Кантаев Муса

PDFПечатьE-mail

Кантаев

               ДОГIА ЛА, ХЕТА КЪА, ЛАЗА ДОГ

               Нана лойла шун! Ма хала кхиийнера ас шу!

 Дукхе-дукха хенахь дуьйна хезнера суна халкъалахь олуш: «Ша хIун лело деза, шел тIаьхьа ша хIун дуьтур ду хууш хила веза муьлхха а стаг». Дино а, законо а нийса магабо, дика лар юьтуш, хаьржина болу некъ. «Биъ ког болуш белахь а, дин а болу гал», – боху вайн кицано. Цундела, шегара даьллачу гIалатах кхоьруш хила ца веза, дуьххьалдIа, шех даьллачу гIалатна къера хила а веза, цкъа-делахь; шолгIа-делахь, и санна нийсий, шерий хир боцийла хаа деза кху маьлхан дуьненахь некъ. Ахь айххьа тодан дезаш, шардан дезаш а хуьлу массо хIума. Тешнабехк, харцо, ямартло даима вайна гонаха хьийза, амма и харцонаш, мацца а цкъа, ша-шех йоьлху, хIунда аьлча Делан дош ду: «Бекхам боцуш дуьнена чохь ша хIума дуьтур дац!» – аьлла.

 

Сайн I3-I4 шо долуш дуьйна нохчийн ловзаршкахь хилла со, наха пондар лакха вуьгий. Хелхаран бал дIабаьллачу хенахь, тхьамдано мохь тухура: «ХIей нах, хIей! ЛадогIал цкъа соьга. Хелхаран рагI дIаели вайн. ХIинца садаIа деза вай. Пондарча, ахь масех «ЛадугIу йиш» лекхча, оха массара а ладугIур дара». ГIар-тата а дIадолура, адамаш «ЛадугIучу эшаре», тап-аьлла дIатийна, ладугIуш хуьлура. Дикка хан яьллачул тIаьхьа, пондаран аз дIасоцура. Тхьамдано, хьала а гIоттий, олура: «Дела реза хуьйла-кх хьуна, пондарча, тхоьга ладогIийтарна, ма хаза мукъамаш бара уьш, ма генара хIума дагадоуьйту цара! Ткъа хIинца вистхила луург вистхуьлуьйтур ву вай, дIаваха а, тIеван а луург маьрша  вуьтур ву вай. Массо а хIуман шен лар ю. Ловзаран кеп хила ма-езза дIалелор вайн низаме, оьздангалле хьаьжжина хир ду кху ловзаргахь. Цуьнах доьзна хир ду вай оьцу ирс. Нахана керланиг, дика мел долу хIума Iема. Вай массо а, кхузахь мел верг, нехан дикане даьхкина ма ду. Вешан цIа дахча, дийца мел шорта диканиг хир ду вайн. Тахана кху ловзарх эцна ирс дуккха а шерашкахь вайца хир ду, диц ца луш, мерза, хьоме хеташ. Кху ловзаран шен да а ма ву, цо нисйина вайна хIара меттиг.  Дела реза хуьлийла цунна! ХIара той дIакхоьхьучу вайна массарна а Дела реза хуьлийла…» Со хаъала хилчахьана, иштта дIайоьдура ловзар дIакхехьаран кеп. Мел гIиллакхе, оьзда меттигаш нислора синкъерамехь, белхи болчохь, хьаша-да веанчу хIусамашкахь, хьекъале къамелаш деш. Сел чIогIа тIе тидам а бахийтина ас  оцу гIиллакхех, ламастех а дийцаран бахьана цхьаъ ду: адамаш кхетош-кхиоран шатайпана и болх хилар. Школехь, институтехь, клубехь, эскарехь, ловзаргахь, белхехь, синкъерамехь а – бечу  кхетош-кхиоран балхо адамийн амалш дикачу агIор хуьйцу, церан дегнашкахь гIиллакх-оьздангалла кхиош.

Со а хилла оцу меттигашкахула, мукъамаш хьалха а баьхна, цундела дуьйцу ас оцу кхетош-кхиоран балхах. I976-чу шарахь Соьлжа-ГIалара музыкальни училище чекхъяьккхира ас, «Музыка хьехархо» корматалла караерзош. Къанваллалц пондарча а, иллиалархо а,  композитор а, фитотерапевт, аккомпаниатор а хилла со. Бакъду, хьехаран говзалла уггаре а хьалха хилла сан, стихаш язъеш велахь а, журналаш тIехь статьяш арайийлинехь а. Культурин Кхерчахь, пионерски лагершкахь, агитбригадехь а хьехархочун корматалла йиц ца йина ас. Сан юьртахочо поэто, журналисто Ахматукаев Адама дукха ладегIна соьга. Цхьа дош гал ца долуьйтуш, сан дагахь дерг газетийн агIонаш тIехь дIаяздина цо хийлазза. Тхойшиннан дегнийн йовхо эрна яйна цахилар дукха меттехь хааделла суна. Хьехархо, поэт, журналист волчу Ибрагимов Лоьмас (Д.г.ц.) хаьттира соьга: «Муса, кхана къемат дийнахь, вуо-дикий озале Дала дендолу диъ дика адамашна – уьш мичхьара девллера хьуна, дийцахьа? Ас и хоьтту хьоьга, музыкех и хьакхалуш долу дела». Кхоччуш шена жоп делча, ша кхетта хиларх Лоьмас со тешийра.

«Хьо доккха собар долуш велахь, дикане кхача гIерташ хьан ойла елахь, хьан дог хьостуш, ахь хьегна къа хьуна марахьаьрчар ду цхьана дийнахь», – боху А.С. Пушкина шен цхьана стихехь. И дегайовхо даим шеца ерг Дала цу дикане цхьана дийнахь кхачаво аьлла, хета суна. Цундела, сайн мел хала дахар хиларх, мел йоккха харцо сайна дуьхьалаяларх, Делан диканах дог ца дуьллуш, цхьанхьа а сих ца луш, кху хене схьавеана со. Цхьабакъду, халкъалахь цхьамма хаза дош аьлча, дог-ойла гIотту, хаза а хетий, кхин а дIа къахьега дог догIу.

Цхьана дийнахь тхан юьртарчу тезетахь сан хьехархо хилла волчу Арсанукаев Iабдуллас (Д.г.ц.), со волчу агIор а вирзина, элира: «Муса, сан дешархо хилла волчу хьан, «Вайнах» журнал тIехь араяьлла «Ненах дош» статья сан даго къобалйира. Дала кхин а дIа аьтто бойла хьан иштта диканиг зорбанехь арадаккха! Кхин цхьа хIума а ала лаьара суна… Оцу «халачу дийнахь» сан дас халкъе аьлла дош хьан нанас, Хазбикас, дицдина ца хилла. Тхуна иза хIинццалц хиъна а дацара. Хьан нанна а, хьуна а Дела реза хуьлийла, юьхькIаме дерг халкъалахь даржорна!». Ша хьекъале а, Iилманан да а хилар Iабдуллас дукха хенахь дуьйна хаийтинера нахана, делахь а ша хIуманан пусар дийр долуш хилар, адамашца шен лерам хилар кхин цкъа а чIагIдира цо цу дийнахь. Диканиг атта диц ца ло-кх, мел дукха хан яьлча а.

ДагадогIу суна, I977 шарахь, ГихтIахь музыкальни школехь хьоьхуш со волчу хенахь, Хьалха-МартантIера Домбаев Хьусайн веара, ша язйина цхьа стих а йохьуш. «Ахь иллеш яздо бохуш, хезнера суна, – элира Хьусайна, – хьайн даго къобалдахь, хIокху «Къоналла» бохучу стихах илли дахьара ахь!» Цу тIехь барт а хилла, тхойша дIасакъаьстира. Со Iалхан-Юьрта цIа веача, ас и стих поэтана, школехь сайн хьехархо хиллачу Сатуев Хусайнна гайтира. Цо и стихотворени, чIогIа резахилла, къобалйира. Цул тIаьхьа цу стихах илли кхолладелира. Цул тIаьхьа шовзткъа шо дIадаьлла, со а Домбаев Хьусайн а вовшийн ганза. Иза Казахстанехь ву, ткъа со – Нохчийчохь. ХIетахь дуьйна, байн ког шершош, тIам айбина, нехан дог хьоьстуш, IаммагIин IаддаргIа санна, дIасхьалесташ, махо хIаваэ айдина пелаг санна, дехаш ду и илли. Схьахетарехь, Хь. Домбаевс йина ойлий, ас йина ойлий бертахь, цхьана мукъамехь эеллачух тера ду. Иштта йиначу ойланаша боккхуш хиллера адамийн дегнашка некъ.

Эшаршлакхархойн –  Мусаева Лайлаан а, Белаева Амнатан, Асхабова Хедиштан, Эльжуркаева Луизин, пондарчин Паскаев Рамзанан и.дI.кх. – дегнашкахь шена некъ баьккхина цу иллино.

Iалхан-Юьртарчу «Iалха» цIе йолчу ансамблан декъашхоша: Дадаев Шемила, Батыров Iаьрбис, Чапаев Супьяна, Асылханов Виситас  махкахь олуш дара и илли. КIоштахь Джабраилов Майрбекий, Адакаева Малканий дIалекхира концерташкахь. Ткъа Мускаев Идриса масийтта шарахь Казахстанехь фестивалашкахь «Къоналла» а, сан кхидолу иллеш а аьлла, толамаш а бохуш.

И дерриге а хилларг ду. Со стенна тIеван гIерта, хIинца ас гучудоккхур ду. «Къоналла» илли олу кхо-диъ шо даьллачул тIаьхьа, со Iалхан-Юьртарчу музыкальни школехь болх беш волуш, I980-шарахь, цхьана дийнахь поэт Сатуев Хьусайн веара со волчу. Фортепиано лоькхуш Iаш вара со. Ша еана стих гайтира суна Хьусайна. Хьусайна сайга елла стих йийшира ас. Доккха а, кIорга а маьIна долуш дара цуьнан дешнаш. БIешерийн ойла яра царна чохь: вайнехан гIиллакх, Iер-вахар, оьздангалла, барт, яхь, эхь-бехк. Шен гIайгIа-бала мукъамехь дIакхачо лууш веанера иза. Ма-дарра аьлча, со кхийтира, цо стенан ойла йина. Шатайпа дика доьзал бара цуьнан. Цхьана дийнахь, ша Эскаре гIуллакхдан вахале, со волчу веара цуьнан кIант Анзор (Д.г.ц.) «Муса, – элира цо, – сахьт чохь хезнера суна Моцартан 40 номер йолу симфонин цхьа кийсак. Цуьнга ладогIа лаьара суна!» И симфони чекхъяллалц (30-40 минот) ла а доьгIна, дIавахара Анзор. Пластинка яра иза. Эскарехь гIуллакхдеш волуш дIакхелхира Анзор (Д.г.ц).  ЧIогIа дог Iаьвжира Хьусайнан, шен дегIе вахана доьзалхо дIакхелхина. ХIинца а дагара ца долу, I974-шарахь сан да Увайс (Д.г.ц.) дIакхелхича, Хьусайн, бIаьргех хиш оьхуш, латтар. Хьусайна еанчу стихан дешнех дог летира сан. Оцу дешнаш тIехь илли кхоьллира ас, амма цунах нийса ца кхеташ, цунна тIе боьду некъ схьалаца ца хууш, иллиалархой хIинца а цунна гонаха хьийзаш бу. Шовзткъа шо гергга хьалха ас и илли вайн филармонерчу солисташка дIаделча, цара тергал а ца дира. Шайга стихаш а, ноташ а дIаелча, и лакха ца лиир-кх хIетахь. Делахь а коьртаниг и дац. 20I7-шарахь Москвара цIа еанчу Исаева Айнас (консерваторин студентка), Ульбиев Хизарица «Национальная пятёрка» проектехь Я. Хасбулатовн дешнаш тIехь ас мукъам язбина «И хьоме амат юхагалле» илли дIаэлира. Цул тIаьхьа Ульбиев Хизаре ас хаьттира: «Хизар, шен цIахь шун концерте хьожуш волчу композиторан бIаьргех хи хIунда делира хуур дарий хьуна?» – аьлла. Хизарс жоп делира: «Цу мукъамехь композиторан хIун къайле ю суна хаьара. И къайле Исаева Айнина ас йовзийтинера. Солисташ хиларе терра, оха «хьан деган бала» тхайн дегнашкахула нахе дIабалхийра. ТIаккха, бехк буьллий ахь, вайн бIаьргех хи хьаьдча?» Х. Ульбиевс  сайн хаттарна деллачу жоьпана со резахилира, Хизар бакълуьйш волу дела.

2000-шерашкахь (тIом а болуш) вайн къам дIасадахча, со а, яздархо  Ахмадов Муса  Слепцовскехь цхьаьна нисвелира. Хала хан яра, вайн къам балехь хьийзош. Цхьана цIечу четар кIелахь охьахиъна, масийтта сахьтехь халачу заманах къамел деш Iийра тхойша. Яздархочунна, музыкантана а вовшах дагавала хан карийра. Дала суна елла шолгIа корматалла халкъана пайде юй Ахмадов Мусана хаьара, цундела даг тIехь куралла йоцуш, паргIат, соьца къамеле а ваьлла, Iийра иза масийтта сахьтехь. Цул тIаьхьа а, хийла и волчу а вахана, Iийна со Зорбан цIийнахь. Цо язъе аларна, статьяш а язйина ас, уьш зорбанехь араевлла. Маситтазза телевиденин журналисташ а баьхкина тхан цIахь передачаш ян. Масала, яздархо, журналист Тагаев Сайд-Хьасан а веана тхоьга. Соьца а, сан ненаца Хазбикица а къамел деш Iийна иза. Наха баркалла элира, и передача ярна а, гайтарна а.

ДуогIа ла а, хета къа а, лаза дог а долчу адамана дукха хIума нисло дуьненахь. Дезткъе вуьрхIитта шо долчу сан нанас, Хазбикас, хийлазза олуш хезна суна: «Нана яла шун! Ма хала кхиийнера ас шу!» Шен доьзал баларна а, шелбаларна а, мацбаларна а кхоьруш, массо а дас-нанас кхиабо. Бераллехь дуьйна къахьега Iамийна доьзал шена, ков-кертана, юьртана, махкана а пайде хуьлу, дукха хьолахь. И суна зиэделла, къуона къанлуш. Къинхьегамах уьдуш, хьарам хIума дезаш, кураллаш еш, гIийлачунна ницкъ беш, бIаьрга тIе бIаьрг хIоттабой, харцо а юьйцуш долу адамаш – уггар хьалха – шайн юьртан, мехкан а мостагIий буй хиъна суна. Сайн кхойтта шо кхаьчначу дийнахь дуьйна, аьхка бераша садоIучу хенахь, хIора дийнахь ворхI сахьтехь асар дина ас, Соьлжа-ГIалина уллерчу стоьмийн, хасстоьмийн а совхозехь, баттахь кхо туьма делча, хаза а хеташ, и дегий, неней дIа а луш. Къинхьегам сайн деган доттагI хетта суна даима а. Сайн деца докъар цIа дан воьдура, цуьнга сайна пондар а Iамабойтура, ткъа и пондар эций, харжий сайн ненаца воьдура. Ловзаргахь даьккхина ахча, клубехь болх бича елла шифер цIа йохьий, дегий, неней дIалора. Итт класс чекхъяккхалц сайн цIенна пайда тIебохьура. ХIинца а, болх ца беш, айса цхьа де дIадахийтича, со ледара хета суна (пIераскан де доцург). Жима волуш дуьйна харцо ца езна суна. Харцонна тIаьхьа ца хIуттуш, хIинца а цуьнца тIом беш ву-кх со. Вайн халкъо, хаа а хууш, говза аьлла: «Хьо собаре хилахь, хьо тоьлла хан а йогIур ю хьуна!»

Масех шо хьалха вайн ТВ-хула цхьана йоккхачу стага дийцира: «I944-чу шарахь харцонца вай махках даьхча, со дукха жима хиллехь а, сайна ма хаъара тIаьхьара пондар а балош, халкъана хилла хало а юьйцуш, ас нахана хьалха йиш лекхира: «Сталин, ахь тхох латийна цIе хьан коьртах йолийла!» – аьлла. Цхьамма моттоьхна, хан тоьхна со чуйоьллира». Оцу йоьIан жималлех,  халкъах а Iебар волуш ца хилла и моттоьхнарг. ХIун тоьлла цуьнан, адамна вониг дича? Дера ца тоьлла хIумма а! Цул тIаьхьа 70 шо дIадаьллехь а, наха: « Делан неIалт хуьлийла!» – олу-кх и санна болчарна. «ГIуллакх доцург дуьйцург гIуллакх дерг дийца ма вахавойла!», – аьлла. Доцца аьлча, хета къай, лаза доггий ца хилча, адамах дан хIума дац-кх. Ла-м дугIур ду ахь, амма хорша чу нийса хьуна и дIахьажо ца хаахь, ахь бетта когаш эрна хуьлу-кх хьан. «Коьртехь хьекъал дацахь, когаш къахьоьгу!» – баьхна-кх.

Цхьа хIума къасто лаьара суна сайн ойланашкахь: ца ваьллачу денна динарг и ша ду, ткъа хаа а хууш, цхьаммо де ца аьллашехь динарг, и къаьсттина хIума ду. Шен дех, ненах дагаволуш динарг, дукха хьолахь, хьекъале лерина. Масала, шен мотт, шен дин дIатеснехь, адам галдаьлла лара мегар ду. Дуьненан бахам дIаболуш хуьлу, цундела гIеххьа дерг тоуьйтуш хила веза.

Яздархо, поэт, мукъамча, паччахьийн лор хилла Абу-Iали ибн Сина. Дуьненчохь вевзаш стаг хилла иза, амма иза цхьа кхаба хий, цхьа хьокхам шена хилча, тоам а беш, ваьхна! Цуьнан ду хIара дешнаш: «Но гармонию мира сумеет ли смертный постичь, чей уход и приход для него самого непонятен!» Мел йоккха  кIорге йолуш ду и дешнаш! Масех шо хьалха ТВ-хула цхьана стага, ша хьекъалца олу а моьттуш, сонта дош элира: «Сан даккхий цIенош, рагIуш, уьйтIахь езачех машен а елахьара, соьца нехан кхечу тайпана юкъаметтигаш хир яра!» Ша дахь, цIа а хир ду, ша эцча, машен а хир ю, дича – рагIуш а хир ду. Нехан хIуманах хьоьгуш лелар халкъо дика ца лерина. Хьокху чуьркан тIоммал а ца леринчу кху дуьненах данне а дан хIума дац аьлла. Хаза дош, адамашца гIиллакхе хилар – уьш ду-кх хьуна тешалла дийр дерш. Масех шо хьалха, махкана а гуш-хезаш, шега дахар муха дIадахара хьан аьлча, цхьамма дозаллица, кураллица жоп делира: «Карийначу хIумнах бахам бина ца лелла со», – аьлла. А.П. Чехов сийлахь – воккха яздархо хилла, вайна ма хаъара.  Лоьралла деш ша ца хиллехьара, язъечу говзаршца чекхвалалур вацара ша, – аьлла-кх цо. Шена мел карийначу бецех молханаш деш, цаьрца паччахьашна дарбанаш деш ваьхна-кх Авиценна. Ткъе итт шо цу балхана ас а дIаделла. Дуьненчохь хаьржинчу тобанца хир ву, боху, хIора а къемат-дийнахь. Шен дахар беламе, забаре, синкъераме а даьккхина, ваха мегар дац. Ахь даккхахь, корта хьовза кхерам бу. Малар, насвай, цигаьрка, наркотикаш – «и доттагIий»,  хьуна хаа а ца хууш, къайлаха гIерта герга. Цул тIаьхьа: хIума лачкъор, къоладар, аьшпаш боттар, харцдерг дийцар, нехан хIумане сатийсар. Оцу ледарлонаша схьалоцу амал, ийман а ледара дерг. И къинош шайца долу хIумнаш дегIаца, сица а ца хилийта, уггаре хьалха шен ден-ненан хама-пусар деш, церан а, шен а сий лардеш хила веза. Динца, маттаца, къомаца а йолу юкъаметтиг сий-ларам болуш хила еза. Наха хIун леладо а хууш, адамашна юккъе а волуш, нехан воне, дикане а воьдуш, хьо волавелча, тIаккхий бен, нахах дIа а тарлой, охьа а ца хуу. Арсанукаев Iабдуллас (Д.г.ц.) ТВ-хула элира, ша Iилманан да хиларе терра: «Безумству храбрых поем мы песню!» – баьхна хан дIаяьлла шуна, хIинца ерг кхин хан ю, иза вайна дика хаа а деза…»

Дуьненан хIуманна дукха чухьаьдда хила мегар дац. Цхьана а паччахьо, ша дIавоьдуш, цхьа-а пирамида дIа ца яьхьна. ХIинца а Iадда лаьташ ю-кх уьш, китайцийн  поппарх дина лаьтта бухахь лаьтташ долу тIемалойн эскарш санна. Цул сов, вайн халкъо аьлларг карладаккха лаьара суна: «Хьалха хьажаза ког ма баккха, тIехьа хьажаза дош ма ала». И кица девзарг, ойла ян хууш хила веза. Яхана хан, карара хан, йогIу йолу хан – оцу кхаа хенахь ойла еш хила веза-кх. ВорхIе дайша хIун лелийна, ша хIун леладо, тIаьхьарчу тIаьхьено – хьан берийн бераша – хIун лелор ду. Айса масал далочу хенахь, сайн хьехархой  Арсанукаев Iабдулла, Сатуев Хьусайн хьахабо ас, цара дийцинарг сайн тIамарх доьлла дела.

Цара олург, дIасхьа ца хьийзош, ма-дарра дIаолура, цхьаннах а ца кхоьруш. Цундела безара уьш халкъана. Ткъа цхьаболчарна шаьш цадезарх царна биэн а ца хетара.  АллахI-Дала дуьненахь шайна яккха елла хан яккха ма-еззара а яьккхина, уьш дIабахна, цундела, уьш а, и саннарш а, безамца хIинца а хьехабо. Масех шо хьалха «Вайнах» журналан коьрта редакторо, халкъан яздархочо Ахмадов Мусас дика къамел дира соьца, интервью оьцуш. И зорбане араелира, интернет чу а яьккхира. Со реза а волуш, сан дахаран некъ теллира М. Ахмадовс. Дахаро, хан-замано шениг да-м, хьаха до. Цуьнан хаттаршна ас жоьпаш делира. Со гал ца ваьллехь, ас дийцинчунна иза а вара-кх реза. Цунна тешалла и интервью «Вайнах» журналан агIонаш тIехь араялар лерира ас. Доцца аьлча, кхечу стеган сий ойуш волчу стеган шен сий а хьаладолу. Дахаран амал ю-кх иза. «Приходите завтра» – кинохь роялана  хьалха Фрося Бурлаковас багахь Шубертан «Серенада» лекхира. Цуьнга хьоьжуш Iачу профессоран юьхь тIе хьаьжча, сан бIаьргех хи делира. Ма дукха хIума дуьйцура-кх профессоран юьхьо… Иштта ю-кх цхьайолу мIаьрго вайн дахарехь, дог Iовжийча, бIаьргех хи даллал. И санна йолу мIаьргонаш вайн дахарехь дуккхазза а нисло. Уьш оьшшучохь вай билгалйохуш хиларо, церан кIоргене кхаьчначу адамна а алсам эхь-бехкан, цIеналлин а пайда бохьу. Иза цхьа агIо ю, ткъа шолгIаниг иштта ю. Вайнаха олу-кх: «Ала догIучохь ца аьлла дош – дайна ду-кх, хи чу тесна цун кана санна!» Мага а гIерташ, тарвала а гIерташ лелачун доккха къа ду. Цуьнга ладогIар, цуьнах къахетар боккха мела бу. Бехк а боцуш ша йитича, цхьана оьздачу хIусамнанас аьлла шен майрачуьнга: «Ахь йитарна-м ца йоьлхий ша, хьоьх яларна-м ца йоьлхий ша, юьрте, махке тай-махий доьхуш, ас хала летийначу хьан кетар хар-харна йоьлхий ша-м!» ТIаккха, теш а воцуш, ша ши дош аларна дохковаьллачу майрачо аьлла: «Дала хIун боху ца хаьа  суна, цу шайтIа бохучу бIоьхачу хIуманна там цабер ас, айса аьллачунна со дохковели хьуна, яло-яло, чугIур ду вай!» И ду-кх: «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина», – бохург. Шаьш хаьржина некъ дIакхехьа гIиртина, цхьанна а новкъарло ца езаш: Анна Герман, Ференц Лист, В. Ободзинский, Рудольф Нуриев, Вадим Мулерман, Николло Паганини и.кх.дIа а. Делахь а церан некъаш хедош, царна тешнабехкаш, ямартлонаш еш – чIогIа халонаш, баланаш хьегийтина цаьрга вочу наха. Нохчашна юккъехь а хилла дукхе-дукха адамаш похIма долуш. Церан цIерш ца хаьа, уьш ца бевза вайна, хIунда аьлча царах  цхьаммо а дика дош ца аьлла, ца яздина. Биэн цахетар ду иза. И санна болу нах Далла а ца безна. Л.Н. Толстойс а баьхна: «… равнодушие наше может погубить в нас самое лучшее и человчное…» Шен хенахь Лев Николаевична а хезна хир ду оьрсаша олуш: «Моя хата с краю – ничего не знаю». И санна долчух кхийрина хир ву-кх и сийлахь оьрсийн яздархо. Масала, Шамилева Жансари (Д.г.ц.). И вайца йолучу хенахь, лара ма-еззара и лоруш, хила еззачу тIегIане хьалайоккхуш а хиллехьара, хIинца вайн дог оьшур дацара, Жансарих ТВ-хула дуьйцучу хенахь. Адам дуьненчуьра дIа а дохийтий, тIаккха цуьнах диканиг дийца дуьйлало вай. И ю-кх вайн ледарло. Масала, Элимбаев Тапин корматаллах, похIмах а ца дуьйцуш, «Вайнах» ансамблах дуьйцу вай. I. Хамидовх ца дуьйцуш, цо язйинчу «Бож-Iела» спектакле маситтазза хьовсу вай. ЧIогIа хьекъале къамел  ТВ-хула до яздархочо С-Хь. Нунуевс. И санна болчу нахе ладогIа дезара, дIаяздинарг Iалашдан а дезара. Доьзало, юкъаралло, юьрто, махко хаза аьллачу дашо дIалелош ма ду мехкан ойла еш мел долу адам. Книга язъярх, сурт дилларх, илли аларх, пондар лакхарх, гIишлош ярх ца хуьлу адам ирсе. «Баркалла хьуна. Дела реза хуьлда хьуна!», – аьлла, нехан багара йолучу хазачу Iаьнаро во стаг ирсе а, декъала а, кхин а тIе болх бан дог а доуьйтуш. Дас-нанас къахьоьгуш, доьзал кхиабахь, цу доьзалхочо ша-а ойла а еш, шена тIехь болх бахь, цо бинчу белхан Iедалой, халкъой  нийсонца маххадабахь, велавала, ша ирс долуш хета дог догIур ду халкъан Iер-дахарна чу са диллина леллачу кхоллараллин адаман. Дала нийсачу некъа тIехь хила хьекъал а, кхетам а лойла вайна, чуьркан тIоммал а ца леринчу кху дуьненахь!

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика