ЯЗДАРХО – ДОТТАГӀ САННА

PDFПечатьE-mail

DSC 0761 

Нохчийн халкъан яздархочуьнца Бексултанов Мусаца рогӀера интервью дӀаяьхьира «Орга» журналан коьртачу редактора Алиева Заринас

 

Даймохк бохург хIун ду я и кхетам муха кхоллало адаман?

– Къаьсттинчу цхьана къоман мотт а, Iадат а лелачу махках олу-кх Даймохк, цу мехкан меттигийн цIерш эзарнаш шерашкахь цу къоман маттахь а йолуш, шираллехь дуьйна – вон а, дика а цхьаьна а ловш, – цхьа къам дехачу махках… Вуьшта, зама керчинчу заманахь, стаг ша ву-кх шен Даймохк, шен къам а… сан Даймохк соьца бу-кх тахана я со – сайн даймохк, сайн сица ас сайца лелош….

– «Со – сайн даймохк бу» – эли ахь. Шордехьа хьайн жоп, ахь бохучух муха кхета веза?

– Вайн къам цIерадаьккхича, хIоранца а шен Нохчийчоь хилла, ша дагахь ма-кхаббара. Даймохк а, хьо а вовшийн хаза йиш йоцуш дисича, хьо хьайн даймохк бу-кх, хьайн сица ахь кхобуш болу... Даймахках вала, махках ваккха а ма ца оьшу тахана, мохк хьоьгара дIабаьккхичхьана, хьо долахо а воцуш…

 

– Хьо ламчу вахача, Даймохк карабой хьуна?

– Суна маршо карайо цигахь, дерриг а са хьалагIуртий, суо жехь лелла лаьмнийн кортош, даккъаш, Iаннаш гуш, хIетахьлера суо ма-варра дага а вогIуш. Цигахь, лам чохь, цхьа хIума хийца ца делла, лахенца санна, ша ма-хиллара дисна. Сох юха а жима бер хуьлу, бераллехь суо леллачу лаьмнашка кхаьчча. Хаза сурт а, юха чIогIа гIайгIане дегаIийжам а хуьлу цунах, и дерриг а цигахь – бераллехь – дисарна, хIинца схьахила йиш а йоцуш. Иштта ю, суна цайовззал хийцаелла, ас мацах сайн лаьрра хилла хIара гIала а… сан хилла гIала яц тахана, и урамаш а, скверикаш а, кафеш а… Суна-м суо сайн юьртахь а ца караво хIинца, вовза-везарг вала а велла, соьца дагарадийца йоцу юрт… чIогIа хала хIума ду иза, хьан бералла, жималла, къона хан дIаихна меттигаш хьан бIаьрсина хьалхалера гуш а, карош а ца хилча… Бераллера волуш, стеган Даймохк леш санна а хета суна, – бераллин сирла Даймохк, кхано юха, хьо воккхахилча, дагалецамца юхаденбала. Иза доккха дуьне ду, бералла бохург, дуьненнал доккха дуьне, дийцина а, кхачийна а вер воцуш…. Со гуттар цига юхакхийдаш а веха, иза бен кхин цIанвала, дахарх вада меттиг а йоцуш. Бералла цахиллачух художник а хир вац, аьлла хета сунн, я бералла хиллачух бен, сатийсамехь хилла а. ПохIма я хазалла хьан даг чохь самаяла– юрт, кIотар, лаьмнаш а тоьлу. Лаьмнашкахь деха адамаш синмаршонца къаьсташ а хуьлу.

– «Лазам болчохь литература кхуьур ю», «Литература существует там, где есть боль, а боль ощущает только личность», – аьлла Мандельштама. Ахь тидам барехь, муьлхачу заманахь дика кхуьу литература а, искусство а?

– Советски Союзан ерриг а аьлла, дика нисъелла литература цигахь лаьттинчу харцоно кхоллийтина ю, Ильф, Петровна тIера – Булгаковс, Платоновс, Шаламовс, Пастернака, Солженицына, Шолоховс кхоьллина йолу, царех кхаанна Нобелан преми а елла цу заманахь. Харцой, гIелой лаьттачу махкахь, дуьхьало санна, кхуьуш ю муьлхха а дика искусство, нагахь цу махкара къам – къам а долуш, цу къомана юккъехь доьналла долу похIмалле художникаш белахь. Амма и тайпа художникаш боцчу махкахь, Iедална хастаме диферамбаш бен, искусство а ца кхуьу, и бакъйолу искусство кхолла гIертарг вукхарна новкъа а хуьлу – пачхьалкхан хьаьвда дуучарна, – иза мостагI а кхайкхош шен къоман а, мехкан а.

– Хьан кхиарехь хьуна гIодина, ахь хьайн лоруш яздархой буй дуьнен чохь?

– Уьш дукха бу, делахь а суна цара кхоьллина турпалхой коьрта хета, цара гайтина амалш, къинхетам, безам, цу яздархойн говзалла а…

– Масала, муьлш бу уьш? Турпалхойн цIерш яхахь. ХIун амалш товра хьуна церан?

– «Дженни Герхард» романан турпалхо Лестер ву шен къинхетамца, «Воккха стаг а, хIорд» повестера Сонтьяго а – шен амалца, «Вечер в Византии» романера Крейг а, шен гIайгIанца, кхин дуккха а, «Дон-Кихот» а, хIилла цахиларца, Чингиз Айтматовн – Едигей а цхьаьна. Дахаро хьийна, чехийна, хьешна, хIетте а оьгIазалла ца толуьйтуш, къинхетамах ца хедаш, дахарна баркалле хуьлуш болу турпалхой тов суна литературехь а, дахарехь а.

– Хьуна коьрта хьуо ву хьайн кхоллараллехь я хьайн турпалхой бу? Яздархо ву коьрта я цуьнан турпалхой?

– Сайн турпалхой бу, хIунда аьлча со кхана-лама дIавер ву, диса дезарг къам ду, къоман мотт, Iадат цуьнан, хIара вайн Нохчийчоь а.

– Къоман яздархой, искусствон нах ца хилча, и къам хир дара аьлла хетий хьуна? Масала, оьрсийн Толстой, Достоевский, Шолохов ца хилча..

– Яздархой цахиларх, къам хир ду, къоман иэс-м дуьсур дац.

«Война и мир» цIе йолчу романо хIетахьлера Iер-дахар, амалш, ламасташ дендина цу халкъан, куьзган чохь санна, схьагуш. Иштта ву Достоевский а, Шолохов а. Цара зама сацийна, халкъ шен дIадаьллачуьнга юхахьажийта, цу тIера юха хьалхахь дIа некъ бан. Яздархой боцчу къоман гIалаташ – гуттар а цхьа гIалаташ хир ду, юхахьажа кхане а йоцуш, хIазарехь хьийзачу тарсалан гуо санна.

– Яздархочуьн бакъо юй, ша шен къомаца цхьана терзана тIе хIоттош, вуста?

– Муьлхачу а дикачу художникан и бакъо ю, аьлла хета суна.

– ХIунда ю цуьнан и бакъо, стенна тIе доьгIна боху ахь иза?

– Жималлехь, хьо искусствехь къахьега волавеллачу хенахь, хьуна хьуо бен, гуш хIумма а дац, хьайн безамаш а, сатийсамаш а, цхьана денна ваха веъча санна, дерриг а цкъа схьаган я схьалаца гIерташ. Кхано, шовзткъа я шовзткъе итт, кхузткъа шаре лестича, хьуна хьайн къам доьхна, даьржина, цхьатера доцуш карадо, тайп-тайпанчу хьаьжкIех даьккхина долу сагIадоьхурган ахьар санна, я Iуьйранна гуллучохь вовшахлиэта юьртан рогIан бежнаш санна, цхьа бос, цхьа некъ а боцуш, тайп-тайпанчу хьекъалшца, юкъара цхьа Iалашо а йоцуш. ТIаккха хьуна хьуо цхьалха а, декъаза а вуй хаьа хьайн махкахь я хьайх кхета къам доций а, цхьа ши-кхо стаг воцург. Хьуна мохь-орца ала лаьа, хьайн къоман балийна велха, хьайн дена-нанна, доьзална санна. Хьуна да-нана я доьзал а ца буьсу тIаккха, хьан доьзал – хьан къам хуьлу, харцахь кхиъна воI санна, хьоьга ладогIа ца туьгу къам. Дуьненах дIахаьдда, къам, мохк бен, кхин гIайгIа а, сатийсам а боцуш висича, бакъо ю-кх хьан, хьайн къомаца цхьана терзана тIе хIуттуш, хьайн къоман Iу хила, нагахь хьо боккъал а, къам, къоман маршой бен, кхин дуьне ца лоьхуш волу къоман тIамарх схьаваьлла бакъволу къоман кхетаме художник велахь, мел доккхачу халкъан а ши-кхоъ бен ца хуьлучех цхьаъ а волуш. Ас и бакъо, – вайн хьалха хиллачу яздархойх аьлча – Ошаев Халиданий, Мамакаев Мохьмадний, Сулейманов Ахьмаданий, Айдамиров Абузарний а лур яра. Политиках я политологах аьлча, цхьа а шеко йоцуш, Авторханов Iабдурахьман а вара уггар а хьалха шен цIе яккха хьакъволчех цхьаъ.

– Хьайн бералла йийцахь, доьзалехь хилла низам а, Iер-дахар а?

– Тхан доьзал мелла а кхечарех къаьсташ бара шен Iадаташца, декхаршца а. Сан дехой а, ненахой а Советан Iедало дикка дакъа яьккхина бара цIера дахале а, цIера даьхча а. Тхан доьзалехь цхьа а – хьалха а, тIаьхьа а – Iедалан стаг ца хилла, нахана тIехь харцо йийца, дарж карахь долуш. Иза тхан дас тхуна дихкина а дара.

Тхан дас гуттар а вер-ваккхар, девнаш дуьйцура, тхо цхьана харцонна дуьхьалдаха кечдеш санна. Вуьшта, бералла – бералла санна яр-кх сан, гуобаьккхина гуш-хезаш нохчийн мотт а, нохчийн Iер-дахар а, нохчийн къам а долуш.

Иза кхин дуьне дара, хIинцачуьнга хьаьжча, массо а лаьттах, кертах, даьхнех а тасавелла, юьртахь кхо-йиъ жен, бежан рагI а хуьлуш, урам буьззина уьдуш ахдерзина бераш а гуш, кертахь юьйш-хьокхуш хьаьжкIаш а йолуш, шортта зIакардаьхний а долуш, шен кертара, шен куьйга даар-малар а кечдеш.

Бер, ворхIарадаьлча, доккха а хуьлура цу хенахь, шега догIу гIуллакх а деш, воккхачунна санна, дас-нанас муьлхха а декхар коча а дуьллуш. Суо пхоьалгIачу классе хьалаваьлча дуьйна схьа, сайн ткъе кхо шо кхаччалц, хIора аьхка жехь ваьллина-кх со, лаьмнаший, буьйсаной, сайн ойланаший Iада а веш.

ХIетахь дуьйна цхьалла а езна суна, сайн ойланашца цхьаь висар, доьзал, бахам, яздар цхьаьна ца догIий а хууш: я доьзал, я бахам, я яздар – цхьаъ бен ца нисло, и кхуьй а цхьаьна нисдан гIертачух яздархо а ца хуьлу, цхьа цIе йоцург. Яздархо мелла а обарг хила веза, шен ойланехь хилла а, тай тоьхча санна, нийса хила а ца гIерташ.

– Казахстанера шаьш цIа беана некъ дагабогIий хьуна? Дуьххьарлера хьан дагалецамаш стенца боьзна бу?

– Суна Казахстан дага ца йогIу я цигара цIа беана некъ а, цIа кхаьчча гина цхьацца хIуманаш иэхьадалар бен. Сайн денана а, цо беш хилла гIийла узамаш а дагахь-м лаьтта суна тахана а, тхаьш чудаха цIа доцуш – хIусамаш суьйлаша дIалецна яра, – цхьана йоккхачу майданахь – ишколан керт хиллера иза, – Iийна а. Шайн махка цIа баха ца туьгучу суьйлашна, итт-пхийтта шераш долчу бераша хIара тайпа йиш локху, бохура тхан нанас:

Горы и долины,

Уходи талбины,

Русский тоже

Собирает шмотки.

Нана сунна, жима зудабер санна го, хIетахьлера. Иза сайн йиша хилча санна, денана сайн нана а хеташ. Да а вара цхьа къона жима. ТIаьхьуо, со воккхахила воьлча, хиир-кх суна и шиъ сайн да-наний дуйла, ненан куьйгийн къинхетам бевзича.

– Доьзалан коьрта мукъ баккхийчаьргахь бара ала гIерта-кх хьо? «Денана хьайн нана хетара», – аьллачунна тIера хоьтту ас.

– Сан денда а, ненада а вацара. Уьш Iедало байинера. Денаний, ненаний-м яра сан, ненанана шен Iедало вийначу цIийндений, кIантанний йилхина, Казахстанехь дуьйна бIарзъелла а йолуш. Сан денана кочалла долуш стаг яцара, доьналле а йолуш, декхаран стаг яра. Тхо – бераш – дерриш а цунна тIаьхьа, цунна гонаха хуьлура, юург даима цо а яайора тхуна, коч-мача а цо духура, тхан наной – сан ден ши зуда яра – тхуна гуш а бацара, сарахь я буьйсана бен; цхьацца деш хил-хилла бар-кх уьш.

Денанас, мерзачу шури чу сискал а отий я кхоьш тоьхна чорпа йой, хIума яа ховшадора тхо, ша улле охьа а хуий, туьйра дийца а йолалуш. Суна дукха туьйранаш хаьара цо дийцина. Кхано, ишколе ваха шераш кхаьчча, ненан каравахар-кх со. Бер куьпо а, урамо а ма кхиадора хIетахь, массеран а юкъара хуьлуш. ХIинца дац и хIумнаш, хIинца кевнаш къевлина ду, бахамаш къайлабохуш.

Сан да суна гуттар а – бераллехь а, воккхахилча а – хьаша санна вара, наггахь геннара вела-м лора иза тхуна, вуьшта, дегахьара хьастар бохург, тхо цхьайтта доьзалхочунна гина хIума а дац. ЧIогIа кхетаме а, доьналле а стаг вара иза, нахана вуйла хууш, къонах а вара.

Тахана чIогIа а оьшура суна иза, сайл воккха тхайн орамах стаг а воцуш, суо висича.

– «Яздархо хила веза со», – аьлла, ойла маца хилира хьан, жима волуш я кхиънаваьлла, университете деша веъча?

– Беран хенахь, суо лам чу жаца лелаш, цхьацца хиламаш кхуллура ас сайн ойланехь, сайна юха уьш гушдолуш санна, и хIумнаш бакъ а деш. Муьлхха а исбаьхьаллин киншка ешча, цунах терра кхин сюжет а кхуллий, цу турпалхошца хан йоккхура ас, хIора дийнахь уьш цхьацца хиламашца кегош…кхаа-беа баттахь. Жай, лаьмнаш, стигал бен, гуш хIума а доцуш, цхьаь лела сингаттаме ма хуьлура, цхьацца бIарлагIаш ца кхоьллича. Пхийтта-ялхитта шо долуш хилир-кх сан яздархо хила ойла, цхьа предложени дIаязйича, шолгIаниг хьалхарчу предложеница муха йоза еза ца хууш, хан а йойуш.

Дуьххьара суна дийна гина яздархо – уьш массо а велла хила везаш санна яра сан ойла – Сулейманов Ахьмад а вара, тIаьхьуо ишколехь сан хьехархо хилла волу.

– Хьан дуьххьарлера киншка араяьлча, цIерачара тIе муха ийцира?

– Царна иза кхин хIун ду ца хууш хилча санна хета суна тахана. Iедалера вонаш лайна а, гина а болу уьш, къоламций, кехатций гергарло хилар башха дезаш бацара, наха меттанаш йозанца диттина дела. Тхан девашас цкъа, яздеш Iаш тIекхаьчча, чIогIа човхийра со: «Тхан ворхIе а дех ца хилла моттбетта стаг, хьо тхан сий дайа гIерта!» – олуш. Сан ши деваша чIогIа дуьхьал вара цу хIуманна, яздарна боху ас. Цкъа иштта, шена хьалхахь шен ши ваша соьга лен волавелча, тхан дас: «Вита, дIалелийта, цхьаъ ду, бохуш, лела иза», – элира цаьршинга. Киншка араялар со цаьрга хьахо а ца хIоьттира, царна иза дош ца хетий хууш. Тхан дас, киншка каралаьцна, дIаса а йоьхкуш: «Дика ду, дика ду!», – аьлла, дагадогIу суна, жимма суна велааьшна а дина. ТIаьхьуо, иза кхалхале, «Дахаран хин генара бердаш» цIе йолу повесть шена лерина ас зорбане яьккхича: «Вон яздина ахь и дешнаш, нахана хьалхахь там бац и тайпа хIума, нийса хIума дац иза!» – элира цо. Цул, сайн дел, суна дукхавезаш, ас лоруш стаг а ца хилла сан дуьнен чохь.

– Школехь доьшуш, литература урокана пхиъ дарий хьан? Школьни программи юкъара произведенеш хазахеташ йоьшарий ахь?

– Суна дага ца догIу, литературина сайна хIун дуьллура, хIунда аьлча, нохчийн мотт а, литература а, хIинцачул башха, хьоьхуш а я лоруш а яцара хIетахь а.

Программина юкъарчу произведенеша литературах а, дешарх а чамбоккхура, ас уьш цкъа а ца йоьшура, цхьаццанга хаттар бен. Со юккъера дешархо вара, къайллаха – цIахь а, арахь а – киншкаш ешар бен, дешарца башха гIуллакх а доцуш. Яздархо, композитор, дирижер, суртдуьллург я архитектор хила ишколо гIо до аьлла а ца хета суна стагана. Иза хьан сица, амалца, хьан бIарлагIашца дозуш хIума ду.

– Хьо дуьххьара цецваьккхина йолчу произведенин цIе яккхахь, оьрсийн а, нохчийн а бен а йоцуш.

– Сан шийтта-кхойтта шо долуш дуьххьара со велхийна произведени Iарби Мамакаевн «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма яра. Иза санна, мотт а, васт а, сурткхоллар а, дешархо тешор а шеца цхьаьна ийна произведени – иза дуьххьара а хета суна нохчийн литературехь. Бераллехь я жимчохь ас сайна къастийна нохчийн литературехь ши произведени яра: Бадуевн «ЦIеран арц», Iарби Мамакаевн «Нохчийн лаьмнашкахь». Тургеневн романаш а езара суна чIогIа дукха. Бунин суна хIетахь ца вевзара, цул тIаьхьа-м цунах дIа а ца къаьстира со.

– ХIинцалера доьзал шайн доьзалца я кхечаьрца буьстича – ас кIант а, йоI а, нус а, нана а, да а дуьйцу – хIун башхалла го хьуна?

– Доьзалан институт дкка малъелла го суна, хьалхалера гIиллакхаш хIинца аьттехь а доцуш, къаьсттина дений, доьзалний юккъехь. Да эла воцчу доьзалехь кIантах къонаха кхуьур вац. Тхан денанас шех дийцина цхьа хIума дуьйцур ду ас хьуна. Ша маре еъча, дуьйцура цо, дуьххьарлера доьзалхо дуьненчу ваьлча, и доьзалхо когаваххалц шен денцIа ца яхара ша, дена шех бер хьерчаш ца гайта, аьлла. Бер дакхо дезар а, кхин а, важа а боху хир дара цо.

Суна чIогIа хаза гIиллакх хийтира иза, хIинца долчуьнца дуьстича. ХIинца эхь-бехк гIелделла, дуьнене а хьоьжуш, керистан гIиллакхаш схьа а эцна. ХIинца нус эвла юккъехь я шен денцIахь ю дукха хьолахь, чохь Iе, ала яьхьаш марнана а йоцуш, шен кIант зудчуьнгахьа хир вуйла хууш. Доьзалш а кхин бу хIинца, шайн дайшна аьттехь а боцуш.

Зударшна, бахар-бахкар, йитар-цIаяр бен-башха а ца хета тахана я иза бен хеташ церан наной а ца хуьлу. Хьалха иштта дацара, хьалха йоI йитина цIаяр, доккха эхь лоруш дара, йоIера цхьа Далатохар даьлча санна, ден цIен тIе эхь а догIуш. ХIинца цхьа ун даьржина-кх кху махкахь а, нахаца а. Дукхохдолу дай-наной тахана шайн доьзалийн йийсарехь а ду: хьоьга хоьттуш я дагаволуш хIума а ца хилча, я хьоьга ладугIуш а ца хилча, йийсар бен, кхин мила ву хьо?

– ХIора заманан шен-шен керла хIумнаш хуьлу-кх, уьш амалх ца хьакхалуш а ца дуьсу. Керлачу заманахь муха ду хьуна, кхета гIерта хьо я къийса?

– Сан хиллачу заманна нийсса бIостанехьа сурт хета суна хIара гушдерг. Со кхуьнах кхетар а вац, кху заманах. ХIетахь хилла болу сица маьрша нах а ца го суна, суо а кхузахь мухIажар волуш санна хета, цабевзачу махкахь некъах тилла некъахо…сан-м дац кху заманца къийса а я декъа а хIума, шена езачуьн хир ю-кх хIара….

– Дийцар а, повесть я «Хьаьркаш» цIе йолу кегий хIумнаш муха кхоллало хьан?

– Цхьа хIумма а доцчу хIумнах, лаца ца луш еддачу цхьана ойланех я цхьана дашах кхоллало-кх, тема а, идея а, сюжет а йоцуш, са кIамлуш санна хетачу цхьана карзахаллах…

– ХIокху чехкачу заманахь литература оьшу аьлла хетий хьуна?

– Литература ца оьшуш зама йогIур а яц цкъа а, вовшашка безам баха ши адам дуьнен чохь мел ду,иштта, адамашна юккъе харц а, бакъ а мел лела а.

– Яздархочунна коьрта хIун ду, дIаалар ду я дIахазар ду?

– Яздархо дIааьлчахьана вала-м волура, кхузахь дIахаза дешархо хилча…ДIа ца хезча, ахь аьллачух а хIун до?! ДIаалар коьрта хета суна-м, цхьанна хезна а, ахь аьлларг дIахезча, цо кхечуьнга эр ду, цу кхечо – вукхуьнга, иштта дIа – дуьнене дIа а кхочуш.

– ХIокху заманахь юкъадаьлла ду вайн къоман аристократи хилла бохуш долу хабарш. Хьуна хIун аьлла хетта цу хьокъехь?

– Сан да вар-кх аристократ. Цунна киншка еша а ца хаьара. Шен иэхьаца ойла а, вахар а нисдина, наха къонах ву, аьлла, мах хадийна волу муьлхха а боьрша стаг ву-кх аристократ, бежаIу а, инарла а бен-башха а воцуш. Таро хиларх, аристократ (къонах) ца хуьлу, миска хиларх, къонах вац аьлла а дац. Къонах – къонах ву-кх, цу юккъе массо а хIума а догIу, доьналлина тIера, собар а, хьекъал а, кхетам а, комаьршо а, оьздалла а, эхь-бехк а, лерам а. Суна дукха къонахий гина-кх, халла бен, яа сискал а йоцуш, хIетте а хьешан шун а ца хедаш я къонахашца лела дош а. Вайн аристократаш ца хилла, вайн къонахий хилла, вайн къомана юккъехь лелаш ши дош а долуш: къонах ву, къонах вац.

Интеллигенци олу чкъор-м хилла вайн. Паччахьан Iедал Нохчийчохь чIагIделча, хьоладай а хилла нохчийн, къаьсттина цу Iедалца бертахь хилла болчу наибех а, кхечарех а кхоллабелла, тахана церан тIаьхьенаша – тхо царех, вукхарех ду бохуш – дог кхаьрда деса дозаллаш а деш. И тайпа «аристократаш» буьйцу хир бу-кх цу наха. Уьш гуттар а хилла а бу, хир болуш а бу, нохчийн къам кхечу халкъан олаллехь мел ду..

Вайна девзачу эзар шарахь, шовзткъе итт я бIе шо маьрша ца догIуш, даим тIамехь хIаллакьхуьлучу къоман хIун чкъор кхуьур дара?! Мел лахара а ши-кхо бIешо ца деза и чкъор кхиа, кхаа-веа я пхеа дега долуш? Аристократаш – ингалсхойн, французийн, испанхойн хилла-кх, нехан мехкаш схьа а лоьцуш, нехан декъашна тIехь кхоьллина аристократи, крепостнойн декъашна тIехь чIагIйина гIазкхийн дворянство санна.

– Кхин цхьа хIума а даьржина вайна юкъахь тIаьхьарчу заманахь: тхан тайпа лакхара дуй, тхан тайпа цIена дуй, тхан тайпа гуттар а хьалхе йолуш хиллий, бохуш, хьуна хIун хета цунах?

– Цхьа а тайпанаш а ца дуьйцуш, вайн махкахойх нохчийн къам хуьлийла лаьара суна. Шен схьаваьлла бух бовза, доьзаллехь бен дийца оьшуш а дац тайпа, цунах байракх йина леларг къоман кхетам болуш стаг а вац. Тайпа лакхарий, лахарий бохучух, аьлча, къоман пайдехь хиллачу нехан терахьца хьахо еза меттигаш, масала, Хьалха-МартантIера Исмайлин Дуда а, ЧIеберлойн кIоштара Адин Сурхо а, Эвтарара – Эвтархойн Ахьмад а, Чечанара Мадин Жаьммирза а, кхин а, кхин, тхан Сулейманов Ахьмад а санна, Абузар а, Мамакаев Мохьмад а, иштта къонахийн цIерш а.. Тахана, Iилманчаш а, лоьраш а, къоман пайдехь болу дика нах дукхохболчу кIошташа дозалла дан мегар ду, кхин кIошташ йохье яха, амма тхан тайпа лакхара дуй, важа тайпа лахара дуй, боху къамелаш уосала къамелаш ду, вай массо а цхьана къоман нах а хилча. Шен тайпа лакхара хеташ волу стаг и шен тайпа а эцна, ша схьавеъанчу дIаваха веза-кх тIаккха кху махкара, шен тайпа кху халкъал лакхара хеташверг.

– Тахана нохчийн меттан литература ешар лагIдалар стенца доьзна хета хьуна?

– Нохчашна шайн нохчийн маттахь киншка еша цахаарх доьзна ду-кх дерриг а, шайн мотт цахаарх доьзна. Кхин дукха йоьшуш хьалха а бацара… Вай цIера дахале, ворхI класс нохчийн маттахь а йолуш, дешна хилла долу бераш дар-кх, вай цIа дирзича а ткъе итт, ткъе пхийтта шарера кегий нах а хилла, и нохчийн маттахь йолу киншкаш йоьшуш хилларш. Юха, цигахь, Казахстанехь, I945-чу шарера I957-чу шерашка кхаччалц йолчу хенахь дина хилла долу бераш а дара нохчийн киншкаш йоьшуш, шайн доьзалшкахь буьйцуш болу нохчийн мотт бен, гIазкхийн мотт цахаарна. Вай киншкин, йозан, иэсан къам ма дац, кхиндолу – гуьржийн а, эрмалойн а, Iарбойн а – къаьмнаш санна. Вайн вовшашца къийсадалар а стенна тIехь ду? Бахамна тIехь ду-кх! ТIаккха вайшимма хIун литература, хIун искусство юьйцу кхузахь…. Кхин а цхьа бахьана ду, нохчаша – еша хуучара а – нохчийн киншкаш цаешар: ма-ярра йолу литература а, меттан хазалла а хIун ю а хууш, и литература дIа а йовзуьйтуш, цу литературах яздан хууш болу критикаш-Iилманчаш цахилар кху заманахь. Вайн-м литературоведаш-Iилманчаш а бац, цхьана дийцарх я стихотворенех, дийнна – шовзткъе итт, кхузткъа агIо – Iилман болх язбан хуур долуш. Мамакаевн «Даймехкан косташ» а, Гадаевн «ЦIен берде» а тоьар яра, ши-кхо бIе агIо Iилман болх язбан. Цул сов, вайн яздархой бу бохурш а-м бац литература евзаш… цхьа итт-шийтта мукъне а хилла велара, шаьш яздийриг хIун ду а хууш, яздеш, тIаккха-м цхьа ко а яра иза. Пушкин, Лермонтов, Блок, Тютчев, Пастернак, Мандельштам, Есенин, Забалоцкий, Рубцов, Мамакаев, Гадаев, Кибиев, Абдулаев, Бисултанов теллина, Iамийна, уьш вовшах муха къаьста хиъна, яздан волавелла цхьа а поэт а вевзий хьуна къоначех? Вац хьуна я хир а вац хьуна. Цундела вайн литература бIаьрзе кIеза санна ю-кх, цхьа а некъ а я стигла а йоцуш….

– «Талантливый человек талантлив во всем», – олуш ду-кх, цуьнах муха кхета хьо?

– Цхьана хIуманна тIехь кхоччуш кхетам болу стаг кхечу хIумнех а кхеташ хуьлу. Амма цхьана Iилманца я цхьана говзаллехь санна, массо а хIума иштта дика ца нисло стеган атта. Ас ца вуьйцу Леанардо Да Винчи а, Гете а, Лермонтов а я церан могIарера берш а. Уьш гений олучарех бу. Искусствон массо а жанрехь – суртдилларехь, поэзехь, мукъамаш бахарехь, йишлакхарехь, прозехь, классически мукъамашкахь – цхьатерра похIмалла долуш стаг бIешерашкахь цхьаъ-шиъ нисвала мега, дукха хьолах, ца нисвала там а болуш. Массо а жанрашкахь шен цхьатерра похIма хеташ волу художник – иза похIмалле ремесленник а ву. Цхьана жанрехь бен хуьлуш бац художникан лаккхара кхиамаш, вуьш дIадерш – тера леларш я «вторичное творени» олучех ду – кхечийн хIуманех тера кхолларалла.

Иван Бунин – поэт а, прозаик а ву, наха вуьйцург прозаик а волуш, нагахь цуьнан проза ца хиллехь, поэт – Бунин вийца хьакъ а волуш, амма хIетте а прозаик Бунин вуьйцу-кх наха дукхох. ХIета, Бунин, уггар а хьалха, прозаик хила вогIу, цул тIаьхьа поэт а волуш.

Пастернак дика поэт ву, цунна Нобелан преми елла йолу «Доктор Живаго» гIийла лору западни прессо, и преми политически ю а бохуш. Уьш цу тIехь бакъ а бу.

– Хьуна – хьайна долчунна – литература хIун ю, муха го иза хьан кхетамна?

– Масех повесть а, дукха дийцарш а ма ду сан, нислурий-те сайн уьш, хеташ, долийна я долоза Iохкуш, я айса зорбане яьхна хIуманаш кхоччуш нисъелла аьлла а ма ца хета суна цкъа а. Дуьнено хестош йолу дукха хIумнаш еша а ма ца ло соьга, уьш чIогIа ледара хеташ…

Я со ца кхетахь а, я литература кхин къайле елахь а – цхьаъ хир ду-кх иза.

Iаламат хала къайле ю-кх суна литература, со цкъа а кхиъна а я кхуьур а воцуш. Литература, муьлхха а искусство санна, я оригинал я терахилар ю. БIеннаш киншкаш ешна-кх ас, оригинал лоьхуш, эзарна юккъехь цхьаъ халла карайо-кх.

Йоьшучу киншкано хьуна – яздархочунна, критикна – хьо цец а вохуш, кхетамна гилгаш а дуьйлуш, авторан кхиамех воккха а веш, хьуо а, хьайна гонаха мел дерг а, цхьана ханна хьуна дицдолуьйтуш ца хилча, цу киншкин авторо хьуна бешберг боккха тешнабехк хета-кх суна. Иштта, сайна ма-хетта дика хIума язъеллачу авторах воккха а ве со, сайх дикка къа а хеташ, дуьненан ала мегар долуш цхьа хIума ца язъеллачу. Шех теша ца веза, ца тешаш, ша Iехо веза яздархочо. Яздархо бохург, хала дукъ ду, шех яздархо ала хьен-хьеннан а бIо а булур боцуш, дикка сонта воцчуьн.

– Шайл хьалха хиллачу чкъурах хоттаделла догIуш дар-кх шу литературехь, шуна тIаьхьа богIурш муьлш бу поэзехь а, прозехь а?

– Тхол хьалха богIурш генна тхол баккхий бара, царна уллехь Макалов, Супаев, Дакаев, Байхаджиев а, кхиберш а болуш.

Тхуна тIаьхьа – Цуруев, Тагаев, Кацаев, Ахматукаев, Юсупов, Саиев а, кхин дуккха а хир бу-кх; хьалхий-тIаьхьий, бохург, бен-башха а дац, литературин зIе ца хаьдчахьана. Массарел а тIаьхьа хила реза ву-кх со, литература кхиъчахьана. Ахматукаев Адама, тIаьхьарчу хенахь, кхечу къаьмнийн поэзи гочъярехь хьоьгу къа тов суна, цуьнан белхан мах хадо охIла а воцуш. Iаламат чIогIа мехала а, дика а болх бу иза нохчийн мотт кхиарехь а, шорбаларехь а: гочдархо дешнаш ца лехча я керла дешнаш юкъа ца даьхча ца волу цу балха тIехь, тIаккха цунах беркат а хуьлу маттана, нагахь и дешнаш хьан меттан декарехь, аларехь, маьIнехь нисделелча.

Абдулаев Лечас буора цу тIехь чIогIа дика болх.

– ХIинца дукхохболу яздархой а, Iилманчаш а, журналисташ а компьютерца яздеш бу. Иза чIогIа атта а ду, даьлла гIалат, пIелг таIорца, нис а луш. Хьо куьйга, арифметикан тетрада тIехь яздеш вуйла хаьа суна… Компьютерца хIунда ца яздо ахь?

– Сан ойланий, кехатний юккъехь сан дийна куьг ду, тIеда шекъа а. Компьютер суна монстр хета, сан ойланца цхьа а уьйр йоцу механизм. Сан ойлий, куьг, къолам, кехат цхьаьна доьзна ду, юккъехь цхьа а херо йоцуш, коьртера охьа кехатца хоттало ойла. Сан сино тIе ца лоцу компьютерца адамийн кхолламаш язбар. Суна шекъа – цIий ду, яздархочуьн дагах догIу цIий.

– Хьо гина а, вевзаш воцчу дешархоша хьан произведенеш а, хьуо а тIе муха лоцу аьлла, хета хьуна?

– Суна цуьнан ойлаян а ца лаьа, суо верриг виса лаар бен, цхьанхьа – цхьаъ, кхечахьа – кхин а воцуш… ас яздийриг – сайна хетарг, сайн лазам а, сайна хила луург ду…. Иза цхьаболчу дешархоша сайца доькъу а моьтту суна, цадоькъурш а хир бу… Цул сов, со – автор – дешархошна оьшуш а вац, дика а я вон а хета, сох бисина дика могIа, дика гайтина амал бен.

– Вайн а, кхечийн а яздархошца вуьстича, хьуо мичахь караво хьуна, мича меттехь – лакхахь я лахахь?

– ХIинца суо волччохь – Нохчийчохь караво-кх. Коьрта мотт бу, яздархо вац. Матто яздойтуш ду дерриг а. Сан меттиг – Нохчийн мотт болчохь ю, кхечахьа хила йиш а йоцуш. Сан меттиг – сан мотт бу, сан кхин цхьа а меттиг а яц, цу матто елларг бен. Вуьш дерриш а хабарш а ду.

– Хьан йозанах а, йозан хотIах а кхечу яздархоша пайдаоьцуш я хьох Iама гIерташ хаалой хьуна?

– Дуьххьала цхьана Юсупов Iусмана аьлла-кх соьга, шен «Къоман тептар» цIе йолчу романехь, дахарх дуьйцуш йолу кийсак ша сан дийцарна юкъера – «Иза бакъ дац, алахь» – схьаэцна хилар. Кхечара-м ца аьлла, ала доллушехь.

Бакъду, къовларшна юкъалаьцна хилча, мегаш хIума ду иза литературехь, вай хIинца а ца Iемина-кх цу хIуманна.

Вуьшта, хатI бохучух аьлча…йозан хатI, болар санна, шен-шен хила дезаш ду искусствехь. Дуьххьарлера (первични) хаттIий, цу дуьххьарлерачух тарйина, йина йолу йозан кеппий къаьсташ-м хуьлу, тарйина кеп авторан йоцийла хууш. Делахь а вайн кхузахь и къестамаш балла литературица бала болу нах кIезиг бу я банне а бац. Бакъду, со велахь а, кхин велахь а, нехан динахь гена-м ца вахало, цул сов, гин-гиначунна дин хьенан бу хууш а хуьлу.

Ша яздийриг хIун ду, мича Iалашонна яздеш ду хуучо бен ца язйо мелла а дика хIума – буц хьакха ца хуучу мангалхочуьн кес хедда хуьлу, дика охана санна, хоттаделла а доцуш. Сайн йозанан хотIах ка етташ цхьацца нах ган-м го суна, цаьрга хIума-м ца олу ас.

– Патриотизм, национализм бохучу терминех муха кхета хьо?

 – Патриотизм – шен къам лардарехь, дезарехь, шен къомана тIебогIучу бохамна дуьхьалваларехь – иза шен декхар а хиэташ – даим кийча хила везар ду.

Национализм а ду шен къам дезар, къаьсттина шен къомана сагатдар, и шен къам цхьана а халкъал оьшуш доций а хууш, мел доккха а, онда а, тIеман герзаца нуьцкъала иза делахь а, хьайн къам цхьа цуьрриг кхечу къаьмнел гIийла доций а хууш, терахьана кхечарел жима хилар бен. Со сайн къоман патриот а ву, иштта – националист а ву. Ша-шен лоруш долу муьлхха а къам дукха а деза суна, сан къам шел оьшуш ду ца баьхчахьана.

– Литературоведаш хьахийра-кх ахь, филологин Iилманчаш, вайн уьш дуккха а…

– Филологаш а, вуьш а къестош ца боху ас… вайн махкара Iилма а, искусство а, культура а бIе ткъа чаккхарма дозанал дIа араяьлла – кхечу къаьмнашна, дуьненна йовзалла хIунда яц-те, боху, сайн лазам бу ас буьйцург… Титульни къам ду бохучу къомана эхь ду-кх, цкъа мацах Мациевс хIоттийна 20 эзар дош бен доцчу цхьана дошамца 2I-чу бIешаре далар…. Кхин дуккха а ду-кх уьш я дерриг иштта ду-кх, вайл ледара цхьа а къам а доцуш вайна гонаха… Вайна цIерш еза, гIуллакх ца деза. ГIебартойн, балкхаройн, суьйлийн, адыгийн гIуллакхашка хьажа… Iилман белхан защита ян Махачкала, Нальчике, Майкопе оьхуш ду-кх вай, Россехь дукхаллехь кхоалгIа долу къам! Вайн итт Iилманчина дуьхьал суьйлин цхьа бIе Iилманча вогIу-кх… Вайн баккхийчу яздархойн нохчийн маттахь яздина охьадиллина дахар гиний хьуна цхьана а филологин Iилманчо!? Гур а дац хьуна!

Бадуев а, Ошаев а, Арсанов а, ши Мамакаев а, Курумова, Ахматова, Сулейманов а, Хамидов а, Айдамиров а, Окуев хьакъ вацара шайн дахарх яздан? Хьан яздийр ду иза? Мичахь бу ахь бу боху филологин Iилманчаш? Кулиевн дахар масамма яздина хаьий хьуна хIинцале?

– Ца хаьа…

– Веа-пхеамма яздина хьуна, кхин дуккхамма а яздийр а ду хьуна! Мохь хьекхарх, спектакль ца хуьлу, язйина пьеса ца хилча, моттаргIа махе а ца лацаелла.

– Хьо санна волчу яздархочуьн дешархой къаьсттина хила беза аьлла хета суна, цхьана орам тIера, вуьшта аьлча, массеран а вац-кх хьо яздархо, массо а хьох кхета. Хьуна хIун аьлла хета?

– Нохчийн маттахь яздеш волчу хьуна, гIазкхийн маттаца дуьненан тоьллачу классикашна тIехь кхиъна болу дешархой – нохчийн мотт Нохчийчохь башха Iамош а ца хилча, – хьайгахьа баха Iаламат хала ду, и дешархой шайн къоман Iадат тIехь кхиъна ца хилча – муххале а. Сан дешархой, нагахь уьш белахь, космополиташ хир боций-м хаьа суна билггала, уьш нохчий хир буй а хууш, кху шайн мехкан бала а, Iазап а Iаьвшинчу дайх тIаьхьадисина цхьа кIеззиг синош…

– Нохчийн интеллигенци а, йозанан нах а шаьш вовшашца муха го хьуна, жима-воккхалла, лерам болуш?

– Нохчийчохь Iилманца я йозанца хьакхавелла стаг – хIора а ша гений лоруш ву, мастер, подмастерий ван а воцуш, къаьсттина Iедалан хьаьвди чохь нисвеллачунна ша уггар а коьрта а хеташ. Къонах боху стаг кIезиг хуьлу цу чкъурашна юкъехь. Къонахчунна бен ца хаьа ша мила ву а, нах муьлш бу а, шен мах а, нехан мах а. Шен къонах а, лай а къасто ца хууш долу къам маьрша хила йиш а яц. Вай махках дохуш, цIера дIабаханчу нахана юккъехь дуккха дика къонахий хилла. Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар цхьа кIезиг дика цIерш яра, уьш шайх тера цахиларна цаьрца хьагI йолуш кхийолу интеллигенци а йолуш.

– Яздархо дешархочуьн хьехамча хила везий, цунна нийса некъ гойтург?

– Суна яздархо дешархочуьн доттагI хила вогIу, аьлла, хета, дешархочуьнца дагарадуьйцург, цуьнан нийса накъост, шераш а, зама а, бIешераш а бен а доцуш, яздархо – доттагI санна.

– ХIинцлерачу глобализацин а, технологин а заманахь литературин хIун меттиг ю, аьлла хета хьуна?

 – Литература тахана – ткъе цхьаалгIачу бIешарахь – шен хиллачу декхарех херъелла, толлург адам, адаман дуьне а доцуш, цхьа шайтIаналла кегош ю, цу бозбуанчаллехь хьере а хилла. Цхьана а культурехь доцчу адамах адам ала йиш яц я иза хьайба а дац: хьайбанна а, адамна а Дала шенна делла цхьа декхар ду, оьшшучулла Дала цунна делла.

Вайна – адамашна – хетарехь я моттарехь, гарехь, дуьне вайна гушдерг бен, кхин доцуш санна хиэта, вайна гушдерг меттиган – ган йиш йолу, вай тIехула лела дуьне долу дела, ткъа дуьне – меттиган доцуш – хенан а ма ду, цхьа а доза а, йист а йоцуш йолчу абаден дуьне, кхоллар бен, Iожалла йоцу адаман са санна. Суна литература – адамалла, къинхетам, безам, нийсо кхайкхошъерг ю.

– Ахь айхьа ма-аллара, поэзи прозел а герга ю хьуна, тIаккха прозехь хIунда язйо ахь?

– Суна проза а, поэзи а цхьаъ хилла гуттар а, дика поэзи – говза кхоьллина проза а хиэташ: бIе а, эзар а шераш хьалха стихийн кепехь язъеш хилла дукха баккхий хиламаш – Данте, Гомер, Шота Руставели… Дика прозий, поэзий вовшех башха къаьсташ а ца хуьлу.

– Искусство хIунда оьшу вала кхоьллинчу стагана?

– Ахь хаттар иштта хIоттийча, вала ца вала оьшу, эр дара ас, велча а, вала ца вала… вуьшта аьлча, прогрессана оьшу, адамийн тIаьхье акха ца кхиийта, дуьне а, дахар а хазда оьшу-кх искусство, хьаьвдахь лаьтта бежана санна, цхьа хьаьвда бен, кхин хIума доцуш ца виса…адам хила оьшу-кх стагана искусство, адамалла долу адам, Дела вовза, дуьне довза, ша санна долу адамаш довза. Вай тахана Грецин а, Риман а, Iарбойн архитектурех, говзаллах цец хIунда дуьйлу? Цара вайна гармони, хазалла, геометри, логика, математика, кхин дуккха а исбаьхьалла йовзийтарна дуьйлу-кх вай царех цец, ваьшна цунах пайда а оьцуш.

– Искусствон цхьана дашца я цхьана предолженица хIун мах хадор бара ахь?

– Муьлхха а искусство – иза синан лехамаш я ойлан аьрхалла дахарца йоза гIертар ду, моьттург лаца я сацо гIертар… искусство – Iехорца – даха гIо до-кх дахарна.

– Хьан кхоллараллин турпалхой, масала: Овтархан Юсуп, ТоргIа, Iаьзим, Элбазан ТIудаш, кхин дуккха а болу шен заманца конфликте бовлуш болу, кху заманахь оьшу, аьлла хетий хьуна?

– Къонахий муьлххачу а заманахь эшна…сан турпалхой кху заманахь ца эшахь а, кху заманна-м оьшура…

– Хьан говзарш кхечу къаьмнийн меттанашка гочъяр коьрта дуй хьуна?

– Иза дика хIума ду, хьан къам а, культура а кхечу къаьмнашна йовзар, амма сайн маттал дезий, доккхий хIума цхьа а дац суна. Суо нохчийн маттахь яздеш хиларал доккха зовкх я цул боккха бахам а бац суна дуьнен чохь. Лаьттан букъа тIехь сайн меттан меха хазна а ца хетта суна цхьа а. Нохчийн мотт сан бу, со цуьнан а ву, суна кхин мотт а, кхин дешархо а ца оьшу.

– Нохчаша шайн меттан литература хIинца санна ца йоьшуш зама, суна дагадан, еана яц Нохчийчохь. Хьоьга яздойтург хIун ницкъ бу я хIун дегайовхо ю?

– Кхин дешархо воцуш, висча, сол дикох дешархо вац ас язъечу хIуманийн цхьа а, со суо ву тIаккха сайн дешархо, суна и цхьаъ тоьаш ву – сайн цIарах волу дешархо… цхьана заманахь цхьа къам кхиа там бу-кх нохчех, бохуш, нохчех цкъа къам хиларе са-м туьйсу ас.

– Яздархо ирсе маца хуьлу я хила а хуьлий цкъа а?

– Шена ша вицвеллачу хенахь хуьлу-кх, дика нислучу повеста я дийцаро шена тIаьхьа дIавуьгучу хенахь, ша а, хIара дуьне а – массо хIума а дицделла, яздеш воллучу хенахь.

– Хьо хиллий тIаккха, яздархо санна, ирсе?

– Со даим сайна моьттучух шекьхила Iемина ву сайн йозанехь, теша а тешна, Iехалучул.

– Ахь дийцарехь, яздархо хилар-м бала ма бу тIаккха…

– Бала а бу, юха синкъерам а бу цуьнца…

– ХIун синкъерам?

– Цхьалха вац-кх хьо, мел цхьаь висча а – цхьалха, хьо лехамехь мел ву, хьуо хьайл тола болчу иэшаман лехамехь.

– Иэшаман лехамехь хIунда?..

– Хьо цкъа а тоьарвоцу дела, айхьа лоьхучу йозанал…

– Нохчийн яздархой боьший ахь?

– Боьшу дера, хьалхалеранаш гIолехь а хеташ, уьш нохчийн маттана гергахь хиларна хIинцчарел... вайн дайша бийцина болу ма-барра нохчийн мотт бу церан йозанашкахь. Нурдин Музаевс гочйина Шота Руставелин «ЦIокъалоьман цIокалахь турпал» ешна ас дукха хан йоцуш. Боккха болх бу цо бинарг.

Хьалха хиллачу яздархойн мотт тахана ас буьйцучул дукха гIолехь а, хьал долуш а бу. Ткъа хIинца, кху заманахь, мотт чIогIа азбелла богIу я хIинцалерчу кегийчу наха буьйцург нохчийн мотт а бац, цхьа шайн мотт бу, пхиппа – ялханан шайн-шайн а болуш, штампан мотт.

– Кест-кеста юхабоьшуш яздархой буй хьан?

– Цхьа исс-итт стаг ву-кх, цхьайтталгIа суо а волуш.

– Хьуо юха хIунда воьшу ахь?

– Айса хьалха хIун лелийна я хIинца хIун кегадо хьажа, айса юх-юха цхьаъ яздарна кхоьруш я цхьатера яздарна…

– ТIаккха, хIун карадо хьуна?

– Собар тоьъна цахилар карадо-кх, дийцар сихха чекхдаккха сихвелла хилла-хилар, бIеннах кхо дийцар а нисделла цахилар сайн…

– Дика роман, повесть я дийцар кхолла хIун оьшу яздархочунна?

– Шена мел цахуург оьшу-кх, уггар а хьалха похIма а оьшуш, тIаккха дика темий, цу темица йогIу йозан кеппий – хьуна караяхь, – цаьрца нийсса, аьлла, белхан говзалла а оьшуш.

– Хьуна карадой и хIумнаш?

– Суна, массарна а санна, дийца карадо, наггахьболчарна яздан санна.

– Хьуо яздан охьахууш, дийцаран а, повестан чулацам хууш хуьлий хьуна?

– Ца хуьлу дера, хьалхара цхьа-ши предложени хьегIар бен, мелла а турпалхочун хила еза амал а иэхьалуш ойланехь.

– Автор а, турпалхо а цхьаъ вуй хьан йозанашкахь?

– Автор а, турпалхо а цхьаъ волу говзарш бен ехаш а яц дуьнен чохь. Масала: «Дон-Кихот», «Тихий Дон», «Анна Каренина», кхин дуккха а… «Мадам Бовари – это я!», – аьлла цкъа Флобера. Суна Чингиз Айтматовн мел волу турпалхо иза ша Чингиз вуйла хаьа.

– Ахь бахарехь, и турпалхой дийна бу-кх, хIета?

– Дашца кехат тIе даьккхина муьлхха а васт а, персонаж а хьан ойланехь дийна ю…

– Говзарийн турпалхой, шаьш кхоьллина автор санна, Iожалла йолуш буй, тIаккха?

– Масех бIешо я эзар шераш а девлла, шайн Iадаташца хийцалучу къаьмнаша керла Iадат я керла культура тIеэццалц дийна хир бу и турпалхой. Суна французаша Дартаньян воьхкича санна, хета, испанцаша – Дон-кихот а, гIазкхаша – Акакий Акакович а.

– Вай, нохчаша, муьлха литературин турпалхо вицвина хIокху заманахь ….

– Суна вай иллийн турпалхой бицбина аьлла хета, муьлххачу а заманахь оьшуш болу: Адин Сурхо а, Исмайлин Дуда а, Бахьдаран Муьстарг а, Жумин Акхтулла а, халкъалахь дош лелла дика къонахий а.

– Йозанехь шайн къаьсттина мотт, дуьне, хьалха хилла доцу йозан хатI кхоьллина яздархой муьлш бу хьуна хетарехь?

– Уьш дукха бу, берриш а бийца, царах цхьаъ Беккет ву эр дара ас – Семуэль Беккет, цуьнан турпалхой дахарца бехаш а боцуш, цу дахаран кескашца, мIаьргонашца, кхечу амалца бехаш хета дела сайна цкъацкъа, юха лортIехь а ца хеташ, тIаьххье а церан кхетамах а кхуьуш. ШолагIа – Ален Роб-Грийе ву ишттачех, хьуна хIумма а ца хетачохь шен дуьне кхуллуш волу. Царех ву Джеймс Джойс а, шен «Улисс» цIе йолчу романаца. Зударех уггар а бIаьрла экспериментатор Вирджиния Вулф ю, иза боккъал а новатор а ю ткъоалгIачу бIешеран прозехь, цу кхаъанел а хьалха керла проза кхоьллина йолу яздархо. Иштта цхьацца хIумнаш лелийна Натали Соррат а ю, Гертруда Стайн а йолуш.

– Вайн къомах хIун хир ду, аьлла, хета хьуна заманна йохаллехь?

– Со политолог а, историк а я социолог а вац, амма АллахIан бакъдолу цIена бусалба динний, вешан мотт, Iадат, мохк а ларбеш, Iилманца кхиамаш а бохуш, вай дахахь, дуьне мел лаьтта-м дехар ду вай, вуьшта, маттаца а, Iадатца а моттаргIанаш лелаяхь, шовзткъе итт шаре а девр дац, нах-м буьсур бу, хилча а, ца хилча а бен-башха а боцу терахьна кхажтосурш, налогоплательщикаш а ала мегар ду-кх хьуна царах я потребительш а.

– Ма язйи елара, язйинехь а, зорбане мукъна а ма яьккхи елара, аьлла хиэта йолу говзарш язйиний ахь хьалха а, тIаьхьа а?

– Сайн сих дог кхаьрда хIумнаш язйина вац со цкъа а, хийца-хийцалучу заманца нисвала гIерташ, сайн зама суна суо хилла гуттар а

– Айхьа бохург дIахезар а хилча, цхьаъ бен, кхин дехар дан йиш а ца хилча, хIун дехар дийр дара ахь тахана хьайн къоме?

Шайн мехкан дай хила… вай кIезиг ду шуна, эр дар-кх ас нохчашка, шолагIа дехар дан йиш хилча, Iилма лаха а олуш, дуьненан а, эхартан а Iилма, шайн къам нехан когашкахь ца дисийта: ворхIе а ден сий дан а, сий дайа цхьа ага а тоьа шуна, къам гулдар я даржадар цхьана стагах дозуш а хуьлу….

– Дела реза хуьлда!

– ХIора а дикачу адамна хуьлда-кх Дела реза, ша адам дуйла хуучу адамна…

Интервью дIаяьхьнарг – Алиева Зарина

2018-2019 шо

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика