Джунаидов Аюб

PDFПечатьE-mail

7 

ХIОЬЪНАШ

(дийцар)

 

Дукъахь дара ДадагIеран гIоли долу кхаш. Попа-лаьтта тIехь къаьсттина картол, хох, жIонк – муьлхха а орамат дика кхуьура. Уьрдан йистошкахь кхоь-хьаьжкIа юьйра. Варша йистехь боккха кхор бара, оцу куьпахь а уггаре а зоьртала дитт ду ала мегар долуш. Кхаш тIе баьхкинчех дукхахболчара молуш генадоццуш шовда а дара. Цхьана заманахь Дадин дендас, Мадага, баьккхина мохк бу иза.

 Шовданна гергахь хиларна билгалбина, шен хен-хенахь кхада а кходуш, доладина кхор Iаламат куьцехь гора. БIе шо сов хан ю цуьнан, Дадина хетарехь. Асара-маьрсан хенахь къахьоьгучарна кIелахь садаIа чIогIа бегIийла дара кхузахь. Цул сов, гурахь Iаламат мерза кхораш а хуьлура. Къаьсттина хичубохка а, цу баккха а магош бара Мадаган кхор. Виллина Дадас шен денда вуьйцуш ладийгIинчу Канина а бевзинера и кхор а, цунна гергара шовда а. Ша царна цIерш техкича санна, «Мадаган кхор», «Мадаган шовда» бохуш, дIалелара кIант. Бакъду, тIаьххьарчу хенахь ун хиллера Канина оцу кхурах а, оцу шовданах а. «Вадал, битон эций, гIой, шовдан шийла хи дохьуш воьл! Же, вадалахь, кхурах кхозучу гаьнгали чуьра кIант самаваьллий хьажал!» – бохуш, дийнахь сарралц, толлу ж1аьла санна, кхан дохалла лоьллура иза. Асар динчу меттера Iеха схьалехьор а дацара аттачех. Хьалхо, жима волуш, самукъа а долуш вогIура Кана кха тIe богIучаьрца. Х1орш ворданахь боьлхуш, Дадас наггахь архаш а лора Кане. Цул т1ехдаьлла кхин хазахетар дацара к1ентан. Виллина ловзуш лела йиш хуьлура хIетахь. И дIадаьлла – х1инца кхуьнга хьадал-вадал бахар совдаьлла. ДаI санна цIий а велла, х1инца сарралц ида везаш хуьлура х1ара. ГIаж таккхол мел хилларг а вара гIуллакх-балхана тIевоьллина. Сибарехара цIадаьхкина дукха хан а яцара – лаьттана ховха куьг дезара: къацахетарийн карахь дисина, энжададаьллера даймехкан латта. Белхан ка ца долура. Веккъа цхьа Кана хилла ца Iара балхана тIевоьллина, лулахойн ардаш тIехь а хезара, Кана санна, бертаза лоьхкучу берийн чам боцу цIогIанаш. Дукха ницкъаш а ца бора царна, амма гуттар а ловзар дезачу берийн арз-гIовгIа хотешкахь йоцуш ца хуьлура. Йочанаш дIасевцначуьра бохуш, балхана сутарабевлла хьийзара баккхийнаш: тIаьххьарчу муьрехь, догIанаш лаьтташ, асарш дукъделлера. Цундела делкъа-хенахь а, ламаз диначул тIаьхьа а чомахь мижарг баа а йиш йоцуш, хьийзара дай-наной.

 

Бакъду, Канина базбеллера хIара асаран мур. Буьйсана ша набаро вожочу муьргехь а дагалелхара цунна: «Дависа, кхин цкъа а са ма хилахьара вайна арахь. Дависа, даима а бода латтахьара вайна!» Оцу ойлано ца хоьцура Кана. Цкъа кхуран IиндагIехь кхозучу гаьнгали чохь воьлху ваша дIатеван вахийтича, цуьнга а балхийра цо шегара бала. «Мадаган кхор, Мадаган шовда аьллачохь биси хIорш-м. Дависарг-яI! Цкъа дакъалур дац-те и кхор а, и шовда а! Суна оьшуш хиллехь, тоххара дакъаделла хир дара. Сайна хаза ловзуш лелаш ма вара со. Iумар!.. Iумиш!.. Варийлахь, воккхахила сих ма лолахь! Хьуо воккха хиллий а ца хоуьйтуш, хIокху гаьнгали чохь Iе хьо. Со санна, хьийзор ву хьуна хьо а. Хи да, Iеха тIегулбе, хIоьънаш схьалахьаде. Кхин хIума хаа а ма ца хаьа хIокхарна-м… Чекх маца девр ду-те?! Кхин дан вон дац соьга, и хIоьънаш хIокхара хьахийча!..» – аьрзнаш дора кIанта. Кест-кеста хуьлура и аьрзнаш. ХIинца а, кIант ца туьйш, хьийза Кана юкъахваьккхира ненан озо:

– Кана-а, соцур вац иза… со дIайогIу, ас вузор ву и. Хьо схьавоьл чехкка, ас асар даьккхинчу кIайдарга тIера хIоьънаш схьалахьадел. Гучубаьл-баьлларг схьа ца эцча, лаьтта юкъа а доьлхий, къайладовлу уьш. Юхашара а, иштта бала а хилла, лаьттар ду, дIасхьа а керчош… Дала бекхам оьцийла царах, хIан-хIаъ… – ша-шега луьйш хезара нана.

– Нана-а-а!.. – ира цIогIа делира кIантера, нанас и олу хезча. – Ма алахьа соьга уьш лехьаде! Ас лехьор дац хьуна уьш, ахьа со вийча а-м… И атта ду моьтту шуна… Хьорканаш лозуш ю-кх сан, и ведар тIедеттаделла… суна кIордийна!.. Суна хьех-мерах чекхдевлла и шун хIоьънаш…

– Хьуна а, тхуна-м девлла!.. – аьлла, тIетайра нана. ТIаккха, юха а кIантана тIейирзира:

– Ма Iелахь, Кана, ас довр дийр ду хьуна. Сихо елахь. Со дIайогIу ...

– И цел етташ, мукъа Iаш волчу Мовсаре лехьадайта и хIоьънаш цкъа мукъане а… Ведар дуьзча, цуьнга хьуьн чу дIа мукъане а дахьийтахьа! – аьлла, велха волавелира кIант.

– Кана-а!.. схьаволахьа нанина… ма велхахьа. Нахана дIахазахь, товш ма дац: хьо цхьа бутт баьлча, ишколе волавала везаш ма ву… Хьо воккха кIант ма ву хIинца… Ши ведар лахьадехьа, диснарш ас айсса лахьор ду… Дика дуй?!

       Мел догIучу дийнахь а иштта хьал дара кхаш тIехь. Наношна къахетара шайн кегийчу берех, делахь а, цара гIо ца дича, лара ца бора уьш.

– Хьайн десара… и ши ведар дуьзча, ахь кхин лахьаде эр даций соьга?! – воьлхучуьра а тийна, нанна тIевирзира жима кIант.

       Гаьнгали чуьра Iумар схьа а эцна, шина кIантана букъ тухуш, хьуьнехьа дIа а йирзина, и вузо юьйлира нана. Сутара ненах тасавелла Iумар а дIатийра. Шен шогачу куьйгаца беран йовлакхан тIемиг а лаьцна, иза кIентан юьхьах а, логах а хьоькхуш, цунна тамбора нанас. «Цкъа чекхбер бу хIара мур а. Хало йоцуш, нохчочунна муххале а, цхьа а хан ца еана, – ойланаш йора нанас. – Хаза хенаш а йогIур ю, Дала мукъалахь!.. Вай цIахь ду хIинца… Сибрехахь-х даций, шен Делан кхолламца!.. Нийса бохий ас, Iумиш?! ТIаккха нанас хьо хьийзор вац хьуна, Кана санна. ХIетале хIоьънаш а чекхдовла ма мега. ТIаккха хьо, нанина юкъа-кара шовданера шийла хи а дохьуш, Iийчахьана волу… ХIаъ! Хьайна бочабIараш а дууш, цIазамаш а лехьош Iийр ву… нанин хазаниг ву, диканиг ву хьо… Катоххий, вуза хьажалахь, Iуми-и-ш, нанин Iан йиш яц хьуна», – ша-шега а луьйш, Iара иза. Оцу муьргехь Канин шийла мохь хезира нанна. «Ма елхахьа, стаг йоцу хIума… Гай-м ца етIи хьан?!» – аьллачу Мовсаран гIовгIа а кхечира тIаьххье. Вуьзний-вузанзий волу кIант гаьнгали чу а виллина, битон хьалаайина шийла хи а мелла, шина кIантана тIе яхара нана. Иза тIекхачале аьлла, дуьхьал мохь бетташ, бехказавийла хIоьттира Мовсар:

– Нана, ас цунна кIадда а ца дина хьуна… – бохуш.

– Ахь муха ца дина хIумма а?! Ас оцу коьртах хIоъ тоьхна, Iункарвоккхур ву хьо… Со лаза ца во, моьтту хьуна? – майраваьлла, чукхиссалора Кана.

– Нана, хьажахьа!.. Асарна цел а етташ, со дIавоьдуш волуш, «тIох-тIих» аьлла, хIоьънех цел кхийтира сан, тIаккха ас, схьаэцна, кхин юха а ца хьожуш, тIиехьаластийра хIоъ. Шен хьоркех кхийти бохуш, яла керчаш ю-кх хIара стаг йоцу хIума. Ас цунна кхин дина хIумма дац, нана, бохуш – нанна хьалха бехказавуьйлура Мовсар.    

Хилларг кхин хIума доцийла хууш йолу нана, Мовсарна тIе а йирзина, цуьнга бIаьца а йина, Канигахьа «гIо даккха» хIоьттира:

– Ойн, Мовсар, и хIума деш хуьлу ткъа?! Ши бIаьрг биллина, кхосса ма беза хIоъ… Йоккхачу тоьпан хIоъ бай иза-м… Хьуна хIун моьтту?! Канин бехк бац, вилхича а, дера, бац… Мел боккха хIоъ бу иза. И кхетча-м, милла а воьлхур ву. Цу тIе а хьорканах кхеттий иза-м, – Канин хьорканах, эрна доллушехь, куьг хьекха хIоьттира нана. – ХIокхул тIаьхьа, юха а хьажий, кхоссалахь хIоъ. Денна, хIоьънаш схьалехьош, тIаьхьахIоьттина лелачу хIокхунна вай массара а йоккхачу тоьпан хIоьънаш тIедеттахь, хIара-м атавелла чекхвер ма ву… – бохуш, шина кIантана юкъахь машар беш йоллура нана. Цо лелочух нийса кхетта Мовсар асарна цел етта хIоьттира юха а.

ГIаьттина Кана, «тIалкIIилкI»-нехьа ведар чу хIоьънаш а туьйсуш, дегаза Мовсарна тIаьхьаоьхура. Лерина ладоьгIча бен ца къаьстара цо ден шабар-шибар: «Шен да-нана делла дисахьара хIорш… шен ворхIе а дена неIалт хуьлийла хIорш Iенийначунна… ша схьалахьо дезаш хиллера… Дависа, и мила ву хаахьара: ас оцу хье тIа а деттар дара хIорш цунна. Кхуза ца Iенийча, кхин меттиг яцара-те цунна… Ша велла дуьсийла цуьнан хIорш…

Канин «гIам-гIим» кIордийначу Мовсара эххар а човхийра иза:

       – ХIе-ей! И хьайн цубуу дIа а сацаяй, бехьа и болх… Ахь ма г1ад-амал кхачийна…

       Кхо шо бен шел воккха а воцчу вешех кIант башха оза а ца велира.

       – ДIасацахьа, цулла а, хьо!.. Эцца и, цел етташ, Iен-м атта дай хьуна. Со маца вер ву хIорш лехьийна?! Шу хIинцца кхура кIел гIур ду, со хIоккхехь а витина… Суна кIордийна хIорш лехьо, – яппарш йора кIанта.

       – Чекхдовллац лехьийча, вер ву, – Iад ца Iалора Мовсар. – Иштта, хIинца ахь санна, маситта шарахь лехьийна, хьуна, уьш ас а… сол баккхийчара а. Хьой ца тешахь, нанега хаттал… Кхуза кхаш тIехь мел болчу нехан бераш а ду, ахь санна, гIовгIа а ца еш, уьш лехьош… Эцца Iусмин шовданехь берш а, Гехин кхорехь берш а, Уьди-гIалахь мел берш а...

– Делан дуьхьа бац!.. Суна и пуьташ стенна ютту ахь?! – юкъаиккхира Кана.

       – ВаллахIа, бу-кх!.. ДIахьажахьа, дIо-о Iисин баса, хьуьлла Осмин кIажа, дIо-о-ге Коьжалга-дукъа… дIахьажахьа дIо-о Уьдин-гIала… Туп лаьттинчу дIахьажахьа… ХIорш-м массо меттехь а дай… хьо бен вац моьтту хьуна, хIоьънаш лехьош?! ХIор шарахь лехьош дай хIорш-м!..

Мовсаран тIаьххьара аьллачу дешнийн иэс дира Канас. « Цо муха элира?! Массо а меттехь лехьош ду… хIор шарахь лехьош ду ма элира цо… – шен беран кхетамца ойлаян хIоьттира Кана. – Ой, ткъа хIорш мичара девлла кхуза?! Мел лехьийча а, чекх ца довлуш, хIоьънаш мичара девлла?! ХIор буса уьш Iенош цхьаъ ву-те? ХIоьънаш дерриге цхьатера а ма ду, лаьттах ца къасталуш, боьха а ду… Iуьргаш а дийлина, тIехь кIомарш а долуш… Там бара уьш, жинаша охьадоьхкина хила?! Ас Дадега хоттур ду!..»

       Иштта ойланаш кегош Iачу Канина хаа а ца делира веана Дада шена юххе дIахIуттуш. Мадаган кхурана гергахь йолчу цхьана муцIарахь гIабакхийн хаьснийн го къовлуш Iийна, ламаз-хан герга кхаьчча, делкъе а еш аьлла, схьавеара иза.

       – Кана-а-в! Во-о, Кана! Дедаларг-яI! Ма кIант ву-кх Дадин! Ма белхало ву-кх хьо Дадин, ван-м ткъа!.. Нехан-м бац, хьуна, хьо саннарш! Дера бац!.. – ша тIевогIий а хоуьйтуш, веара Дада.

       Асар деш болчаьрца кIеззиг къамел а дина, ламаз дан дагахь кхор болчухьа дIаволавелира воккха стаг.

       – Дада, хIара сан ведар ахь кхура кIел кхаччалц дIадеача, цигара дIа, ас хьуьн чу дIа а даьхьна, Iинах чуIанор дара. ДIадохьий ахь, Дада? – дендена тIевирзира кIант.

     – Ой, дера дохьу, дукха дан а дохьуш-м!.. Сан сир дожа кхерам а бац! – резахилла, тIетайра Дада.

   Дендеца Канин хилла эвхьазалла а ца тайна, нанас човхийра иза:

     – Вуй-й!.. Дала къарве гIазкхи!.. ДIавала суна гучура!.. ГIиллакх доцуш вай хьо-м…

   Сиззалц дуьзна ведар а карахь воьдучу дендена, дехьа-сехьа вуьйлуш, юххелелхара кIант.

       – Дада, хIара хIоьънаш ма дукха ду кхузахь?.. ХIорш хьан Iенийна хаьий хьуна? – хаьттира Канас, Дада охьахиъча.

     Жоп дала сих ца велира воккха стаг.

     – Дера хаьа сан кIант, дукха хаа а хууш-м… Ца хууш делара иза… – паргIат вистхилира Дада.

     – Дада, жинаша-м ца Iенийна-те уьш? – сакIамделлера кIентан.

    – Оцу жинел а далатоьхначара Iенийна-кх, Кана…

     – Уь муьлш бу, Дада?

     – Уьш дукха генара бу. Хьуна бевзар бац уьш.

       – Дада, церан цIе хаьий хьуна?

       – Дера, хаьа!.. Сан дендас дийцина суна… Цхьаъ Гарабби ву… важа – Варанци… Цара бина-кх хIара болх.

     – Церан хIун бала бу вайна и хIоьънаш Iено? ТIаккха церан да мила ву? – ша ца кхетаре терра, хIуъ-хIуъу а хоьттура кIанта.

       – Церан да хоьтту ахь? Церан ден цIе Паччахь ю. ДIо-о генарчу махкара бу уьш, и Паччахь а ву цигара… – Канин сатедан гIертара денда. – Говраца вахача а, цхьана шарахь бен дIа ца кхочу, боху, цига.

       – Дада, церан хIун бала бу вайн кха тIе хIоьънаш Iено?

       – Иштта вайна асар дан хала хилийта, целаш а йохош… Вайн дог этIо, вай оьгIазъэхийта… Хьо хьийзавайта, ловза ца вуьтуш… хьо велхийта… Вайна хьаьжкIаш ца хилийта… Вайна ахьар ца хилийта… Вайга чомахь сискалш ца яийта… Вай маьрша ца дита… – ойланийн урх юхауьйзура воккхачу стага. – Церан хIоьънаш хьалххе чекхдевллехьара, хIинца уьш лехьо цадезнехьара, хьо ловзуш хир ма вара, цани юкъара цIазамаш а дууш, бочабIараш а лехьош…

     – Дада, царна муха хиъна хIоккхехь вай дуй?.. Схьабахка царна хьан дийцина? – юх-юха хоьттуш, ца соцура кIант.

     – Царний?! Царна шайна гина-кх. Паччахь вуно воккха стаг хилла бохуш, дийцинера суна, вуно лекха а волуш, хIара Мадаган кхор санна, нуьцкъала хилла, боху. Боккха ши б1аьрг а болуш, – кIант Iехаваллал жоп дала гIертара денда, амма важа къарвала ца туьгура.

     – Дада, хьажахьа, хIоккхул боккха хиллий и Паччахьан бIаьргаш? – шен карара хIоъ гайтира Канас, шен буйннал болу.

     – Дера хилла… хилла а-м ца Iа. Чарранал боккха хилла цуьнан бIаьргаш бохуш, хезна суна-м.

     – ВIале-е-лай!.. – бIаьргаш къаьрзира кIентан. – ТIаккха-м тамаш a бац!..

     – Оцу сутарчу бIаьргана гуш хилла хIокху дуьнен тIехь мел дерг а: Мадаган кхор а, Коьжалган-дукъ а, вай а, вайл дехьахь мел дерг а… – ша дуьйцург беран ойланех тардеш дуьйцура воккхачу стага.

     – ТIаккха… Дада, буьйсана дIавуьжуш, дIачIагIалуш хиллий Паччахьан бIаьргаш? – хоьттура кIанта.

    – Ца хилла, куц ду. Даима а, Iад-дIа сема, диллина хилла… цкъа а чIогIуш а доцуш… къаьрзина лаьтташ. Ур-атталла, тIечIагIа негIарш ца хилла, боху, цуьнан, – шега хоьттучуьнга терра жоп лора Дадас.

     – Паччахьан хIунда хилла иштта даккхий бIаьргаш?

     – Дуьне а, дуьненахь мел дерг а цунна гуш хилийта. Дуьне цкъа дIакхаллал йолчу цуьнан сутарчу амалх терра хилла бIаьргаш а. Иштта и шен гIунжара бIаьргаш а къерзош, хьенан кха тIе хIоьънаш Iенор дара-те бохуш, хилла-кх и Паччахь.

– Осто-о-пираллахI!.. Дала дIаиэца иза!.. – цецвуьйлура Кана.

– Дала дIаиэцна, хьуна, иза-м. ХIинца хьо санна, со жима волуш хезна суна, и Паччахь вийна бохуш. Дала кхин хIокху дуьнен чу ма воуьйтийла и саннарг… Делан мостагI!.. – къедадора воккхачу стага даима дагна Iеткъаш, дицдан цатуьгурш.

       – Ма дика ду и вийна!.. Дада, цуьнан ши кIант мила ву бохура ахь? Кхуза веанера и шиъ?.. – юха а хеттарш дора, дерриге а хаа луучу кIанта.

       – ХIаъ, веанера… Сан дендена а, цуьнан дена а гина хиллера уьш, кхуза хIоьънаш Iено баьхкича. Шаьш кхузахь хьаьжкIашна асар деш дара, бохуш дийцира цара. ТIаккха уьш богIуш хилла. Схьа а богIий, хIоьънаш а Iенадой, дIабоьлхуш хилла, – бIаьрг-негIар ца тухуш, ладоьгIучу кIанте а хьоьжуш, дуьйцура Дадас. – Дуьххьара Гарабби веана хиллера, шеца итт эзар стаг а валош. ТIаккха цунна тIаьххье Варанци веана, ткъа эзар стаг валош. Хьажал, эцца Коьжалган-дукъа кхаччалц схьавеана и шиъ. ТIаккха, эккхийна, дIавахийтина ший а, Делан ши мостагI.

     Дада ойланаша дIалецира. Иза гуш дара жимачу кIантана. Шен гIайгIано Кана а кхолийра. Сихха юха а меттахвелира кIант:

     – Дада, цаьршиннан хIоьънаш муьлханаш ду хаьий хьуна?

     – Дукха шера хаьа… Суна сан дендас, Мадага, дийцинера, со хьан хеннара волуш.

     – Дада, хьо иштта жима а хилла? – цецвуьйлура кIант.

     – Хилла, дера. Хьалха жима а хуьлий, тIаккха ма хуьлу воккха… кIез-кIезиг хууш, ма хаьа хIуманаш а… Хьажал, хIара кегий хIоьънаш Гараббис дитина, ткъа тIаьхьо веанчу Варанцис, вуьш кегий а хетта, кхин а даккхийнаш деана… Ткъа вай хIокху шина бIе шарахь хIинца а кхарах дIацIандалаза ду.

     – Iалелай, ма дукха хилла церан уьш, хиллий, Дада?

     – Дера хилла-хIета, сан кIант, дукха ма хилла… Боьха дIовш ма ду и хIоьънаш. Вайн латта бехдина цара… сакхте дина латта. Оцу хIоьънех дIовш а даьлла, дукха адам делла, даьхни хIаллакьхилла, цамгарш, уьнаш даржийна оцу боьхачу хIоьънаша… ДIадаха деза, массара а дIалахьо деза… – хорам гIертара логе, воккхачу стеган са а лоьцуш; кIант а вацара кIеззигчу гIайгIанехь…

Ламаз-хан яра тIехIоьттина яьлла. Кхаш тIера гIара-гIовгIа а жимъяла йоьллера: кха т1ера нах IиндагIашка боьллачух тера дара. Лахохь, чайн-балл долчохь, картолашна баьрзнаш дина а яьлла, шина йоьIаца хIоьттина хьалайогIу баба а гучуелира: ламазана сихъелла йогIура Асмарт шен чехка доцчу боларца. Царна гергахьа долчу Гехин ирзехь делкъа-ламазе кхойкхучу Яхьъян зевне аз а доладелира хаза. Дада а меттаххьайра, шаьшшиннан къамел дерзо дагахь. Къамел чекхдаьккхина аьлла, Кана дагазацавалийта цунна цхьа хIилла хьеха дагадеара дендена:

     – Кана, схьаладогIахьа соьга. Ас хьуна цхьа хаза хIума дагадаийтий?

     – Баккъаленна а дийцахьа, Дада!.. – хазахетта, тохавелира цуьнан къамело бодвина волу жима кIант.

Денден кара шен корта а биллина, вохвелла, вижина Iаш волу Кана гIатта гIоьртира, амма Дадас сацийра.

     – Ахь оцу айхьа схьалахьийначу хIоьънех ши оьла йиэ: даккхий хIоьънаш цхьана оьлане гулде, ткъа кегийнаш – вукху оьлане. Кхано, хьо схьалахьийна ваьлча, тIаккха дагардийр ду вайшимма, Гараббин хIоьънаш дукха ду, я Варанцинаш дукха ду хьожуш…

     – Iалелай, Дада, и ма хаза хIума ду… Хьалххе хIунда ца аьллера ахь соьга и?! – самукъадаьлла, хьалаиккхира Кана. Дадас, куьг а лаьцна, юха а шен кара дIавижийра: дендена шера гора шен къамеле ладоьгIуш Iашшехь набаро тIеттIалето Канин бIаьргаш. Цунах догьIаьвжина, хьалагIатта сих а ца луш, да-а-йн коьртах куьг а хьоькхуш, кIантана набкхетийта хьаьжира иза. Т1аккха, стенна делахь а, 1ен а ца велла хаттар дира кIанте:

       – Кана, ас хьайна бийцина и вайн къоман турпалхой биц-м ца белла хьуна? Багарбехьа уьш Дадина цкъа юха а…

       Набаро совсийна волу кIант, чIеро санна, гIийла балдаш а хьедеш, волавелира:      

       – … Шайх Мансур, Таймин Биболат… а-а-ъ, БойсагIар, Iаьлбаг-Хьаьжа… То… зар…къа… Ханпа… Нурадил… а-а-а-ъ...

     Кхетта йолуш йоллура наб. КхидIа турпалхой багарбар-м хьовха, муьлхха къамел а эрна дуйла гуш дара дендена. Наб чIагIъеллий хьажа дагахь хаьттира цо кIанте:

       – Ой-й, Кана, уггаре а коьртачех волу Асланбек Шерипов вицвелла хьуна?..

       – Иза хIинца хьехош а вац… – ала ларийра кIант. Бакъду, ша хIун аьлла-м ца хаьара цунна.

     Меллаша айъина-ваьхьна, чардакхан лахарчу гIат тIе экама охьавиллира дендас кIант. ТIаккха, паргIат дагардеш, тIетуьйхира:

       – Вижахьа хьайна, Кана … Вижахьа, ког хецций… Хьайн ворхIе а да ваьхначу уьрдахь, маьрша… цкъа мукъане а… Вайн-ваьчча вуьжур вара, хьан метта а хилла… Ахь лехьорах и хIоьънаш кхачалур дац… уьш сан дендас Мадага а лехьийна шен заманахь, ас а лехьийна… хьуна тIекхаччалц массара а лехьийна… Хьол тIаьхьа богIучарна лехьо а дуьсур ду… Орам тесна-хетий цара?!.

     ***

Кана воккхахилира. Ишколе волавелира. Иза чекх а яьккхина, университетан истори а, меттанаш а Iамочу факультете деша а вахара, кхиамца иза а чекхъяьккхира. Цул тIаьхьа ишколехь берашна хьийхира. Дада а вара гIоза-декъал Дала шена елла хан йоккхуш. Дезткъе кхаа шарахь вехира Дада. Юх-юха а, кест-кеста а дора цара ширачух къамелаш… юкъ-юкъа Мадаган кхорехь а, Коьжалган-дукъахь а хIоьънаш а лехьадора… Амма хIетахь, жимачохь, Дадас шена хьехна долу хIоьънаш дагардарх лаьцна къамел цкъа а коьртера ца долура. Хуу-у-ш, хиира дерриге а. ХIетахь Канина ца хаьара – хуийла а дацара – оцу муьрехь Айдамиран тIаьхьенах волчу Iабдул-Хьаькиман кIанта Абузара цу хьокъехь талламаш дIахьош буйла а, цо «Еха буьйсанаш» цIе йолу роман язъеш юйла а… Дерриге а заманца девзар ду. Цхьадерш Дадас дуьйцур ду Абузарна. Оцу романехь деша йиш хир ю, хIетахь Дадас беран матте а дерзош, шега дийцинарш.

Абузара яздийр ду:

   «… – ХIаъ, Граббена дика евзара Нохчийн хьаннаш. Ши шо хьалха (1842 шарахь – А.Д.) йоккхачу отрядаца цига гIоьртина иза цIонтаройн ШоIипа (Коьжалга-дукъахь – А.Д.) аьтта дIавахийтира. ХIетахь 1800 салтичун дакъа кхузахь а дуьтуш, цхьакIеззигчу салташца хала кIелхьаравелира иза…»

   «…13 июлехь 4 сахьт долуш (1845 шарахь – А.Д.) ДаьргIара меттахвелира Воронцов… Воронцов шен отрядаца Майр-Туьпехьа вахаволлу моттаделла ТIелхаг, ЦIоьнтарна уллехь позици а лаьцна, чIагIвелира. Амма, отряд регIаца охьайолаелча, иза Гезлой-ГIопе гIертий хиъна, чехка цул хьалха а ваьлла, Шоьна а, ТIуртIи-КIотарна а юккъехь долчу Коьжалган-дукъахь чIагIвелира… Коьжалган-дукъахь юха а болабелира къиза тIом. Кхузахь лен чевнаш хилира граф Бенкендорфана, граф Гейденна, граф де Бальменна, эла Эристовна, барон Дельвигна, полковникашна Бибиковна, Завалийскина… Краснина уллехь Наполеонна тIехь толам баккхаза висинчу инарла-адъютантан граф Воронцовн «Сухарийн экспедици» нохчийн хьаннашкахь, йийсаре бигна байнарш боцурш, дуьххьалдIа вийна 4 инарла а, 186 эпсар а, 4 эзар гергга салти а, обоз, яккхий тоьпаш а юьсуш, чекхъелира…»

       ***

     Хьажахьа, Дадина хIетахь дуьйна хууш хилла-кх ма-дарра… Схьалаццал хан а йоцуш, хене терра кхетам а болуш хилла-кх Кана… ХIинца а – воккхахилча а – Коьжалган-дукъахь, Мадаган кхорехь, хIоьънаш а лехьош, дIалелаш ву … шех Дада а хилла…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика