Халкъан а, мехкан а дуьхьа ваьхнарг

PDFПечатьE-mail

phoca thumb l 32840001

Сумбулатов Дени

Халкъан а, мехкан а дуьхьа ваьхнарг

 

Халкъаца а, халкъан дуьхьа а ваьхнарг Делан Iожалло дIавигний хаахь а, сингаттам, гIайгIа юссу даг тIе, ойланна, боккха эшам хаало синна. Карзахечу дахаро, кIуркIманехь хьийзачу ойланаша гатте хьовзийча, цхьаннах дагавала, дагардийца лиъча, хьуна везарг, оьшург, хьох кхетаверг уллехь ца хилча, шозза базло сингаттам. Нехан, халкъан сингаттамаш, баланаш шена тIеэца, цуьнца бекъа, дог хьаста хуучийх, луучийх а вара Айдамиров Абузар. Дала кIеда-мерза мотт, ира а, доккха а хьекъал, кхетам беллачу Абузарна хан карайора дийнахь иттаннаш хьеший тIеэца, царах хIоранга къамел дан а. Цкъа ша волче веанарг, масех шо даьлча юхавеача, цуьнан цIе а йоккхуш, велалой-векхалой, тIеоьцура цо. Iилманчашца, хьехархошца, студенташца, дешархошца къамеле вуьйлучу, цаьрга ладоьгIучу, хазачу забаршца хьешийн самукъадоккхучу Абузара, шен сих чекхъяьхна, халкъе кхачийнера «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романаш, кхин а иттаннаш, бIеннаш мехала произведенеш. Уьш язйинарг вара юьртара хьехархо, халкъана юкъара схьаваьлла халкъан дика кIант а хилла ваьхна, синкхетаман, иэсан само ларъеш лаьттина Мескитара Айдамиров Абузар.

 

Эзарнаш халкъаш шена чохь дехачу хIокху Дуьненахь кхетамца, цхьана маттаца, хьежамашца, лехамашца, мехаллашца кхиъначу адамийн тобан я къоман шена юкъахь цIе йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь-бехкан, доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш лаьтта, лаьмнийн бохь, чхар санна, мацах-цкъа дайша йоьгIна лекха бIов санна, Iу-Да а хуьлий,  самонехь. Цуьнан дахаран некъах а, цуьнан Дашах а хан-зама яларца къилба хуьлу, адамаллин, къинхетаман, доттагIаллин, стогаллин, собаран гечонах тиллачунна нисвала гIо дан ницкъ болу къилба.

Массо а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са цIена нах. Церан ницкъ кхочу шайн исбаьхьчу Дашца шен къоман лазамах кхечу къамнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта, дуьненахь а шайн дика гIиллакхаш, ламасташ довзийта. Цара шаьш бинчу кхоллараллин балхаца, къахьегарца, хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а.  Ишттачарах вара I933 шарахь Нажин-юьртан кIоштарчу Мескитахь вина, къона хан шен халкъаца цхьаьна ГIум-Азин арахь (ГIиргIазойн махкахь) дIаяхана волу Айдамиран Iабдулхьаькиман кIант Абузар. Нохчийн къам Даймахка юхадирзича, шен дай баьхначу юьртарчу школехь хьехархо, еххачу хенахь директор болх беш ша волуш Абузара коьрта лорура эхь-ийман, эхь-бехк долуш, къоме, махке безам болуш, кхечу къаьмнашца уьйр-марзо йолуш къона чкъор кхетош-кхиор. Оцу декъехь дика ларош болх барна «Нохч-ГIалгIайн республикан сийлахь хьехархо», СССР-н, РФ-н дешаран серлонан отличник цIерш елира Абузарна.

А.Айдамировга кхаьчнарг, кхаж баьлла кхаьчна таж, дарж а дацара, ткъа къоман кхолламах бакъдерг: «Маршонан кIентий», «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Лаьмнийн некъашкахула», «Кхолламан цхьа де», «Калугера йийсар», «Вайн амалш», «Нохчийн историн хронологи» - статьяшкахь, дийцаршкахь, повесташкахь, романашкахь халкъан дахарх бакъдерг яздарна, дуьненахь йоккхучу хенахь дIасатаIа йиш йоцу жоьпалла дара. И жоьпаллин деза къонахчун таж корта айббина лело хьекъал, кхетам, собар дара цуьнгахь. Цундела оьхура тайп-тайпана говзаллаш, корматаллаш, хьекъал, кхетам, амалш йолу адамаш цунах дагадовла, цуьнга шайн лазамаш бийца, цуьнан кхетамах, хьекъалх дуьзначу Даше, кIеда-мерзачу матте ладогIа. Цо, шен сица нохчийн къоман хазахетар, халахетар а ловш, хьанал къахьегарна, ас-со бахар, тхьамда, хьаькам хила гIертар цуьнан цIийца доцу дела, дахарехь бакъо, нийсо а езаш хиларна хаьржира Абузар I989 шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат. Нохчийн литература, истори, культура, къона чкъор, дийнна къам кхетош-кхиорехь юкъадиллина беркате доккха дакъа тидаме а эцна, Абузарна елира «Нохч-ГIалгIайн Халкъан яздархо» цIе, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан Iилман кхеташон декъашхоша елира цунна «Университетан сийлахь профессор»; НР-н Iилман Академин кхеташон декъашхоша - академик; НР-н Дешаран, Iилман министерствон коллегис – «НР-н халкъан хьехархо»; Культуран министерствон коллегис – «Нохч-ГIалгIайн республикан культуран сийлахь гIуллакххо» цIерш. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-фиологически факультет, Москвара литературан лаккхара курсаш чекхъяьхна волчу Абузара иттаннаш шерашкахь, ша яздрахойн Союзан Правленин декъашхо волуш дукха а, говза а гIо дира литературехь хьалхара гIулчаш йохучу къоначарна. Яздархоша шайн гуламехь НР-н яздархойн Правленин куьйгалхо хаьржира Абузар, цуьнан кхетаман, собаран, къомана цо мел динчу дикачу гIуллакхийн сий-ларам а бина.

Абузаран романаш, повесташ иттаннаш эзарнаш тираж а йолуш арайийлина нохчийн, гIалгIайн, оьрсийн, украинцийн, туркойн, Iаьрбийн меттанашкахь. Оцу къаьмнийн дешархоша лаккхара мах хадийна церан, уьш нохчийн къоман дахаран селханенах дог лозуш, карзахечу таханенна орцахвуьйлуш, кханенга дегайовхонан тIай а туьллуш, язйина йолу дела. А.Айдамировн произведенийн турпалхой халкъана юкъара бу; халкъ а, цуьнан шех цхьа а хьега йиш йоцу декъаза кхоллам бара историн бакъдолчун буха тIехь цо гайтинарг, шен сих чекхдаьккхина дешархочун тидаме, кхиэле диллинарг. ЦIеначу даггара яздинчун халкъо цIеначу даггара лаккхара мах хадийра, цкъа а цхьа а ца ваьккхинчу сий-лараман лакхене а ваьккхина, Абузаран цIарна тIетуьйхира халкъо «къонах-яздархо», «халкъан тешаме кIант», «мехкан къонах», - боху дешнаш.

Нохчийн къоман историн галморзахе некъаш, хилла бохамаш, бина тешнабехкаш бевзачу Абузара I99I-чуй, цул тIаьхьарчуй шерашкахь шен статьяшкахь, интервьюшкахь олура, яздора: «ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана тIехIиттинчу бохамаша дукха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехкедо оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а Iедалш. ХIаъ, хIокху тIаьххьарчу кхаа бIе шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дуккха а бахьанаш, гIалаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна. Керлачу бохамех, шен гIалатех нохчийн къам лардалийта Iалашо йолуш язйинера ас сайн исторически произведенеш…» Хьекъал, кхетам а болчу Абузара халкъ керлачу бохамех кIелхьарадаккха бинчу хьехаме ла ца дуьйгIира… Ша дуьйцучуьнга ладогIар кIезиг дуйла хуучу Абузара 2003-чу шарахь (I994-чу шарахь «Даймохк» газетан агIонашкахь зорбатоьхнарг) коьртте хIара дешнаш а яздина: «Нохчийн къоман ХХI-чу бIешарахь тIейогIучу тIахьенна», - аьлла дешнаш а яздина, «Вайн амалш» - книга араяьккхира, нийсачу, нахана, махкана пайдечу новкъа вала луучо шен кхилба лара мегар долу. Иштта бакъдерг хIинццалц цхьаммо ца яздина халкъан цхьана декъан амалх. Цо тидамза ца дуьтура нохчийн къоман кхолламах доьзна цхьа хIума, статья ца язъеш, интервьюхь ца хьахош, шен кхетамца мах ца хадош…

«…Вайх хIораммо а дицдан ца деза адамийн а, къоман а бартбийриг нийсо хилар. И нийсо яр Дала тIедиллина вайна. Оцу тIехь халкъана масал гайта декхар ду уггар хьалха пачхьалкхан куьйгалхойн, динадайн, шаьш цIена бусалбанаш ду бохуш лелачу нехан а. Уьш дог-ойла, куьйгаш цIена долуш хилахь, я цхьана дашца аьлча – уьш ийманехь хилахь, къоман барт хир бу, адамашна юкъахь нийсо хир ю, махкахь машар, беркат а хир ду», - бохра Абузара. Къона волуш, махкана, халкъана диканиг дан ца кхиарна кхоьруш,

…Беза хьо, Нана-мохк –

Дай баьхна латта.

Хьоьца ду сан ирс а,

Ас мел ен ойла.

Хьан дуьхьа къахьега,

Iожал тIеэца

Ца луун долу кIант

Дена ма войла!

дешнаш аьллачу нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочо Айдамиров Абузара шен дахаран некъаца хаийтира ша халкъан, мехкан а тешаме кIант хилар. Дуккха а диканиг динарг, халкъана хьанал хилларг терго йоцуш витча, дагахьбаллам буьсу. Делан гIоьнца, Абузаран сийнна вовшахтуьйхира суьйренаш, юбилейш, цхьаьнакхетарш; араехира нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цуьнан произведенеш. Къаьсттана дика а, хаза а хета 2004-2005 шерашкахь цуьнан произведенийн ялх том арахеца карахдаьлла (Москварчу бизнесмена Хь.Джабраиловс гIо а деш, «Центр гуманитарных исследований» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Н.Эльсункаевс), царна презентацеш ян ницкъ кхаьчна а, Абузарна хазахетар а деш. ТIаьххьарчу шерашкахь (Нохчийн яздархойн Союзан правленин председатель волуш) яздархойн Союзан кхеташонаш «Гумс» газетан редакцехь дIахьора Абузара. Абузар редакце вогIу де боккхачу кхоаца тIеоьцура редакцин белхалоша, цуьнгара керланиг, хьекъалениг, хазаниг а хезар дуйла тхайна хаарна. Тхан дехха къамелаш хуьлура литературах, историх, культурах, вайн къоман кхолламах. Муьлххачу а яздархочун керла ара мел яьлла произведени самукъадаларца тIеоьцура цо. Деган, синан а цIеналла хаалора цуьнан хIора а Дашехь. Шен могашалла дика йоццушехь презентаце веанчу Абузара деган лазамца къамел дира, къам керлачу бохамех лардан а гIерташ. Иза цуьнан халкъе дина тIаьххьара къамел хиллера. (2005 шеран апрель беттан 9-гIа де). Делан Iожалло дIавигира вайна юкъара 2005 шеран май беттан 27-чу дийнан Iуьйрана нохчийн халкъан кIант. ДIавахара Абузар, ша дукхавезачу, шена дукхадезачу халкъе весет дина: «Динашна а, къаьмнашна а юккъе дозанаш деттар; европейцаш, азиаташ, Малхбале, Малхбузе, бохуш, деш долу къамелаш тидаме ца оьцуш, Дуьненахь даха лаьара суна вайн къам. ХIокху Дуьненахь кхайкхо безарг машар, доттагIалла ду. Уьш долчохь бен зовкхе, ирсе дахар дац».

Кхойтта шо сов хан ю Абузар вайца воцу, гIиллакхан, оьздангаллин, хьекъалан, кхетаман, синан доьналлин масал хилла ваьхна волу, халкъан дуьхьа муха ваха веза шен дахарца гайтина волу къонах вайца воцу. Абузар вайца воцу денош алсам мел довлу, цо мел динчун ойла мел йо а, чIагIло нохчийн халкъан яздархочо М.Бексултановс аьлларг: «Зама хала ярий, атта ярий ца бохуш, ша къонах верг даима а къонах хилла чекхваьлла. Ткъа къонах воцчух цхьана а замано къонах ца вина…»

Массо а заманахь къонахаллица чекхвелира Абузар. Цундела цуьнан цIарах Соьлжа-гIалахь урам бу, НР-н библиотека ю, Мескитара школа ю. Абузара шел тIаьхьа вайна мел йитина исбаьхьаллин произведенеш, цуьнан собарх дуьзна Дош а дехар ду нохчийн дог-ойла йолу адамаш мел деха.  

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика