Ойланаш

PDFПечатьE-mail

15052017143916000000

ХАБАЕВ ИСМАӀИЛ

 

 

«Селхане йицйинчу къоме тахане а кхоллалур яц, тахане йоцчу къоман кханенах даха дог а дац» – аьлча, вай харц хир дац. Вайна гуш, вай теш а долуш, lилманца кхиа а кхуьуш, хийцалуш ду дуьне. Наха стигланийн хlаваашкахула некъаш дехкина а, нах беттан букъа тlе биссина а ю дикка хан.

Шайн синхьашташний, шайн догlмийн аьттонний адамаша ца беш, ца кхуллуш а гlирс битина а бац. Цу тlера дlадоладелла lер-дахаран хатl хийцадалар а, адамийн ламасташ хийцадалар а, юкъаметтигаш хийцаялар а.

 

Чкъуьйригна хилла зие цкъа мацца а тlамаре кхочу. Делахь а, адам адам хилла дисна. Адамийн догlмаш тlехь керла меженаш ца евлла. Адам адам хилла диса дезаш ду, сийна цlе яьлла дуьне догуш лаьтташ делахь а. Адамалла дlаяьлча, адамна ша адам хилар дицделча, гучуйолу акхаралла. Акхаралла гучуяьлча, оьздангалла а дlайолу.

Адам галдолуш хуьлу, адам тиллуш хуьлу, гlалатдолуш хуьлу. Амма дикачух, нийсачух масал эца а, цуьнца нисдала а декхар ду хlора адам, Дала и экханах къастош, цунна делла хьекъал долу дела.

Ша мила ву-те, ша хьенан тlаьхье ю-те, ша хlун дохьуш, хlун дан веана ву-те дуьненчу, хlун дитина, хlун эцна воьду-те ша дIа а аьлла, ша-шега хаттар делла, оцу хаттарна жоп лахар ду стаг хилла ваха а, стаг волуш вала а lалашо йолчу хlора стеган декхар.

«Нанас дена ма войла тешаме воцу кlант», – баьхначу нехан тlаьхье ю вай! «Нанас дена ма войла яхь йоцу кlант», – баьхначу нехан тlаьхье ю вай!

Хьо дlаваьллачу дийнахь хьох бухадуьсучу тоьшаллин даш тlера гlуьттуш lаь а хир яцахь, оцу lаьнаро дохдеш хьан верасийн дегнаш хир дацахь – хьо шозза велла хьуна. Хьуна бевзаш, хьо вевзаш мел хиллачу нехан, хьо хьахийча, хьо дагавеача, цIоцкъамаш тlунлуш хир дацахь, хьо кхузза а велла хьуна. Хьох эца дисина нахана цхьа а дика масал ца хиллехь – хьо бlозза а велла-кх хьуна.

Дикане сатуьйсург диканах теша веза. Вай тешна ду-кх диканах. Дикачу тlаьхьенах тешна а ду-кх вай. Дикачу наха деш ду къомах къам.

Къомах дика цlе йоккхуьйтурш а бу къоман дика нах, хьекъал долу нах. Дика нах бахьана долуш лаьттина бу хlара мохк, дика нах бахьана долуш латта безаш а бу хlара мохк!

20I2 шо

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика