Гена мел даьхнариг

PDFПечатьE-mail

Шахабов

ШАХАБОВ САЙД-СЕЛИМ

 

Вина 1989-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. 
Карарчу хенахь циггахь вехаш ву. 
2010-чу шарахь дуьйна байташ язъеш ву.


***

Гена мел даьхнариг герга а догIуш,

Гергахь мел сецийнарг чIир кхобуш ду.

Зама а, дахар а зиэделла бохуш,

Тешаш мел лелларг а бехк кхобуш ву.

Дагах а дихкина, сел хьоме лоруш,

Лардинарг бекхамца дог дууш ду.

Куьг тесна дитинчо, ког тосий, вожош,

ГIалато гIалатех чIир оьцуш ю.

 

 

***

Ца догIучохь хьалха кхуьйсуш,

Ала дезча – лечкъадеш,

Каро гIерташ, гуонаш туьйсуш,

Аьлла даьлча – лар ца деш,

Гергахь дайча – гома хьуьйсуш,

Гена даьлча – мохь бетташ,

Хьакъ мел воцчо маттехь луьйсуш,

Iазап токхуш ду хьо, ДОШ…

 

***

Лакхарчу юьххьера лаха а дуьйлуш,

Хино харш ша доккху хIурдана тIе.

Оьздачу кхерчара аренга вуьйлуш,

Яхь йолчо ша йо шен сийлаллин цIе.

 

***

Цагинарг ган лууш, ка-мIараш хьоькхуш,

Цкъа динарг кхин ца дан чIагIонаш лоьхуш,

Хиллачун, хиндолчун юккъехь а соьцуш,

Долчунна букъ тоьхна, ирсъэцар доцуш,

Эхарта доьлху вай кечам а боцуш,

Вай дуьгуш йоьдучу заманца къуьйсуш.

 

***

Мацца а ларамца хьайна бахь хастам,

Дош кIезиг хилийта, хьегалахь къа.

Сихвелла, сонтачу кураллехь ластахь,

Цу дешан меха а хир дац хьан са.

 

***

Хьажал, доттагI, сий ду доьлхуш,

КIанта, дожош, тесна дIа.

Къена, г1ийла дог а лиэлхаш,

Ваха висна кIентан да. 

Цу ден хьаьшна эхь ду догуш,

Ницкъ бац нехан бIаьргаш лан.

Хьажал: кIентан юьхь-м ца йогу,

Эхьан цIергахь вагарх да.

 

***

Кхокхарчех гIевттина ойланаш тIома,

Дог берзан амалехь дIагIерта лома.

Сатийсам, мохк битна гIаргIулеш санна,

Шен йоцчу геналле кхийдаш бу денна.

Ка йоьхна висина хета ша цхьанна,

Ган доьгIна цахилларг ца гичахьана.

Багарчу рицкъанах Iаба ца Iемаш,

Ирхене гIерта вай, тишдина ленаш.

 

***

Дависа, диканиг вуочух а къастош,

Йиш хилча ма хетта хадабан мах,

Харц иэшош, нийсонца, бакъо а хастош,

Дог Iаббош, бахийта бусалба нах!

 

***

Бохь лекхчу дукъ-ломан локхалле кхача

Дахаран цхьа де а кхачаме ду.

Юккъерчу бараман сийлалле кхача

Дийнна цхьа оьмар а кIезиг хир ю.

 

***

Да вала, харцо хьан, буолатан харцо...

Буолатан дегнаш ма дина ахь дар.

Дависа, харцо, хьан лекха лам харцо,

Хьо лелош болчеран ца юьтуш лар.

 

Да вала, харцо хьан, буолатан харцо...

Буолатан дегнаш а далац хьоь къар.

Дависа, харцо, хьан лекха лам харцо,

Ахь лелош болчеран ца юьтуш лар.

 

***

Маьждиган момсар тIехь кхайкхаярх байташ,

Уьш хезаш хир ма яц ца оьшучунна.

Лечкъаярх чардакх тIехь, ца лууш гайта,

Каронза юьсур яц оьшуш волчунна.

 

***      

Дуьне деца хIара-м, доттагI,

Даржаш долуш адамийн.

Хьакъволчун таж долуш готта,

Нехан гIента хуьйшуш кхин.

Дуьне деца хIара-м, доттагI,

Даржаш долуш сийлаллин.

Доцуш лохчу гу тIе хIоттал

Лекхчу лам тIехь волчун сий.

 

***

 

Дайша йитна цIе дIакхоьхьуш,

Дика тIаьхье ехар ю. 

Шен-шен цIарна кхане лоьхуш,

Яхь ерш эхье бехар бу.

Дайх а, шех а яккха йоцуш,

Цхьамма шен цIе лоьхур ю.

Ша хьакъ воцу лакхе лоцуш,

Воссалц лело карор ю.

 

***

 

Гу лекхачу лам тIе яьлла,

ЧангIалкх барзах угIуш ю –

Берзан озах аз дан йоьлла,

ЧангIалкх Iалам кхардош ю.

 

*** 

Кхоамза йоьдучу хенах бехк лоьцуш,

ГIайгIанан лаамо къарздина кехат,

Ахь эрна хьегначу къинах чIир оьцуш,

ГIовгIанна кхоьссина топ санна, дека.

 

                

 ***

Дош долчу дашо а шен меттиг лоьху,

Ша МАТТЕХЬ цхьаъ долуш, шен МЕТТЕХЬ хила,

ЦIе йогу кхерч боцуш, мехаша лоькхуш,

Мах байна, тергамза доьжна ца Iилла.

 

 

 

Ши лар

 

Ахь язде техкачу зезагах лаций,

Iаламан хазалла ма-ярра гойтуш.

 

Ас яздо лекхачу дукъ-ломах лоций,

Яхь йолу нохчийн къам схьадалар гайта

 

Ахь язде шийлачу шовданах лаций,

Вайн мехкан башхаллаш исбаьхьа гойтуш.

 

Ас яздо яьссачу шалхонах лоций,

Юьхь цIенчу адаман адмалла гайта.

 

Ахь язде дашочу зIаьнарех лаций,

Ирс долчу дегнашна малх биэлар гойтуш.

 

Ас яздо гIелделчу гIиллакхах лоций,

Лаарна лар йоцуш иза ца дайта.

 

Ахь язде генарчу есаллех лаций,

Беттасин седарчийн гергарло гойтуш.

 

Ас яздо осалчу хIилланах лоций,

Дог цIенчу адаман сий лакхахь гайта.

 

Ахь язде ирсечу безамах лаций,

Зовкх хьоьгуш деха дIо ши адам гойтуш.

 

Ас яздо ямартчу мостагIчух лоций,

ДоттагIчун бакъболу тешамаш гайта.

 

Ахь язде байначу безамах лаций,

Ирс доьлхуш дисначу дегнийн лар гойтуш.

 

Ас яздо кхехкачу харцонах лоций,

Нийсонан агIонаш бакъонца гайта.

 

Ахь язде хазачу дуьненах лаций,

Адмашка вайн Далла хастамаш бойтуш.

 

Ас яздо дуьненан Iеткъамех лоций,

Лаарна адмашка дегнаш цIандайта.

 

 

 

Бехказло...

 

ДIадаьлларг, дагахь а сийначу цIергахь.

Хиндериг нисдан ницкъ лойла Дала.

И хир ду сан долахь, ницкъ кхаьчна лардахь,

Юттур ас цунах диканийн гIала.

 

ГIалаташ дагардан воьлча – ду шорта.

Тахна а текхош бу цу къинойн мохь.

Къа а доцуш, яьсса хир юй ткъа ворта,

Ша ваха веанчун кху дуьнен чохь?

 

Бехказло ю-кха сан гIалатийн хIотто:

Веха со дуьххьара кху дуьненахь.

ХIорамма ма лоьху шен дагна аьтто.

Кхачам бу, сан тоба вайн ДАЛЛА гахь.

 

ДIадаьлларг дарах а чим хилла даьгна,

Со вага эшац, вахар ду коьрта.

Ас дина диканиг шарахь ца даьхна,

Ткъа воунех-м цIанлац нахалахь ворта.

 

 

Биэндоцчу даьлча…

 

Дуьненахь мел дериг вовшашца доьзна,

Нисдина ницкъболчо лур доцуш дерза.

Еъча хан, нагахь цхьаъ эшамца доьжна,

Кхидерг а дужуш ду – иштта ду терза.

 

Дош лардар, Iаьнаре дирзина, тоьлча,

Кхин цкъа а хир боцуш дIабовш бу тешам.

Жим-жимма гIиллакхаш гIелдала доьлча,

Дерриге къоманна хуьлуш бу эшам.

 

Делера оьгIазло тIеелха йоьлча,

Лаьттахь кхин хIумма а дуьсуш дац кхиэра.

Лакхара чухьежа лаам тIех тоьлча,

Довлуш ду адамаш вовшашца хиэра.

 

Хьанал а, хьарам а биэндоцчу даьлча,

Харцоно эшош ду нийсонан терза.

Къаьстина, хIора а шегахьа ваьлча,

Хиэдаш ду дахаран ирс диэло мерзаш.

 

Тайпанаш-тукхамаш къестадар тоьлча,

ХьогIехь совъюьйлуш ю Даймахкахь ярташ.

Къизалла шен маша буьйцина яьлча,

ХIиттаза ца довлуш, хIуьттуш ду чарташ.

 

Дуьненахь мел дериг вовшашца доьзна,

Латтош ду ницкъболчо лур доцуш дерза.

Дахар ца хилийта эшамца доьжна ,

Далла ма-лаъара дахий вай мерза?

 

 

Валарал хала ду...

 

Сихъелла йоьдучу заманца къуьйсуш,

Атта дац гIеттина дуоладан дахар.

Дорцехь я малхехь а, шен юьхь ца хуьйцуш,

Валарал хала ду, хала ду ваха!

 

Де эшча, нахана орцах а вуьйлуш,

Дависа йиш хилча сагIанаш даха,

ГIо лаца йиш йоцуш, царна тIех вуьйлуш,

Валарал хала ду, хала ду ваха!

 

ДоттагIа ву аьлла, цхьанна таж туьллуш,

Хетта хьо ваьлча и дуьненан бахам.

Тешаме и вацахь, цуьнца чекхвуьйлуш,

Валарал хала ду, хала ду ваха!

 

БIаьрга мел дайнариг хьехамца дуьйцуш,

Воьлча цхьаъ бакъдериг адмашка баха,

Хьехам цатайначо вайча и вуьйцуш,

Валарал хала ду, хала ду ваха!

 

Кхелинчу дешнашца говза мотт буьйцуш,

Хеставеш, дуьхьала диканиг бахарх,

Букъ тоьхча, хууш и вуйла дош хуьйцуш,

Валарал хала ду, хала ду ваха!

 

Буьйсано бодане марчо тIекъуьйлуш,

Атта дац данне а ойланаш аха.

Эгначу гIалатийн къаьхьа кад муьйлуш,

Валарал хала ду, хала ду ваха!

 

 

 

Хьо гIуохьа...

 

Хьо гIуохьа, заманца майрра ког боккхуш,

Лар а луш там боцчу амалех лайн.

Ямартчу дегнашна дог гена доккхуш,

Вахаран мах леккха хилийта хьайн. 

 

Хьо гIуохьа, гIиллакхийн гIаролле гIаттий, 

ТIелаций деза дукъ, йоккха цIе дайн,

Сил гергахь латтадеш Даймехкан латта,

Iадаташ белшаш тIехь сецадеш хьайн.

 

Хьо гIуохьа, дахаран маьIна а гойтуш,

Ирсечу кханенна масал деш хьайх,

Хьайн лорах тIаьхьенга сийлахь некъ бойтуш,

ЦIеначу сийлаллехь цIе юьтуш хьайн.

 

Хьо гIуохьа...  Йиш ю хьан атталла леха, 

Лаамо тилор ву, хилахь шен лай.

Ши чаккхе, ши дош ду дахарал дехьа - 

Чот йоцуш деза я, мах боцуш, дайн.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика