Тимбулатов Мовсар

PDFПечатьE-mail

6

 

НОХЧИЙН МОТТ

 

Нохчийн мотт – вайн къоман орам,

Нохчийн мотт – и къоман са!

ХӀоттор бац и цкъа а гора,

Вайн догӀмашкахь мел ду са…

 

 

 

Сийдойуш вайн нохчийн меттан,

Зама еъна хилла, бах,

И бийцича эхь ду моьттуш,

Ойла ца еш, лелла нах.

 

Оьрсийн мотт а буьйцуш кхерчахь,

Ткъа нохчийн мотт емалбеш:

Вайн «миска» мотт цӀийлахь керчаш

Ӏийна, гӀийла узарш деш…

 

Оццул харцо лан ца елла,

ГӀевттина вайн Ӏилманхой!

ДӀахоуьйтуш вайн мотт хилар,

Махкахь хӀоттош доккха той!

 

Вайн мотт вайга биц ца байта,

Къахьоьгуш бу дика нах.

И лар йоцуш бан ца байта,

Хадабе вай цуьнан мах??!

 

Дика я вуо керта деъча,

Буьйцуш берг бу – нохчийн мотт.

Харцо тоьлла, нийсо эшчахь –

Кийча бу и улло хӀотта. 

 

Сий довр дац вайн нохчийн меттан,

И чукхосса даккхарх ор.

Яхь йолуш бу нохчийн кӀентий,

ТӀекхуьуш ду оьзда чкъор!

 

 

Нохчийн мотт - вайн къоман орам,

Нохчийн мотт - и къоман са!

ХӀуттур бац и цкъа а гора –

Вайн догӀмашкахь мел ду са.

 

                                                             

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика