БУРЧАЕВ ХЬАЛИМ

PDFПечатьE-mail

 

БУРЧАЕВ Хьалим

 

a-h kadyrov

 

Даймехкан тешаме во1

2000-чу шарахь Россин Президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместититело Сурков Владимира, Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а Россина Дала шен харжамца ваийтина ву аьлла ша д1акхайкхочу хенахь, цо цу кеппара билгалдаьккхира и ши къонах вайзаманан исторехь доккхачу маь1нехь меттиг д1алоцуш хилар, ХХ – ХХI-чу б1ешераш марзахдовлучу хенахь вайн пачхьалкх х1аллакьхиларан некъа т1ера цушимма юхаерзийна хилар а. И ши стаг (В.В. Путин а, Кадыров А-Хь. а) «вовшийн каро, цхьаьнакхета везаш вара, х1унда аьлча и шиъ ший а кхоллам язбелла хиллера вайн халкъаш лардан: Россин доккха халкъ а, цу халкъан цхьа дакъа – нохчийн халкъ а» – аларца Сурков Владимира ч1ог1а нийса а, кхачам болуш а гайтира цушимма историна юкъадиллина 1аламат мехала г1уллакх.

   Нохчийчоьнан муфтий Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин Куьйгалхо х1отторан Сацамна буха куьг яздира Путин Владимира 2000-чу шеран 12 июнехь. Цул т1аьхьа кхо шо даьлча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент а хаьржира маьрша д1абаьхьначу демократин харжамашкахь.

   Дуьззина доцчу деа шарахь республикин куьйгаллехь ша волуш дуккха а дика г1уллакхаш кхочушдан кхиийра Ахьмад-Хьаьжа. Цо кхиамца д1адаьхьначу дуккха а г1уллакхашлахь къаьсттина доккхачу маь1нехь долчех ду къоман бартбарехь д1аяьхьна политика.

   2000-чу шарахь нохчийн юкъаралла, кхузахь т1еман а, Россин эскаран т1е1аткъам а ца бийцича а, граждански т1еман хьоле х1оьттинера. Иштта къам декъадалар, ерриге юкъараллехь хилла ца 1аш, цхьаболчу доьзалшкахь гуш дара.

   Нохчийн а, бусалбанийн а дипломати к1орггера хууш волчу Ахьмад-Хьаьжас боккхачу барамехь цхьаьнакхетарш д1ахьора нохчийн къаношца, тайпанийн а, вирдийн а тхьамданашца, динан г1уллакххошца. Иштта цунна ала дош а, тоьшаллаш а карадора т1емалой а, церан куьйгалхой а «хьаннашкахь» бечу т1емашкара ц1а берзо, законца хаьржинчу 1едална, Россина герзаца дуьхьалояр сацо, дерриг къоман барт хиларо бен нохчийн халкъ к1елхьардаккхалур дац бохучух уьш кхето а.

   Ахьмад-Хьаьжин бакъ дешан ницкъ нуьцкъала хиларна, 1991-чу шарахь дуьйна масийтта дакъошка бекъабелла нохчий шаьш законехь хаьржинчу 1едална гонаха цхьаьнакхета буьйлира. 1ехийна, законехь доцу герз лелочу т1еман тобанашна юкъаозийна эзарнаш кегийрхой маьршачу дахаре юхаберза буьйлира. И, билггал, 1аламат боккха кхиам бара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун: нохчийн халкъан къона чкъор х1аллакьхиларх к1елхьардаккхар, Россин махкахь т1ом сацор а. Вайзаманан исторехь къоман машар барехь цу кеппара кхиам хиларан масал дан а дац. Дуккха а шераш ду, и цу кеппара кхочуш ца далуш, Афганистанехь, Иракехь, Суданехь, Самалихь 1аьмаркан сценарийца ц1ий 1енадо. Иштта Ахьмад-Хьаьжас боккха болх д1абаьхьира Дудаевн-Масхадовн 1едало луларчу халкъашца иэг1ийна барт юха а меттах1оттош. Кавказан халкъийн доьзалехь нохчийн къоман хьакъ йолу ц1е юхаденйира Ахьмад-Хьаьжас. Шен дикачу амалшца, ислам-динан к1оргенаш т1ехдика хаарца а Юххерчу Малхбалера бусалба пачхьалкхашца герггара з1енаш туьйсуш, нохчийн ц1е дикачу аг1орхьа яккхийтаран кхиаме а кхечира вайн хьалхара президент.

   Путин Владимирца шен хиллачу дуьххьарлерчу цхьаьнакхетарехь дуьйна цуьнан дог-ойла шена т1еерзо а хиира Ахьмад-Хьаьжина, цуьнга шен сий-лерам байта а, республика меттах1отторехь жигара г1о дайта а ницкъ кхечира. Ахьмад-Хьаьжин политикин декъехь дар-лелорехь лаккхара маь1нехь а хилира цушиннан юкъаметтигаш. Россин Федерацин Президентан дарже ша х1оьттичхьана, Путин Владимира г1о лецира нохчийн юкъараллин могашчу ницкъийн и политикин кризисах хьалхаяккхарехь. Гоьваьлла волу бусалбанийн 1еламстаг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо д1ах1отторан сацам цо т1еэцаро доккха тохар дира динан экстремизмна, цу кеппара бух а биллира кегаре а, массо а аг1орхьара маьршачу бахархошна ницкъбар а эшор кхиамца кхочушдан. Республикехь маьрша дахар д1ах1отторехь массо а кепара г1о дора Ахьмад-Хьаьжина Путин Владимира, цуьнан дар-лелор а къобалдарца ша цунах лаккхара тешам болуш хилар а гойтуш. Т1аьхьо, Кадыров Ахьмад –Хьаьжа республикин куьйгалле х1оттор ша къобалдар Россин президенто В.В. Путина кхетадора иза тоьлла амалш, доккха доьналла, кхиъна ваьлла политик а хиларна дара бохуш.

   Нохчийн Республика Россин Федерацин Конституцин бакъонна т1е юхаерзар д1адоладелира 2000-чу шарахь. Кхузахь д1ахьора пачхьалкхан 1едалан а, республикин а органаш 1993-чу шеран 12-г1а декабрехь т1еэцначу Россин Федерацин Крнституцин т1едахкаршца нийса а дог1уш. Цу т1ехь 1аламат доккха г1уллакх дира гоьваьлла вевзачу шина къонахчо – Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а вовшийн вовзаро, Нохчийчохь Кадыровн муьлхха а д1адолор Россин президентехьара г1о хуьлуш а, цо къобалдеш а хиларо.

   Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла, цу даржехь т1еч1аг1вина Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, Россин т1ег1анехь политик хилла д1ах1оьттина волу, шен 1алашонашка, лехамашка кхачарехь шен хьежамаш болуш, муьлхха а диалог юьхьдуьхьал а, ц1ена а д1аяхьаран амалх ца вухура цкъа а. Россин Президенто Путин Владимира х1етахь билгалдоккхура, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дийцарш д1адахьарехь муьлхха а хаттар къастош оцу шен амалех юха ца волуш схьавог1ура аьлла: шена хетарг дуьххьалд1а схьаолуш, «дипломати» а йоцуш, нийсса дуьхьал ира хаттарш х1иттош. Цундела цуьнца дечу къамелехь цхьана а кепара хьуламаш боцуш, даггара хила везаш хуьлура. Схьагарехь, иштта майралла йолуш, т1ехула хабарш дийцар ца дезаш Ахьмад-Хьаьжа хиларна оцу къонахчуьнга лерам а, тешам а кхоллабелира Путин Владимиран.

   Вайна боккха дагахьбаллам а буьтуш, дегнаш чу г1айг1а йоссош хилира 2004-чу шеран 9-г1а майхь ямартлонца Нохчийн республикин хьалхара Президент виэр. «Иштта к1ентий болчу халкъе лерам ца хуьлийла а дац», – даггара элира Путин Владимира Кадыровх лаьцна. «Ахьмад-Хьаьжа – башха стаг вара, вуьззина кхиъна ваьлла къонах, оьзда, лаккхара майралла а, доьналла а йолуш, – билгалдаьккхира цо. – Иза д1аваха иэшаза». Нохчийн Республикин куьйгалхочун лаккхара мах хадор дара и, бохамечу хьелашкахь, нохчийн халкъан хиндерг, дахар къасточу муьрехь, сацам болуш шен дахаран а, дар-лелоран а харжам бинчу, «нохчийн проблема» къасторехь шена т1е жоьпалла эцначу, Нохчийчуьра т1ом сацор а, кхузара т1еман – политикин хьал машаречу некъа т1е даккха доьналла кхаьчначу къонахчун дахаран некъ баккъал а бу сийлахьчех.

   2004-чу шеран 10-г1а майхь РФ-н Президентан Сацамца Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Россин Федерацин Турпалхочун сийлахь ц1е елира. Оццу шеран 11-г1а майхь Нохчийн Республике веара Россин Федерацин Президент В.В.Путин. Ахьмад-Хьаьжин к1анте Кадыров Рамзане гуттаренна а ларбан Россин Турпалхочун Седа д1алуш, В.В. Путина д1акхайкхийра: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа уггаре а майра, къонахалла йолуш стаг хилла ца 1ара – иза ч1ог1а доккха пох1ма долуш стаг а вара. Цунна хаьара, ша муьлхачу некъа т1е ваьлла, ша сацам боллуш хаьржинчу некъа т1е. Эрна ца вехира иза, шен дахар а эрна д1а ца делира цо. Б1аьхаллин некъа т1ехь волуш дахарера ша д1авоьдуш, цо дуккха а адамаш 1ожаллах к1елхьарадехира. Иза баккъал а турпала стаг вара. Х1окху дерриге шерашкахь Нохчийчоь а, нохчий а шен букъ т1ехьа а лаьцна, шен республика тешам болуш маьршачу дахаре д1аюьгура цо. Цо цкъа а цхьа а х1ума шена ца доьхура, цуьнан дерриг а нохчийн халкъан дуьхьа дара, иза чолхечу некъа т1ехула схьавог1ура, амма цкъа а харцонан аг1о ца лецира цо. Иштта к1ентий болчу халкъе лерам ца хуьлийла а дац, ткъа вайн декхар – Кадыровс д1адолийна дика, беркате г1уллакхаш чекхдахар ду.»

   Кадыров Ахьмад-Хьаьжа д1авахара Нохчийн Республикехь машар, синтем, токхе дахар д1ах1отторан лаамаш кхочушбаран некъа т1ехь.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика