ДЕШХЬАЛХЕНАН МЕТТА

PDFПечатьE-mail

Гуржи

Гадаев Мохьмад-Салахь

ГУРЖИ

Повесть

ДЕШХЬАЛХЕНАН МЕТТА

 

Дагахь кхоьллина а доцуш, билггал хилла долу хӀуманаш ду кху тӀехь дуьйцуш дерш. Уьш бераллехь хилла хӀуманаш долу дела, берашна дуьйцуш а ду, баккхийчарел а дика бераш кхетар дуйла хууш.

Бакъду, дерриш а-м кхетар дац бераш. Хьайбанашца, жӀаьлешца, цицигашца доттагӀалла ду дуьйцуш дерг. Цхьадолу бераш и тайпа доттагӀалла девзаш дац. Мелхо а, «мостагӀалла» ду церан жӀаьлешца, цицигашца, хьайбанашца, олхазаршца. Хьозанан бен бохош, цициг лазош, жӀаьла Ӏехош, цунна къайлаха тӀулг-гӀорза тухуш сакъерало церан. Къиза дегнаш хилар ду иза. Къиза дог – вон дог ду. Воккха хилча а, иштта вон дуьсуш хуьлу и тайпа бераш. Дукха хьолахь. Бакъду, воккха хилча «лачкъо» хьийзадо шен вон дог. Нахана гучохь «культурни» хила а гӀерташ. Амма берахьлера деган къизалла, д1а ца яьккхина къизалла, гуттаренна а юьсуш ю.

И деган къизалла (деган волла) ян а йоцуш, xlopa а садолчу хӀуманах хета къа а долуш, бецан хелиган а бан тӀалам а болуш долчу берашна девзар ду дуьйцуш долу доттагӀалла. Амма цхьа кхин ду: хьайбанашца, жӀаьлешца, цицигашца, олхазаршца доттагӀалла хир дац моьттуш долу бераш нисдала тарло къинхетаме дегнаш долчарлахь а. Баккхийнаш а хуьлу и моьттуш. КӀезиг а ца хуьлуш. Ткъа иза деган къизалла а йоцуш, доттагӀалла таса цахааро хӀоттош сурт ду.

 

Хаттар хӀутту: кӀорггера хаамаш, яккхийра говзаллаш оьший-техьа хьехош долчу дийнаташца доттагӀалла тасархьама? Ца оьшу. Хьастар бен, кхин хӀума ца оьшу. «Хьастаме кхиъна эса шина аттах декхна», олуш ду. Ша хьаьстича ца хууш дийнат дац. Вай хьехош долчарлахь. Лаххьийна коьртан хье дӀабаьккхича, хӀумма а ган ца го, хаза а ца хеза жӀаьлина бохуш, дуьйцу И.П. Павловс. Амма, букъа т1е куьг хьаькхна, ша хьоьстий хаалой, цӀога ластадора ишттачу жӀаьло, бохуш. Оццул боккха ницкъ болуш хӀума ю и хьастар бохург. Цундела олуш ду: «Мерзачу дашо Ӏуьргара лаьхьа баьккхина, хазачу дашо лам биъна».

Амма хьекъалш (кхетамаш) цхьатерра ца хуьлу дийнатийн. Цхьанатайпана долчийн а. Адамаш санна, сонтанаш а хуьлу. Цу сонталлица йозуш къизалла а, кӀиллолла а йолуш. (Оцу «къизаллех» «акхаралла» аьлча нийсахо хир ду.) Кхеташдерш а хуьлу.

Масала, цхьаццадолу жӀаьла берашна, зударшна леташ ца хуьлу. Я кертахь а, я арахь а. Керта богӀучу божаршна а ца лета, нагахь кертара стаг (хӀусамда) арахула велахь. Керта вогӀушверг цунна гуш велахь. Кхетам болу дика жӀаьла ду и. Ткъа Ӏовдал жӀаьла и хержамаш болуш дац. ХӀусамда арахула велахь а, «дӀадала» бохуш, мохь бетташ велахь а, чукхиссалуш хуьлу керта вогӀучунна – боьршачунна а, зудчунна а, берашна а. Охьа а дуьллий, хьекха а до бер. Амма вукху, берана ца леташ долчу, жӀаьлех атта кхера а ло.

Кхин цхьа хаттар а хӀотта тарло берашна: жима долчу хенахь (бекъа, эса, кӀеза, кӀорни долчу хенахь) стенах девзар ду кхетам болу а, боцу а дийнат? Кхечу дешнашца аьлча: мича билгалонца «майралла-кӀиллолла» хӀотто мегаш яра, майралла хьекъалх, кӀиллолла сонталлех а дузуш. Амма тӀаккха а хӀутту хаттар: и муха къасто деза? Ткъа цу кегийчу муьрехь дийнатийн майралла-кӀиллолла церан «къехкарца» къастайо. Уьдуш, цхьанхьа дӀалачкъа гӀерташ хуьлу кӀиллониг. Акха хуьлу. Аьрха хуьлу. Хьастар, цахьастар девзаш ца хуьлу. Сихха куьйгах дулуш, караӀемаш хуьлу. Цундела жимачу дийнатан хьекъалан барам адамашца йолчу уьйраца буста тарлуш ду.

 

1

1920-г1а шо ду и. Сан цхьайтталгӀа шо долуш. ЖӀаьла далийра тхуна тхан хьешаша Ӏаьндоша. Дикачу xlyx ду, эли. Ши шо а дузаза кӀеза ду, тов. Ц1е – Гуржи яний.

Онда бӀотӀа яра «кӀеза», бодане-цхьогалан басахь. Ерстинчу говраниг санна бара чо: боца, шера. Когаш деха дара, цергаш яккхий яра. Берзаниш санна. Ирча хеташ, стомма муцӀар а яра, амма ши бӀаьрг хаза бара. Жимма боккхо а болуш, бодане-боьмаша басахь нисбелла ши бӀаьрг бара. Дукха сема, безаме хьажар а долуш. Амма лергаш тедда дара. ГӀуллакх доцуш тедда а долуш! ЦӀога а дацара. Йоцца цхьа тхьум бен.

Чувахна, йоккха сискалан юьхк а эцна, тӀеваха со «к1езана»: «Гуржи, Гуржи», – аьлла. Беха некъ бина, дукха мацделла хиллера Гуржи.

ЦӀенош тӀехьа беша а даьккхина, ден нанас дов дешшехь, кхин-кхин а яахӀуманаш а кхоьхьуш, дузий ас Гуржи. Баккхийчарна къайллаха, ког-куьг хьокхий, хьаста а хьостуш. Цу дийнахь доттагӀий хили тхойша. Бегашна а доцуш. Вовшийн ган са а гатлуш. Вовшийн дагара а хууш.

 

2

Со чохь хилча, нийсса неӀарна дуьхьал (амма генна) охьа а хуий, со араволу тергалвеш хуьлура Гуржи. Не1 моссазза йоьллу, бӀаьргаш неӀаре хьовсадора, лергаш а дулуш. Араволуш верг со ца хилча, лергаш духадохура. Чамбаран билгало яра и. Корехула къайлаха цу суьрте хьоьжуш хуьлура со.

Суьйрана эвлаюккъе ловза со воьдуш, соьца дан лууш хьаьвзара. Моссазза воьду а. «Мегар дац!» – аьлла, човхийча, цӀахь соцура. Делхаран хьесапехь кӀеззиг цӀовза а цӀевзаш. Со цӀа вогӀу тергалвеш Ӏара, кетӀа а долий.

Де-буьйса, кӀира даккха дехьа-сехьа воьдуш меттигаш нислора сан наггахь. ТӀаккха, дукха холчахӀутту, бохура, Гуржи. Саца а, хӀотта а меттиг ца карош, хьийза, бохура, кертахула. Сих-сиха цӀовзаран белхар а деш. И цӀовзар а дара Гуржин башха: угӀаран хьесапехь чӀогӀа а дацара, юххехь ца хилча, хезар долуш а дацара, амма делхаран хьесап дара. Кийрахь делхар санна хӀума дара. Аганарчу беро набарха дечу узарех а тарлуш.

Хьастаделча, ас ша тергал ца дича, доккха халахетар хуьлура Гуржина. Хала а хетий, генна а долий, соьгахьа букъ а тухий, охьахуура, хьуьлла бешахула д1а а хьоьжуш. Дегабаам бара и. Атта д1а а ца болура. Генара кхайкхарх, дош долуш дацара, мел «мерза» кхайкхича a. T1e а вахана, куьг-муьг а хьокхуш, гуттар лерина хьаьстича, халла дӀаболура и дегабаам. Баккъалла а берг.

Бегашена дегабаам беш меттигаш а хуьлура. Дегабаам бина моттуьйтуш. Дехьа а долий, букъ тухий, охьа а хуура. Баккъалла долуш санна. Амма шега кхайкхича, лерг меттахъхьадаза ца Ӏелора. Ша-шаха санна, охьатаьӀара лерг. Цу лерго ша гучудоккхуш лаьттийла хууш, сацо а хьийзадора Гуржис и. Хьалхахьа дӀаийзадора. Амма, хьастаран озахь со вистхилча, лерг охьатаьӀара. Гуржин бертаза таьӀаш санна. ТӀаьххьара а, шен «дегабаамах» дош хир доций а хуий, чӀогӀа ловза а оьккхуш, соьгахьа схьахьодура. Ловзадолура соьца, дистхила гӀерташ санна, цхьа «гӀам-гӀим» а деш. «Вало, ловза гlyp ду вайша!» – бохучу хьесапехь эвлан йистехьа д1а а хьодуш.

 

3

Кест-кестта эвлан йисте долура тхойша. Ӏаннашка, хьаннашка, бердан басешка. Цул хазахеташ хӀума дацара Гуржина.

Ӏаьндийн лаьмнашкахь дина а, цигахь кхиъна а долчу цунна дукхадезара лаьмнаш, бердаш. Эвхьаза а дара бердашца. Хица чӀара санна. КӀеззиг гечонан тача долчухула атта дехьа-сехьа долура. Со валалой а хьожура. Ца валалуш я валалац моттуьйтуш, со сацавелча, суна гlo дан гӀоьртара: сехьадолуш, дехьадолуш, хьийзара, муха вала веза гойтуш. Шен «гӀам-гӀим» а деш. Иштта «халачу» меттигашкахь со шел жима лорура цо. Со тергалвеш хуьлура. Суна орцахдала кийчча.

Нагахь со охьакхеттехь, суна тӀехьодур дара. Кхерадаларан сурт а юьхьа тӀехь. Хьала ца гӀаттало моттуьйтуш, велхаран кеп а хӀиттош, со Ӏуьллуш хилча, гонаха хьийзар дара. ЦӀийза а цӀийзаш. Цергашца меллаша бедар а лоций, оза а вора. Шен «бегаш» (харцдегабаам), ас сайн бегаш санна, гучу а боккхура дукха хьолахь: со велавалаза ца Ӏелора, ткъа и мацца а гучувалар дара. Дукха шера хаьара Гуржина и хӀума. Сан юьхь т1е ма-хьаьжжинехь, хаьара цунна ас лелориг бегашина делахь а, дацахь а. Цундела, айса моттаргӀа лелочу хенахь, бертал вужура со, сайн юьхь цунна ца гайта. Оцунна хир долуш дара, ша моттаргӀа хӀоттош, Гуржис соьгахьа букъ берзабар а. Сан юьхь тӀехь сан дог-ойла шена гар санна, шен юьхь тӀехь шен дог-ойла суна а гур юй хаьара Гуржина.

 

4

Иштта, вовшен дагара а хууш, сой, Гуржий ловзуш лелаш, гуьйре тӀееара. Куьпара ялташ а дӀалистира. Тхан бежана-кежана а ерзийра кӀотара. Гуттара а санна. ЦӀен-Берд олучу берда йистехь яра и. Берда йистерчу хьуьнхахь. Юххехь кхин цӀенош а дацара. Сан а дийзира цига дӀаваха. Сайн Гуржица цхьаьна.

Гуржина-м дукха хазахетара соьца новкъадалар, амма со вогуш вара: дукха вон жӀаьлеш дара новкъахь. ДӀакхаччалц. ДидигагӀеран жӀаьлеш. Ялх дара уьш хӀетахь, цхьатерра дӀахӀоьттина. Тхан санна, цигахь дакъа дара Дидиган. Тхоьга боьдучу некъана ши-кхо б1е метр генахь. Наггахь бен лата-м ца летара уьш новкъа воьдучунна, амма, тӀехьаьлхича, чӀогӀа хьовзавора.

Гуобоккхий д1а а хӀуьттий, чукхиссалуш. Жимма ледара хилча, вен а вуьйр волуш, вон жӀаьлеш дара. Гуттар чӀогӀа тӀаьхьадовлура уьш жӀаьлина. И дара со вогург. Со-м кхура т1е вер вара. Некъа йистехь, СаӀидан кха тӀехь, кхор бара. ТӀевала атта а болуш. Цунна тӀекхачале жӀаьлеш тӀехьаьлхича, водий воьдий, кхура т1е волура со. Цуьнга нисвеллачу хенахь тӀехьаьлхича, дукъал тӀехьа дӀахьулвала кхуьура. Сайца Гуржи ца хилча-м, изза дийр долуш вара со-м цу дийнахь а. Амма Гуржина дан хӀума дацара. ХӀара дерна кхоьрура вукхара.

ПаргӀат садаӀа ца ваьхьаш, ма-хуьллу ког байбина, воьдуш вара со. Улле даьлла догӀуш Гуржи а долуш. СаӀидан кхуре кхуьуш воллура. «Х1инца-м чекхволуш воллура со», – бохург сан дага а теси – «гӀалх» айи жӀаьлеша. ТӀехьа ирхе яра царна. Цундела дукха чехка а ца догӀура. Амма догӀуш дара. МогӀа а бина. Ялхе а.

– Же, дадалахь, Гуржи! – аьлла, сайн доттагӀчуьнга мохь а тухуш, дӀатасавели со. Дукъал тӀехьа хьулвала кхуьур волуш вара. Амма, цигга а ваьлла, вуханехьа хьаьжча, Гуржи догӀуш дац. Новкъара д1а а даьлла (жӀаьлешна дуьхьал дирзина!), хьаьжкӀийн туддарех хьожа а йохуш, дӀасахьийзаш ду, шен узарш а деш. Ведда т1е а вахна, ворта а лаьцна, д1а а ийзи. Меттах а ца даккхалора. Вир санна, йоккха хӀума хиллера цунах цу хенахь. Ас дика дахош хилар хир дара и.

Ткъа жӀаьлеш тӀекхочуш дохкура. «Хьоьца кхузахь вала йиш яц сан», – аьлла, кхура т1е вели со.

Хьалха догӀуш долу жӀаьла цхьа иттех метр хиллал шена гергагӀоьртинчу хенахь, цунна дуьхьал кхоссадели Гуржи, «гӀалхан» метта йоккха-тоьпаниг санна долу цхьа-ши «гӀов» а олуш. Дуьхьал а кхоссаделла, буххера тӀа а лаьцна, шен дегӀ дӀанехьа а тесна, шена тӀехула хьовзош, духанехьа кхоьсси жӀаьла. Кхоьссина дӀадахийти. Пхи-ялх метр хиллал гена. ТӀаккха иза, шийлачу маьхьарца, тапча кхосса доллуш санна, шен тӀа хьалхахьа а хьажийна, цӀехьа охьадеди.

ШолгӀачунна а, кхоалгӀачунна а дин Гуржис изза. Дисинарш тӀе ца гӀирти. Шайн накъостех хьожанаш а йохуш, цӀехьа дуьйладели уьш а. ТӀаккха, царна тӀаьхьа а хьаьжна, цаьргара кхин кхерам бацар шена гича, соьгахьа дирзира Гуржи. Цу хенахь со ву, кхура тӀера охьа а иккхина, дукха ирча гӀовгӀа еш. Ирх а кхиссалуш.

Цул суна хазахетта хӀума хилла хир долуш дацара сайн вахарехь.

Иштта дӀадоладелира Гуржин хьуьнаре гӀуллакхаш а. ХӀетахь-м ас ойла а ца йира цуьнан, амма хӀинца го: эша а эшна дӀадоьлхучу жӀаьлешна тӀаьхьа цагӀертар – къонахалла дара Гуржин. Деган куралла яра. Шел эшнарг хьийзавар – осалалла ю, жӀаьлин а, хьайбанан а, адаман а. Оцу вукхара-м ца дуьтура шайна нисделла жӀаьла, дедча а, доьжча а. Ден хьийзош, хьекхадора. Цхьана орцано кӀелхьарадаккхалц.

 

5

КӀотарахь синкъераме хийтира Гуржина: гобаьккхина акха Ӏалам дара, буьйсанашца берзалой а угӀуш. Дукхахьолахь геннахь угӀура уьш, ЦӀен-Берда кӀел. Я Шаьлма-Ӏинал дехьарчу зандакъойн дукъахь. Наггахь узарш гергадогӀура. Хьалха-м хьайбанийн керта гӀоьрташ меттигаш хуьлура. Кертарчара герзаш а кхуьссуш. Амма хӀинца Гуржин «гӀов» дукха буьрса дуьйлура. Берзалойн угӀарна дуьхьал. Гергахьо борз уьгӀча, хьуьн чу дӀа а хьодура Гуржи. Дикка хан яьлча, догӀура. Берзалой дӀа а лелхайой. Церан yгlap а дӀатуьйра.

Буьйсанца иштта цӀенна Ӏуналла дора Гуржис, ткъа дийнахь бежнаш Ӏалашдора. Дажа лелаш долу. Царна кхин Ӏу ца оьшура хӀинца. Куьпа уьш дахнехь а, ЦӀечу-Берда кӀел хьуьн чу дахнехь а.

Цхьана сарахь дара, маьркӀажан бода лестинчу хенахь. Етт а оьзна, хӀетта дина жима эса цунна кӀел а хецна, ша чуйоьдуш, нанас эли соьга:

– Эса жима долчу хенахь цуьнца цхьаьна юьстахбала гӀоьрташ Ӏедал ду цу аьттан, цуьнга хьажалахь.

Сайн цхьа ловзарийн базар еш воллучу суна етт бицбели. Кхано араяьллачу нанас хаьттича бен, дага а ца беа. Ткъа етт бацара. Баханера эса а эцна. И муьлхачу aгlop бели ца хууш, хьаьдда лелара со а, нана а. Бода булуш а лаьттара. Цхьана хенахь деана хьуьн чуьра схьаиккхира Гуржи. Нанина юххе хьаьвзина, «гӀам-гӀим» а дина, духа хьуьн чу хьаьди. Тхойша а тӀаьххье дӀахьаьди.

КӀеззиг уьшал йолуш цхьа меттиг яра цу хьуьн чохь, хьайбанашна мала хи ӀаӀийта баьккхина жима кӀаг а болуш. Цига гӀоьртина хилла етт хи мала. Ткъа кхуьнца долу эса хотталахь дисина хилла. Цаьршинна тӀехӀиттий тхо Гуржис, дига а дигна. «ХӀара гой шуна!» – бохуш санна, шен «гӀам-гӀим» а дина.

Нанас хотталара эса схьа а даьккхина, ц1а дирзи тхо. ЧӀогӀа там хилла хьалхадаьлла Гуржи а долуш. Суна дов а дина, цунна дика яахӀума елира нанас хӀетахь. Нийса болх бина а хиллера.

 

6

Лаьмнашца, хьаннашца бехачу нехан гезарий хуьлура кхобуш – сиха деба а деба, докъар дукха а ца деза, бохуш. 1ай а яжа лелара уьш хьаннашка – се бууш, ковст юуш. Тхан да а вара гезарий йоло лууш, амма царна виллина 1у везара. Ткъа и вацара кертахь. Со бен. «Хьан хенара нехан бераш жа-бажа лелош ду», – бохург а кхуссура суна. ЧӀогӀа тӀе а ца дожош. Со а ӀаддаӀара, вист ца хуьлуш. Гезаршка лела цалаарна дацара сан вистцахилар. Уьш яцарна дара. Амма цу гурахь – Гуржица кӀотара со вахначу гурахь – цхьа колл-гезарий ялош веара да. Юкъахь кхаба, бохура, лург эцна, бохура, вицвелла со. Цуьнан бала хӀетахь сайн хила а ца хилла дела. Ткъа гезарий ялаяр вон ца хийтира суна. Суначул дукха хаза Гуржина а хийтира: жа юкъахь дина а, жаца кхиъна а долуш, жен жӀаьла дара и.

Гезаршка лела доладелира тхойша – со а, Гуржи а. Дика накъост дара Гуржи. Со тӀаьхьа хилча, гезаршна хьалха долура. Со хьалхаваьлча, тӀаьхьахӀуттура. Со воцчу aгlop хуьлура гуттар а. Бегашийна дацара Гуржин Ӏуналла.

Гезарша «поп буу» зама яра и. Попан хьун яра ЦӀен-Берда кӀел. Нана-даккхий пепнаш дара, шач санна, дӀахӀиттина. Наггахь ирзош а долуш. Бердан басешкахь дара даккхий пепнаш. Ткъа царна кӀел попан бӀараш хуьлура. Ӏана а доьлхий. Уьш дуура гезарша. ДаӀамаш санна, ерстара, и «поп» буий.

 

Тхан кӀотарна юххехула цхьа некъан бахьана дара ЦӀен-Берда кӀел боьдуш. Ворда-м хьехайойла а дацара, халла салаз йоккхура цу гечохула хьала-охьа. Иза а – дукха йоьттина яцахь. Оцу новкъа лелара сан гезарий а.

Цхьана сарахь ду. ЦӀа вогӀуш ву со, гезаршна хьалхаваьлла. Ирхех тӀеваьлла вала воллуш. Дукха чӀогӀа а ца олуш, цкъа-шозза «гӀалх» эли тӀаьхьадогӀучу Гуржис. И соьга дара. Вухахьаьжча – хьуьлла бухахь ду. Ирхе йолалуччохь. Некъа т1е а хӀоьттина, юххерчу баса хьоьжу, шен «къамелаш» деш. И эрна доций сайна хуъушехь, вуха чувосса мало йина, хьала а дийхи ас. Ца догӀура. Соьга а хьоьжуш, цӀийза а цӀийзаш, варша гӀертара.

Ваха со. Со тӀекхочушшехь, баса а даьлла, дӀахӀоьтти: «ХӀара болх гой хьуна?», – бохучу хьесапехь. ДӀахьаьжча, цхьа авст саннарг ю, стовн шалгу юккъехь лаг а дисина, хьалхара ши ког лаьтта а ца кхочуш, леш йоллуш. Цу стовн гӀодах хьалхара ши ког гӀортийна, хьалакхевдина хир йолуш яра и се кхалла. Циггахь, ког шершина делахь а, мухха делахь а, шалго юкъа яхнера. Схьаялалур йолуш а ца хиллера. Mala а лаьцна, хьалаозийна, хьалаяьккхи ас и. Охьаетталора. БӀагор беана куц дара. И охьа мосазза южу, Гуржи а хьаьвзара гонах. Цунна хиллачу бохамах боккха цатам хиллера Гуржина. И болх шен бехк болуш хилча санна, хьийзара. Узарш а деш. Ткъа, бӀагор дӀа а баьлла, авст цӀехьа йолаелча, хаза а хеттера. Ирча болх! Ловза лелхара. Саццаза «хабарш» а дуьйцуш.

Амма со цецваьлларг кхин дара – Гуржина и авст цигахь йисний хаар: цкъа-делахь, некъана дикка генахь яра, шолгӀа-делахь, гойла дацара – дукха луьста варш яра дуьхьала. Ерзина елахь а. Цу т1е, авст етталойла долуш а яцара, садоӀийла долуш а яцара.

 

7

Нехан гезарий гергахьа нисъелча – царний, сайчарний юккъе долура Гуржи: вовшах ца кхетийта. Нехачарна юккъера схьайогӀучунна а, сайчарна юккъера дӀайоьдучунна а дуьхьал дуьйлура, лета а леташ. Юххехь неханаш ца хилча а ца юьтура генна юьстахъяла, нагахь яхка йоьдуш и яцахь. Яхка йоьдуш ерг Ӏадъюьтура, мел гена йодахь а, амма цунна тӀаьхьа дӀадоьдура ша а. И хӀума гучу а дели, бӀаьстенан юьххьехь гезарий яхка йолаеллачу хенахь. Яхкаран гӀуллакхна къайленга йовла, «лачкъа» гӀоьрташ Ӏедал ду гезарийн, Ӏуйшна хууш а ду, яхка йоллург муьлха ю. Къайллах тергал а еш, «лачкъа» юьту. Изза дора Гуржис а.

Кхано, цхьана хенахь, газа ша дийриг дина яьлча – «кхаъ баккха» догӀура. Ловза а лелхаш. Хьалха а долий, дӀа т1е а вуьгура газанна. Гергахьа гӀоьртича, мара бекабора газано – жӀаьлина олуш долу «хӀерт» саннарг олуш. Ши маьӀна долуш хеталора и газанан «хӀерт»: тӀедогӀучунна «кхерам» а, шен буьхьиге «ларлолахь» а. Ткъа буьхьиг «ларъяла» а гӀоьртара: охьа а южий, дӀатебара, лергаш а дийшош. ХӀинцца дуьнен т1е яьлла, якъаелла а ялаза йолушшехь!

T1e а воьдий, схьаоьцура буьхьиг. Дукха хьолахь шиъ хуьлура. Хьалхара когаш а лоций, охьакхозош хуьлура уьш. Нана тӀаьхьахӀуттура.

 




 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика