РАМАДАН Самира Бено

PDFПечатьE-mail

Самира11

РАМАДАН Самира Бено

 

****

Ахь йина йоцург, массо а чевнаш шайн пхенаш чохь тоь,

ХӀинццалц сема лаьтташ ю ахь йина чов,

Суна а, цунна а юккъехь, дахделла, ца доьрзу-кх и дов!

 

****

ХӀай сан пхенаш чохь лелаш верг!

Хьо ца хилча, сан паччахьалла дужу,

Сан сина чохь лела нур шен некъах туьлу!

Сан кхане, бехказлонаш лоьхуш, ца йогӀуш юьсу!

Сан дог боданехь дуьжу, 

Цуьнан некъаш тӀехь къийгаш гӀуьтту!

 

 

*****

Хьо воцуш долчу дуьненахь олхазар декар дац, 

Буьйсанна хуьлуш болу синкъерам хӀумма самукъане хир бац…

Со елакъежча, эзар чов хуьлу даг чохь!

 

   

Ирс. 

Оьмарехь хилла  уггар  дика хӀума – тхойшиъ вовшахкхетар!

Уггар а вониг тӀаьхьадисна вовшахкхетар ду!

 

****

ХӀай сан ойлано сатуьйсуш верг!

Сох малх хилахьара,

Ас, сайн низам талхийна,

Сайн хьийзар а дацдина,

Нийсачу сизца хьан хӀордан йисте еана, сатийсамца

Хьан лаьтта тӀехь сайн сатедийр ма дара!

 

 *****

ДӀатесначу бешахь сох хилахьара чемхалгаш:

Цхьана хьозано, хьан неӀсагӀи тӀехь

цунах ша-шена бен бина,

Мел ирсе хир яра со хьан лулахь!

 

*****

ХӀай сан деган эла!

Ткъа хьо мичахь ву хӀинца?!

Хьуна гуш дац-те

Вайн цӀен зезагаш а,

Сатийсаман шовда а

Къастаран декъа гӀаш а –

Уьш дерриг  а хьан  деган пхенна тӀекхийдаш?!

 

****

Вайшинна юккъехь ю дуккха а чаккхармаш,

Делахь а вайн дегнаш гена ца довлу.

Геналлин ницкъ кхачац эшо вайн лаамаш!

 

*****

ХӀай доттагӀ!

Дуьненчохь нийсо елахьара, вай шайн архӀ чуозале вайн лааман зезагаш лийр ма дацара!

 

****

Хьан шина бӀаьрга чухула ца кхета малх – малхлацар ду!

 

****

Лазам,

Мила ву,

ахь хьегнарг а, хьоьгуш дерг а хууш?!

Хьан бӀаьргашна хьалххахь муха маргӀаллуш ду хьан оьмаран зезагаш?!

Хьан сих масазза цӀий ихира?!

Муха охьаоьгу хьан лазам,

Туьха-шоврах иэделла догӀанан тӀадамаш санна, 

Хьан чевнан Ӏийжам совбоккхуш?!

 

*****

Дехар!

Сох гӀалат даьллехь, 

ас доьху сайна гечдар!

Дагалоцуш 

Эххар а сох хиндерг:

КӀайн марчо хьарчийна, готтачу коша со йиллар,

БӀаьрхишца Ӏодика еш, доӀанца хьо тӀаьхьавелхар!

 

ЙоьӀан дийцар

 

Сан нана нускал далочу тойне яханчуьра цӀа еача, тхо дара цуьнга хеттарш деш: «Муха дара и нускал? – бохуш!

Соьга  бӀаьрг таӀош, шена тӀаьхьа схьайола, шена со хьашт ю, элира цо. Со, йоьхна, хӀун дийр ду ца хууш, йисира,  беснеш цӀийъелла, эхь хеташ. Со ойлане елира, шеко йоцуш, цхьана зудчо, со хазъелла, со шен кӀантана еха лууш, нене со хьехийна. Шеко йоцуш, тхан лулахь йолу зуда ма ю иза. Со моссазза го, шен бӀаьргаш суна тӀера дӀа ца дохуш хуьлу иза. Лулахо-кӀант дешна  стаг ма вац, хӀетте а, дика болх беш ву иза. Бакъду, таро йолуш-м вац иза. ХӀумма а дац, шен ден цӀенна тӀехь цуьнан шен цӀа ду. Дукха  несарий ма бу марзахошца цхьаьна бехаш. Айса-сайга элира: «ХӀай йоӀ, дукха хӀуманаш ма ехалахь цуьнгара, уггар  коьртаниг – со цуьнца паргӀат яхар ду!»

Сихха со маре йоьдучу дийнахь айса кхойкхур болучеран цӀераш а дагалецира, сайн кучан бос, сайн дашо мухӀар а, хӀоз а!

Ма дукха хан яра со Греце  яха лууш йолу! Цхьана баттана цига гӀур ду тхойша!

Ден цӀера со арайоккхуш, и минот дуьхьалхӀоьттина, бӀаьрхи хьаьдира: сан да а, нана а, йижарий а, вежарий а битина, ма хала ду-кх ден цӀера араяла. И лан Делера сайна гӀо дийхира ас…

Дог чӀогӀа детталуш, эхь хеташ, бӀаьрг ца ойуш,  со нана йолчу чу кхечира, 

– ХӀун лаьа хьуна, нана?!

Ела а къежаш, шен куьйгалоцучу тӀоьрмиг чуьра атаелла мерзачу хӀуманийн парча-кийсак соьга кховдош, цо элира:

– ХӀара хьайн вежаршна ца гойтуш, сихонца яий  чекхъяьккхий, араяла!!!

 

*****

Цо цуьнга хаьттира

– Сан меттиг мичахь ю?!

 

Шен дагна тӀе пӀелг хьажийна, цо жоп делира:

– Хьо хӀоккхахь ю,

Сан хазахетар,

тоам а, таро а ю хьо!

Йоцуш цатерг ю хьо!

Тера цхьа а воцург ю хьо!!!

 

Доцца аьлча, йижинчуьра а гӀаьттина, йоӀа элира :

– Суна гӀан гуш хиллачух тера ду!

 

****

Дийцахьа къаьстарех лаьцна!

Везашволчуьнан юьхь ца гуш, хьуна массо нехан яххьаш цхьатерра хеташ хилча… ахь алахьа соьга, муха хуьлу, хьо тап-аьлла Ӏаш, йоьлуш ю  моттуьйтуш, хьан меттиг йоций хуъушшехь церан бӀаьргаш чохь?

 

Дийцахьа ахь, хьан ойланийн тӀорказ чохь ахь дӀа мел дехкина кехаташ, церан жоьпаш ӀиндагӀера доьхуш хилча!

 

Ахь алахьа, малх чубузучу хенахь хьо хьайн са цадевзачу хьолехь муха хуьлу, хьайна хуъушехь цул тӀаьхьа йогӀу буьйса мел бодане,  кхоьлина, сингаттаме, цуьнан Ӏархех юьззина, цуьнан цӀе йоккхуш, мел еха хуьлу!

 

Ахь дийцахьа соьга дӀакъастарех лаьцна… 

хьуна и воцучу меттехь дахаран маьӀна ца хеталуш хилча, цуьнан къамел ца кӀордош, ахь и хьайн кийрахь айина муха лелош ву!

 

ХӀай сан доттагӀ! Ас нигат дина: хӀора буса со сайн дагалецамашца  дӀалечкъина, сайн ирс а, самукъадалар а лоьхуш Ӏийр ю аьлла…БӀаьрхиша  гӀаддайиначул тӀаьхьа наб кхетар ярий-те суна?

 

****

Жимачу зезаган туьйра

 

"Жимачу зезаго" шен ден цӀа, доггах йоьлхуш еана, элира:

– Дада, сан цӀийндас  суна йиттина, юьхь тӀе тӀара тухуш, суна а, со кхаьбначунна а сардамаш духкуш!

БӀаьргийн бос цӀийбелла, бӀаьрхиш охьаоьхуш, оьгӀазвахначу, дас элира:

– Дала бекхам бойла цунна, ма юьхь йоцуш ву иза! Цо хьуна муха етта? Цуьнан куьйгана ас цуьнца дина дика муха дицделла ?!

Хьо сан са а, дог а дуй хууш вацара и?!

Ас, качъеш, дика кхаьбнарг,Ӏамийнарг ма хьо ю. Ма дин а, сий доцуш а ву иза!

Нана яра ладугӀуш, дагна хорам хилла, халахетта, ша дог кегделла йолушшехь, шен йоӀанна хиллачу балех балдаш тӀера дош иккхина, нанас дега элира:

– ХӀай зезаган да, тахана хиъна хир ду хьуна, йоьӀан юьхь тӀе далийтинчу тӀарано ден юьхь  муха лазош хилла?!

 

****

Ас цуьнга аьлча:

«Сан дог поппарх кхоьллина ду, ма дохадехьа иза!»

И ца вешира сох, шен дог эчиган ду аьлла!

 

Дукха хан ялале, догӀа доьлхур ду, сан даго заза доккхур ду, ткъа цуьнан дог макхлур ду!

 

*****

Шен къоьлла ялхош,

БӀаьрнегӀарх туьтеш Ӏенаш, и йилхира!

Цуьнан бӀаьрхишка хьоьжуш: 

«Къоьлла ма ялхае,

ХӀара жовхӀарш долуш йолчу ахь…» –

Ас элира!

 

*****

Вайшиннан безам цкъа а хилла ма бацара ялсамани санна, хьох яьлча, со хӀокху жоьжахатехь йогуш Ӏайттал!

 

****

Ахь сох лаьцна цхьа могӀа мел язбо,

Со цхьа шо жималле юхайоьрзуш ю.

Моццал хир ю-те сан оьмар,

Хьан юьхьан аматаш гича?!

 

*****

Хьан юьхь-сибат делакъежира

Сан сих, айаделла, полла хилира!

Цо тӀемаш тоьхча,

Сан даг чохь  петӀамат-зезагаш кхиира!

 

*****

Хьо гаро сан юьхь тӀера хебарш шардо!

Сан мерзачу сатийсамийн баьрччехь ю хьан меттиг!

Хьо гаре сатуьйсуш, къежбели и сатийсамаш а,

Хьуна лерина долу зезагаш а маргӀалдели…

 

****

 Хьо вевзичхьана, сайн коч харцахьа тӀеюху ас…

 Коьртахь доллушехь йовлакх а лоьху!

 

 

 

*****

ХӀай сан деган эла!

Сай-бодий къаьстачу хенехь,

Шен кор а доьллий, хьозарчашна бепиган цуьргаш тосуш ерг!

Безам зуламца, ачонан, гамонан тангӀалкхаш тӀехь ирхъоьллинчу заманчохь а, ца юхуш,

хьуна безамна байт язъеш ерг!

Хьуна шабар-шибарца шира илли олуш ерг,

ХӀара бос соьгахь товш бу я бац аьлла, хаттар деш!

Шен беллачарна а, тӀамо бохийначарна а тӀера Къуръан доьшуш, бӀаьрхица, доӀанца царна йоьлхуш ерг!

И хьоьца а, хьуна а, хьан дуьхьа а шен кераюккъехь

Цкъа а эшор боцу мохк  денбийрберг ю!

 

*****

Ас сайна шурул-кӀайн коч эцнера хьо гича – хьуна кечъяла!

Хьо кхин ца вогӀуш, юкъара дӀаели и!

 

*****

Хьан ши бӀаьрг Ӏуьйренан хьозарчий самадоху горгали бу!

Йовхонах кхехкачу дийнахь ӀиндагӀ цара даржадеш,

Шеца лепаш деана долу тхи зезаган хьаьж тӀе хьоькхуш!

ТӀаккха –

Хьан ши бӀаьрг ма бу стелаӀода тӀехь суна гӀулч яккха Ӏамийнарш!

 

*****

Ахь сурт хӀоттадехьа:

Хьох марха хилча,

ДогӀа муха доьлхур дара-те?!

Лаьмнашкара хьал муха хир дара-те, 

Баппаш а, йиппарш а, Ӏажаркх а лаьмнех схьаюьйлучу хенахь!

 

******

Суна-м цкъа а хьо вицвелла вац!

Амма, сан деган уггар лазаме, Ӏийжаме а, лалуш доцурш, дицдала йиш йоцурш – сан ойланан терхи тӀехь, ас ширачу тӀорказ чохь дӀалачкъийна дитина уьш!

Терхин эттӀачу херонашна юккъехула охьаоьхуш, нийсса дӀа сан деган бӀаьрга тӀехь социйла хуьлу церан!

Амма –

Халахетар къайладоккхуш, елакъежаш, хилла вас йицъелла моттуьйтуш, делар-къежар бехке а деш, со ехар ю!

 

 

 

*****

Ас кӀа хьокхучу хенахь сан хьера тӀехь, батош схьайиллина, дисна кхокхий дара!

КӀен докъа тӀехь сауьйзуш  байлахь йисна нӀаьвла а!

Сан пӀендарш, собаран кенаш охьуш, деган хьера чохь Ӏийжийра!

КӀадделча, дахкаран гата хьалаойуш гӀамаран аренашкахь, цхьа гӀулч хьалхайоккхуш, ши гӀулч  тӀехьаяьккхира!

Сох дисна дакъа ойуш, маханна дуьхьалоеш, со-м ийшира!

Сан оьмарал а боккха болчу тӀоьрмиган кисанахь, бес-бесарчу къоламашца сан къежар ас куьйгаца дуьллуш, сайн доцу цӀен зезагаш, пӀелгаш юккъехь дугӀуш, хӀора де шарал  деха  ас текхира!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика