Со вале эзар шо хьалха,

PDFПечатьE-mail

resize

АЛИЕВ ГӀапур

***

Со вале эзар шо хьалха,

Со велча эзар шо тIаьхьа

Лаьттина, лаьттар ду латта,

Селхана – тахана санна.

 

Со санна, дуьххьара малхе,

Дуьххьара стигларчу батте,

Лаьттаха йолучу баце

Хьоьжур ву цхьаъ, хилла ирсе.

 

Дуьххьара езачу йоIе

Безамо хьовзор ву бIаьрзе.

Со санна, дахарца девне

Вуьйлур ву цхьаъ, еъча гуьйре.

 

 

Безамах цабезам хилла,

ДоттагIех ямартло гина,

Со санна, лелийнчух тилла,

Цхьаъ холчахIуттур ву сецна.

 

Со велча, эзар шо тIаьхьа,

Жималлин оьмар чекхъяьлла,

Дуьххьара дахарах кхетта,

Хьийзар ву цхьаъ карзахваьлла.

 

Дуьххьара, цкъа мацах санна,

Дуьххьара эзар шо тIаьхьа,

Эзарза дуьххьара хилла,

Хийла цхьаъ кечлур ву ваха.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика