«Ас цкъа а ца яздо сайна цагинарш…»

PDFПечатьE-mail

G

Алиев ГIапуран – 70 шо

БУРЧАЕВ Хьаьлим

 

«Ас цкъа а ца яздо сайна цагинарш…»

 

(Эссе)

 

Алиев ГIапур… Ткъех шо хьалха цхьа тийна-тапъаьлла ша нохчийн поэзе ма-варра, иштта тийна-таьIна, хIинц-хIинцца вайна юкъара бакъдуьнене дIаваханчу оцу поэтан васт а, цо шел тIаьхьа дитина дош а шайна тIе тидам бохуьйтуш, шайх лаьцна ойланаш йойтуш, хаттарш хIиттош, жоьпаш лоьхуш хир ду цхьа хан яьлча а. Иштта хирг хиларх шеко яц вайн. ГIапура Iаламат дукха аьлла шен заманах, шен дуьненах, шен махках, вайх а лаьцна, цундела цуьнан синлехамех, сатийсамех кхетар, царна тIаьхьакхиар ду-кх хIинца вайна дисинарг. ГIапур нохчийн исбаьхьаллин меттан говзанча, дика поэт воллушехь, цуьнан цIе а, байташ а цуьнан юй хууш евзаш яцара Нохчийчохь, кхечу поэтийн стихаш санна. Ткъа муьлхха а хьекъалча, адамийн тидам шена тIеберзош, уьш тIебоьхуш, царна гIодеш, церан синхаамаш а, дегIан ницкъаш а карзахбохуш ма-хуьлу, цуьнан шайн дуьхьа вагаран, син ницкъан серлоне кхача лааран шовкъехь. Ткъа иштта хIунда ца нисло гуттар а? Алиев ГIапурах шех аьлча, цуьнан заманхой – вай ду-те цунна бехке я цо оццул дукха, даггара лазамца шен иллешций, байташций хестийначу Нохчийчу хIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь хьаьвзинчу бохамийн дарц ду-те? Я Алиев ГIапуран шен бехк бу-те и, цхьаболчу яздархошна санна, шена цIе ян ца хууш хиллачу, шен исбаьхьа байташ меттиг болчохь я боцчохь а дIакхайкхо, нахалаяха корматалла ца хилла волчу? Хаац… Амма, вайна лууш а, ца лууш а, ГIапуран шен а, цуьнан говзарийн а мах замано хадор бу, шо-шаре мел долу замано и тIе а чIагIдийр ду. Цуьнан говзарийн, дахаран некъан къайленна тIаьхьакхиа, уьш довза, талла гIертар ю вайн дуккха а тIаьхьенаш. И баккъал а воккха поэт шен заманахь вевзаш а, воьшуш а хIунда ца хилла а къастор ду, аьтто болчара шайн киншкаш арахоьцучу заманахь ГIапурна шен гулар зорбатоьхна ган доьгIна цахиларан бахьана а девзар ду.

 

Суна дуьххьара Алиев ГIапуран байташ евзира, аьлча а, цо ша дIаолуш иллеш хезира I996-чу шарахь. Iаламат чолхе, кхераме мур бара и Нохчийчохь. Кхузахь «конституционни къепе» яра хIетахь дIахIоттош, маьршачу бахархошний, маьршачу ярташний, гIаланашний а тIе хIоъ-молха дассош. Цкъа арен тIера лома хьалабовдуш, тIаккха юха арен тIехь кхерамаза меттиг лоьхуш, бIарзделла хьийзара вайн декъаза халкъ. Мискачу бахархошна кхетара схьатухург а, дIатухург а. Шу оьрсашкахьа девлла бохуш, хьийзабора федеральни эскарша дIалецначу ярташкара бахархой тIемалоша. Шу тIемалойн агIо лоцуш, царна къайлах гIодеш ду бохуш, хьийзабора юха а уьш оьрсийн эскархоша. Iаьхча – барзо боь ша, ца Iаьхча – Iуьно боь ша баьхначу Iахаран хьоле хIиттийнера шина а агIорчара бехк-гуьнахь доцу маьрша адамаш.

Алиев ГIапуран иллеш оцу муьрехь орцанан аз дара вайна массарна, Нана-Нохчийчоьнна а. Харцо, гIело, ницкъбар дара хIетахь вайн махкахь букар бохь боьгIуш. Талош дара вайн латта, бIаьрзечу къизалло хьередина хьийзара адамаш. Цхьана а кепара чаккхе ца гора оцу баланех хьалхадовла. Ванах, хIара дан а хIун ду-те? ГIенах я самах а ишттаниг хир ду аьлла, хьанна моьттура? Я моьттича а, хир ду аьлча а, мила тешар вара?

 

Йохийна хьан ярташ, ягийна гIаланаш,

Сийсазбо мехкарий, хIаллакбо хьан кIентий.

Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,

Маццалца хьийзар-техь хьан керта мостагIий?! –

 

ГIапуран-илланчин тийно-гIоргIа аз хезара нохчийн ерриге а ярташкахь, шахьаршкахь. ХIора денна Iожалло каетташ дIахьочу нохчийн кIентех, мехкарех, кегийчу берех дог Iийжаш, царна орца кхойкху иллеш дара уьш, рогIера шен балахьегарх Нохчийчоь юха а доьналлица чекхъериг хиларх вайн дегнаш чу тешам а бижош:

 

Къоркхокхий декар ду цу нохчийн хьаннашкахь,

Ламанан баххьашкахь лечарчий ловзур ду.

Дависа хьан делаI, сан хьоме Нохчийчоь,

МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю-те?!

 

Хинйолчу паргIатонах нохчийн халкъо мел беза мах бала дезар ду шера гуш хиллера ГIапурна. Иттанаш, бIеннаш, эзарнаш вайн махкахой дIабаьхьира вайна юкъара оцу ирчачу шина тIамо, ткъа догIмаш, синош заьIап динарш мел дукха бисина баха а. «Маржа яI, заманаш», «Сийна хьоза», «Езаш ца хилла хьо…», «Ма сиха…», «ЙоI-тIемало», «НеIалт», «ВорхI са», «Ас цкъа а ца яздо сайна цагинарш…» «Ма елха, нана», кхийолу а стихаш хьалхарчу тIеман шерашкахь язйина, царах цхьаерш иллин мукъамашкахь ГIапура а, кхечара а дIааьлла ю.

Халкъо сатийсамца, боккхачу тешамца, дегайовхонца тIеоьцура уьш хIетахь, хIунда аьлча тIеман гIелаллин хьолехь бохкучийн синхаамашна жоп луш уьш хиларна. Бакъдерг аьлча, хIетахь тIамна дуьхьал, Алиев ГIапура санна, майра, сацамболуш дош олуш, и дIакхайкхош кхин цхьа а вацара. «ЦIе яьлла Нохчийчоь йогуш, орцане мохь беттар» хилла дека ГIапуран иллеш халкъана гергара, оцу халачу муьрехь чIогIа оьшуш а дара, хIунда аьлча:

 

Иллеш дац, иллеш дац ас бохурш –

Iадийна цIогIа деттар ду.

Пондаран мерзаш дац декарш –

Декашдерш синпхенаш ду,

 

– бохуш, хезаш долу ГIапуран таьIна-гIоргIа аз дан а дара вайх хIораннан а синпхенаш дулуш, уьш декош. Цуьнан иллеш, цо ша ма-аллара, «гIаддайна узарш», «къоман бIаьрхиш», «мостагIна герз деттар», «орцане мохь беттар», «кIиллой сийсазбар», «къонахий хестабар» хилла ца Iара, уьш халкъ лийриг цахилар, Даймахке шен доза доцу безам гайтар а дара:

 

Иллеш дац, иллеш дац ас бохурш –

Толамна тоьшалдар ду,

Нохчийчоь, хьо сайна езар

Адамашка кхайкхадар ду.

 

И хIетахь дара, хьалхарчу тIеман а, и чекхбаьллачул тIаьхьа а даьхкинчу шерашкахь. Со а вара Алиев ГIапуран иллеш дезаделлачех, оцу илланчин похIма къобалдечех. Суна иза цкъа а гина вацара, амма вевзаш вара халкъан илланча санна, тIамо синхаамаш карзахбаьхна, харцонна дуьхьалхIотта доьналла кхаьчна къонах санна. Наг-наггахь ГIапуран хьалхалера иллеш хазар бен, кхин цо яздина керланаш ца девзара суна. Цуьнан тийна-гIайгIанечу мукъамаша сан иэсехь карлабохура дIабаханчу тIамо гуттаренна а битина дагалецамаш, цу бохамо эхарта дIабаьхьна я заьIапбина гергарнаш, доттагIий, бевзарш а. Ткъа машаре ю боху хан а яцара маьрша. Хезаш, схьагушдерг нохчийн керла баьччанаш вовшашца цатарбалар, уьш вовшех цабашар, цара мискачу халкъехь латтош йолу гIело-харцо яра. ТIеман бала шен белшаш тIехь лайна миска халкъ гуш я хезаш аддам а вацара, ницкъ шайгахь мел берш, цIубдарш санна, хIинца а тIеман тохарийн чевнаш дIаерзазчу Нана-Нохчийчоьнах шайна йолург схьаяккха, цуьнан цIий мийла тIелетта бохкура.

ТIаккха юха а Делан оьгIазло хилира. Хьалхарчул а къиза, бохаме хилла хьаьвзира тIеман шолгIа гуо. Юха а Iенира бехкбоцчийн цIий, лаьттаца дIашарйира ярташ, гIаланаш.

Со хIетахь Шелковски кIоштара Червленнехь вехаш вара, тIамо хIусамаш йохийна, I997-чу шарахь дIавахана, меттигерчу школехь хьехархочун болх беш. 2003-чу шеран гурахь Соьлжа-гIала веана волуш, сайн накъостий-яздархой ган лиъна, «Орга» журнале веара со. «Вайнах» а, «СтелаIад» а журналаш а хиллера цунна лулахь, Толаман проспектехь (хIинца – Путинан). ХIетахь «Вайнах» журналехь болх беш волчу Ибрагимов Лоьмин (Канташ) кабинет чохь гира суна иза дуьххьара, бакъду, хIетахь суна ца хаьара иза ас лоруш волу илланча ГIапур вуйла. Сирла-цIена юьхь-сибат долуш, еха къоьжа месаш, лекха, товш дегIахь стаг вара, Лоьмас: «ХIара Алиев ГIапур ву», – аьлла, суна вовзийтинарг. Эсала хьажар, догцIена велакъажар долу иза даго дуьххьара гичхьана дуьйна тIеоьцуш болчу нахах вара. Жимма къамелаш а дина, дIасакъаьстира тхо. ТIаккха «Орга» журналехь цуьнан коьрта редакторца Минкаилов Эльбрусца бартхилира сан тIедогIучу керлачу шарахь дуьйна ас кхузахь отделан редакторан болх дIаболош.

2004-чу шеран юьххьехь со «Органе» схьавеъча, кест-кестта вовшийн гар хуьлура журналийн белхахойн. Цига кхочура поэт Талхадов Хьамзат а. Иза сан ненан шичин кIант а хиллера, ГIоьрдалара схьавалар а долуш. Мичара, хьенан ву аьлла, тхойшиннан къамел тасаделча, гергарлонан уьйраш а карийна, тIекаре чIагIъелира сан Хьамзатца. Ша Iаламат дика поэт а хиллера иза, хIинццалц зорбане ца волуш Iарна, башха вевзаш а воцуш. Суна йоьшура цо шен байташ. Цкъа тхойшиъ «Орга» журналехь волуш, «Алиев ГIапуран стихаш муха хета хьуна?» – аьлла, хаьттира цо соьга. Ас, цуьнан стихаш сайна ца евза, элира. «Муха-ца евза? – цецваьлла, суна тIевогIавелира Хьамзат. – Хаза а ца хезна хьуна уьш?» Ца хезна аьлла, мукIарло дира ас. «Дика ду, ас йовзуьйтур ю хьуна уьш-м», – элира Хьамзата. Цул тIаьхьа кIеззиг хан яьлча, «Органан» I999-чу шеран жима номер йохьуш веара иза: «ХIорш ю хьуна ГIапуран стихаш. Еша а еший, тIаккха хьайна хIорш муха хийтира алахьа соьга». Оцу дийнахь, кхин цхьа гIуллакх хьалха а даьлла, и стихаш еша ца ларийра со.

ШолгIачу дийнахь делкъеян дагахь со редакцера араваьлча, некъаца йинчу аьчкан кертана юххехь гуттар санна лаьтташ ГIапур гира суна. Ас сайца кафе чу кхайкхира иза. ХIума а кхоллуш, цхьацца къамелаш деш тхойша Iаш, ас дийцира цунна Хьамзатца сайн хилла къамел. Вела а велла, «Сан стихаш-м кIадбоцург дара, иза ша мел дика поэт ву хаьий хьуна?» – аьлла, хаьттира ГIапура. «Дера хаьа, цо суна уьш еша а ешна, – жоп делира ас. – Къаьсттина дика йоьшу цо «Рожа» цIе ерг». «ХIун Рожа? – цецвелира ГIапур. – Иштта стих а ю цуьнан?» «Ю дера-кх. Хьуна ца ешна цо и? Цхьажимма дагахь а хаьа суна цуьнан могIанаш, ладогIал», – аьлла, еша волавелира со:

 

Рожа, шан хажа Рожа,

Ежа хьо шуна шайн шил дукха…

 

Кафе чохь мел верг цецваьлла тхойшинга схьа а хьожуш, чIогIа велар иккхира ГIапуре. Кхин дош ца алалуш, дукха веларна, бIаьргех хиш оьхура цуьнан. Цунна хазделларг ас, Хьамзата ма-аллара дешнаш а олуш, ешар дара: метта буьххьехь олура цо цхьадолу аьзнаш, цу тIе а цо шена лерина и стихотворени язйина йоI Роза а тхойшинна евзаш яра.

Редакце тхойша юхавогIучу новкъахь а воьлуш схьавеара ГIапур: «Декъаза ду-кха хьуна и шиъ хIинца дуьйна. Ас гIад-амал дойур ду церан, и байт йоьшуш», – элира цо, тхойша дIасакъаьсташ.

Талхадовс сайга делла журнал деша охьахиира со чу ма-вахханехь. «Къонахийн зама» цIе йолчу стихотвореница дIайолалуш яра Алиев ГIапуран байташ. Со цецвелира, суна хууш дара и могIанаш яздинарг илланча ГIапур вуйла, хIетахь дуьххьара уьш иллин мукъаме а дерзийна, Iаламат говза а, дика а дIаэлира йишлакхархочо Рамзаева Бирланта, массарна дукхадезаделла а дара и:

 

… Майралло дахчийна, къоман барт чIагIбина,

Нохчийн сий айинчу хьайн денойн дуьхьа,

Тхо сийсаздовларах лардала Iаммалца,

Собарде, сих ма ло, къонахийн зама.

 

Цунна тIаьхьайогIурш а йийшира ас. Шеко яцара, церан автор а и илли даьккхинарг хиларх: яздаран хатI а, меттан башхаллаш а цхьаьнайогIура оцу байтийн. Со сихха «Вайнахе» вахара.

ГIентан букъа тIе а тевжина, куьйган пIелгашца стоьла тIехь вотанан мукъам тIаьхьара а балош, йиш лоькхуш Iаш вара ГIапур:

…Рожа, шан хажа Рожа,

Ежа хьо шуна шайн шил дукха…

– Ма кIордийна, хьех-мерах чекхъяьккхина-кх ахь суна и эшар. И а йитий, хьайна хаахь, кхиниг лакхахьа, – бохуш, дехарш деш, шен стоьла тIера кехаташ кегош, елакъежаш Iаш Роза а яра.

Со чоьхьа ма-веллинехь, кIажвахана велахIоьттира ГIапур. Ткъа ас, со ца кхетачуха, цхьажимма ханна ураме вала вайша аьлла, аракхайкхира ГIапур.

– ГIапур, – хаьттира ас цуьнга, – тIеман заманахь иллеш олуш хилла ГIапур вевзий хьуна?

– Ой, дера вевза, шен цIоканций а-м. ТIаккха…? – аьлла, вела а къиэжаш, дIахIоьттира иза.

– Иза хIинца мичахь ву? – юха а хаттар дира ас.

– Мичахь хир вара иза? Шен цIахь Iаш ву-кх. ХIун дора ахь цунах? Иза-м вайна бир-минот ялале схьакарор ву, нагахь хьуна эшахь.

ТIаккха сан шеко кхин тIе а чIагIъелира:

– ХIета, билггал хьо ву-кх и илланча ГIапур, – элира ас.

– Ой, ву дера-кх! Тера вац, ткъа, со цунах? – забаре хаьттира ГIапура…

ХIетахь дуьйна виллина цхьаьна хуьлура тхойшиъ. Белхан хенахь сарралц масийттазза вовшийн гойла хуьлура, цхьаьна охьа а хевшина, къамелаш деш Iан хан а хуьлура. Цо шен стихаш гойтура суна, царах лаьцна хетарг алахьара олий. Бакъду, ша яздина дешнаш я могIа атта хуьйцур болуш вацара.

– Хаац суна-м, хьо бакълуьйш хила а ма тарло. Делахь а, хIара язъечу хенахь иштта ойла хилла-кх сан. Ткъа хIетахь соьгахь хилла хьал юха хир а ма дац, – олура цо, суна хьалха бехказвуьйлуш санна.

ТIаьхьо иза къера вара ша шен цхьайолчу стихаш тIехь мелла а кхачамбацарш дитина хиларна.

– Дала мукъалахь, ала хIума доцуш рифмаш а, дешнаш а нисдина, дика тойийр ю ас уьш, Дала могашалла лахь, – олура ГIапура.

Шен поэзи хьахийча: – ДIавалахьа, хьенех, уьш-м даккхий хIуманаш дацара - ас яздинарш-м. Дависа, Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар», «ЦIен берд» я «Йоьжна дарта» санна йолу цхьа хIума язлахьара, – олий, шен сатийсам бовзуьйтура.

Амма шерра гуш хуьлура шен поэзех лаьцна хеташдерг алар, цуьнан дика я ледара агIонаш йийцареяр цунна тамбеш хилар. Беран санна, сирла-цIеначу велакъежарца ладоьгIура ГIапура шен говзарех лаьцна дечу къамеле, «ма дика ду-кх хьуна и иштта хеташ» юкъа-кара а олуш.

Цуьнан дукхахйолу стихаш I995-I999-чу шерийн муьрехь язйина ю, ма-дарра аьлча, уггаре а диканиш. И иштта муха нисделира аьлла, ас шега хаьттича:

– Гой хьуна, – элира цо, – со баккъал а тешна ма вара нохчашна маршо хирг хиларх. Со саннарш дуккха а ма бара. Амма дуьххьарлера тIом чекхбаьлча дуьйна сан шеконаш кхоллаелира вайна хьалхабевлла лелачарех, нохчийн гIиллакхашций, амалшций ца догIуш мел дерг цаьргахь ган доьлча. Ма-дарра аьлча, вайна тIом чубохьуш баьхкинарш а, кхузахь царна дуьхьалоян еза бохуш, кхайкхамаш бинарш а цхьабарт болуш хиллий-те олий, ойла йогIура коьрте кест-кестта. Суна къа а, кхоам а хета хьалхарчу тIамехь хIаллакбинчу вайн къоначех, иштта массарех а. Шайн синошца, догIмашца, ойланашца цIена кегийрхой ма бара сила доккхачу эскарна дуьхьал леттарш, баккъал а вайн маршоне сатесна белларш. Вайн баьччанаша хIун дира?.. ТIом дIа ма-бирззи, даржашший, гIанташший, бахамашший къийса хIитти-кх мецалгаш. Царна дага а ца богIура тIамо хIаллакбинарш, бохийна, талийна мохк, цIе-кIур боцуш бисинарш. ХIетахь Iедалехь бу бохучарна юкъахь сан накъостий, доттагIий бу бохурш а ма бара. ТIаккха сан цаьрца къовсамаш хила буьйлира, тIаьххьара а - дIасакъастар а. ХIетахь Нохчийчохь хIоьттинчу ирчачу суьрто садуура сан. Айса тIом болуш баьхначу иллех а догделира. Амма ца яздеш ца Iалора. Иштта хIетахь сайна гучух, сайна хетачух лаьцна язйина ю-кх сан дукхахъерш. Дош алаза Iан а ца велла язйинарш. Гуттар а сайн оьгIазло кIарг ца ялийта, юкъакара безамах я кхечунах лаьцна а язъеш…

 

Чекхбаьлла, чекхбаьлла, буьрса тIом чекхбаьлла,

ДIатийна герз деттар, къам паргIатдаьлла.

Ткъа сан дог, тем байна, хьо хIунда деттало?

ХIун гина? ХIун хилла? Стенах шекдаьлла?..

 

                 ***

…Да велла диса шу, сан иллеш,

Да велла диса шу.

Шу дохуш ас йина ойланаш,

Аш дагна мел бина лазамаш…

 

…Да велла диса шу, сан иллеш,

Давелла диса.

Да велча, мохь тоххий делхалаш,

Кхин цкъа а ца декаш, совцалаш!..

 

                ***

Сан иллеш, чекхъели шун зама.

Сан зама, чекхъели хьо…

Чекхъели къонахийн зама,

ТIейогIу кхечеран хан…

 

Лакхахь далийначу байтийн могIанашкахь, иштта ГIапуран кхийолчу стихашкахь а шера гуш ду вай юьйцучу заманахь цуьнан са а, дог-ойла а мича хьолехь хилла. Шен амалца ГIапур харцонан, ямартлонан гIолоцур долуш вацара. Цунна уьш хийра, къилахь дара. Стеган доьналла, собар, тешаме дош дара ГIапура коьрта лоьрург. Ткъа кхидерш эрна хIуманаш хиларх шен цIийх доьлла дара цунна.

Хийла хан яьхьира оха ГIапуран хIусамехь, цуьнан комаьршачу хIусамнанас Мархас хьалха шун а хIиттош. Мархас олура соьга:

– Дуьйлийша ГIапур волчу, цунна мел дукхадеза шу! Гуттар а хьой, Хьамзаттий, Мовсаррий хьехош, сагатдо цо шуна мукъачу деношкахь.

Сой, нохчийн драмтеатран актер Атаев Мовсаррий кест-кестта воьдура цаьрга БухIан-юьрта (Черноречье). Цига вогIура ГIапуран юьртахо, гергара стаг, берахьлера дуьйна доттагI волу филармонин артист Асхабов Iабдул-Хьаьлим а. ТIаккха тхо тIаьххьалц Iара, ГIапурий, Iабдул-Хьаьлимий дечиг-пондар тIехь иллеш олуш, литература а, искусство а хьехош. Цигахь тхох схьакхетара ГIапуран шича Султан а, лулахо Лом-Iела а.

Со Червленнехь вехаш волуш тхоьга хьошалгIа богIура уьш. ХIетахь сих-сиха сан хIусамехь хуьлура ГIапур, Гамаев Ваха, Талхадов Хьамзат, Джанаралиев Iимран, Минкаилов Эльбрус, Сентябриев Эми, Джамбеков ШаIрани, Устарханов Iалви, кхин а. Тхан доьзална, сан къеначу нанна а, доккха самукъа хуьлура уьш баьхкича. УьйтIарчу тхов кIел охьа а ховший, сакъоьруш Iара тхо. Лулахой а схьагуллора. Цигахь охьа а ховший, ГIапуран а, Iабдул-Хьаьлиман а иллешка ладоьгIуш Iара уьш, тхо садаIа, дIадийша чудаххалц. Цундела и хьеший юха а бахкаре сатесна хуьлура Червленнера бахархой. ГIапур веъча, шайна хаийта олура цара тхоьга.

Шен уьйрийн гуонера цхьаъ кхелхича, и чIогIа холчадолура ГIапурна. Цундела хилла хир вар-кха иза тIаьхь-тIаьхьа дог дуткъалуш, тхуна массарна а чу са диллина, дашца хилла а, массеран догъэца гIерташ. Хала лайра цо шен уггаре юххерчу доттагIех цхьаъ – Талхадов Хьамзат – кхалхар. ГIапуран хIусамнанас Мархас дуьйцура: «Дийнна кIира даьккхира цо гуттар а иза хьехош». ХIетахь язйира цо шен уггаре дикачех цхьаъ йолу I52-гIа сонет:

 

ДоттагIий, доттагIий, шун гуо бу херлуш,

Шайх дагахьбалламаш суна буьтуш.

Iодикаяр а дац. Лаьттачохь оьгуш,

Со тIаьхьахьоьжжучохь латта вуьту.

 

Сингаттам базбелла, бIарзвелла висча,

Комаьрша куьг кховдо шу ца хуьлу.

Вай вовше дийцинчу хабаршлахь тилла,

Со дIай-схьай хьоьжжучохь де тIехтуьлу.

 

ДоттагIий – ас йинчу ойланийн тешаш,

Сингаттам тIаьхь-тIаьхьа аш базбина.

Генара гушйолчу серлонех лепаш,

Шух дагалецамаш суна бисна.

 

Iодикаяр доцуш, цIеххьана оьгуш,

ХIун чIир ю, кIентий, аш соьгара оьцург?..

 

– Вайшимма Хьамзатан прозин а, поэзин а гуларш кечъян еза, – элира соьга ГIапура. – Уьш арахеца гIодан стаг воцуш ма вара иза, шен киншка зорбатоьхна ган а лууш. ХIинца вайшимма тIе ца лацахь, и кхочушдийр долуш аддам а вац-кх. Бакъду, уьш арахеца таронаш йолуш вайшиъ а вац, делахь а, хьанна хаьа, киншкаш кийчча хилча, цхьаъ вала а ма мега и гIуллакх кхочушдан. И болх биэ вайша? Цунна дуьхьал эвххьаза гIур вар-кха тIаккха…

Со тIетайра ГIапурна. Цул хьалха, Хьамзат кхалхале, тхойшинга дийцинера ГIапура, шен йишина компенсаци ду лур долуш, цо киншка арахеца ахча лур ду аьлла шена бохуш. Амма и компенсаци далар а хьеделира. ТIаккха 20I0-чу шарахь ГIапурна нохчийн меттан денна лерина цхьа бIе эзар сом преми елира. Цунна ма-луъу киншка арахеца кIезиг дара и. Цо и ахча йохк-эцарна юкъадиллира, амма бизнесехь а ма веза цунна охIла стаг, кхин башха пайда тIе ца болуш лаьттира и гIуллакх а.

Цкъа дуьххьара Талхадовн стихаш кечйира охашимма, бакъду, уьш а ерриге схьагулъян ца кхиийра. Царал тIаьхьа цуьнан проза вовшахтоха дагахь а вара.

– Цкъа хьалха Хьамзатниш зорбатухийла хир дацара-те, – сатуьйсура ГIапура. – Цул тIаьхьа бен сайниш я хьайниш арахеца бакъо яц аьлла хета суна вайшиннан, – олура цо, тIаккха, со зуьйш санна, соьга леррина хьажа а хьожий, тIетухура: – Реза ма ву хьо, схьагарехь. Вуьшта, кхин цхьаъ ду хьуна. Хьанна хаьа, сох хIун хуьлу а, тIаккха шолгIа дукъ а хьан коча догIур дуйла хаалахь, – велалора.

Суна ца товра ГIапура цу кепара забарш яр. Цу тIе а, дукха шера гуш дара иза могашалла тIеттIа оьшуш хилар. ШолгIа тIом болуш юххехь иккхинчу йоккхачу тоьпан снарядан гаьргаш яра цуьнан дегIах йохкуш, схьаяха а ца баьхьна, лоьраша йитина. ЦIеххьана йовхарш тIейогIий, юьхь цIийлой, хьацар кхетий, иза гатвелла хьаьвзича, холчахIуттура со а, цунна дан гIо доцуш. Шех доглазарца долу сан хьажар а лоций, цхьа бер санна бехкала а воьдий, олура цо:

– Хаа-ц суна-м, кхоллал кхуллуш хилча, хIара вайн догIмийн чархаш аьчках кхолла езаш ма-хиллера…

ТIаккха, Хьамзатан киншка вовшахтоьхна ваьлча, ГIапуран ерриге говзарш кечъеш къахьийгира охашимма.

Вевзашволчу яздархочо, нохчийн литературин фонд схьайиллина, вайн яздархойн говзарш арахоьцуш волчу Мусаев Iалавдис Москва вигира ГIапур. Иза цига мел хала вахара, Iалавдина санна, суна а хаьа.

– Со муха гIур ву хIинца юха а цунна бале вала? Иза-м шен гIуллакх деш, кхин а дуккха а нехан гIуллакхаш айбина лелаш стаг вай. Иэхь ма хета суна цунах. – бохура цо.

Амма, Iалавди къар а ца велла, Москва вахара ГIапур, цунна дарбанаш а леладайтира. Хаъал могашалла тоелла цIавеара ГIапур хIетахь. Цу тIе а ГIапурна чIогIа оьшуш йолу компьютер а еллера Iалавдис цунна. ШозлагIа а цига больнице ваха везаш вара иза.

– Iалавдис юха а дIакхойкху со. Ма ца лаьар-кха суна юха а сайх цунна бала бан, – олура ГIапура.

Цига гIуо бохуш, шега деш долу дехарш, цхьацца бахьанаш лехьош, дуьтура цо.

– Хьан иллеш - хьалхалернаш а, керланаш а - дIаязде вай, ГIапур, – кест-кестта олура ас цуьнга. – Ахь ма-аллара уьш кхечо дIаэр ма дац.

Цкъа цхьажимма могашалла а тойина, тIаккха цхьаъ дер вай, олий, дуьтура цо иза а.

ГIапур дуьнен тIе ваьлларг январан шолгIа де дара. Оцу дийнахь шен уггаре юххера накъостий ша волчу дIакхойкхуш ламаст кхоьллинера цо пхи-ялх шо хьалха.

Оцу дийнахь I2 сахьт долуш цигахь дIагуллора тхо : Жанадди коьртехь волуш эвтархой, Талхадов Хьамзат, Гамаев Ваха, Давлетгириев Iабдулла, Сентябриев Эми, Атаев Мовсар, Гайтукаев Юсуп, Ширвани, Iабдул-Хьаьлим, со а гуттар хуьлура цигахь. ТIаккха хьалхий-тIаьхьий Ваха а, Хьамзат а дIакхелхича, гуттар а чIагIделира тхан иштта цхьаьнакхетарш.

– Гой шуна, уьш дIабаха, вай а гIур ду. Цундела, ваьш дийна долччуьра, вовшех марзо эца ма еза вай хIокху дуьсу долчу дуьненахь, – олура ГIапура.

ТIаккха, иллеш олуш, стихаш а йоьшуш, цхьацца забарш а еш, самукъадоккхура тхешан. Тхох цхьаъ цига ца вогIуш висча, чIогIа дегабаам бора ГIапура.

2010-чу шарахь, 2-чу январехь цхьанхьа генна ваханчуьра сарахь цIа кхаьчна, кIадвелла со Iаш волуш, ГIапура соьга телефон туьйхира. Ас сайгара хьал дIадийцича:

– КIадвелла боху ахь хьо? – хаьттира ГIапура, цуьнан озехь беран санна дегабаам къаьстара. – Со-м Iийр вацара хьуна, хьан метта со хилча…, – кхин хIумма а ца элира.

Арахь Iаржъелла хан яра со новкъаволуш. Со вогIу я ца вогIу ас ГIапуре ала а ца элира. Со, гIала дIа а кхаьчна, шен хIусаман неIарх чоьхьаволуш шена гича, дуьхьал а хьаьдда, со къевллина мара а воьллина:

– Суна хаа ма хаьара, хьо, Маймина а дайна, суйнах схьабаьлла суй буйла! – элира цо.

Амма оцу цхьаьнакхетарех уггар а чIогIа иэсехь чIагIделла дисна суна 2011-чу шеран 2-гIа январь.

Гуттар а санна, ГIапуран хIусамехь гулделира тхо хIетахь а. ХIусамнанас Мархас хIоразза а санна комаьрша кечдинчу шуьнехь тхо Iачу хенахь хIусамда хIинццалц цкъа а ца хиллачу кепара самукъане, векхавелла хиларан тидам хилира сан (массара а тидаме эцна хиллера и).

Ша кIадвелла, шега садаIийта ца олуш, дуккха иллеш элира цо тхуна. ХIокхул хьалха даима буса 7-8 сахьт долуш дIабухуш хилла хьеший I0 сахьт даллалц дIа ца бахийтира ГIапура. Ткъа со гуттар а иза волчохь буьйса йоккхуш соцура. Оцу буса сой, ГIапуран юьртахо, поэт Турпалханов Вахий, Iабдул-Хьаьлиммий висира тIаьххьалц сакъоьруш.

– Тховса санна самукъане цкъа а ца гина-кх хIара суна, – элира соьга Мархас. – Дела реза хуьлда шуна, кхуза а даьхкина, цуьнан дог-ойла иштта айарна.

ШолгIачу дийнахь Iабдул-Хьаьлим филармоне вахара, Марха а шен балха дIаяхара. Тхо кхоъ висира чохь. Дог даста сихвелча санна, дуьйцура ГIапура тхойшинна шен халачу бераллех лаьцна, тIаккха къоначу хенахь СССР мел ю ша гездина некъаш, юха вайн драмтеатрехь а, кхечанхьа а ша бинчу балхах лаьцна.

 ЙоIана Фатимина лерина стихотворени а ю ГIапуран «Йолахьа, БIоба» цIе йолуш, цуьнца Iаламат мерза юкъаметтигаш яра цуьнан.

 

Хьайн баккхий бIаьргаш ца къерзош,

Фатима кхеро ца гIерташ,

Тхо долчу йолахьа, БIоба,

Хаз-хазчех туьйранаш дохьуш.

 

Цахиндерг хиндолчух дуьйцуш,

ВорхI ломал дехьенаш хестош,

Туьйранаш дийцахьа, БIоба,

Наг-наггахь Фатима хьостуш...

 

...Йицъяйта хIара ирча зама,

Йигийта туьйранийн махка,

Фатима кхойкху хьоь, БIоба,

Хаз-хазчех туьйранаш дийца.

 

 Шел тIаьхьа Фатимас хIун лелор ду-те боху шен ойланаш а йостура цо тIаьххьарчу хенахь. Шен квартира цунна дIаелира цо, ткъа ша нехан хIусамехь вехаш вара.

Со, цIенош дIахIитто гIерташ, ка-мIараш етташ вуй хиъча: – Дала мукъалахь, хьо хьайн хIусамаш чу воккхуш, сайн вешин санна, гIо лоцур долуш ву-кх со, – элира цо.

 Иштта вар-кха ГIапур, хIоранна а орцахвала кийча, массарех доглозуш. Поэт а вара, бакъволу поэт, цхьа а шеко йоцуш. Дуьххьарлера байташ ша I994-чу шеран 28-чу ноябрехь, шен доттагIчун, вевзашволчу режиссеран Гузуев Хьуьсейнан тезетара цIавеъча, язйира ша бохуш, дуьйцура ГIапура. Цул хьалха а цхьацца забаре иллеш-м яздинера ша, амма Хьуьсейн кхалхаро цхьа кIорггера дагахьбаллам битира шена, бохура цо.

 

Елхалахь, елхалахь, елхалахь, езар,

Ас хьайга дийцинарш дага а лаций.

Хьайн дагна Iийжамаш сох бисна алий,

Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий...

 

...Хиллачех, хиндолчух елхалахь езар,

Сох диснарш дерриге дагар а дай.

Со ала цакхиънарг диканна алий,

Елхалахь, мохь тоххий, нахала ялий...

 

Соьлжа-гIали чу 26-чу ноябрехь дуьххьара танкаш яьхкина, тIом хиллачохь вийнера ГIапуран доттагI. И вайн халкъан рогIерчу ирчачу бохаман юьхь яра. Цул тIаьхьа хьийза юьйлира Нохчийчохь тIеман кахьар.

 

Заманаш, заманаш, маржа-яI, заманаш,

Шу йицъеш, кхин бахка хир буй-те баланаш?

Баккъал а бакъдолуш гуш дуй-те мел гушдерш,

Я гIан ду хIиттош дерг шен буьрса гIаларташ?...

 

«Тахнено Iадийначу мискачу нохчашна» кханенаш хIун дохьуш йогIур ю-те бохучу хаттарша кхоьллира цул тIаьхьа язйинарш. ГIапура ша ма-яздарра, иза ца кхеташ йогIу заманаш, бакъду бохуш кхайкхош дерш а ду иза шайх ца тешаш, «Iаьржа Iаржо махкахь яржош, гондахь хьийза ардангаш» а.

 Оцу масех шарахь ГIапура язйина стихотворенеш а, сонеташ а вайн махка боьссинчу баланех, гIайгIанех лаьцна ю. Уьш дерриге сих а, дагах а чекхдуьйлуш, цо язйина байташ шайн ешархо биэндацараллехь вуьтуш яц.

 ГIапур, шен дешан жоьпалла хууш, цунна тIе тидам чIогIа бохуьйтуш вара. И иштта ца хиллехь, ешархочун даг чу дуьйшуш, лаккхара поэзи шайна чохь йолуш могIанаш цуьнан хир а дацара. Цунна масална дало догIу «Дененан туьйранаш» цIе йолчу стихотворенин дакъош:

 

Зил тоьхна, сан вахар нисдина,

Цхьа аз ду сан лерехь декаш.

ГIум-Азехь денанас бийцинчу

Даймахках ойла ю хьерчаш:

 

«Сан жимниг, дIо генахь ДегIаста

Ю хьуна вайга цIа кхойкхуш.

Со кхузахь юьсур ю гIамаршца,

Сан дуьхьа вахалахь», – бохуш…

 

 Денанас дуьйцу кIантана генарчу Нохчийчоьнах, цигарчу стигланах, шовданех, хьаннех лаьцна тамашийна хабарш. Исбаьхьчу туьйране санна ладоьгIу кIанта цо буьйцучу махках лаьцна долчу дийцаршка. Иза-м хIинца тоххар цIавирзина, оцу махкахь вехаш ву, амма:

 

…ГIум-Азехь денанас дийцина

Туьйра ду хIинца а дехаш.

Со, хIетахь сайн бабас Iехийна,

ХIинца а ву цунах тешаш.

 

 Кест-кестта нислора гIалин урамашкахь, ГIапур а вевзий, цабевзарш бистхилар:

– ГIапур, Дела реза хуьлда хьуна иштта иллеш дахарна! Керланиш дIа хIунда ца олу ахь? – хоттура цара.

– ГIапур, суна хьан керла илли ма хезира хьастагIа радио чохь, – олурш нисбелча, цо цецволий хоттура:

– Муха-керла илли? Ас дIа-м ца яздайтина уьш.

«Нохчо ву со, нохчо ву. Кхиий вала, нохчо, бохуш, хьалакхиийна...», я, «Туфленийн кIажоша цаьпцалгийн йиш лоькхуш...» иллийн дешнаш даладора тIаккха вукхара.

– Делан вазаллора ца яздина уьш-м ас! – карзахволура ГIапур. – Цхьа кхиниг ву шуна церан автор, хIинца уьш сан коча ма дахкийталаш, – дехар а дора.

– ОьгIаз ма эхахьа, ГIапур, – генаваьлча а бур-бур деш схьавогIу ГIапур теван гIертара со. – Хьан керла иллеш хаза лууш ма боху и цара, баккъал а и аз хьайчух тарделла.

 Дахаррий, Iожаллий дуьхь-дуьхьал хIиттош, къаьсттина Iожаллах лаьцна хаттарш шена а, ешархошна а хьалхахIиттош йолу байташ дукха ю ГIапуран. Царах лаьцна хаьттича: – Iожаллин чаччамаш ю вайна гондахьа етталуш, вай хоьржуш. Iимран, Хьамзат, Ваха, Хьасамби, кхиберш а цара лийци. Вайх хьалхара мила ву хууш дац. ТIаьхь-тIаьхьа гIайгIане мукъамаш бен язлац-кх соьга, – олура.

 

Мел вехар-те, дахар дезаш?

Мел хьоьшур-те латтанаш?

Мел ду-техьа дисна дезарш,

Янза йисна ойланаш?

 

Дагардаза дисна денош.

Со кхачаза стигланаш,

Синхьаам беш, генна кхийдарш,

Мел ду-техьа сан диснарш?

 

Хир буй-техьа, ойла Iовжош,

Къаьхьа-мерза безамаш?

Iуьйре яре сатесина

Хир юй-техьа суьйренаш?

 

Амма дахаре безам чIогIа бара цуьнан. Шен юьртахь, Мартанчохь, юьстаха керт-ков ийцира ГIапура, мукъа хан цигахь яккха. Тхо, шен накъостий, цига дIа а кхойкхуш, тхоьга кест-кестта вовшех марзо эцийта дагахь ву ша, бохура цо.

– ГIала юьтур ю ас, – олура, – наггахь бен цига а ца вогIуш. Юьртахь ас мел чIогIа язйийр ю ца хаьа хьуна.

Ша кхалхале цхьа бутт хьалха чIогIа цомгаш хилира ГIапур, больницехь а Iиллира. Цигара ара ма-велли, юха а балха волавелира.

– Гуттар чIогIа лазар деана, ша гатвелча, шен дерриге йозанаш хьоьга дIало элира цо, – дийцира ГIапуран хIусамнанас Мархас. – Хьоьл доггах царна тIехь болх бийр болуш цхьа а хир воций хаьа шена, бохура.

ХIетахь со дуьххьара шеквелира ГIапурах, кхелхинчу тхан доттагIаша бинна «тешнабехк» иза ша а бан воллий-те аьлла. Со тIаьххьара иза волчу воьдуш ша Iачу квартире хьалаболучу лами тIехь масийттазза садаIа сецира иза. Цул тIаьхьа деанчу деа-пхеа дийнахь, юьхь-бос мелла а тобелла хеталуш, хийцавелла а вара. Дог-ойла гIеххьа айаелла а хеталора.

14-чу мартехь дийнахь сарралц цхьаьна дара тхо. Минкаилов Эльбрусан кабинет чохь а Iийра, цхьана поэтан керла киншка юьйцуш. Сарахь 5 сахьт даьлча со телевидене ваха везаш вара. Ша волчу вогIур волуш Атаев Мовсар ву, цига дIавоьллахь ГIапура соьга а аьлла, лифта хьалха дIасакъаьстира тхо. Буса 8 сахьт даьлча соьга телефон а тоьхна, шаьшшиъ соьга хьоьжуш Iаш хилар хаийтира суна ГIапура.

Со балхахь хьевелира. Эххар а, II-гIа сахьт доладелча мукъавелира со. ГIапура юха а зIе туьйхира соьга.

Сайчух тховса гIуллакх ца хуьлу, хIинца вайна хан а яьлла, кхана цхьаьнакхетар вай аьлла, бехказвелира со. Суна гушберг БухIан-юьрта бан беза беха некъ бара. Суо Iашволчу квартире вахара со.

Iуьйрана 5 сахьт долуш телефонан горгали бекча, цхьа тамашийна, даго цхьаъ хьоьхуш санна, чам байра суна. ЗIене ваьлларг мила ву сайна ца хуъушехь, со тешна вара билггал цхьа вуон болх хилла хиларх. Иза Iабдул-Хьаьлим хиллера.

– Хьенех, – салам а ца луш, гIийла элира цо, – иза дIаваьлла…

Лов-в аьлла, дегIе зуз хьаьдира, цо вуьйцург ГIапур бен хуьлийла а дацара, амма дагна билггал иза хиларх теша ца лаьара.

– Мила?.. Мила ву дIаваьлларг?.. – хаьттира ас, и ирча кхаъ тIеэца ца лууш, гIенаха мукъана а хир дац-те хIара аьлла, ойла а хьодуш коьрте.

– ГIапур…, – кхин хIумма а ца олуш дIахадийра Iабдул-Хьаьлима къамел.

Дикка Iийра со сайна хезначух теша ца лууш. Арахь серлаяьлча, балконан неI а йиллина, хIаваэ велира. ХIара гIала, дерриге дуьне а цхьа дассаделла, хийра хетара, гондахьа гуш мел дерг цхьана а маьIнехь ца хетара.

ГIапурца мел яьккхина хан дагалоьцура, цуьнан оьзда, самукъане забарш, цуьнца цхьаьна дIасавахар, охашимма вовшашца вайн литературех, исторех лаьцна дина къамелаш, цхьацца хаттаршна тIехь хилла къийсамаш а. Суна дагадогIуш, цхьана секундана а цунна оьгIазвахар, дегабаамбар ца хилла сан даг чохь. Ледара, осала хIума дезаш ма вацара ГIапур, сох я кхечуьнах ишттаниг даьлла меттиг нисъелча, цхьанне хала а ца хоьтуьйтуш, и кхачамбацар хьахо а, цунах ларвалар хьеха а хаьара цунна.

Телефонан горгали бийкира, иза поэт Ясаев Леча хиллера. «Бакъдуй суна хезнарг?» – аьлла, хаьттира цо. ТIаккха хьалхий-тIаьхьий схьаетта йолийра телефонаш. ГIапур кхалхар массарначул хьалха суна хуур ду аьлла хетта, цу хаамо дог Iовжийна, муха, маца хилла и бохуш, хоьттура хIорамма а.

ТIаккха тезета дахара ГIапуран юьрта, Мартанчу. Цуьнан хIусамнене Мархе кадамбан тIеваха ца хIоьттира со, сайн собарх суо вохарна кхоьруш.

Зорбанан цIийнехь ГIапур мел вевзинчара кадамаш бора соьга, ткъа тхан редакцехь-м баккъал а тезет дара. Умарова Асетций, Махмаева Маликиций а дара цуьнан вешин йижаршца санна мерза гергарло. Делкъе гуттар а тхо долчохь дIахьора ГIапура.

Цхьа кIира хан яьхьира оха цул тIаьхьа, хIинццалц санна, тхан редакцехь, вовшийн хьийзош, забарш еш, охьа ца ховшуш.

ГIапуран хиллачу кабинет чу ваха ца лууш хан а яьхьира, иштта цуьнан иллешка ла ца догIалуш а. Амма хууш ма-хиллара, виснарг ца Iийча ца волу-кх, шен де тIекхаччалц.

ГIапуран вашас ГIанис арахийцира цуьнан хьалхара киншка – оьрсийн маттахь язйина сонеташ – иза кхелхина кхо бутт кхочучу хенахь. Цул тIаьхьа ас кечйина дIаелла нохчийн яздархойн Союзе ГIапуран драматургин а, стихийн, сонетийн а кхо киншка. Иштта Нохчийн Республикин арахьара зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн а Министерствос шен чоьтах зорбатоьхна тхан доттагIчун Талхадов Хьамзатан гулар. Яздархойн Союзо арахийцира цуьнан шолгIа киншка а. Оцу дерригено а дагна боккха хьаам бо суна, цушимма оццул сатийсина киншкаш эххар а зорбанехь араяларна, цу тIе а ГIапура соьга дина весет а кхочуш ма хуьлу. ТIаккха со юьхькIайн гIур ву цушинна дуьхьал олий, ойла хуьлу сан.

ГIапуран поэзи вайзаманан теш хилла юьсур ю нохчийн литературехь. Нохчийн халкъан евзаш йолчу исторехь уггаре чолхе, кхераме беана мур бу цо шен поэзехь а, драматургехь а гайтинарг. Ша веха зама дика евзаш, кхузарчу хиламийн теш хилла волчу ГIапуран стихашкахь вайна го Нохчийчоьне, шен халкъе безамах, цунах доглазарх юьзна уьш хилар. Цуьнан кхолларалла – вайн заманан куьзга ду, ма-дарра аьлча, Нохчийчохь хьалхий-тIаьхьий дIабаханчу къизачу шина тIеман, церан тIаьхьалонийн куьзга. Оцу ирчачу хиламех а, иштта дахарх, даймахках, доттагIаллах, безамах а лаьцна Алиев ГIапура язйина байташ, дIааьлла иллеш а нохчийн исбаьхьаллин дешан хазна тIеюьзуш хир ду.

ДоттагIаллин, безаман, гергарчийн уьйраш хедайо-кх Iожалло. ДIаваха везаш хIора а ву вайх. Амма со цIенчу даггара хьоьгу, ГIапура санна, шех ала дика дош а, ша аьлла хьекъале, оьзда дош а дуьтуш, дIа мел баханчех. Везачу Дала эхарт декъалдойла церан, царна тIегIур долчу вайн а!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика