АРСАНУКАЕВ МУСА

PDFПечатьE-mail

 

 

 

                                                         

                                   Реанимаци

 

И Iуьйре кхечу Iуьйренех къаьсташ яцара – дерриг а гуттар а ма-хиллара дара кхуьнан балхахь. Кегийчу нахе салам а делла, вовшашка могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, шен кабинета чу вахара Увайс. ХIара массарал а воккха вара кхеран коллективехь, цундела кегийнаш дукхахьолахь хIара волчу чубогIура, де дика дан а, хьал-де хатта а. Ткъа тахана, ша жимма хьеваларна, уьш болчу неIаре а вахана, вистхилира Увайс.
Компьютер а латийна, цхьа а керла хаам буй хьожуш, электронни почта кегийра кхуо. ХIан-хIа, пайда болуш цхьа а хIума дацара, рекламин цхьацца къедораш а, кхуьнан цкъа а бала хилла боцчу артистийн, политикийн, юкъараллин гIуллакххойн дахарера эладитанаш бен. Интернета чухула бIаьрг кхарстийна хIара волуш, цIеххьана кийра цхьа лазар хьаьвзира кхунна.

 


«ХIара хIун ду-те? Дог мустдалар хуьлуш ма вацара со …», – ойла хьаьвзира коьрте. Лазар чIагIдала доладелира. Даге делира иза… «Ойн, хIара лаа дуй- те? Хьацар ма детта суна-м…» Шен дог гIелдалале луларчу кабинетан неI туьйхира кхуо, холла чу а ваьлла:
– КIентий, сан гIуллакх ледара ду шуна…
Увайс, кхетамчуьраваьлла, офиса чохь кхара ламаз деш болчу боккхачу куза тIе охьавуьйжира.
– Увайс, ахь хIун до? Муса, чехка скори кхайкхалахь! Со кхуьнга хьожу хьуна! – Увайсина тIехьаьдира тIахъаьлла волу къона журналист Аслан, шен накъосте орца а доккхуш. Мусас сихонца телефон туьйхира лоьрашка:

– Алло, скори юй хIара? Стагана вон хилла…ХIун ду ца хаьа, дог гIелделла, кхетамчуьраваьлла…ХIаъ, балхахь, редакцехь… Адрес дIаяздой аш?
Мусас шайн редакцин адрес дийцира. Воьхна, шаьшшимма хIун дийр ца хууш, Увайсина гонаха хьийзара и шиъ.

– Валохьа, вайн накъосташкахь цхьа а тайпа молха дуй хьажахьа! – элира Аслана. Муса сихонца мехкарий чохь болчу кабинеташка дIахьаьдира. Дукха хан ялале кхеран холл редакцин белхахойх хьалаюьзира. ГIовгIанаш евлира, хIора а хьехар деш вара, хIун дан деза дуьйцуш. Аслана цхьамма делла молха диллира Увайсин бага:
– Увайс, схьабеллал бIаьргаш, молха делла ас хьуна… къурд бел! – бохуш, Увайс меттавало гIертара иза. Хица тIадийна йовлакх цуьнан юьхьа тIе а, вортанах а, некхах а хьаькхира цо. Увайса ши бIаьрг схьабиллира, гIийла вела а къежна, мотт а тийсалуш:
– Суна хIун хилла?.. Аслан, хIара хIун ду?.. – хаьттира цо.
– ЭхI, Далла хастам бу! Меттавеа. Увайс, хIумма а дац, хьуна вон хиллера. Мусас лоьрашка кхайкхина, хIинцца лоьраш схьакхочур бу. Хьуна гIоли хир ю, воха ма вохалахь! – иза теван гIертара Аслан.
– Воха-м вухур вац, хIета… Вайн йиш яц доха…яхь йолу кIентий ма ду вай, – тийсалучу маттаца забар ян гIертара Увайс.


Кестта сихачу боларца холла чу бевлира скорин лоьраш:
– Хьовсал, шу кху чохь дукха гулделла, арадовла, тхуна новкъарло ма е! – элира царах хьалхаяьллачу къоначу зудчо. Накъостех цхьа-шиъ воцург вуьйш, дехьабевлла, дIахIиттира. Цомгашчуьнан цIийн Iаткъам чIогIа лахбелла хиллера, маха тоьхначул тIаьхьа, иза сихонца больнице дIавига веза, элира лоьро.
Увайс, каталки тIе а виллина, лифта тIехь лахарчу гIатта тIе ваьккхира. Иза цкъа кхетамчуьраволуш, юха жимма меттавогIуш вара цу хенахь.
Кхуьнан накъостий а баьхкира лоьрашца больнице, хала киртиг кхунна тIехIоьттича, юххера дIа ца бевлира уьш, иза реанимаци чу а вигна, цунна гIеххьачул гIоли хиллалц.


Дукха хан ялале, хIара цомгаш хилла аьлла ма-хеззинехь, Увайсин хIусамнана а, бераш а, гергарнаш а кхечира больнице. Уьш боьхна хьийзара, шаьш хІун дийр ду ца хууш. Лоьраша шайн болх сиха а, шен хеннахь а бина хиларна, цомгашчунна гІеххьачул гІоли хилира, амма иза хІинца а гІийла вара.
– ХІумма а ца хилла, доха ма доха… Со дика ву, – бохуш, шен цІеранаш тебан гІертара иза, царах цхьацца шена тІеваийтича. Делахь а хьал-м, схьахІуьттучу суьртехь, ледаро дара.
– Цунна инфаркт хилла, тхайн ницкъ кхочург оха дина… Схьагарехь, стент хІотто еза. Иза цІий лелачу пхена чу, иза шорбеш, стент олу цхьа хІума хІоттош, операци ю. Кхераме а, чолхе а яц иза. Са ма гатде, дерриг а дика хир ду, – элира Увайсина дарба лелочу лоьро-кардиолога кхуьнан хІусамнене Румисе.
Кестта Увайс волчу реанимаци чу хирургаш баьхкира. Хьалха ваьллачо, операци яйта реза вуй хьо аьлла, хаьттира кхуьнга. «Ян езаш хилча, ца йича йолий иза?» – хаттаре жоп делира кхуо.
Дукха хан ялале иза операци ечу чу дІавигира каталки тІехь.


Шегахь долчу хьолах дика кхетара Увайс, иза ледара дуйла а хууш. Кхуьнан воьхна цахилар гуш, лоьраша дог тедора, хаза дош аларца, иракарахIоттаварца: «Кхераме хIумма а дац, цхьана эхасахьтехь операци а йина, хьо товийр ву вай. Са ма гатде», – бохура цара кхуьнга. «Са ца гатдо ас, шайн болх бе аша», – элира кхуо.
Операци дика чекхъелира. Увайсин дага тIе доьлхучу пхенех цхьаъ букъбеллера, цундела хиллера кхунна инфаркт. Цу пхена чу лоьраша, иза шорбеш, стент хIоттийра. Шаьш бина болх монитораш тІехь кхунна гайтира цара:
– Хьажал, хІара пха гой хьуна? Дуьххьара иштта гатбелла бара хІара, цул тІаьхьа стент хІоттийча, цІий паргІат дІасалела. Гой хьуна?


– Го … хІинца гІолихь ду, моьтту суна… – Увайс наб оьхуш вара. Схьагарехь, лоьраша тоьхначу мехаша шайн болх бора.
Юха хІара реанимацин сиха гІо дечу палати чу дІавигира. Учахь кхуьнан хІусамнана а, бераш а, гергара нах, доттагІий а, белхан накъостий а бара, операци муха чекхйолу хьоьжуш, кхунна сагатдеш. Кхунна гобинера цара, хІара каталки тІехь палати чу валочу хенахь:
– Увайс, муха ву хьо? ГІоли хетий хьуна?
– Даго са-м ца гатдо хьан?
– ХІинца-м бос дика бу хьан, Увайс.
ХІара велакъежара, цаьрга куьг а лестош:
– Со дика ву, са ма гатде…
ХІара палати чу схьавалийра. Кхунна аьтто агІор болчу маьнги тІехь Іуьллу дархо, хьалаайавелла, ша волчохь кІегархиира:
– ДоттагІ, дІаелин операци? Муха ву хьо?
– Далла хастам бу, дика ву! Хьо муха ву? – хаьттира Увайса.
– ДІа Іаш-м ву со, кхара башха тергал а ца веш…


Увайсина капельница хІоттош йолчу медйишас элира кхуьнан лулахочуьнга:
– Хьо стенна реза вац, Закаев? Массарна а деш долу дарба ду-кх хьуна деш.
– Аш дан ма-деззара дарба дахьара, суна гІоли хир яра. Ур-атталла капельница ма ца хІоттайо аш суна!
– Капельница хьуна цкъачунна ма хІоттае аьлла лоьро, хьан садеІар тодаллалц.
– То-м муххале а ца деллера иза, долчунна тІе а галдаьлла-кх.
– Закаев, оьгІаз ма эха, хьуна мегар дац иза. ГІоли хир ю хьуна, Дала мукъалахь.
Шен болх а бина, медйиша дІаяхара.
– ГІоли хир ю, Дала яхь, аш-м йийр яц, шун бала а кхаьчна… – дІайоьдучу йоІана тІаьхьа кхин а цхьацца гІам-гІим деш Іара лулахо. Вовшийн цІерш а хаьттина, вовзар хилира кхушиннан. Увайсана йинна йолу операци йинера цхьа де хьалха Іелина а.
– Увайс, сагатдеш хІума-м дац хьан?
– ХІумма а дац. Хьала ма гІатта аьлла соьга цхьана-шина дийнахь, и ду мелла а новкъа.


– Ара кху чуьра кхара хІете а вете а волуьйтуш вац, цхьа хан дІаяллалц. Вуьшта, эшахь, коляски тІехь дехьа-сехьа вуьгу. Жимма са ца тоьхча дер дац, кестта гІоли а хилла, дІагІур ву хьо, Дала мукъалахь. Дала маршалла дойла!
– Дала мукъалахь. Дала маршала хьуна а дойла, Іела!
ХІара шиъ вехха цхьацца дуьйцуш Іийра. Буьйса юьйлира. Увайсина хІинцале масех капельница хІоттийнера. Наб кхеташ, юха а самавуьйлуш, Іара хІара. Пекъар Іела а вара, хьалагІаьттина, лелаш, вижина Іиллича, са лоьцу шен бохуш.
Цхьа хан яьлча, луларчу палати чохь гІовгІанаш евлира. Хала узарш а деш, ирча мохь хьоькхура цхьана зудчо. Самаваьлла Увайс, ладоьгIуш, Iуьллура. «Цхьанна даге лазар иккхинчух тера ду», – бохуш, ойла йора цо. Iела а вара, хьала а гIаьттина, неIаре воьдуш, медйишас юхавала олий, юхавоккхуш, хьийзаш. Ши-кхо минот ялале хІорш чохь болчу, сиха гІо дечу палати чу, ялийра и зуда чкъургаш тІехь болчу маьнги тІехь. Цу пекъарехь вон хьал дара: узарш деш, юкъ-кара мохь хьокхуш, хала садоьІуш яра иза. Лоьраша, кирхьа дуьхьал а оьзна, цомгашчунна гІо дан долийра:
– Дефрибиллятор!
– Кислород! – дежурни лоьран омранаш хезара сих-сиха.


– ХІан-хІа, даг чу адреналин тоха бехачу шприцаца!
– Массаж е! Сихха!
Уьш дуккха а баьхкира, дог сецна йолу зуда меттаяло гІерташ, Амма гІуллакх хуьлучух тера дацара. ЦІеххьана кирхьанна тІехьа тийналла хІоьттира… Жимма хан яьлча, кхораш санна долу, бІаьргех охьаоьху хиш дІа а дохуш, къона медйиша сехьаелира. Цунна тІаьххье лор а, важа медйижарий а гучубевлира. Увайссий, Іелий вовшашка хьаьжира: «Елла иза?» боху аз доцу хаттар дара цу шиннан бІаьргаш чохь. Увайсин кІегархаа йиш яцара, цо Іелига доІа де элира, ша Іуьллучохь куьйгаш хьала а ойъуш. Іелас доІа дира.
Іожалла яра денна а кху декъазчу, синтем боцчу хІусамера нах дІакхоьхьуш... Цунна биэн ма дацара, хьо жима я воккха, куц долуш я эгIаза, хьал долуш я миска хиларх. Иза буьрса хьаьвзинера кху чу, къинхетам боцуш, сацар, собар хIун ду ца хууш, шен декхар, гуттар а ша ма-дарра, хьем ца беш, кхочушдеш.
ШолгІачу Іуьйранна цомгашчарна капельницаш хІиттош, молханаш луш а лелара медйижарий. Сийсара хилларг дуьйцуш цхьа а вацара, хIунда аьлча и саннарг дийнахь-бусий кест-кеста хуьлуш дара, цунах тамаша ца бора, «дуьне иштта ду-кх» олий, IадIара. Лоьраш-м боьлла хир бара адамаш шайн куьйга кIел даларх, царна иза денна а гуш ма дара. Амма цомгашчарна хала дара ишттаниг лан, царах муьлхха а хила ма мегара веллачун метта. Иштта ду-кх дахар…
– Суна хІунда ца хІоттайо аш капельница? Со а вац, уьш санна, цомгуш? – аьлла, юха а карзахвелира Увайсан лулахо Іела.
– Хьох лаьцна хІумма а ца аьлла соьга, хІара молханаш ду хьуна, – элира цу Іуьйранна керла тІееанчу къоначу медйишас.


– Ца оьшу суна хьан молханаш! Схьакхайкхал кхуза заведующичуьнга! ХІара хІун ду дан а?! – чуьраваьллера Іела.
ЙоІа, яхана, отделенин заведующи схьаялийра:
– ХІун хилла, цомгашниг? ГІовгІа хІунда йо вай? – хаьттира цо, цунна тІе йоггІушехь.
– «ХІун хилла, цомгашниг?» – ца вешаш, лоьран хаттар карладаьккхира Іелас. – Диканиг цхьа а ца хилла-кх. Суна дан ма-деззара дарба хІунда ца до аш? Капельница а ца хІоттош, со хІунда валлош ву кху жоьжахатехь?
– Хьан хьоле хьаьжжина, хьуна деш дарба ду. Капельница хІотто хьуна цкъачунна мегар дац, дестар хиларна кхерам бу…
– Со кхузахь Іийр вац! Аш суна цхьана а кепара еш гІоли яц! Со тахханехь кху чуьра дІагІур ву!
– ДІа хьайна ма-луъу гІо, суна расписка а язъяй! – лор, гІеххьа оьгІазъяхана, араяла дІайирзира.
– Ас цхьа а расписка язйийр яц! Инстаграмме, яздан деззачуьнга арз яздийр ду! – тІаьхьа мохь бахийтира Іелас.
– Язде ахь, хьо, схьахетарехь, и болх бан Іемина ву! – аьлла, заведующи дІаяхара.


Дукха хан ялале Іелин зуда еара чу. Иза кхуьнга хьожуш, де а, буьйса а больницехь доккхуш яра:
– Ва стаг, и хІун гІовгІа ю ахь яьккхинарг? Лоьрашна шайн болх дика хаьа хьуна, ма хьийзабехьа уьш!
– Со кху чохь кхин Іаш вац! Схьагулъел сан хІуманаш! – шен оьгІазвахарца мерах шок а етташ, Іела аратасавелира.
– Вайн Делора, хала стаг-х ма ву хьо! – аьлла, цунна тІаьхьаяхара зуда.

Цу дийнахь тІебаьхкинчу лоьраша, кхуьнан хьоле а хьаьвсина, Увайсина хьалагІатта пурба делира.
Дукха хан ялале кхечу палати чу ваьккхира хІара. Шина стагана лерина, чохь юьхь-куьг дила меттиг а, цхьацца йийбар а йолуш, чоь яра иза. Кху чохь цхьа лазархо вара, Увайс схьавалийча. Салам а делла, хьал-де а хаьттина, вовзар хилира кху шиннан. Мовсар, (иштта яра керлачу накъостан цІе), дагаца цамгар гучуяьлла, лоьраша дан дезарг цкъачунна къастийна доцуш, хан йоккхуш вара кхузахь. ХІара шиъ, цхьацца дуьйцуш, вехха Іийра. Дерриге а къамел а дагаца йолчу цамагарех, царна дечу дарбанех а дара кху шиннан. Кхин хІун дуьйцур дара больницехь цомгашчу наха, шайн сагатдеш дерг ца дийцича?
Ши-кхо де цхьаьна доккхуш, кху шинне а тІаьхьа, цхьаъ дІавахана а валале важа гучу а волуш, гергарнаш а, бевза-безарш а ихира. Цара схьакхоьхьу юург холодильник чу йилла меттиг а йоцуш виснера хІара шиъ.


– Увайс, гергарнаш бацахьара-м е а йиш яцара хьуна, дІахьажахьа хІокху балхе! – Мовсара, холодильникан неІ схьа а йиллина, чоь дІагайтира кхунна.
– Дера, ца бохку уьш вайшиъ мацалла валийта-м. Езарг яа йиш мукъане а елара…
– ДІавалахьа, кху лоьраша яа могуьйтуш цхьа а хІума яц, цхьа худар доцург. Хьайна еззарг яа ахь, сихха толур ву хьо!
Денна медйижарша молханаш дохьура кху шинна, мехий тухура, капельницаш хІиттайора, амма кху реанимацера пхеа минотана а аравала магош дацара.
Увайсин чІогІа сабІарзделлеара кхузахь. Мовсар а, кхо де даьлча, дІавахара – кхечу гІала лоьрашна тІе хьажийнера иза, деган хьал мелла а чолхе ду аьлла.
Увайсе хьовса балха тІера накъостий а баьхкира. Уьш баьхкина къаьсттина хазахийтира кхунна. Массо а жима вара, кхуьнан берийн хенара хир волуш, схьаийна вара. Церан къона яххьаш гуш, самукъадолура кхуьнан, шега церан болу лерам хаалора. Лерам. Кхин хIун оьшу воккхачунна?
Ша висина, цхьацца ойланаш йора Увайса: «Кхин дац-кх хьо, дахар, олуш ма-хиллара, «ши бІарг ма-хьабби, дІадолу-кх». Дера, дІа-м долу, шен хан тІе ма-кхеччи… Ма уллехь яра суна Іожалла… Шен шийла тІам суна тІехула хьовзийра цо, амма Дала юхаяьккхира иза. Валаран сахьт дац, Іожалла когаш кIелахь ю, мичча хенахь а вай дІадахьа кийчча. Делахь а, дуьне деза-кх мел воккхачунна а, ваха лаьа-кх…».


Иштта масех де а дІаделира. Кхуьнан хьал-де жим-жимма г1олихьа доьрзуш дара – садаІар а хьалхачул дика дара, даго са ца гатдора. Амма гІора эшна вара хІара, бІагор хьийзара, цІена хІаваъ ца тоарна. Махе вала ца магадора лоьрша. Сел чІогІа аравалар шена дехкарх хІара ца кхетара. «ХІара реанимаци ю, кху чуьра аравийла ца мега!» – олура кхуьнга медйижарша, сарахь чуьра аравалар кхо дехча. Делахь а цхьа а бакъо хирг хир яц, наха талха ца еш. Цхьана суьйранна дежурстве еанчу лоьро, леррина кхуьнан хьоле а хьаьжна, цІийн Іаткъам а буьстина, кардиограмма яьккхинчул тІаьхьа, итт минотана аравала пурба делира Увайсана, кхуьнан дехарна жоп луш. Больницин уьйтІа ваьлча, ша ялсмане кхаьчча санна, вара хІара. Кхузахь кхин хьал дара: паргІат дІасалела нах, церан белар, самукъане аьзнаш, урамновкъахула дІасалела машенаш, клумбанаш тІехь зезагаш, соьналлех дуьзна дитташ – зовкхечу дахаран болар хаалора дерриге а хьан дегІаца а, сица а. Увайс уьйтІахула меллаша гобоккхуш вара, массо хІуманан терго еш, гучух марзо оьцуш. ХІинцале гІеххьачул Іаржъеллера. Массанхьа а сирла догуш стогарш дара.


– Увайс, ахь хІун леладо? Аравалийтина хьо? – дитта кІелахь лаьттачу гІанта тІехь Іачу нахана юккъера вистхилира цхьаъ.
– Дера, валийтина вуно хала-м, – олуш, царна тІе а вахана, салам делира кхуо, ша вевзинарг мила ву хьажа а лууш. ХьалагIаьттина, салам схьаэцнарг кхуьнца реанимаци чохь Iиллина Iела вара.
– Уойн, Iела хьо вац иза! – гIеххьа цецваьлла элира Увайса, хIара кхузахь гича. Цунна Iела дIавахана хир ву моьттура.
– Дера, ву-кх. Сехьарчу отделени чу ваьккхина со…
– Ткъа хIинца муха ву хьо? СадаIар тоделлий хьан?
– Таделлера иза-м, кхин сагатдеш хIумма а дац. Кхана цIа вохуьйтур ву аьлла со.


ХIорш цхьацца дуьйцуш, охьахевшина Iийра. Ша санна халачу киртигах чекхваьлла шен накъост дикачу хьолехь карийча, хазахетта вара Увайс. Иза буьрсачу тIамах чекхваьллачу бIахочунна шен бIонакъост дийна карор санна хIума дара.
Больницера араваьлча, вовшашна тIекхочур ву аьлла, барт а бина, дIасакъаьстира хIара шиъ.
Итт де даьккхира Увайса реанимацехь. Кхин дIа долу дарба хьо вехачу к1оштан больницехь леладайта а аьлла, аравалийтира хIара лоьраша.
ХIусамнана а, жимахволу кIант тIаьхьа а деана, машенахь цIа вогIуш вара хIара. Кхуо массо а хIума тергалдора ша схьавогIучу хенахь: гIалин урамаш, дIасалела адамаш, хаьхкина йоьлху машенаш, гIашлойн некъ, дитташ, туьканаш, – дерриге а х1ума самукъане, тамашийна, шатайпа дог-ойла гIаттош, хетара кхунна.
«Ма тамашийна ду хьо, дахар! Ма Iехаво ахь стаг… Хьан ма-ярра йолу марзо йовза зиэрах чекхвала везаш хилла-кх, халачу, кхерамечу зиэрах… ТIаккха, хьо юха а дуьненчу ваьлча санна, синхаам хуьлу-кх хьан. Хьо кхета, дуьнене болу хьайн безам боккха хиларх, хьайна цуьнан чам ма-барра хIинца бен бевзина цахиларх…, – ойланийн жIуга яра Увайсин коьртехь хьийзаш. – Дика ду, дерриг а дика ду, дахар дIадоьдуш ду, сийначу паналлехула дуьйлинчу четаршца доьду хIордкема санна…».

Соьлжа-ГIала, 2019 шо

Орга №2. 2019

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика