БЕЦАЕВ IИЙСА

PDFПечатьE-mail

Поэзи хIун ю аьлла хаттар дича, хIораммо а эзар жоп лур ду. Поэзи хазалла ю, эр ду, поэзи васташ ду, поэзи синхаамаш бу, синхIоттам, Бексултанов Мусан дешнашца аьлча «Хазалло кхуллу гIайгIа». Абдулаев Лечас нохчийн поэзин Дервиш аьлла цIе тиллина Бецаев Iийсана. Бецаев Iийсас кхуллушъерг поэзи ю, вастийн поэзи. Дуьненан дIахIоттам, адамийн дахар, юкъаметтигаш, синхаамаш, лазамаш, гIайгIанаш, уьш дерриш васташка дерзадо Iийсас. Нохчийн литературехь Бецаев Iийсан поэзин хатI керла делахь а, дуьненаюкъара поэзехь керла бац и тайпа лехамаш. Наггахь цуьнан вастийн къепенна тIаьхьакхиа хала хуьлу, амма, цакхетарг дац аьлл, дIататта ца еза вай цуьнан кхолларалла, ойлаян Iама деза. Нохчийн маттахь эксперименташ яр къобалдан деза. Мотт кхуьуш бу, меттан басарш шордан деза, хIунда аьлча мотт тIебузар санна хуьлу дешнаш, васташ керл-керла кепара ловзор. Цундела чIогIа мехала ю Бецаев Iийсан ойланаш.

Шу

Шу-ха сан-ма шад хилла,
гу-ха сан-ма гура хилла,
цхьа а лан доцуш,
сацIена сан синан дин бисна,
лам сан байлахь а битина,
лерг-бад сан йохийна.

Чам баьлла сан чомах,
чаьмза доккхуш
чами чуьра дог сан,
ченала и кхоьссина-ма и-ма баьлла,
баьлла бала боссийна.

 

Муьстаниг ю-кха шортта яа
хилланне а цахиларх а,
и ю-кха шортта, амма
муьстачух чам ца кхета,
муонаш хилла дIадаьлла дела дерриг а.
Тезаниг ю-кха, мел и цахиларх а,
и ю-кха суна-ма шортта, амма
тезачух чам ца кхета
тезеташ хилла дIадаьлла дела дерриг а.

Шортта моз ду-кха
и мел цахиларх а сан-м,
и инзаре шортта ду-кха,
амма суна и къахьделла-кха,
цхьа Iайг хиллал ас къа хьарчийна дела.
Чаьмза ду-кха
мел дуьраниг а
дуьнено, шен дуй къарбеш,
де шен дихкича сан синна.

Лам боьхна сан,
бохь эзар цинцех охьаатабелла.
Бохь-м со-ма богIа кхиъна а вац-кха,
и муха ас бугIу,
бал аса-м сайн
хIинца а дIаболийна ца хилча.

И Iаьржа бода боцчух-ма
уппагIнех бухбуьйлучу
Iаьржачу лаьттах
охьаIийдалучу,
массо а шен цхьа хIу долчу
хIуманех-ма суна-ма,
беккъа цхьа ша бина,
еккъа цхьа Iожалла ю-кха суна-ма,
тешаме накъост хилла
уллохь лаьтташ даима.

Хьомениг,
иштта ду-кха сан-м гIуллакхаш
долу, шен гIуракхаш гIу чу а эгна.
Аса-ма хьуна сагатдо-кха…

Цхьа чIогIа, цхьа чIогIа
и-ма
кIаргдо-кха кху буьйсано!

Шен цу эсалчу
къинхетамечу седарчашца
ирс долуш вара со-ма,
марзо а яра сан-ма.

Цхьа маьIна долуш дара-кха
гондIарниг,
цхьа яккхийра шен маIаш а йолуш,
ткъа хIинца-ма
аса сагатдо-кха,
са сайн цхьа готтачу
гатана юккъе а хьарчийна,
гел а хьовзийна сайн гана.

Галваьлла со-ма
цу ганан лар тIера
цу зазанех юьзначу
синан аренашка
дистина хи кхаьчна,
дерриг а дIатакхийна,
чхераш а детталуш,
атаелла,

безаман кIайчу детин
куьзганийн кIудалша вайшиннан
цу шовданийн кийрара,
тIулга тIе тIулг а буьллуш,
хьалайоьттина
и цIиэн цIе шен цIе вайшиннан
вовшеха яьккхина,

цхьа цIа вайшиннан дIасадекъна,
цIе екъна вайшинна юккъехула,
цу цIеран йиш хаьлла,
цу цIарах цIе яьлла,
цIе хаьлла кху сан белхан.

Мел чIогIа хьо
сан бIаьргийн бIарлаша схьалехарх,
хIинца-ма хьо карош яц-кха,
я гур а яц-кха кхин-ма
сан гуьйренан гунашкахь цкъа а.

Со-м дохковаьлла,
цу дуо чуьра а шен-м цхьа вон ка хилла долу
со-м хьалаваьлла верриг а,
ткъа замано-ма,
кху зазано дIакхоьхьуш йолу,

дегнашна юккъера-м
и цхьа юьккъа юкъаелла юкъ йохош,
зайлаш диттина,
хIу дайна-кха хIун де аса-ма,
мича гIо со-ма и хIу дIаден, хьомениг, алахьа.

Аса-ма хьуна сагатдо-кха
ма чIогIа, кху буса ма чIогIа
шайн цIогIа-маьхьаршца
хIара мехаш а
хIинца-ма тогIи чу дуьссу,
шайн дагахь,
цхьана мукъаме
догIур дацара теша аьлла,
шайн аьрха аьзнаш
цу элхьамцийн горгалийн
кIудалша.

Ткъа царна-м юха а ма ца хаьийца,
уьш-м тоххара, атаелла,
яьржиний
гуьйренийн гарманан аренашкахула.

Ма хаза яра-кха
и хенаш-ма,
ха долуш шайн зазанех дуьзна,
хен а баккхалуш шайх-ма цхьа нисбелла.
хан хуьлура-кха

дагара дийцаран хьестаро
цхьа мерза хьалакхуьур-кха дагар-м,
цхьа токхе хуьлура-кха даима,
дог-ойла
такхораш а долуш-м шен шортта.
Iаьнах яла
хьелаш хуьлура-кха цхьа шортта, цхьа хьенна,

цу хьелийн даьттанех дуьзна,
хьал-де дика хуьлура-кха,
цхьа могаша, цхьа паргIата а долуш.

Хотешкахь даима хезар-кха
къоркхокхийн зуькарш.

Хьомениг, аса-ма хьуна сагатдо-кха,
ма сагатдо-кха хьуна аса кху буса,
хьо ган лаьа-кха цхьа чIогIа!

Мичахь бу-те и хьан лам хIинца,
и лами а мичахь бу-теша,
вайшиннан ши лам чуччахоттийна
латтийна болу?

Дукхаяхарг,
ма чIогIа къахьегна-кха цу хье чуьрчу гаьннаша,
хьан са сан сих дIакъасто гIерташ!
Ма къахьбина-кха хьан дегIан ша
сан дегIан шано.

Цкъа мукъане а йолахьа суна гIенаха,
сан мукъ схьабохьуш,
сан гIе дохьуш,
и шен метта
дIа а хIоттош юха а.

Ткъа хIинца-ма
шех теша бисначу
кху буькъачу, къизачу
Iуьйкъенан боданехь,
наг-наггахь маьлхан
цхьа атаелла зIаьнар бен-ма,
кхин хIумма а дац-кха.

И карайо-кха
вайша даьхначу хIусамера
дагахьбалламашца,
дагалецамашца къийсалуш.

Хьомениг, ас хьуна
сагаттадо-кха!

Ма чIогIа, ма чIогIа
хьо ган лаьа-кха, гобаьккхина
цхьа шортта-шортта,
амма буьйсанех-ма,
охьаоьгу, охьаIийдало иэшамийн
сирла совгIаташ.

ГIаш оьгу суна совдевлла,
гIурах дуьзна,
оьшуш а доцуш цхьанне а,
гIора дIауьйзуш,
гIайгIанех Iийдалучу

гIан набаршца
цхьа гIийла гатбеш,
цхьа готта гатбеш синан бен-м
когаакхабаьлла болу
сан тахана-м.
ма лаьа-кха хьо ган суна, хьомениг!

Ма лаьа-кха, лаьа-кха
цхьа чIогIа, цхьа чIогIа!
чIегIардигех-м ахьа-ма тIам бетта дела
бетта синан коран
сан бIаьргашка, тховса…

***
Беший дIабовлура вайшиннан бIаьргаш чуччухьерчашлахь
кIудалийн сацкъаран кхехкачу цIестачу шовкъашца
кIоргге бовлу и синтемаш, и синхаамаш къайленашкара,
мехаша бIаьстенан карзахбаха буьйлабелча.

Валар а когашкара айалой,
меракIел цхьа улле гIертарх
ма мерза а хуьлур-кха цу марзонийн мерзан йозанийн
зазашлахь хьан накхармозаша гулдина моз,
доллу стогарш летош сан букъасуьртан бодашкахь,
ахьа-м со, кеманашка дIакхоьхьуьйтуш
хьайн анакевнашка аганашкахь Iеткъачу,
цхьа йоккха потт хилла хиллачийн хи лаьтта,
ас лерина лелош долу

сайн лерг-эшарийн луьстачу гаьннашлахь.
Цу лаьмнийн лелачу кийрашкахь сан мотт-гIайба ва болуш,
хьан болар дагалацаро чIегIардигийн арданге
вахьавойту-кха со-ма
къаьхьа хилла и къийсадаларш аьрхачу лаамийн
цу кочаллех хьан къестийна архаш ца лараро.

БIарзделлачу сан чIераша
юха а Iов юьллу вай даьхначу метте
амма Iовдала ду суна тIаьхь-тIаьхьа гуш долу гIенаш
ас юха а хьуна эцна сан неIарехь кIайн гIабали кхазарх,
цаьрца цхьаьна цхьа цIарул-цIен сандаликаш а,
беттан кIудалех йоьттина сайн синан бIаьвнаш
ас юха кху Iуьйренашца, суьйренашца
хьуна тIе сайн кIайн кхокхий дIахьежадарх,

хьан бIаьрсинна къоладан
нохчийн элпийн охIланча хьагарх,
сан ков а хьоьца ду,
сан аз а хьан кхаца ду.

Кху дуьненан бархI сонехь ас гура-м хьуна боьгIна,
хьо мичахь лела-те
хьайн бовха ког шийлачу лайла ва бохуш?

Ас шортта гIаш гулдина хьан синан салларшна,
сан синан эскаршна хьан байракхаш оьшу
хьо мичахь лела-те? –
сан кха тIе кхачаза кхачаделла туьйра,
ас таррашца лийIина сан буьйсанийн кхача…

***
Карлайийларшкахь
шаьш карлайийларх,
цу гIаргIулийн тIаьххьарлера лараш хьекъа,
хIинцца дIа тIома дийларх кхачо еш,
къехкар-кха хьан хьежарш
дуьненан мел долу хIу а ахьа-м дIакхалха хьайцанна къобалдин.

Де-буьйсий чуччауьду къийсадаларшкахь,
яла йийшина йоллу
цIестан гIах йоттаелла эсалаллин кIудалш.

Хьуо йовза а ца йовзуьйтуш, хьо къайлаяьлча,
хьан аьргачу аьхналло охуш, хьердаьхначохь
кху хIаваан долу ниIматаш,
Iаба а ца Iебаш, хьо Iийначу метте сайн синан
кха дохьуш со веъна.

Хьуна тIехIоьттина бIаьрг цкъа а
суна-м кхин юха ца беъна,
мас бIаьсте бIарзъелла бIагIарайийларшкахь
шовкъе сатийсамаш беттан цIергахь баьгча,
хьо къайлайийлича!

Мас-маса бIаьстенан цхьа маса яьгна
ахьа хьажийна ши бIаьрг а
хIинца а сан дегIа чухула леларшкахула лелча, лелича,
анакевнийн кеманаш хьо схьакхоьхьуш хилча
ткъа гIунаша ерриш а хьан гIуллакхаша эшийча,
гIаш дакъаделла гIаланаш яшош, гIенашлахь
кIудалш а гIаргIулеша гIургIезашна дIакхехьча,
йовзийтина хилла елар-кха ахьа-м хьуо, йовзийтина.

Цу деган дагар-диган сирачу гаьннашлахь
хьан маршонан аьзнаш самадийларшкахь
хье цхьана хьоналле кхаьчначу серлонца Iабабо
салецамийн цу тIуьначу тулгIенаша шайн тIулгийн гIенашца
схьалоьцу хьан долу гаьннаш галйохуш, морцуш.

йоза дитина делар-кха ахьа-м, цхьа йоза,
деккъа кху хьайн бIаьрхин эсалчу элпашца
хьуо хIитта а йойтуш эхартанна,
дуьненах рицкъа хаьдда, цу эхарта вирзинчу пхьерана
дагалецамашкахь пхьола дан
цхьажимма хьуо йитина елар-кха…

Орга №2. 2019

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика