цӀахь сецира Заккмани. Ткъа цуьнан накъостий юккъерчу школе а, техникумашка а кхидӀа деша бахара.

– Я деша гӀо, я болх бе, – аьлла, цунна хьалха ши некъ хӀоттийра МутӀелипа.

Амма Заккамани, и ший а некъ дӀа а тесна, ловзаршкахула, синкъермашкахула кхерста вуьйлира.

ТӀаккха кхийтира МутӀелип шен гӀалатах.

ХӀетахь дуьйна схьа галделира Заккаманин хаза дахар. ХӀетахь дуьйна схьа хӀор денна дов дара цунний, МутӀелипаний юккъехь.

Заккаманис доккха садаьккхира.

«ХӀара вахар дац. Денна дов. Цхьа зуда а ялийна, юьстахвала веза. Амма мила яло еза… я мила йогӀур ю соьга?»

Оцу гӀуллакхан ойла Заккаманис дукха йора. Шена яло йоӀ цо лехнера ша школехь доьшучу хенахь. Иза яра цуьнца цхьана классехь доьшуш хилла Ровза.

ХӀеттахь, Заккаманина хетарехь, цуьнан зуда хила хьакъ долуш хьекъале а, хаза а йоӀ и цхьаъ бен яцара. Амма, Ровза, шена тӀаьхьаваьлла лела Заккамани ша волччу а витина, яьлла медицински техникуме деша яхара. ТӀаккха Заккаманис чӀагӀо йира, тӀейогӀу вархӀ класс дӀахецча, оцу  классехь доьшуш йолу Зураъ йига.

Амма Зураъ а Ровзийна тӀаьххье дӀаяхара.

Сирла шовда санна, мехкарий Заккаманина тӀех а буьйлуш, дӀаэхара, ткъа бухабуьсу тӀулг – Заккамани, ­– тӀе сено а туьйсуш, лаьттара. Йолучу хенаца галъелира Заккаманин мехкаршца йолу юкъаметтиг а. Оцу тӀаьххьарчу шерашкахь шен юьртахь а, гондӀарчу ярташкахь а вон цӀе яхнера цуьнан. «Иза-м еха йолу хӀума яцара. Цицганчул башха къинхьегам ца беза цунна. Малонча!» – цхьаболчар олура. – «Моз доккху долу моза бац Заккамани а. Жуккар», – доцца хададора вукхара. Кхин дуккха а яра Заккаманина техкина цӀерш. Уьш новкъа яра цунна.

«Дависарг яӀ, цкъа зуда ялийна елира!», – аьлла ха а хьарцина, зуда ялийча шен хиндолчу дахаран сурт хӀитто вуьйлира иза: «ХӀинца санна, самаваьлла меттахь вижна Ӏуьллуш хир ву со. Ткъа сан къона нускал… хуьлуьйтур вай и Нахапу, арахь етт узуш, даьхний дӀалоьхкуш, ши пхьарс хьала а бина, едда-хьаьдда, лелаш хир ю. Нахапу чу еъча, ас со набкхетта Ӏуьллуш ву, моттуьйтур ду. Со самавалале, кхача кечбан тохалур ю иза. Кхехкачу чайника тӀера хьалакхиссало негӀар, чӀажжехь дека ялгӀу, йовхоно цӀийина йогу Нахапун ховха беснеш. Со самаваларна кхоьруш, байн ког буьллуш, меллаша куьг тухуш, хьийзар ю иза, амма со самавер ву. ТӀаккха, бехкалаяхана, Нахапу суна тӀейогӀур ю…»

И гӀуллакх, иштта хилла даьлча санна, хазахетта дагах гилгаш девлира Заккаманина. Амма ойланаш юха а бакъдолчунна тӀейирзира. Цхьаъ цхьанна тӀаьххье, даг чу лелхара юьртарчу мехкарша шена техкина цӀерш «Жуккар», «Малонча», «Мамин кӀант», «Парписар» и. дӀ. кх.

«ХӀан-хӀа, со вевзачохь, соьга атта зуда йогӀур яц. Цхьанхьа генна, со ца вевззехь ца гӀортахь. Ялийна яьлча, эцца кетарш йолчу наха шаьш дӀалуьстур ду. ХӀинца ша соьца мел вон велахь а, ас зуда ялийча тхуна цӀенош ца деш, цхьа гомаш, чу йилла сал-пал ца луш Ӏийр вац МутӀа а. Амма мичхьара ялийча бакъхьа хир дара-техьа?»

Дикка ойла йинчул тӀаьхьа, шена нускал лаха ваха, Яьссица хьала лаккха лома кӀелхьара, шен гергара нах болу цхьа юрт къастийра Заккаманис. Амма хьошалгӀа дика кечвелла ваха дезара. Пенах тоьхначу хьостамах кхозучу шен тишъеллачу сирчу костюмей, кач зарзбеллачу штапелан сийначу кучей, тӀера мерцхагаш а дийлла духхехь гӀийла Ӏохкучу туфлешкий бӀаьргтоьхча, дог дуьйхира цуьнан. И барзакъ, мацах цкъа, цунах я Ӏилманча, я белхало, вуьшта аьлча – Заккаманих стаг хир ву моьттуш, МутӀелипа эцнера цунна.

Амма керла духар эццалц, хьошалгӀа вахар дӀатоьттийла дацара. Заккаманис сацамбира цигара цӀаверззалц цхьаццанан бедарш яхьа.

План кийча яра. Хьалхара номер – тӀе юха бедарш карор.

Каде хьалаиккхина Заккамани, ши пхьарс дӀаса а тосуш, букъ сатторца дегӀ метта а далийна, тӀаккха, неӀ а йиллина, аракхевдира.

– Ризван!

Заккаманис тоьхначу маьхьарх цецъяьллачу, уьйтӀахь лелачу цӀечу йоккхачу нӀаьно, саца а сецна, «къо-къо-къо» – эккхийтира.

Дехьа чуьра схьа цхьа а вист ца хилира.

– Зулпаъ! – юха а мохь туьйхира цо.

– ХӀав! – аьлла, зевне аз деара дехьачуьра схьа.

– Схьайоьл цкъа!

Дукха хан ялале Заккаманина хьалха схьахӀоьттира Ӏаьржа бӀьргаш а, хьаьрса корта а, горга юьхь а йолуш бархӀ шо хенара йоӀ.

– Ризван стенга вахана? – хаьттира Заккаманис.

– Балха вахна-кх.

– Хьада, гуттар чехка Масхьудаьрга а гӀой, хьошалгӀа вахана валалц, ас боху алий, цуьнан цӀена костюм, хечий йохьуш йола. Цигара юхайирзича, СултанагӀаьрга а ерзий, цуьнан чилланан кӀайн коч а я. Кхийтин хьо?

– ХӀаъ.

– Же, ма Ӏел, со сиха ву.

Юьртан цхьана агӀор Зулпаъ а хьажийна, вукха агӀор ша вахара Заккамани. Цхьаьнгара шляпа, вукхуьнгара туфлеш, кхозлагӀчуьнгара галстук йохьуш, дукха хан ялале цӀа вирзира иза.

Зулпаъ а, шен декхар кхочушдина а яьлла, цӀа еана, керта-арахь цхьацца гӀулкхаш дан гӀерташ лелаш карийра цунна. Чу кхача сихвеллачу Заккаманис чоьхьаволуш неӀсагӀих кога буьхьиг тоьхна, туфлин айра охьадаьккхира. Амма гӀуллакх цуьнга хьоьжуш Ӏачохь дацара. Кхин хан юкъа ца юлуьйтуш, юьхь тӀе урс а хьаькхна, юьхь-куьг а дилина, ша еана бедарш тӀеюьйхира цо. ТӀаккха, дехьа, совцӀа чу а вахана, доккхачу куьзганна хьалха хӀоьттира иза.

Оффай, ма товш яра цунна тӀехь и бедарш! Дуьзначу дегӀан шуьйрачу белашна, юьстина йича санна, тӀейижна шевиотан Ӏаьржа костюм, чухула юьйхина чилланан кӀайн коч, логах хьарчийна чилланан Ӏаьржа галстук. Шуьйрачу хьаьжан цхьа агӀо къайлайоккхуш, борачу бӀаьргашна тӀе таӀӀийна тиллина сирчу басахь фетрови шляпа. «Лаппехь» къегачу Ӏаьржачу туфлеш тӀе ирахӀоьттича санна, лаьтта, биъ са боккхуш, иту тоьхна, шарйина Ӏаьржа хеча.

«ВаллахӀ яра со, кхаьбча, хинйолу хӀума-м!» – аьлла, хьаьж тӀе куьг а даьхьна, шляпа хьалатеттира цо. Нехан шляпех къаьхкича санна, хьаьж тӀехула охьаяьржира Ӏаьржа кӀапа. Шен суьртах там хилла Заккамани, чӀарх аьлла, ша-шега бӀаьрг а таӀийна, велавелира. Цуьнан севсинчу балдашца цхьаьна доьлуш санна хетара бора бӀаьргаш а, цӀечу басахь йогу беснеш а, жимма ирххьаьвзина мара а.

«Соьга а ца еана йоӀ хьаьнга гӀур яра? – иккхира цуьнан даг чу. – Амма цхьа хӀума оьшу! Хьалхарчу кисина йоьллина авторучка а, жимо блокнот а хила еза!»

Дехьа чу а иккхина, шен костюм кисанара и хӀумнаш схьа а эцна, юха а куьзганна хьалха хӀоьттира иза. «Мила хила-техьа со? – хаьттира цо ша-шега. – Агроном? Зоотехник? ХӀан-хӀа и ши болх сий долуш ца хета суна. Лор? Иза-м, хьаха, мегаш ма дара, амма цхьамма цхьана лазарх лаьцна хаттар дахь? Суна-х лоьрийн балхах тӀитӀ а ца хаьа! Ватталхьан! Хьехархо! Хьехархо! Со вевзачу меттагийн дозанал дехьаваьлча, хьехархо хир ву со!»

Цхьа сахьт даьлча, хинволу «хьехархо», шайн лулахо Вацалг волчу а вахна, цуьнгара гурахь тӀе яьхкича центнер хьаьжкӀаш лург, туьма а даьккхина,

Яьссин гӀодца хьалаволавелира.

 

2

 

Яьссин лакхенца, хин аьтту агӀор регӀан басех а летта, жимчу, амма стоьмийн сийначу бошмаша юкъахьарчийна лаьттачу исбаьхьчу юьртан шовданан коьрте хӀоьттира Заккамани оцу сарахь. ГӀели диллина цӀеста кӀудалш пхьаьрсех а тийсина, хи тӀе дӀасаоьхура мехкарий. ТӀеоьззина тиллинчу шляпина бухара шен бора бӀаьргаш царна юкъа а кхерстош, оьздда хӀоьттина латтара иза. Цьунах къайла ца делира мехкарех масех йоӀ шозлагӀа а, кхозлагӀа а хи тӀе яр а, шаьш накъосташка къамел деш лаьтташехь цара сих-сиха къайлах шега туху бӀаьрг а.

Шовдана тӀе оьхучу мехкарех цхьана йоӀе безам бахара Заккаманин. Иза яра юккъерчу дегӀахь, дуткъа оьзда дегӀ а долуш, горга юьхь а, Ӏаьржа бӀаьргаш а, букъ буьззина охьахецна Ӏаьржа месаш а йолуш вуьрхӀитта, берхӀитта шо хенаре йоӀ.

Заккамани тӀевоьссинчу хьешо, Лечас, оцу буса и йоӀ охьа а хаийна, синкъерам бира цунна. Синкъераме охьахевшина цхьа сахьт ма-деллинехь, Лечас дӀахаийтира шен хьаша зуда езаш веана хилар. Стаммий цигаьркаш уьйзуш, хьекъале кицанаш а далош, цхьаъ кӀадвелча, вукхо долош, дехий къамелаш дан волавелира и шиъ. Ткъа Леча, хабар дийцарна, Заккаманил а тӀехвелира.

«ЖӀаьлин гуйн цӀестан ду, кетӀара утармаш йоьза ю, кха дехачуьра, кхаьлли лекхачуьра ву, ша хьехархочун  болх стоьланий, самарний гонаха хир бу, оьгӀазвахча, цо хьуна тухудерг чӀепалган дакъа ду, тӀаьхьакхуссуберг шекаран бӀелиг бу, хьуна яха меттиг карийна, и карара ма ялийта, Марет! – бохуш, дуьйцура Лечас. Оффай, дийца ма говза вар-кх и Леча!

Амма Лечас хӀитто и хӀаваан гӀаланаш Марета, харцайой, тӀекӀелйохура:

– Хьанал къа а хьоьгуш дӀахӀоттийна бахам хилар а дика ду. Вайн хьаша миска вара аьлла, юхаяьлла а соцур яцара, вехаш ву аьлла, тӀе а гӀертар яц. Хьаналчу куьйгаша а, оьздачу дог-ойлано а, бертахьчу шина адамо а атта хӀоттор ду шайн ирсе дахар. Со маре яхча а, месийн назбаршла а керчаш, я ахь ма-аллара: «Стоьланий, самарний гонаха болх а беш» – Ӏен ойла яц сан-м. Коммунизм дӀахӀотторехь жигара дакъалоцучу вайн кегирхойн хьалхарчу магӀарехь, уггар халчу меттигехь хир ду вай-м. Хьайн юьртахо оццул гӀорасиз ма ларал ахь, Леча.

Синкъерамера шаьшшиъ цӀа а веана, охьавижча, Лечас Заккаманина дийцира, Марета оцу шарахь итт класс чекхъяьккхина хилар, пединститутехь заочно деша, цигахь луш йолу экзаменаш кхиамца дӀа а елла, дукха хан йоццуш иза цӀа еана хилар, цо церан юьртарчу школехь хьехархочун болх бийр хиларх.

Оцу хабаро кхин тӀе а чӀагӀйира, Марет йоцуш дӀа ца ваха Заккаманис йина чӀагӀо. «Иза ю-кх суна еза тайпа! Институтехь доьшуш а йолуш, хьехархочун балхахь а йолуш. Ровзийна а, Зураана а тӀе цкъарг дуьллур долуш, эла санна, со кхобур а волуш!» – бохуш, ойла йора цо.

ШолгӀачу буса а, кхоалгӀачу буса а дийцира цаьршимма, амма Марета юха а доцца хадийра:

– Тхуна вовшийн гар бен девзаш дац, Леча. Тховса ас йогӀур ю аьлла дош а делча, Заккамани вухавеача, со кхунна тӀаьхьа а хӀоьттина дӀа а яхча, тӀаккха хиндерг хьанна хаьа? ХӀара сан амалшна я со кхуьнан амалшна реза ца хир? Вевзаш воцчу стагца я евзаш йоцчу йоьӀаца иштта цӀеххьана шен дахар муха дузур ду? Аша суна хьалхахӀоттийнарг шена тӀехь чӀогӀа ойла ян дезаш гӀуллакх ду. Цхьана шарахь ладугӀур ду ас. ХӀетале Заккамани дохко ца валахь, тӀаккха дуьйцур ду вай.

Дан хӀума дацара. Заккаманина ма моьтту Ӏовдал а ца хиллера генарчу ярташкара мехкарий. Амма Заккаманис ша-шена маслаӀат дора: «ДӀа ма-дуьйццура реза ю ша-м цхьаммо а ца олий, шаьш лууш, леш бахкахь а. Юха а цкъа атака йича, ши куьг а айбина, ша карайогӀур ю».

ДоьалгӀачу дийнахь, Ӏуьйранна, де шеллах цӀаван новкъа ваьлачу Закккаманина, урамехь дуьхьалкхийтира шовданна тӀера хи доьхьуш йогӀу Марет.

– Ӏуьйре дика хуьлда хьан, Марет! – маршалла а хоттуш, сецира Заккамани, ша цунна юххе нисвелча.

– Диканца вехийла хьо а!

– Хьо ма хьалхе гӀаьттина, лела?

– Балха яхале, бохуш, лелара со-м. Ахь хӀун до, хьо лаа лелий?

– ДӀаваха новкъа ваьлла со-м.

– Хьуна ма сиха кӀордий тхо долчохь?

– КӀордадаллалц Ӏийча-м, со цкъа а дӀагӀур вацара. Кхо де-буьйса даьлча, хьаша хьошалара волу, ткъа и хан сан сийсара чекхъяьлла.

– ХӀумма а дацара иза-м. Цхьа-ши де даьлча кхузахь хуьлуш ловзар ду, хьуо веъанчуьра жимма сакъоьруш а Ӏай, гӀо.

– ХӀан-хӀа, Марет, кхин Ӏойла хир дац сан, – шен костюман киснарчу авторучке а, блокноте а хьаьжна, тӀетуьйхира цо. – Занятина тӀаьхьавуьсу со. Суна елла мукъа хан тахна чекхйолу.

– Иза а нийса ду. Дешаран керлачу шарна кечам беш хир ду шу? – хаьттира Марета. Заккамани воьхна хьаьвзира. Цунна дага а ца деанера бераш аьхкенан каникулашкахь хилар. Иза вист а ца хуьлуш сецча, кхин а дийца дагахь цхьацца хӀуманан ойла еш сецна моьттуш, цуьнан къамел дахдаларна кхераеллачу Марета сихха тӀетуьйхира: – Делахь, дӀагӀо хӀета, некъ дика хуьлда хьан!

– Марша Ӏойла!

«МаьӀӀаргонна гучувалар-кх со, – бохуш, ойла йора Заккаманис, ша Маретах къаьстича. – Амма ас занятина со тӀаьхьавуьсу алар-м харц хир дацара хьуна сан, КъорӀанна тӀехь дуй биъча а. ХӀара сайна тӀехь йолу нехан бедарш дӀаекъа-х дезий сан. Цул йоккха заняти мичхьа ю ткъа! Амма йоӀ бохий ахь, диканиг а карийна-кх суна. Иза карарайолуьйтийла дац, мел доккха зен дина а. Нахала а даьлла, цунна со вовзале сихо ца яхь…»

Дерриге а Заккаманис хӀоттийнчу планаца нисса дӀадоьдура. Дог, доккхадеш, детталуш, дегӀ ловза дуьйлуш, цӀа вогӀура иза. Амма, цхьа кица ду-кх вайн халкъан: «Борз дуьхьалкхетталц яхана газа ХьаьжцӀа» – бохуш. И борз дуьхьалкхийтира Заккаманина дукха гена валале.

Марет ехачу юьртана дукха генавалале, дуьхьал схьа мотоциклан тата хезира цунна. Иза новкъаравала а кхиале цунна тӀе чан а тухуш, юххехула тӀехъиккхира тӀехьа шен къона зуда Малика а хаийна вогӀу церан юьртара, цуьнца цхьана классехь доьшуш хилла Ахьмад. Юьртахочух бӀаьргкхетча, газ лах а йина, дехьоваьлча мотоцикл а сацийна, Заккаманина тӀе веара Ахьмад.

– ОхӀ! Ахь хӀун леладо, Заккамани? – хаьттира цо.

– Цхьа гӀуллакх хилла кху кӀотара вахана вогӀура со-м, – аьлла, дохийна а жоп делира вукхо? – Ткъа аша хӀун до?

– Тхо а ду-кх кху кӀотара догӀуш.

– Лаа?

– Стунцхой болчу воьду-кх.

Заккаманин ши бӀаьрг цӀеххьана къаьрзира. Цунна хӀинцци бен дага ца деара къоначу механикан Ахьмадан зуда, Малика, ша хьошалгӀа ваханчу юьртара хилар.

– ХӀаъ, хӀаъ, хӀинца кхета со…

– ХӀинца ас хӀун гӀо де хьуна? Хьо лахаваккхий, волий со?

– Ца оьшу. Баркалла.

– Ас-м забар ца йо хьуна? Маликас кхузахь садоӀӀушехь, цхьана эхасохьтехь со вухавоьрзур ма ву ткъа.

– Ца оьшу, Ахьмад, баркалла. Иштта, хьаннашка бӀаьрг а тухуш, некъ-некъа са а доӀуш, меллаша охьагӀур ву со. ДӀагӀуо шу.

Оццул самукъадаьлла вогӀучу Заккаманин дог дохийра оцу цхьаьнакхетаро. Ца дезаделира Заккаманина Малика шена дуьхьалкхетар. Тахана и шена дуьхьалкхетта ца хилийта, эзар яьсса кӀудал, эзар вир дуьхьалкхетта хуьлуьйтур яра цо. Иза-м кӀезиг хетарийца цунна, Малика дийна хьалайогӀуш ца хилийта, цӀера жима ши бер а дуьсуш, елла, бармахь айбина ялайойтуш хуьлуьйтур яра цо и, дерриге а шега хоьттуш хилча.

«АхӀай, дела хила хьан хьайн вархӀ эзар дена неӀалт! ХӀинца цо ву хьуна со цигахь ма-варра дӀавуьйцур. Оццул гена тхан юьрта маре а муха нислур яра, седа дуьхьал яриг!» – бохуш, тӀаьхь-тӀаьхьа генадолучу мотоциклан татане ла а доьгӀуш, Маликина лера иза.

Цкъацкъа маслаӀат хуьлура цунна. «Хьанна хаьа, МаликагӀеран ден цӀа-м МаретагӀарна генахь хила а мегий. Вовшийн ца евзаш я вовшашна тӀе ца кхочуш диса а мегий иза-м».

«Нагахь санна Марет Маликин гергара хилахь?» – олий, юха а сагатлора Заккаманин. – АхӀай, дела хила хьан хьайн исс эзар дена неӀалт!»

Оцу ойланаша синтем байина, ша Маликина оьгӀаз мосазза воьду, эзарнашца дай тӀе бетташ, царна неӀалт кхайкхош, шена гонаха долчу Ӏаламан тидам боцуш, вогӀура иза. Малх чубуза регӀа тӀе лахбеллачу хенахь иза шайн эвла йисте кхаьчча, цо неӀалт кхайкхо Маликин дай бӀе эзарнал а тӀехлилхира.

Суьйранна адам арадолучу хенахь эвла юккъехула охьаваха товш а ца хетта, некъана юьстаха, бай тӀехь лаьттачу боккхачу кхора кӀел вахана охьавижира иза. Бехачу некъо а, ечу ойланаша а кӀадвинчу Заккаманина кестта набкхийтира. Амма набаро а паргӀат ца ваьккхира иза шен сингаттамах. ГӀенах цунна гира Маликин ден цӀахь гулбелла дуккха а мехкарий. Царна юккъехь яра Марет. «Хьехархо» хуьлу Заккаманих! Иза-х дешар дӀа а тесна, балха а ца воьдуш, шен къеначу дений, нанний коьшкалахь Ӏаш ву! «Жуккар» олий бен цӀе ца  йоккху цуьнан тхан юьртахь!» – дуьйцура Маликас. Цхьа тамашийна белабелира мехкарий, Марете а хьаьвсина. Маретан юьхь цӀийелира, Заккаманина тӀе боьгӀна цуьнан бӀаьргаш, алу санна, богура. Цуьнан хьажарна кӀел, кӀез-кӀезиг хебаш, накхар-моза хилира Заккаманих. ЦӀеххьана хьалаиккхина Марет, дӀакатоьхна стоьла тӀера цхьа метар хиллал еха авторучка схьа а иэцна, топ санна, иза хьалха а лаьцна Заккаманина тӀе йолаелира. Марет герга мел гӀоьрти, шаьлтанах тарлуш, яхлора ручка. Вада ойла хилла, тӀемаш ластийра Заккаманис, амма дегӀ меттах ца долура. «Хьехархо тов! Жуккар!» – бохуш, Заккаманина тӀе пӀелгаш а хьийсош, «хи-хи-хи, хьа-хьа-хьа», – деш, буьйлура мехкарий. «Эхь ца хетара хьуна тхо Ӏехо? Пуьчийн лежиг!» – бохуш, шаьлтана юьхьиг санна йолу шен карарчу авторучки перо Заккамани бӀаьрга Ӏотта гӀертара Марет. Амма Заккаманис шен жима корта дӀасахьийзош, бӀаьрга ца нисъялийтора. ОьгӀазъяханчу Марета, эххар а, тӀе ластийна цуьнан хье юккъе юьйгӀира иза. Оццу юккъехь мехкарийн беларан аз, Заккамани кхерош, инзаре делира: «Кха-кха-кха, тхьа-тхьа-тхьа», – бохуш.

Байн мохь а хьокхуш, набархаваьлла Заккамани шен хьаьж тӀе ка а тухуш, вагийча санна, хьалаиккхира.

Лаккхабаьлла, дуьне серладаьккхина тӀехьоьжура сирла бутт. Куьйгашца дӀасакхиссина, даржийча санна, стигла дӀалаьцна седарчий гора. Заккаманин дегӀ хьацаран кӀуьрлахь дара.

Заккаманис ладуьйгӀира. Геннахь «кха-кха-кха», бохуш санна, тата хезара, цӀаммехь цуьнан мерна тӀехула хьийзара масех чуьрк. Хьаьж зийза доьллачу Заккаманис, тӀе мӀараш а хьаькхна, буьччалг хӀоттийра. Цунна хиира шен хьаьж къовзийнарг чуьрк хилар.

Заккаманина хеза тата тӀаьхь-тӀаьхьа герга гӀертара. Дукха хан ялале, цхьа бӀаьрг а къарзийна, цунна юххехула тӀехъиккхина, юьрта юьйлира Ахьмадан мотоцикл.

– Хьийн шуьша эккха йоккха топ хилла, – элира Заккаманис, царна тӀаьхьа а хьаьжна, – шайтӀа хилла дуьхьалдели-кх тахана шуьшиъ суна. Ашшимма сан кхерор!

Шен хьаьжа тӀера хьацар дӀа а хьаькхна, схьаяьккхина цхьа цигаьрка бага а йоьллина, дегочу куьйгашца иза лато гӀерташ масех сирник яйинчул тӀаьхьа, эххар а, лата а йина, боккха баьккхина кӀур чу а тоьхна, эвла волавелира иза.

Юьрта чу воьлча урамехь дуьхьалдогӀучу адмашна пебетташ, шайн керта кхаьчна Заккамани, да-нана долчу чу а ца воьдуш, меллаша шен цӀийнан неӀ а йиллина, чу а вахана, лампа а латийна охьахиира. Иза меттаван а кхиале, веана цунна тӀе хӀоьттира Масхьудан жимахволу ваша.

«ХӀан, хӀинца дӀайолалуш лаьтта сан заняти» – аьлла, даг чу иккхира цунна. И хӀунда веана хууш волу Заккамани, цо шега дош а алале, хьала а гӀаьттина, тӀера бедарш дӀаяха волавелира. ХӀоранна бедарш цкъа шаьш-шаьш къастош, охьа а ехкина, тӀаккха Масхьудан костюма юккъе Султанан коч а хьарчийна, уьш кӀанте дӀакховдийра цо.

– ВаллахӀ, Асхьад, дика кӀант-м вара хьо! Амма кхин а дика хир ву, ахь хьо дӀавоьдуш чувирзина, кху юккъера коч СултанагӀаьрга дӀалахь, – аьлла, букъах дайн куьг а тоьхна, араваьккхина, дӀахьажийра цо иза.

«Ши урок-м дӀаелира. ХӀинца кхааннан хӀуманаш дӀаерзийчахьана, заняти чекхйолу сан. Уьш тӀаьхьабахкале дӀаяхьийтича, гӀиллакхе хир ду. Ризван вац-техьа цӀахь» – хьала а гӀаьттина, неӀарх ара а къедда, дехьа чу мохь туьйхира цо:

– Ризван!

Дехьарчу цӀийнан неӀ еллаелира.

– ХӀун боху ахь? – аьлла, схьа вистхилира Ризван.

– Схьавоьл цкъа!

Дукха хан ялале Заккамани волчу чувелира цуьнчух тера юьхь-сиба долуш, шийтта-кхойтта шо хенара, каде кӀант. Цунна тӀерачу кӀайчу кучана тӀехула, логах хьарчийна пионерски галстук гича, Марет дагаеара Заккаманина. Ахь хӀун до, аьхка коча галстук а хьарчийна? – хаьттира цо оьгӀазе.

– Со-м пионер вай. ХӀор денна колхозана балха тӀехь гӀо деш ю тхан дружина.

– Ахь хӀун гӀо дийр дара? Эццашха ловзаш лела-кх – аьлла, цуьнга дӀаяла хӀумнаш схьаэца дагахь, дӀавирзира Заккамани.

Ризвана дегабаам бира. Воккхахволчу вешех кхоьруш а, гӀиллакхе ца хеташ а, цкъа а цуьнан дош ца кагдинера Ризвана. Амма цунна детта сакхачийна, иза майрра вистхилира:

– Со вац ловзуш леларг, хьо ву! Со ловзуш лелаш велхьара, сан кхузткъе кхойтта къинхьегаман де хир дацара кху шина баттахь. БугӀа санна волу хьо вижина Ӏиллича, со ловзуш лелча, вай кхабалур дац къанделлачу дегий, неней. Юьхьах цӀе лета суна, нах хьох боьлуш! Эхь ца хета хьуна…

– Сацийта! ЦӀормаӀа! Хьо вара хӀинца соьгара бехкаш даханза виснарг. Ас и ира ши бӀаьрг, Ӏоьттина, схьабоккхур бу хьан!

Оццул эсалчу Ривзванан багара и оьгӀазе дешнаш довларх, уьш шена дуьхьал цо аларх, цецвийлла а ца волура Заккамани. Цхьа хан яьхьира цаьршимма, вовшашка вист ца хуьлуш.

– Айхьа соьга хӀунда кхайкхина дийцахьа, со гӀуллакх долуш ву, – хаьттира, вист ца хуьлуш Ӏен кӀордийнчу Ризвана. Заккамани меттавеара.

– ХӀара хӀумнаш дӀаэций гӀол, – маьнги тӀера схьаэцна, бедарш дӀакховдийра Заккаманис: – шляпа – Салавдига, галстук – Махьмуде, и туфлеш Шамсуддега дӀалой, вола.

Цо цӀерш тоьхна хӀумнаш мара а йоьхкина, араэккха кечвелла Ризван, ша схьалаьцна неӀаран тӀам дӀа а хецна, вухавирзира:

– ХӀара кехат делир-кх Маликас, хьоьга ло аьлла, – киснара схьаяьккхина конверт кховдийра цо Заккаманига.

Ризванан карара кехат схьа а эцна, леррина цуьнга хьаьжира Заккамани. Чохь хӀумма йоцуш санна, юткъа а, еса а хетара конверт. «Хьаьнгара ду-техьа хӀара?» – хаьттира цо шега. Цунна дагадеара цхьа сахьт хьалха шена гина гӀан. Маретера бен хуьлийла а дацара кехат. Цкъа а, цхьанггера а кехат ца догӀура цуьнга, догӀуш хилча, Маликехула а догӀур дацара.

Кехат Маретера хиларх дог тешна ваьллера Заккамани. Амма цуьнан цуьрриг самукъа ца делира цуьнах. Конверт дӀаелла дагахь, цуьнан цхьа маьӀиг ятӀийра цо. Амма шега хьоьжуш юххехь лаьтта Ризван гича, кехат стоьла тӀе а кхоьссина, цунна тӀевирзира иза:

– Хьо хӀун деш лаьтта, ши бӀаьрг а къарзийна? Хьо хьажийнчу гӀо, чехка!

Ризван араваьлча, меллаша конверт схьа а яьстина, цу чохь шалхатоьхна Ӏуьллу жима кехат схьа а эцна, даржийра цо. Цуьнан бӀаьргашна хьалхахӀиттира зударийн хазчу хотӀца, кегийрачу элпашца яздина могӀнаш:

«Заккамани! Уггар хьалха соьгара а, сан накъосташкара а мерза маршалла ду хьоьга. ШолгӀа, дӀахоуьйту хьоьга, со бахьана долуш, хьалавогӀуш къахьега оьшуш цахилар. Ас хьайга дуьххьалдӀа аларна, суна бехк ца буьллур ахь: аьшпашца стаг гена ца вахало. Хьуо-хьайн Ӏехош, къона хан эрна дӀа ма яхийта. Суна вевзи хьо. Марет».

Заккаманин карара кехат, шершшина, пӀелгашна юккъера а даьлла, хӀаваэхь дайн техкина, цӀенкъа охьадуьйжира.

«Оффай, ма сиха дуьхьалдели суна сайн гӀан! Малика бохучу оцу шелӀано ма-варра дӀавийцина-кх со. Суна хаара, цо дуьйцур дуйла. Дела хила хьан а, хьо хӀокху агӀор ялийнчу Ахьмадан а шайн итт эзар дена неӀалт! Мотт йиттанийца! Со Тов-Ӏелин зуд ду-кх, ас шуна и марх ца даккхахь!» – цаьрга дӀахьада дагахь, шен бедарех тасавелира иза. Амма шен буьххьера айра охьа а даьлла Ӏуьллу туфли гича, дохко а ваьлла, сецира иза. «Тховса цкъа дика ойла а йина, кхана Ӏуьйранна гӀор со. «Ӏуьйре суйренал хьекъале ю», – бохуш, кица а ду».

ЦӀенцкъахь Ӏуьллу кехат схьа а эцна, лампа шен маьнгин гӀовли улле, стоьла тӀе а хӀоттийна, метта аркъал велира Заккамани. ШозлагӀа а деша ойла хилла, кехата тӀе хьаьжира иза. Амма оьгӀазбахана, бӀагорхьийзачу бӀаьргашна хьалха могӀанаш шалха-кхолхадуьйлура, шен цӀарна элпаш «зак-зак-зак» – бохуш, хьалакхиссалуш хетара цунна. Коьрто болх ца бора. «Хьонка нӀаьна хилахьара шух! Ша шершана баьлла ког бу!» – аьлла, кегийн кесгаш еш, этӀийна, кехат дӀа а кхоьссина, лампа чу а хьовзийна, пенехьа ха а хаьрцина, ши бӀаьрг хьаббира цо.

Дуккха а дӀасакирчинчул тӀаьхьа, эххар а, набкхийтира Заккаманина. Амма, уггар цунна наб марзъеллачу хенахь неӀарна тӀе хьабинчу буйнан татано самаваьккхира иза. Зайл боллаза йолу неӀ буйнан ницкъана кӀел схьаеллаелира.

– ХӀай кӀант! Чохь вуй хьо? – декара МутӀелипан гӀоргӀа аз.

– Йи…– аьлла, самавалаза волчуха узам бира Заккаманис.

– ОхӀ! Бусалба шен динора ву Ӏуьллуш! ГӀатта хьала! – тӀе а веана, хенан маьӀигах Ӏасанан юьхьиг Ӏоьттира дас.

Заккамани ши бӀаьрг а биллина, хьаьжира.

– ХӀун хилла хӀинца а? ЦӀе-м ца яьлла?

– ХӀун хилла а хоьттий ахь, иблис! Бутт лаьцна-кх! Массо адам Деле доӀанаш деш арахь хӀоьттина лаьтта, ткъа хьо, кхузахь, нал санна, дӀакхетта Ӏуьллу!

– Лаьцнехь, ахь соьга хӀун де боху? КӀордийна-кх суна хьо. Дийнахь-м ца вуьтура ахь со вижа, буса мукъане а витахьа. ХӀара буьйса набъян а, садаӀа а еллера-кх адамашна. Бутт лаьцна! Лоцур бацара, шен хеннахь дӀабуьзнехьара…

Заккамани шен дагахь дерг схьааьлла валале, хӀаваэхь шок тухуш, хьаьвзина еана Ӏаса, цуьнан букъа тӀе кхийтира. ШолгӀа го а баьккхина иза юхаерза кхиале, Заккаманис шен Ӏеминчу кадечу куйгашца дуьхьал гӀайба лецира. Амма МутӀелип а вацара кӀентан мекарлонаш ца хууш. Вовшийн ницкъе а, позицешка а хьаьжжина, тактика а хуьйцуш, дӀадоладелира латар. Заккамани маьнги тӀехьа кӀегарволучу хенахь МутӀелипан бӀаьргаша «ХӀинца-м сан карахь вариц хьо!» – бохура, юккъе доккха ков даьлла цергаш елакъежира. Оцу хенахь Заккаманис сацам бира, маьнги кӀелхула а ваьлла, араэккха. Амма циггахь дагахь доцу орца кхечира цунна: урамехь цхьаъ-м МутӀелипе кхойкхура.

Ден букъ неӀарх ара ма-тиллинехь, сихха неӀ тӀе а чӀаьгӀна, зайл боьллина, охьавижира Заккамани.

 

3

Заккамани Ӏуьйранна самаваьккхира, неӀарх дайн тоьхначу куьйган татано. Дегаза ши бӀаьрг а биллина, чухула дӀасахьаьжира иза. Даима санна, цуьнах боьлуш, корах чу хьоьжура аьхкенан Ӏуьйренан бовха малх. Пенаца кхозу тишъелла сира костюм а, цунна тӀехула тесна лаба кагъелла кепка а шега гӀийла хьоьжуш хийтира цунна. Буса дас динчу тӀелатаро тӀекӀелъяьхна хӀумнаш гора, ког билла меттиг йоцуш чухула яьржина.

НеӀарх юха а хӀума туьйхира. Тата дайн хиларехь хиира Заккаманина, неӀ еттарш МутӀелипан куьйгаш доцийла. ХьалагӀаьттинчу Заккаманис, новкъара хӀумнаш когашца дӀаса а тоьттуш, вахана зайл дӀа а баьккхина, неӀ схьайиллира. Учахь хӀоьттина лаьттара Ахьмад.

– Ӏуьйре дика хуьлда хьан, Заккамани! Чу вуьтий ахь?

– Диканца вехийла. Схьа чу вала, – элира Заккаманис, цуьнга дӀа а ца хьожуш.

Ахьмадах къайла ца елира Заккаманин бӀаьргаш чохь йогу оьгӀазлонан цӀе.

– Хьаха, вахана доттагӀ суна оьгӀаз! Амма эрна ду-кх. Ваша ватӀа кху белхан! ХӀара хӀун ду кху чохь дерг? Гора кӀант яӀ! ВаллахӀ ву оьзда вехаш! Еша книга, ладогӀа радиоприемник а яц чохь. Кху къухлахь-м вотангарш хилча а эхь дац! Мукъалла мархалвелла Ӏаш хилча мукъа а мегар дац жимма чохь цӀано латтийча?

– Дера, вуон ма Ӏа со, кху чу кир ца тухуш, горгам ца хьокхуш!

– Эхь хета хьуна? Хьо а, со а ваха дац дан-м! Хьайн къеначу нанна хьалхара и гӀуллакхаш ахь дича, нахана хьо сийдолуш-м хетар ву.

Иза забаре даккха ойла хиллачу Заккаманис куьг ластийра:

– Берахь цадинарг до хӀинца! Со-м холостяк вай, Ахьмад. ХӀинца цкъа суна бехк билла агӀо яц. Хуур ду, ас зуда ялийча…

Ахьмад, гӀадвахана, велавелира. Цунна дагадеъначух кхеттачу Заккаманин къамел, мотт сецча санна, цӀеххьана хедира. Ахьмадан велаваларо дегӀе оьгӀазе зуз хьадийтира цунна.

– Хьо… хьо хьанах ца вешаш воьлу? – аьлла, Ахьмадана тӀевегавелира Заккамани. – Хьайн зудчо селхана суна  йиттина мотт хьайна хуъушехь, кхин эхь а ца хеташ, сан хӀусаме а веана, сох воьлийца хьо? Вай доьшуш долчу хенахь буса кино даха ахча а доцуш, цӀахь яа сискал а ца хуьлуш, каникулшкахь шаьш децаш лелар хьалхе дицделла шуна…

Воьлучуьра а сецна, Заккаманин белша тӀе куьг диллира Ахьмада.

– Хьо дукха марсаваьлла, Заккамани. Ахь юьйцу хан суна йиц ца елла, амма и юьйцуш, хьо галвуьйлу. ХӀетахь, хьо санна, кино а лелаш, цӀахь дийшина а Ӏохкуш тхан беран хан чекхъяьллехьара, хьох хилла нах хилла хир дара-кх тхох а. Тхо-м кино даха ахча а, яа сискал а йоцуш ца леларий. Къинхьегам ца безачу стеган сий дац цхьаннахьа а. Ца дешна ахь Энгельсан дешнаш: «Къинхьегам хьолан хьоста ду. Къинхьегамо кхоьллина адам». Хьекъале дешнаш ду уьш, Заккамани. Ткъа селханлерчу гӀуллакхана бехке хьо ву.

– Со-х ваций и мотт йиттинарг?

– Мотт цхьаммо а ца биттина. Ахь хьо воцург а веш, нехан юьрта а вахана, аьшпаш биттина. Ткъа хьох лаьцна сайга хаьттича ас бакъдерг дӀадийцина. Цуьрриг а хьох эхь а ца хета. Уьш, чекхдевлларш дуьтур вайша, Закккамани. Со хӀунда веана дуьйцур вайша хӀинца.

– Цкъа охьахаахьа, тӀаккха дуьйцур ахь.

– ХӀан-хӀа, хиъна Ӏойла дац сан.

– Схьадийцал, хӀета.

Ши белш лаьцна Заккамани шена дуьхьал а верзийна, цуьнан бӀаьргашна тӀе бӀаьргаш а доьгӀна, хаттар дира Ахьмада:

– Стаг хила лаьий хьуна, Заккамани?

Заккамани цкъа цецвелира, юха оьгӀазвахара.

– И хӀун къамел ду? Со йоӀ ю-м ца моьтту хьуна?

– Ас-м оцу агӀор ца бохий. Цхьа бакъ ду, массо а боьршачу стагах стаг ву ала мегаш ца хилар. Боьрша нах кхо тайпа бу: къонах, стаг, божа а. Божа олу, хӀинца хьо санна, адманна а пайде а воцуш шен гена, шен дегӀана там хилчхьана тоуьйтуш, хьайба санна, вехачу стагах. Гой хьуна, беш болх а боцуш хьо ваьлла лела доьалгӀа шо ду. Дас дӀатесна хьо. Шуьшинна юккъехь денна дов хилар кху юьртана хаьа… Наха юккъехь сий дац хьан. Хьоьга ян ешар йолуш йоӀ яц кху юьртахь. И хууш, генна нехан юьрта а вахана, нах Ӏехо гӀерташ лелла хьо. Хьо муха ваха воллу? ХӀинца ахь схьалаьцначу новкъа ваьлла стаг малар мийла, аьшпаш битта, къоланаш дан волало. Амма гена ца воьду, юкъаралло дан дезза таӀзар до цунна. Хьажа хьайна гонаха долчу ирсечу, самукъанечу дахаре! Адамийн ирс а, самукъа а, безам а къинхьегамца ду. Хьо-х къона а, могаш а ву, хӀунда вац хьо вайн нийсаройн магӀарехь?

Заккаманис шен кӀесаркӀаг чу мӀараш хьаькхира. Ахьмадах летар ву аьлла сийсара сацам бина иза, хӀинца цо дуьйцучунна дуьхьал жоп дала дош ца карош, малвелла лаьттара.

– Кхетахьа, Заккамани, хӀинца мукъане а. ДӀатаса и айхьа схьалаьцна зуламе некъ. ХӀоьттина лаьттачу хих уьшал хуьлу, ткъа уьшал яхкало. Цуьнах тарлуш ву хьо.

– Ша хирг хилла даьлла. ХӀинца тӀаьхьа ду, Ахьмад. Со баттара ваьлла хьийзича а, сан яхна яьлла цӀе южур яц…

– ХӀан-хӀа, и бакъ дац! Эцца ца кхаьчча хьо хӀинца а. Амма кхин хьелахь, тӀаьхьа хир ду. Вайн колхозера ши стаг ву механизаторийн курсашка деша вохуьйтуш. Цаьршиннах цхьаъ хьо вахийтар тодина ас председательца. Хьо дешна валлалц колхозо гӀо дийр ду хьан. Цигара цӀа веъча, тхоьца болх бийр бу ахь. Реза вуй хьо?

Заккаманис юха а кӀесаркӀаг чу мӀараша хьаькхира.

– Хаац… цкъа ойла йийр ю ас…

– Амма, ойла еш, дукха ма Ӏелахь. Цига воьдург кхана дӀахьажо веза. Сарле цхьа сацам а бай, правлени дӀавола. Со цигахь хир ву. Марша Ӏойла хьо!

Ахьмад новкъа а ваьккхина, чувеанчу Заккаманис шен юкъахбисна болх дӀаболийра. Амма цуьнан ойланаш цу балхана дуккха а генахь яра. «Дас дӀатесна хьо. Шуьшинна юккъехь денна дов хилар кху юьртана хаьа. Наха юккъехь сий дац хьан», – бохуш, хӀинца а цуьнан лерехь декара Ахьмадан дешнаш.

Стоьла тӀера схьаэцна цигаьрка а латийна, иза а багахь маьнги тӀе аркъалвелира иза. Ахьмада динчу къамело ойла яйтира цуьнга. КӀез-кӀезга кхеташ, кхета вуьйлира иза бера хенахь дуьйна шегара дийлинчу гӀалатех. Коьрте лелхара юьртахь мехкарша шена техкина цӀерш, ша хьошалгӀа вахча лелийнарг, сийсарлера гӀан, Ризванан дешнаш, Маретан кехат, деца хилла девнаш, Ахьмадан къамел.

Уьш дерриге а, уьйриг хилла, хьийзара цуьнан коьртехь.

НеӀаран соне ши бӀаьрг а боьгӀна Ӏачу цунна хӀинцца бен ца гира цигахь Ӏохку шен туфлеш. Буьххьера айра дастаделла цхьа туфли, цецъяьлла, бага а гӀаттийна, шега хьоьжуш санна, хийтира цунна.

«Бакълоь Ахьмад. Хийца деза ас сайн дахар. Кхана деша дӀаваха кечам бан беза ас тахханехьа. Цигара веача ас хоуьйтур ду нахана со жуккар йоцийла!» – аьлла, хьалаиккхинчу цо айра дӀатега дагахь, тӀе а вахана, шен туфли схьаийцира. Леррина цуьнга хьоьжуш Ӏачу Заккаманина, ша бинчу сацамах йоккхаеш, иза шена елакъежаш хийтира. 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика