Жайнаш

PDFПечатьE-mail

top11-kniglaureatov-pulittserovskoj-premii rt

ХАБАЕВ ИСМАӀИЛ

 

Жайнаш

 

Оцу хьайн къоман вуон хIуманаш ма чIогIа гойту ахь оцу хьайн йозанашкахь, и дан хIун ду аьлла, шега хаьттича, и суна сайн къам дукхадезар ду-кх, аьллера, боху цхьана яздархочо. «Нанас хастийна йоI нахала а ца яьлла, дас хастийна дин хьалха а ца баьлла», – олуш ду. Шен ледарлонаш хьахош хила а деза къам, яханчу хенашкахь шегахь дийлинарш гIалаташ хиллийла а хиина, кхин юха уьш ца дийлийта, цунах хьехар а хуьлуш. И хьехар хуьлуш доцчу къоман сатийсам эрна бу. Хьекъал долчу стага уггар хьалха шегахь лоху хиллачунна бехк. Вайн къоман мостагIий дукха хилла даим. Тахана а бан а бу. ХIинца а ден букъахь, ненан кийрахь а боцуш, дуьненчу бахка безаш а бу. Гушволу мостагI-м хала а вац, оцу гушвоцчу мостагIчо кIелонна боьгIначу гурах ларвала хала хуьлу, синан само ца хилча. Ткъа и синан само хьекъална гIийла хилча, ца дешча, хуьлуш яц.

 

Хьуна а, хьан чкъурах болчу нахана а, аша шен дуьхьа синош дIа а луш, оццул и Испани еза хетар хIун дара-те, аьлла, шега журналиста хаттар дича, де Голльин накъост волуш, фашисташна дуьхьала Мадридехь турпала чекхваьлла волчу французийн яздархочо Андре Мальрос доцца жоп делла цунна: «И дера ду - Дон Кихот кхоьллинарг испанхо хилар», аьлла. Кхидолчу къаьмнашна «яздархо» бохург, «хьекъалча» бохург мел деза ду, мел сийлахь ду гойту оцу масало, и яздархо шайн къоман а воцуш, кхечу къоман велахь а. Цхьанна дагадан тарло: «Вай цаьрца хIунда дусту, уьш даккхий къаьмнаш ма ду», – аьлла. Шаьш муьлш ду а хууш, нах муьлш бу а хууш, ойла а, кхетам а лаккхара болу муьлхха а къам ду доккха, цхьа юрт йиллал бен и дацахь а. И санна долчу къаьмнех хилла а ду и «даккхий къаьмнаш».

 

Дешарца а, ешарца а долу гергарло чIогIа гIийла ду вайн къоман, къаьсттана кегийрхойн. Таханенан а, кханенан а лазам и бу. Шен мотт а, нехан мотт а, шен къоман барта кхолларалла а, литература а, бIешерашкахула кху дийне кхаччалц шен къомо бина некъ а бевзаш, дуьненан истори а евзаш, шен Дела а, дин а девзаш хила веза къонах. ХIуманна хьесап дан хууш, хIуманна сакхуьуш, мостагIийн кIелонашна тIекхуьуш хир ву и тIаккха. ТIаккха иза, шех пайда а оьцуш, шен Iалашонаш кхочушъян, цхьаммо а шена хьалхара вала а, вохка а, цIерга кхосса а вуьгур вац цкъа а, тахана Iеха а беш, нохчийн кегийрахой ма-биггара. «Хьекъал долчо Iовдалчуьнан куьйгашца лаьхьа лоцу», – баьхна. Эццехь ю и кIело. Цунах цакхетар – боьхна болх бу. Хьекъална эшна а хилла, ша нахана атта а, ворах а хетийтина, шех нахе пайдаэцийтар – эхь ду къонахчунна. Лазамна дуьйцуш ду кхузахь мел дуьйцург, дийцар декхар а долу дела, хьан къоман кхане хьох йоьзна а йолу дела, хьан лазам – вайн юкъара лазам а болу дела, миччахь хилча а хьо хIокху къоман юьхь йолу дела, хьоьгара даьлларг массаьрга а кхочу дела, вайн къомах волу хьо цхьана муьлш бу а цахуучу наха левича, Iовжаме долу дела. Юха оцу наха, хьо яхье воккхуш, карзахвоккхуш, хьуо майра лом ду аьлча, хьан са а къералуш, хьо хьуо-хьайх воккха а вуьйш. Майра делахь а, лоьмехь синан само хуьлу. Я цкъа а цхьогало Iеха а ца до лом. Цундела ду и лом. Цхьогалшна тIаьхьа а хIуьттуш, церан хIиллано ледеш лелаш делхьара – и лом а хир дацара, наха дустарна а далош. Цундела лоруш хилла нохчаша барамал тIехйолу майралла – Iовдалалла. Хьо-м сох нийса ца кхета а мега.

 

Бусалба пачхьалкх уггар хьалха шен дегIаца, шен цIийнан беа пена юккъехь, шен доьзалехь дIахIотто хьажа веза къонах. Шена худар дан а ца хууш, нахана хьовла дан воьдуш ца хуьлу. Ша цамогуш волчо нахана дан цхьа а дарба дац.

 

 – Зеламха, цкъа а тIамехь эша ма ца оьшу хьо? – аьлла, шега хаьттича, – «Суо тоьлур воцу хIума долош вац со», – аьлла, боху, Харачойн Зеламхас. Латарой, майраллой, тIом барой веш вац къонахчух къонах. Лата-м жIаьла а, экха а лета.

 

Кхоьруш а волуш, девнехь ка ца йолуш хила йиш юй къонах, аьлча, хила йиш ю. «Хьо кхоьруш хIума дуй, Бийболт?» – аьлла, шега хаьттича, «Ду, Делан Возалора, – аьлла, боху, Таймин Бийболта, – цхьа дала цадезарг а даьлла, сий дарах кхоьруш ву-кх со даим...Даим кхоьруш ву-кх со», – аьлла.

 

Хьоьца майралла къовса веана ша аьлла, цхьа къонах шена тIевеъча, «Хьо тоьлла хьуна», – аьлла, боху, цуьнга Харачойн Зеламхас, – со нахаца майралла къийса араваьлла вац.» Иштта хилла нохчийн къонахийн амалш.

 

Оцу масалша а гойту юха а, тIаккха а, къонахчух къонах веш дерг – хьекъал, кхетам хилар. Вайн къомана тахана а, кхана а, кхана Iийча а коьртаниг Iилма дара, майралла яцара. Майралла даим ца оьшу дахарехь. Даим хьаштдерг – хьекъал ду. Майралла оьшуш цхьа мур богIу, оцу муьрехь хьоьгахь и хилчахьана. Нехан цIенте яха (маре) арайолучу йоIанна совгIатна бархI бIе шо хьалха ваьхначу шайн поэтан Шота Руставелин «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал» поэма луш ламаст ду гуьржийн. «Къам» бохучу дешан шуьйрачу маьIнехь кхиъна къам хилар ду и, шен дерг дуйла а хууш, цуьнан мах а хууш. «Жайнаш дагорал даккхий а хуьлу зуламаш. Царах цхьаъ: уьш цадешар ду», – аьлла поэта Иосиф Бродскийс. Оцу зуламах хьалхадовллалц, вайн къоман мостагIаша кIелонаш еш, къам а хилла, дIадаха дуьтур дац вай цкъа а. Цуьнан ойла ян еза. Ойла еш хила боху вайга Дала.

 20I6 шо

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика