Ден хьехамашца еха со…

PDFПечатьE-mail

IMG 9427

ИСРАИЛОВА ЛУИЗА

 

Ден хьехамашца еха со…

/Эссе/

Дада, тӀекхечи-кх хьо вина де а!..  Ма чӀогӀа лиънера суна  цхьа мерзачу дешнех юьйцина кочар Хьуна кечъян... Амма юха а байташкахь ца хили сан Хьоьга болу безам бийцар... Цунах дийца дешнаш  цатоарна а кхоьру со ... 

Муьлххачу а йоьӀан озабезам дега хуьлуш бу...  Ненах къахета, ткъа озабезам – дега. Иштта сан а... Бакъдерг аьлча, дагахь алсам Хьан хьехарш лаьттиний-те, олий а, хета...  Диц ца ло суна: мацах цкъа балхара цӀа вогӀуш волчу Хьуна мел генара гинера вайн гергарчу Зураана тӀехула куьг доккхуш, со мараэккхар...  ТӀаккха Ахь, хьуо охьа а тоӀуш,  воккхачунна мараэккхаран кеп гайтар хӀинца а дагара ца долу суна.  Ткъа  гоьллелц хатташ биттина, ас охьаехкинчу эткашка хьажа Ахь со, мохь тоьхна, араяккхар а ма-дарра догӀу дага. Цу хенахь суна хууш а ма дацара " мел боккха хатт хиларх, мачаш къегина хуьлу Ӏабдул-Хьамид" хьо вуй.  Суна-м, тхайний бен, хьо иштта дукха ца веза моьттура...  ТӀаьхь-тӀаьхьа хийрачу наха а Хьох дуьйцучу хазачу хабарша, Хьан дикачу гӀуллакхаша суна эхь хоьтуьйту...  Ишттачу ден  йоӀ хила хьакъ ярий-те со олий... Ткъа сан дагна дукхаезачу доттагӀчо: "Луиза, оцу ден йоӀ йолу хьо, Ӏилманча цахилар-м нийса а дац хьуна", – сайга аьлча, сайна хилла там бийциний ас Хьоьга? Хийламмо "Хьан да ву и??? Ма чӀогӀа Дех тера догӀуш ду хьан аматаш", – аьлча.... ца олу ас тӀаккха....Я ала ас? Суна сол ирсе ма ца хета цхьа а!

 

ДӀаяханчу хене ойланца  юхаяхча, суна  хӀун хета хаьий Хьуна?  Къахьега марзйинарг а, хӀуманан пусар дан Ӏамийнарг а юха а Хьо хета-кх... Массо хӀума лерина, доггаха ду-кх хьан... цхьа башха доггаха... ДагадогӀу суна, цӀахь бан беллачу балхах кхета а ца кхетта, цхьаъ хатта  дуьххьара, киншка а йохьуш, Хьуна тӀеяр. Ахь дов ца дира, амма лаьтта буха яллал эхь хетийтира, "Урокехь кхунах дуьйцуш стенгахь яра хьо?" – аьлла.  Кхин со ца  хӀуттура Хьуна тӀе ян. Со кхийтира, урокехь керлачу хааршна саьхьара хила езарх. Киншкаш хьахаелча, суна хӀун деа ала ахь дага... ТӀеман шерашкахь Хьайн библиотека ларъяр а, тхоьга ахь весет дар а... Нанас цкъацкъа хьовза а ма вора: "Тхол хьалха кӀелхьараяха кечйинарш уьш ю хьан", – олий. ДӀо генарчу махкахь, тхоьца цхьаьна шайх мухӀажарш йина, уьш лар а ма йира!.. Ма-оьшшу, вайн гергарчу Ӏумаран йоккха машен а ма нисъели. Массеран сал-пал а, иштта хьан "бахам" а чутарбаллал. Тхо цига дӀа а тардина, Хьо цӀа вале дина весет: "КӀирнах цкъа машенан неӀ еллий, чу мох кхетийталаш, ларъелаш уьш тӀуналлах", – аьлла. Дош дезар, хӀуманан пусар дар ма дара и. Хьан киншкашца йолу юкъаметтиг шатайпана хиларх дукха жима йолуш кхийтира со. Дагахь ду: "Мужалт аркъал ма яккха, киншка ах схьаеллий, еша атта долчу кепара тӀе а ерзош, еша. Бага пӀелгаш Ӏуьттуш, аг1онаш дӀа а ма херца. Хьажал кхуза, иштта лакхара д1ахарца атта хуьлу хьуна агӀо", – аьлла, дуьххьарлера туьйранийн гулар сайн караялар... И мастер-класс-м ас сайн дешархошна а ло хьуна хӀинца а. 

Ӏ0- ӀӀ -чуй классашкахь Ахь нохчийн мотт хьоьхуш, кхечу берашна хьалха озабезам бо ца алийта, дуьххьара соьга хаттар а суна мел чӀогӀа товра… Ӏ4-Ӏ5 шо кхаччалц чӀогӀа озалора со хьох. Нохчийн Ӏадато ма-бохху и хиларх тӀаьхьо кхийтира со. Ткъа тахана вайшиъ доккха ши доттагӀ ду... "ХӀаъ, Луиза еъча санна, велалохьа тхуна а", – вукхаьрга а бохуьйтуш. Хаа дезара царна, вайшиннан ваьшшинна къайленаш юй а. Со бер долуш дуьйна: "Сан дена товр дарий-те хӀара гӀуллакх?" – олий, вуочу  хӀуманах даима а ларъяла иэс даларна Далла хастам бина а ца йолу. ЭхӀ, ма дукха хаза хабарш дар-кх Хьох дийца, амма тховса суна  коьртаниг Хьо декъалвар ду! .. Дада,  хьо вина Де долчу буса кхин цхьа лаам а гӀаьтти сан... Хьуна хьуо кара ма-варра, кху дахарехь суна суо а карайойла! Ас бохучух хьо дика кхетар вуйла хаьа суна... Алапина, ахчанна, бохчанна а доцуш, кху дуьненахь бекхам хиларе са а ца туьйсуш, Дела дуьхьа мела баккха Хьуна Хьо каринийла вайн юьртана а хаьа!.. Сан а бара-кх и лаам, иштта суна суо а караяр... Цунах юха а ял Хьуний, Маминий хир ма яра... 

АллахӀ-Дала дуккха а, дуккха а вахавойла Хьо тхуна массарна а!!!  Могуш а, маьрша а волуш!!!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика