ВуьрхIитта дешдакъа ненан маттахь

PDFПечатьE-mail

 

 

12568721 172651976437203 1611825147 n

ПАШАЕВ Абу 

 

Малхбале Азехь йина ойланаш Нохчийн махкахь, ненан маттахь…

Малхбале Азехь дехаш долчу къаьмнашна юккъехь билгалдаккха лаьа суна шатайпа дахар-Iер, гIиллакхаш долу къам. ХIун къам ду-техьа и аьлла, хаттар хIоттало. Японцаш бу уьш. Дуьненан культурехь шатайпа меттиг дIалоцуш ю церан поэзи. Цуьнан кхоллаяларан бух генарчу заманера схьа бу.

Юккъерачу бIешерашкара а, керлачу хенан а болчу японцийн поэтийн кхоллараллехь хаало цуьнца доьзначу дахаран хьал, цунах хаамаш а, Iаламан хиламаш а, хенан х1оттам хийцалуш х1уттуш долчу хьолан сурт а… Дийнаташца долу дахар леррина лардан Iамадо цара.

Къелла а, хала къахьегар а новкъахь йолчу базаршца а, сагIадоьхургашца а долу японцийн дерриг Iер-дахар стихотворенин кепашкахь гайтина цу махкахь баьхначу байтанчаша. Дуьненан исбаьхьалла хестайо цара: поэташ а, суртдиллархой а баккхийберца хьоьжу дуьнене, амма цуьнан хазалла гIайгIане хьу хьакхаелла хIутту царна хьалха.

Дзэн цIе йолу тешар долу мозгIар а, тантрин «сингон» хьехамех тешаш волу ахархо а адамийн дахар чаккхе йоцчу азаллехь юхадерзар лоруш ву.

Японцийн ерриге а культурин бухехь бу шех «Мудзекан» олуш, дуьненахь массо а хIума хийцалуш хиларх болу кхетам.

 

 

Стенца дуста ас хьан

Дахар, дегI, хIай адам?

Дахаран бIарлагIа ю, беца тIера тхи санна,

Сегаш йолчу серлонах терра…

 

Дзэнан говзанча волчу Одзава Роана оцу стихотворенехь адамна гонаха долчуьнца хьажар ма дац гойтург, амма дерриге а чулоцуш долу бакъдерг ду. Цу бакъдолчунна цхьана а тайпана тIечIагIдарш ца оьшу.

Iожаллехь долу шатайпа суртхIоттор самурайшкахь ма-дарра, шайца дуьненахь хила дезарг «Сакурин охьаоьгучу зазанах тера я, тархах кхетта, атало яшма санна хетара царна».

Японцийн «Хокку» олу лирически стихотворени кхаа могIанах лаьтта. Поэтика хилар ю цуьнан билгало… Халкъана ма-езза, церан лаамца кхоьллина, яцйина керла кеп. Иштта кхоллаелла японцийн «Хокку» олу поэзин кеп. Оцу байташкахь оьрсийн я кхечу меттан поэзи йоьшуш шайна гуш йолу рифмаш шуна карор яц. Ма-дарра аьлча, рифма японцийн поэзехь цкъа а хилла а яц. Японцийн байташ уьш йоцуш хилла гуттар а. Иштта бу церан мотт.

Ша «Хокку» кхуллуш, хIун гайта дезаш ву байтанча?

«Хокку» байташ деа декъе екъалуш ю: бIаьсте, аьхке, гуьйре, Iа гайтарца.

Нагахь ахь леррина кхаа могIанах йолчу байташка ладоьгIча, царна чохь «хенан дош» карор ду. Масала: ламанан хи, хьочанна, болла тIехь долу заза а, хьалхара чIегIардиг, баттара яла кечлучу чиллан йиш, сийна буц… И хIора байт, жима а долуш, тамашийна сурт ду! Стенца дуста мегар ду иза? Масала: кIади тIехь тайп-тайпанчу басаршца юьллур ю гуьйренан йоккха пейзаж, хIор зил билгал а боккхуш. Кхечу кепара а ма диллало гуьйренан сурт. Цу тIехь масех зилца махо а, догIано а саттийна дитт дилла тарло суртдиллархочо. Иштта японцийн байтанчаша масех зилца суртхIоттадо, ткъа диснарг аш шайн ойланашкахь чекхдаккха дезаш нисло. Нагахь иза иштта нислахь, массо а стихотворени «денлур ю», тайп-тайпана басаршца лепа а лепаш.

Ала дашна, японцийн байтанчаш дика суртдиллархой бу. Зезаг чуьра арабаьлла моза а буьллий, цу тIехь байт язъеш хилла цара.

Японцийн байтанчаша, шайн «Хокку» олучу байташкахь адамаш дуьнен чохь муха деха, церан стенах самукъадолу я гIайгIанечу адамийн хьал гойтуш, суртхIоттадо.

Японцийн стихаша вайна гIо до исбаьхьаниг тIеэца а, цунах кхета а. Iаламехь дерриге а ма ду исбаьхьа: доккха ножан дитт, оьзда сай, ур-атталла моза а, чуьрк а. Церан байташа дерриге а дийна дерг лардан Iамадо вай, хIунда аьлча адамийн дахарехь къинхетам – иза сийлахь синхаам бу. Шегахь къинхетам боцу адам цкъа а, дика адам а хилла, дуьнен чохь дехар дац. Вайна ма хаьа, мел къахета вайна тиладелла лелачу жIаьлин кIезанах я цициган кIорнех.

Японцийн байтанчаша юх-юха а боху: гуттар а бIаьргашна хьалха долчуьнга леррина хьовса, тIаккха шуна дагахь доццург гур ду. Шун бIаьргашна ирча хеташ долчуьнга хьовса тидамца, шуна цу чохь хазаниг гур ду, атта долчуьнга хьоьжуш, чолхениг гур ду, жимачуьнга хьоьжуш – доккханиг.

Хьовса, ладогIа дуьнене, дуьненна уллехула тIех ма довла. Хазаниг ган а гина, цунах цецволуш, кхин дIа а дахар дIадахьа дезаш ду дуьнен чохь дехаш долу адамаш. Оцу хазаллехь долчу Iаламах масал оьцуш, адамийн дахарна лаккхара синмехаллаш луш йолчу японцийн «Хокку» олучу поэзех масал а оьцуш, заманан йохаллехь вайн дай-наноша ларбина, вайга схьабелла ненан мотт бицбан ца беза вай.

Деллачу беран ойла еш, байтанчо Иссас аьлла: «Вайн дахар – тхи ду. Тхин тIадам бен ма хуьлийла. Вайн дахар – хIетте а». Дахар кхачориг хиларан метафора ю – тхи. Ткъа иштта стелахаьштиг а, хи тIера чопа а, сиха охьаоьгуш долу болла тIера заза а. Амма дена хала ма ду шен хьоме бер далар лан. Иссас боху: «…хIетте а, юха шен къолам охьабуьллу цо, амма цуьнан вистхилар   дашал говза ду-кха».

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика