Алиева Заринин цхьаьнакхетар

PDFПечатьE-mail

IMG-20190221-WA0040

Февраль беттан 21-чу дийнахь «Орга» журналан коьртачу редакторан Алиева Заринин цхьаьнакхетар хилира НР Правительствон председателан заместитель, финансийн министр волчу Тагаев Султанаца. Цхьаьнакхетарехь къамел хилира нохчийн маттах, литературах, цара юкъаралла, къам кхетош-кхиорехь лелочу маьӀнах, мотт боцуш къам хила йиш цахиларх а. Султана дийцарехь, цунна гуттаренна а дагахь дисина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла дешнаш: «Нохчийн маттахь къамел дарх ца тоьа, нохчийн маттахь ойла еш хила веза бакъволу нохчи». Оцу дерригенах а дика кхеташ волчу министран белхан стоьла тӀехь А. Айдамировн «Еха буьйсанаш» яра, хьалхо хилла къамел тӀечӀагӀдеш.

 

Цхьанакхетарехь гучуделира Султан Хумаидович книгаш йоьшуш, езаш хилар, литературица уьйр йолуш хилар а. Жимачохь «Орга» журнал доьшуш, цуьнца гергарло лелош хилла хиллера Тагаев Султан. Цунна хӀинца а дагайогӀура цу тӀера ша ешна цхьайолу байташ.

Пайдечу цхьаьнакхетарехь хилла къамел дӀадоьрзуш, министро С. Тагаевс ша автор волу статья («Чеченский язык» С.Х. Тагаев, М.С. Каменских) тӀехь йолу «В мире языка, языки в мире» гулар, иштта ша коьртехь а волуш хӀоттийна «История банковского дела в Чеченской Республике» книга а совгӀатна елира «Орга» журналан редакцина, «Мотт – къоман са ду», – аьлла.

Дика ду-кх, иштта, вайн маттаца а, къоман иэсаца а бала хилла ца Ӏаш, и синамехалаш къоман кхане юй а хууш болу нах Нохчийн Республикин куьйгаллехь болуш!

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика