Кавказ, хьо яра сан да-нана хилла...

PDFПечатьE-mail

1

 

СУМБУЛАТОВ ДЕНИ

 

 «Кавказ, хьо яра сан да-нана хилла...»

 

 

ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина дуккха а керла исбаьхьаллин произведенеш зорбанера араевлира нохчийн яздархойн. Хууш ма-хиллара, коммунистически идеологин тIеIаткъам чIогIа хиларна, цхьана гурашкахь бен исбаьхьаллин произведенеш язъян ца мега зама ю иза. Кхоллараллин белхан хIора а векал декхарийлахь вара шайн произведенешкахь социализм, дада Сталин, коммунистически парти хесто, цара мел бохург къобалдан, халкъана керла дахар хаздарца цхьаьна и марздан а. Керла мел язйинчу произведенешна тIехь само латтош Iедал долуш, массо а дош луьттуш партин идеологин къилбанах кхоллараллин стаг тилла я ца тилла хьовсуш, леррина тIехIиттийна белхалой а болуш, халкъан лерса, дог а хьосту, синна оьшу дош ала доьналла долуш нах оьшура. Оцу луьрачу, иттанаш, эзарнаш адамаш бехк-гуьнахь а доцуш хIаллакдечу хенахь шайгахь доьналла дуй хаийтинарш кхоллараллин интеллигенцин векалш бара.

 

Нагахь йоза-дешар цахуучара Iедална шайн резадацар оьгIазаллица а, сардамашца а дог достуш хиллехь, кхоллараллин адамаша шайн дог-ойла исбаьхьаллин произведенешкахь йовзуьйтура. Зорбанехь араяхар сихха хила йиш йоций хуъушехь, язйинчу произведенешца достура шайн дегнаш цара. Накъосташна уьш ешаро а, цкъа мацца а зорбанехь ара а евлла, дешархошка дIакхочург хиларх йолчу дегайовхоно синтем бора царна.

Оцу поэтех вара М.Мамакаев, М-С..Гадаев, I.Мамакаев. Уьш бара нохчийн маттахь вайн къоман поэзехь керла дош аьлларш, шайл хьалха аьллачу исбаьхьаллин дашах шен дикаллица, говзаллица къаьсташ долу дош аьлларш.

Мамакаев Iаьрбин ялхитта шо бен дацара «Рабфак» стихотворени цо язйинчу хенахь. 1936-чу шарахь дуьххьара зорбанера араевлира Iаьрбин стихаш. Цуьнан стихаш, кхечарех тера йоцуш, керла яра шайн кепаца, чулацамца, мукъамца. Iилманчо Э.Минкаиловс чIагIдарехь, силлабо-тонически, дактилан кепехь нохчийн поэзехь дуьххьара стихаш язйинарг Iаьрби ву. Хазачу мукъамехь, цIеначу нохчийн маттахь язйина стихаш хазахеташ йоьшура дешархоша, царех цхьаерш иллешка, эшаршка а ерзийна, лоькхура халкъо: «БIаьстенан Iуьйре», «Баркалла хьуна», «Хелхаран бал», «Маржа яI!» БерхIитта-ткъа шо бен дацара поэтан цуьнан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а, эшарш а Нохчийчохь, тIаьхьо – Нохч-ГIалгIайн республикехь лоькхучу хенахь. Дукха къона волуш вевзаш а, везаш а волу поэт хилла дIахIоьттира Iаьрби. Вевзаш а, везаш а хиларо цуьнан дахаран сирла, цIена некъ сингаттамо кхуьйлира. Ткъа шо бен дацара поэтан СССР-н яздархойн Союзан декъашхойн могIаршка иза тIеэцча. Кхоллараллин новкъахь итт шарахь бен къахьега ца витинчу, кхоллам ца хиллачу 1арбис дуккха а лаккхара исбаьхьалла йолу произведенеш язйина. ХIора а дош, шен сих а доккхуш, поэта яздина дела, керла васташ кхоьллина дела, дешархочун сих кхеташ ду. Сих кхеташ, дог хьостуш а ду, цуьнан хIора а дашехь хесториг Даймохк, безам, Iаламан хазалла, доттагIалла, ша вина, шен бералла дIаяхана Теркайист йолу дела. Говзанчо исбаьхьа хаза диллина сурт бIаьргашна хьалха дIахIутту, Iаьрбин «Сарахь Теркан тогIехь» стихотворени ешча (и стихотворении шен I7 шо долуш язйина Iаьрбис):

 

Ма хаза ю-кх хьо, шера тогIи,

Хьайн бай тIе цIен зезаг даьлча,

Ма хаза ю-кх хьо, Теркан гIайре,

Хьайна тIе баьццара къаж яьлча.

 

ДIо варшахь къоркхокха бека,

Малх а бу регIа тIе лахлуш,

Мархашлахь кIайн куьйра техка,

Суьйренца чудерза кечлуш.

 

КIудалца йоI хи дан йогIу,

Ша хьегнарг веъний а хьоьжуш,

Велакъежаш, кIант дуьхьал вогIу,

Хьалххе, ша аьндерг а кечдеш.

 

Уьш совцу. Цара безам буьйцу,

Терк доьду, иллица Iенаш,

ДIадевлларш, хиндерш цара дуьйцу,

Даккхийде и шиъ, шайн ирс гуш.

 

Со Iийна цу Теркан тогIехь,

Виц а лой, тулг1еша хьоьстуш,

Цу тогIен эсалчу хIонехь

Мархашца са тIемадуьйлуш.

 

Меллаша малх хьулло регIахь,

БIаьргашна чухьоьжу бодаш,

ДоттагI! Цу суьйренца тогIехь

Хьо Iийний, Терке а хьоьжуш?

 

Ма хаза ю-кх шера тогIи,

Шен бай тIе цIен зезаг даьлча,

Ма хаза ю-кх и Теркан гIайре,

ГIамар тIе баьццара къаж яьлча!

 

Цхьа могIа, цхьа дош шена юкъара дIадаьккхича, и исбаьхьа, хаза кхоьллина сурт поэта ма- кхоллара хирдоцу дела, ма-ярра дIаязйира вай и стихотворени. Iаьрби поэт-лирик вара, уггаре а ховха шен синхаамаш дешархочун сине а, даге а дIакхачо пох1ма долу лирик. Iаьрбис, вай лакхахь ма-аллара, дуьххьара нохчийн литературехь кхоьллира говза васташ. Шен бIаьргашна гушдерг дIаяздарх тоам а бина Iачу поэтех вацара Iаьрби, шена гушдерг куьце, васте дерзийна, хазачу дашца варкъ а даьккхина, бIаьрг хьостучу суьртехь дешархочуьнга дIакхачо говзалла йолчу поэтех вара:

 

Даккъаш дийшош, юккъеяьлла

Тийна буьйса. Эсал бутт,

КIеза санна, аркъалбаьлла,

Мархийн марахь ловзуш бу.

                                     («Берзан бекхам»)

 

НIаьнеш кхойкхуш, садаьржина,

Стиглахь етташура ю.

Бутт, сахиллалц ца бижарна,

КIолдан мижарг санна бу.

                                      («Садаьржаш»)

 

Цундела пох1ма долчу Iаьрбин тоьлла стихаш цIеяххана бевзачу поэташа Э.Багрицкийс, А.Тарковскийс, Н.Асановс гочйина, 1938-чу шарахь Москвахь арадовлучу «Халкъийн доттагIалла» («Дружба народов»), «ЦIен седа» («Красная звезда») журналийн агIонаш тIехь арайийлар ларамаза дацара. 1940-чу шарахь араелира поэтан хьалхара «Теркан тулгIенаш» цIе йолу стихийн, кхаа поэмин дакъойх лаьтта гулар. Оцу шарахь дешархошка кхечира «Винчу юьрта» цIе йолу повесть. 194I-чу шарахь араелира «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма, Iаьрбин цIе нохчийн литературехь гуттаренна а яха йитина йолу. Поэтан хIора а произведенино керланиг деара нохчийн литературе. Делахь-хIета, вайн хIораннан а дахаре а веана Iаьрби башха, тайп-тайпана, беркате тIеIаткъам беш. Нохчийн халкъан яздархочо М.Бексултановс шен «Тоьллачех цхьаъ» цIе йолчу эссехь («Орга»,2003, №II) яздо: «Итт-пхийтта шо кхаьчча, суо жима бер долуш, Олхазар-кIотарахь, дуьххьара айса ешна хилла Мамакаев Iаьрбин «Дагалецамаш» цIе йолчу поэмин кийсак дагайогIу суна тахна а. ДагадогIу, хIокху могIанашна тIекхаьчча:

Со бертал бай тIехь, сайн

Когаш а ловзабеш,

Ма Iиллир-кх хIетахь, дайн

Иллеш а декадеш…

 

Иштта бертал бай тIехь Iуьллуш волчу айса киншка охьа а йиллина, цигахь ма-дийццара, когаш лестийна, сайн иза муха нисло а хьоьжуш. Со жима вара, суна Iаьрби а ца вевзара я поэзи а, иза хIун ю хууш. Сайна поэзи цу дийнахь евзича санна хета суна хIинца а, я баккъал а езаелча санна. И могIанаш хIетахь дуьйна кхин дагара а ца девлла суна, цара сайна хIоттийна хилла бераллин цIена сурт а. Юха кхано, воккхахила воьлча, борхIалгIачу классе суо хьалаваьлча, «Нохчийн лаьмнашкахь» боху поэма йоьшуш, суо вилхина дагадогIу суна, хьуьн чохь леш воллучу АслагIина тIехIоьттина лаьтташ Селехьат а, ШахIид а долуш…Iаьрбин цу поэмехь каяьлларг, я цуьнан гайта ницкъ кхаьчнарг, нохчийн цIена амалш ю, юккъехь тешам а, безам а, лазам а болчу нехан уьйраш. Хьалхара сюжет ю цигахь, поэтна карийна йолу, шоллагIа – мотт бу. И мотт коьрта а бу-кх. Iаьрбин мотт чIогIа сурт хIоттош мотт бу, гIиллакхашна, амалшна, Iадаташна тIе а кхийдаш. Ткъе цхьа шо бен дацара Iаьрбин, шен «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма а язйина, нохчийн поэзин лакхенашка иза кхаьчначу хенахь. Вуно къона волуш цIеяххана вевзаш  поэт а хилла дIахIоьттинчу Iаьрбица хьагI-гамо йолчара оцу заманахь цуьнан дахарна кхераме мел йолу цIе йоккхура цуьнан цIарна уллехь. Царех Iедалан тидам тIехь сецнарг яра уггаре а кхерамениг: антисоветчик. Харц мотт а бина, йоцу цIе а кхоьллина, поэт набахтехь яккха итт шо хан а тоьхна, чувоьллира. Ростов, Красноводск, Чита, Хабаровск, Магадан гIаланашкарчу лагершкахь, набахтешкахь дIаяхара Iаьрбин дахаран ялхитта шо хан. Оцу ялхитта шарахь дейтта шо Магаданехь даьккхира поэта. Мацалла, шело, шена дукхабезачу Даймахках, йиша-вешех, доттагIех, уьйрех къастар хала лайра поэтан экамечу даго. Цунна цигахь девзира дика а, вон а адамаш. Вевзаш волчу поэто, журналисто I. Кусаевс ша I. Мамакаевх язйинчу статьяхь боху: «Гулаган эпопеян шерашкахь I. Мамакаевна бевзира, доттагIаллин уьйраш тийсаелира бевзаш болчу дуккха а нахаца: СССР-н халкъан артистца Г. Жженовца, цIеяхханчу конструкторца С. Королевца, яздархочуьнца А. Солженицынца (цо поэтна совгIатна делла куьйгайозанаш хIинца а лардеш ду I. Мамакаевн музейхь), эшарш лакхархочуьнца Л. Руслановаца (Iаьрбина цо совгIатна елла шен эшарш тIехь йолу экъанаш музейхь ю)».

Оцу уьйраша ваха ницкъ лора цунна, кханенах дог а ца дуьллуьйтуш. СССР пачхьалкхан баьчча И. Сталин веллачул тIаьхьа набахтешкара арабехира цхьаболу тутмакхаш. 1944 чу шарахь нохчийн халкъаца цхьаьна Казахстане дIабигинчу шен гергарчех, доьзалх 1956-чу шарахь д1акхийтира Iаьрби. Оцу хенахь «Къинхьегаман байракх» газетан редакце вогIура поэт шен керла произведенеш  йохьуш. Нохчийн маттахь газет арадаккха, наггахь радиохула вайнехан эшаршка, мукъамашка ладогIа коммунистийн партино, Iедалан куьйгалхоша а бакъо ю моттийтина хан ю иза. Кхин йоккха маршо, бакъо ца хиллехь а, кхоллараллин нехан кIеззиг аьтто белира вовшахкхета, шаьш язйинарг вовшашна еша, шаьш язйинчех Iедало магийнарг газетан агIонаш тIехь араяккха. Цу хенах а, Iаьрби шена вовзарх а иштта яздо шен «Дагалецамашкахь» нохчийн халкъан яздархочо А. Айдамировс: «1957 шеран бIаьстенан юьххьехь Алма-Ата ваха дагадеара суна, сайн дийцарх а, стихех а хIун деш бу хьажа а, яздархой бовза а.

Апрель бутт чекхбала иттех де дисинчу хенахь Алма-Ата вахана со «Къинхьегаман байракх» газетан редакцехь цхьаьнакхийтира С.Арсановций, I.Мамакаевций, Н.Музаевций, хIетта яздан буьйлабеллачу Х.Эдиловций, А.Ведзижевций, А.Боковций, Р.Ахматоваций, З.Джамалхановций. М-С.Гадаев Даймахка дIаваханера. Со цигахь волуш дийцаре дира сан «Къоналла» дийцар а, стихаш а. Стихех дерг-м Хасмохьмада соьга сайга дийцира. Уьш ледара го бохура, ритм, рифма а йоцуш, стихийн техника а ца ларъеш язйина. Иза бакълоьра. Суна ца хаьара рифма, ритм хIун ю. ТIекIел биъ я бархI могIанаш язбичахьана, стихаш хуьлу моьттура суна. Сан дийцарх къамел дира А.Ведзижевс. ЛадоьгIуш бара А.Боков, З.Джамалханов. Ахьмада къамел деш чувеара I.Мамакаев.

Iаьрбин кхолларалла суна жима волуш евзинера, чIогIа еза а еллера. Цуьнан дуьххьарлерчу книгин – «Теркан тулгIенаш» – цIе йолу стихийн гуларан мужалт даим а дагахь лаьттара суна: сийначу Теркан тулгIенаш, Iаьрбин сурт а.

Суна Iаламат чIогIа езаеллера цуьнан кхолларалла, къаьсттина – «АслагIа, Селахьат» цIе йолу поэма. 1942-чу шарахь лаьцна, ГУЛАГ-н лагершкахь дейтта шо даьккхина, дукха хан йоццуш реабелитировать а вина, цIа веанера иза…

И сан дийцар хастийра Iаьрбис. Мотт а, чулацам а дика бу бохуш, суна хIун ю ца хуу композици, сюжет, кульминаци а хьехош. Iаьрбис ма-хесттора, и сан дийцар дика доций хаьара суна, аьттехьа а. ХIетте а, цуьнан къамело чIогIа маслаIат дира суна. Оцу сан дог доьхначу миноташкахь Iаьрби цига ца нисвеллехь, цо суна и маслаIат ца динехь, хьанна хьаьа, литературехь болх дIатесна хила а магара ас».

Абузаран тоьшаллехь билгалдолу цхьаъ, иза коьрта а ду: Iаьрби цIена са долуш, дог дика долуш стаг хилар. Халкъах а, махках а къаьстина, набахтешкахь, лагершкахь  яккхийтинчу хено кIоршамалла, хьагI, дегаволла ца кхоллаялийтина Iаьрбин амалехь.

Нохч-ГIалгIайн республике цIавеанчу Iаьрбис ша яздархойн Союзехь йоццачу хенахь литконсультант болх беш дуккха а къоначарна гIо-накъосталла дора. Партин могIаршка ша юхаметтахIоттийча, партбилет схьацаэцарна, литконсультант волчуьра дIаваьккхира Iаьрби. Зорбанера ара ца йоккхура «Винчу юьрта» цIе йолу повесть. Бахьана? Оцу повестехь хьахийна I3 шо нохчийн халкъо Сибрехахь даьккхинчу I3 шарца кхоллараллин нехан дашна тIехь терго латточара дозар, повестехь юьйцург кхин хан, кхин зама, кхин хиламаш белахь а. Юха а, антисоветчик аьлла цIе а тиллина, психбольнице виллира Iаьрби. И хала киртиг цунна тIехIоьттинчу хенахь орцахвеара, I.Кусаевс дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн республикехула «Правда» газетан собкор волу Сергей Воронин. Цо, 1940 шарахь зорбатоьхна хилла повесть Москварчу библиотекера Соьлжа-гIала еана, гайта езачарна гайта а гайтина, тоьшалла дира «Винчу юьрта» повесть вайнах Сибреха бигале язйина хиларан. Цул тIаьхьа бен мукъа ца ваьккхира Iаьрби.

Харцонаша, набахтешкахь, лагершкахь лайначу баланаша, дукхаеза йиша Тамара хеназа кхалхарца боьзначу сингаттамо а могашалла эшийнера Iаьрбин. «БIаьргех хиш Iийдало» стихотворенехь шен тиллачу ойланех, салаьцначу баланех, къастаран къахьонах, шен йишин дог хьаста ца хиллачу хенах дерг далхадо, шен бIаьрхиш а ца лечкъош, цIеначу даггара Iаьрбис:

 

Бертаза Iийдало

               бIаьргийн хиш тахна…

Бехк а бац: дог ду и

                гIайгIано хьаьшна.

Кхин йоьрзурйоцчу хьо

               хIинца дIаяхна,

Хьан нанас винчун дог

               доьлхуш ду эшна

 

Дуьненахь яьккхинчу йоццачу хенахь шена дукхабеза болх бан, шен йиша-вешех, доьзалх марзо эца а ца витира поэт. Цуьнан иштта кхоллам хиларан бахьана деккъа цхьаъ дара: Iаьрбина шен халкъ, Даймохк безар, пох1ма долуш хилар. Пох1ма долуш хиларна – хьагI йолчарна ца везара; халкъ а, Даймохк дукха хазачу нохчийн маттахь хесторна – Iедална ца везара. Iаьрби нохчийн литературехь дуьххьарлерниг ву доггах Кавказ, Нохчийчоь, нохчийн къам хестийначех, ша оцу хастамашца лаьмнийн баххьашка хьалавала а ца гIерташ:

 

Сан лекхий

Я лохий

Хила ца деза:

Юккъера стаг ву со,

Хьан Iин чохь кхиъна.

Кхиийнарг,

Iамийнарг со нохчий беза,

Кавказ, хьо яра, сан

Да-нана хилла.

                («Кавказе маршалла»)

 

Наггахь бен шен паргIат ца хиллачу хенахь Iаьрбис язйина стихаш вайн поэзин жовхIарш лара мегар ду. Поэзи езархошна иштта хета а хета уьш. «Даге» стихотворенехь поэта къамелдо шен дуккха а харцонаш лайначу дагца. Кхоллараллехь къахьега а лууш, къахьега таро ца хилийтинчу, ца хиллачу поэта боху:

 

Яздан ницкъ боллушехь,

Ца яздеш дисна,

Дагахь дерг дIаяздан

Таро ца хилла,

Безаман алунна

Хьо юьстах тилла.

Лаамца,

Лаамза

Некъаш тIе дийлла,

Кхолламо гайтинарг

Ницкъ боцуш нисдан,

Хиллачу гIелонна

Хьо кIел ма дислахь!

 

 

Муьлххачу хьелашка ша хIоьттича а, кхоллараллица йолу зIе, шовкъ ца хадош, ца гIеллуш, вехара поэт. 1957-чу шарахь араяьллачу «Органан тулгIенаш», «Нохч-ГIалгIайчоьнан поэзи» (Москва, 1959шо) гуларшна юкъаяхара Iаьрбин стихаш. Iаьрбина дика евзара, дукхаезара тайп-тайпанчу къаьмнийн поэзи. Къаьсттина дукхаезара цунна С.Есенинан, М.Лермонтовн стихаш. Церан стихаш, 30-чу шерашкахь ша радиохь болх беш волуш, хаза ешарал сов, нохчийн матте гочйира: «Ангел», «Казачья колыбельная», «Горные вершины», «Прощай, немытая Россия»; «Измаил-бей» поэмин дакъа а. Iаьрбин стихаш тIехь даьхна иллеш, эшарш а сих-сиха локхуш хезара дIадаханчу бIешеран 60-70-чуй шерашкарчу йишлакхархоша, иллиалархоша. ХIинца хезаш дац уьш. Бакъду, цуьнан стихашна юккъера цхьадолу могIанаш-м дешало къоначу «поэтийн» стихашкахь, «иллеш», «эшарш» йина лоькхуш хезачу.

Беха бацара Iаьрбин дахаран а, кхоллараллин а некъ. Шен сил дукха халкъ деза, халкъана а веза поэт I. Мамакаев харцонаша дагна бина ницкъ бахьанехь хеназа Iожалло дIаваьхьира шен доттагI А.Айдамиров волчу Мескита хьошалгIа вахханчохь. Иштта яздо Абузара Iаьрбин дахаран тIаьххьарчу минотех: «Со волчохь цо кхо-диъ де доккхуш, тхойшинга хабар кхечира:

Грознехь нохчий, гIалгIай а юха махках бахар дIахьедеш митингаш, демонстрацеш еш бу, цара партин обком а, кхин цхьамогIа пачхьалкхан учрежденеш дIалецна, нохчашна етташ бу аьлла. И гIуллакх чIогIа Iаьткъинера Iаьрбина… Iаьрби, шен дог дика дац аьлла, когара мачаш дIа ца йохуш, дIатевжира. Хьалха цо суна дийцинера, шена шозза инфаркт хиллера бохуш. ТIаьххьара  хилларг шен йиша Тамара кхелхича а хуьлуш…Цхьа сахьт далале Iалви а, цуьнан хIусамнана Хама а, цаьрца республикин могашаллин министран заместитель Цутиев а, районан больницан коьрта лор а кхечира. Iалвига, халла масех дош олуш, вистхилла, цхьа сахьт даьлча, дIакхелхира Iаьрби. Иза дара 1958 шеран 26 августехь. Со воьхна хьийзара. Дуьненахь суна уггар дукхавеза сан доттагI со волчу хьошалгIа веача, цIеххьана дIакхелхинера. Iаьрби цIена, бакъонца нохчийн халкъан кIант вара. Цхьа гушдоцчу пхенашца шен халкъаца дозаделла дара цуьнан майра дог. Оцу дийнахь карладевлла, Iаьткъина хир дара 1аьрбина шен ден хьуьнаре дахар, цуьнан хилла Iожалла, бехк-гуьнахь доцуш ша лацар, ГУЛАГ-н лагершкахь ша яьккхина пхийтта шо хан, шен халкъ махках даккхар, оццул дукха баланаш лайначу шен халкъах ца Iебаш, оцу деношкахь цунна дуьхьал Соьлжа-гIалахь лелош дерг а.

Iожалло хеназа Iаьрби дIа а вигина, цхьана шаре а ца делира тхойшиннан цIена доттагIалла. Амма оцу кIеззигчу хенахь лаьттина и доттагIалла ерриг а оьмарна сан даг чохь дисира…»

Иштта ваьхна, шел тIаьхьа шех лаьцна ала хастаме дош а дитина, дIавахара поэт, прозаик, публицист, гочдархо Мамакаев Iаьрби. Iаьрби дIакхелхина шо даьлча дуьнен чу ваьллачу поэта Бисултанов Аптис Iаьрбина лерина ша язйинчу стихотворенехь баьстина поэтан Iожалло шен дагна бина хораме шад:

 

Илланчин куьйгаш пондаран пиллигаша бен ца дохдо.

ГIорийна когаш даймехкан лаьтто бен ца бохбо.

Рояль а ша бу дечигах бина –

Цуьнан а ма хилла цкъа орамаш.

Полонез лакхийтийша,

Даймехкан ноти тIера дIайолаяй,

Къастаран ноти тIе кхаччалц.

 

Iаьрби винчу юьртахь, Лаха-Неврехь, Эдуардан (Iаьрбин кIентан) дIадолорца схьайиллина болх беш ю литературно-мемориальни музей. Оцу музейхь дIахьо поэтан дахаран, кхоллараллин некъана лерина тайп-тайпана мероприятеш: яздархошца цхьаьанакхетарш, Iилманан-практически конференцеш.

2003-чу шарахь Нохчийн республикехь Мамакаев Iаьрби вина 85 шо кхачарца доьзна даздарш дIадаьхьира, церан юьхь поэтан литературно-мемориальни музейхь вовшахтоьхна дIаяьхьначу Iилманан-практически конференцица дIайолош. Оцу конференцехь дакъалецира тайп-тайпанчу дешаран учрежденийн векалша, поэташа, прозаикаша, культурин, искусствон а бевзашболчу наха, хьехархоша, Iилманчаша, поэтан юьртахоша. Нохчийн пачхьалкхан университетан, хьехархойн институтан, училищан аудиторешкахь, школашкахь а хеза Iаьрбин стихаш. Цуьнан озехь хаало даймахкана, шен халкъана  хьанал ваца цуьнан хилла боккха лаам, дуккха а дика гIуллакхаш дан цакхиарна кхерар:

 

Суьйренга лестина,

Сан шерийн йорта,

Дог, шек ма далалахь,

Хьалхе ду алий;

Йисинчу хьайн ханна

ГIоза а далий,

ЙогIучу суьйренан

Беркат а ларий,

Iуьйранна ца динарг

Дан кхиа гIорта,

Кхетаммий,

Безаммий

Хилийта шорта…

Iаьрбин «КIанте» цIе йолу стихотворени муьлххачу а дас шен кIанте дан мегар долу весет санна ю тахана а, иштта хир ю иза кхана а:

 

 

Варий, кIант! Нахаца

Тешамберг товш ву,

Хьоме мохк безалахь,

Нанна бер санна.

Стаг волчо во-дика

Цхьабосса ловш ду,

Оьзда гIиллакх ларделахь,

Вайн дайша санна!

 

 

Iаьрбин дахаран некъ хилла, шех масал эца, весет санна тIелаца хьакъ а болуш. Цундела ву иза, Поэт аьлла цIе яьккхича, дуьххьара дагабогIучийн могIарехь хьалха лаьтташ.

 

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика