Хиллачу оьздаллин дисна цхьа ӀиндагӀ...

PDFПечатьE-mail

23 февраль

АХМАДОВ МУСА

 

***

Хиллачу оьздаллин дисна цхьа ӀиндагӀ,

Хиллачу кураллин дисна цхьа ӀиндагӀ,

Дерриге дахана кӀоргачу Ӏинах,

Цхьа синош схьахӀуьтту, цкъа кхузахь Ӏийнарш.

 

 

Хиллачу адамийн ӀиндагӀаш ду вай,

Еса ю вайн бӀаьвнаш, стаг воцуш чуван,

ВагӀахь а шарахь цкъа генара хьаша,

ӀиндагӀ ду иза – дӀавоьду маса.

 

ХӀуъу деш вай хьовзарх: охуш, дуьйш ялта,

Сакъера ховшахь а, этӀабеш пондар, –

ДӀадийнарг ца кхуьу цхьа сискал ял а,

Сакъерар хуьлу вайн шайтӀанийн ловзар.

 

Вайн мехкан садаьхьна цу Ӏаьнан буса,

ЦӀерпошто даьккхина турпалчу дегӀах,

Цундела вайн ялтийн буьртиг ца бузу,

Цунах ду шовданаш тӀетесна Ӏеха.

 

ЦӀен коьрте довлийша доггах дан зикарш,

Даккхийша цӀийн сагӀа, дӀатоттуш бала,

Цу Деле доӀица дехийша дикка,

Вайн мехкан даьхьна са духало алий.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика