ДЖУНАИДОВ АЮБ

PDFПечатьE-mail

junaidov

Дегнаш чу дижина аз

/студенчески тетрада тIера/

1977 шо. БIаьстенан юьххьехь дара иза. Дуьххьарлера гIа-патар хьалакъеддера. Кестта зазадоккхур ду дитташа, тIаккха, дерриге а дуьненна къажа а къежна, схьахIуттур ю бIаьсте. ХIинцале а ма-ярра бIаьстенан хьожа яра чохь а, арахь а хаалуш: кор-неI диллина Iара гIалара нах. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан бешахь а денлучу Iаламан шатайпа чам бара. УьйтIахь а, бешахь а долчу гIанташ тIехь студентийн тобанаш совъевллера. Киншканашна а, тетрадашна а тIера шайн цхьацца йозанаш доьшуш я вовшашка дар-дацар деш, хевшина Iара кегийрхой. Йолучу бIаьстенан хазаллех дIаийнера церан къоналла. И шиъ – къоначу студентийн тоба а, йолу бIаьсте а – вовшийн дуьхьа кхоьллича санна, цхьаьнайогIура. Бакъду, аудитореш чохь жигара дIабоьдуш дешаран болх бара: кестта тIекхочуш аьхкенан экзаменийн сесси яра… БIаьстенан аьхналло араийзабора кегийнаш.

 


Ишттачу цхьана дийнахь университета чуьра аравелира со, кино ваха дагахь: киншканех а, йозанех а унхилла болчу коьрте жимма са а доIуьйтур аьлла. БIаьстенан киномур (киносезон) бара дIабоьдуш, цундела кинопрокатан «зазаш» лоруш йолу фильмаш яра гIаларчу кинотеатршкахь хьийзош. Бакъду, кино ваха меттиг суна кест-кеста ца болура. «Синьор Робинзон» бохуш йолу итальянски фильм яра суна дагайоьхнарг. Билет нислахь, юха а цуьнга хьажа дагахь араваьллера со. Цу юккъехула кхин цхьа мехала ойла а яра ас лерана кхобуш: «Ленинан некъ» газетан штатехь воцу корреспондент со хиларе терра, оцу фильмах газете зорбане дIаяла статья язъян дагахь вара со. Филфакан деканан заместитель йолчу Шевченко Надежда Николаевница Iаламат дика юкъаметтиг яра сан. Кхузткъа шаре яьлла зуда яра иза. Вуно дика Iилманча, меттан говзанча а яра Н.Н. Шевченко. Ларош студент (отличник) ву бохуш, занятешка со цалеларх, соьга цхьаммо а бехк ца боккхура. Дукхахйолу экзаменаш, хатта а ца хоттуш, тIейохкура суна. Амма соьца цхьаьна доьшучу студентийн тобанан старостин декхарш дара ас дIакхоьхьуш, цундела, журнал а карахь, даима а сайн тобанца занятешкахь хила декхарийлахь вара со. Оцу муьрехь «Студентийн бIаьсте – 77» ц1е йолу исбаьхьаллин фестиваль яра Соьлжа-ГIалахь дIайоьдуш: цу декъехь дешаран лакхарчу заведенийн (вузийн) исбаьхьаллин кхолларалле хьажар дара дIахьош. Кестта хила дезачу оцу хьажарна кечамбеш, жигара хьийзаш университетан студенташ а бара.
Н.Н. Шевченкон кабинета чу а вахана, суо тIаьххьарчу шина занятехь хир вац аьлла, цуьнга дIахаийтира ас. Староста оьшуш хан йогIура кест-кеста: суо волу меттиг дIайовзийтар сан декхарех дара.
– ХIумма-м ца хилла, Джунаидов? – хаьттира цо соьга.
– ХIумма ца хилла, цхьадика. – жоп делира ас. Кино ваха воллу ала тамехь ца хийтира суна. – Кестта хиндолчу хьажарехь дакъалаца дагахь ву со: цунна кечам бан воьдуш ву со, – аьлла, бакъо а яьккхина, со кино дIавахара.


Оццу бехказлонца занятешкара а ваьлла, цкъа юьрта сайн цIа а ваханера со.
Смотрах дерг а, айса Шевченкога аьлларг а суна хIеттахь дицделира…
Цул тIаьхьа ши кIира гергга хан дIаелира. БIаьста даима а хуьлуш ма-хиллара, гIалахь ечу субботнике дигира тхо цхьана дийнахь. Аэропорте боьдучу некъаца дара тхо болх беш. ТIехьажа тхуна тIехIоттийна Надежда Николаевна а яра. ДелкъалтIаьхьа, кхо сахьт долуш, болх д1аберзийра оха. Тхуна баркалла ала тIееанчу Шевченкос элира соьга:
– Джунаидов, кхана смотр ю вайн факультетан. Со а хир ю цигахь. Хьан номере хьажа чIогIа сатесна ю со. Дешар тIехь санна, цигахь а хьо хьалхара хир ву аьлла, тешна а ю со. Ледара ма хилалахь! Аьтто хуьлда хьан!


«Йо-о! Горалера меттиг-яI!.. ХIинца хIун до ас?! – ойлане велира со. – ЮьхьIаьржахIотта йиш яц, хIуъа хилла латтахь а! Цул сов, оццул сайн доладеш, гIо-накъосталла деш, хIокху масех шарахь со лоруш, схьайогIуш йолчу лерамечу хьехархочун сайх болу тешам байа йиш а яц. Деха-доца кхин дан а дац: кханалерачу дийнахь хьажаран программи юкъахь сан илли хила дезаш ду-кх!..»
Сан ойла дуьнен тIехула хахкаелира… Эххар а Гуьмсехь сецира иза… Сайд-Ахьмадна тIехь. Иза резахилахь, шеко йоццуш, кхиам хир бу сан. Кхин хан ца йойуш, сайн ка ма-доллу чехка Гуьмсе вахара со. Дала ма-лоьхху, сарахь балхара цIа кхаьчна воллучу Сайд-Ахьмадна тIекхечира со. Дукха хан яцара иза ГIансолчуьра охьа Гуьмсе кхелхина веана. Хьем ца беш, ас сайн гIуллакх дIадийцира цуьнга.
– ДIавала… ахь хIун дуьйцу?! Хьо хьер-м ца ваьлла?! Сцени тIе волу со?! – юхаиккхира Сайд-Ахьмад. – ДIавала, ма хьехаде!.. Эрна ду иза!..
Лера-хезе а ца дитира цо сан гIуллакх.


Массо а кепара иза резаван гIиртира: цу чохь дукха адамаш хир дац а, бехира, дIакхаьчна ваьлча, иштта хир дац а, бехира, сайна оьшу накъост цигахь кхин лохур ву а, бехира… ГIуллакх хуьлуш дацара. Эххар а элира ас:
– Сайд-Ахьмад, со чIогIа юьхьIаьржахIуттуш ву, нагахь хьо ца вагIахь. Вайшинна кхин чIогIа кечамбан оьшуш а дац, даима а вай гулделлачохь леллийнарг дичахьана. Нагахь санна вай ма-бохху ца нисло-кх, кечам-м бинера, ткъа программи юкъа цхьана бахьанина ца нисвелира, ала йиш а яра сан… Волахьа, хIумма а хир дац!..
Iуьйрана хьалххе гIаьттина, тхойшиъ гIала ваха новкъавелира. КIиранде дара: Сайд-Ахьмад балхахь а вацара оцу дийнахь. ДIа ма-воьддура, Бенара Кабалаев Сайд-Мохьмад волчу квартире вахара тхойшиъ. Аккордеон дика локхуш вара иза. Аккордеон а, дечиг-пондар а аьзнийн декарца тIеттIа а нисбой, студентийн юкъараIойлехь наггахь уьш лоькхура оха. Сайд-Мохьмад тхайна тIаьхьа а хьехна, университетан кхоалгIачу гIишлоне дIавахара тхойшиъ: цигахь дIахьош яра смотр. ХIинца тхуна схьакаро везара вотанча. Иза Гуьмсера 1абдурахьман вара: иза цигахь хила декхар долуш а вара. Говза тухура цо вота: лаккхара корматалла йолчу артисташа а шайна юххе воккхура иза наггахь. Доцца аьлча, тхан тоба гулъелира. Дикка паргIатвелира со, массаьрца а бартхилла, кечаман болх тхаьш дIаболийча.


Кхузза-доьазза юх-юха элира оха илли. КIез-кIеззиг вулуш, Сайд-Ахьмад а вуьйлира адамех а, кхолладелачу хьолах а. Кхин башха сцени тIе вуьйлуш, эвхьазаваьлла-м тхох цхьа а вацара.
Сесанарчу Эльдарханов Ахьмада шен дешнашна мукъам а баьккхина, шен тобанца дIаолуш долу «ПетIамат» цIе йолу илли дара оха дIаала кечдинарг. Кестта юкъадаьлла, халкъалахь боккхачу айамца тIеэцна а дара и илли. Композиторийн агIонга диллича, вуно чолхе илли а хиллера иза. Бакъдерг аьлча, тхуна-м и хIун ду ца хаьара. Цуьнан уггаре а йоккха чолхалла шолгIа аз айарехь (высокий, второй голос) хиллера. Ткъа иза Сайд-Ахьмада, бIаьрнегIар а ца тухуш, ойура. КIотаршкахь еха буьйсанаш яцъян тхаьш гулделлачохь тхешан хено лоьхург леладора оха а. Иллеш олуш а нислора. Жима хилаза мила ву?!


Кечам хилла баьлча, программа чIагIъяле, хила доггIучу кепара «пробный» концерт дIаяьхьира. Тхан исбаьхьаллин куьйгалхо вуно чIогIа резахилира тхан тобанан балхана. ДIадолоран тематически монтаж чекхъяьлча, сцени тIе довла дезаш, тхан илли дуьххьара хIоттийра цо.
– Иза нуьцкъала илли ду, дика дIаолуш а ду. Вайна коьрта ду оцу иллино жюрин декъашхойн самукъане дог-ойла кхуллур хилар. Иза шеко йоцуш ду, – аьлла, вистхилира иза.
Суна дуьхьалхIуьттура хьалхарчу могIарехь хиъна Iен йолу сайн хьехархо: диц ца деллера айса цунна делла дош. Бакъду, тхаьш лелочух вела дог догIура сан. Ткъа хIинца коьрта дерг – Сайд-Ахьмад дохкоцавалар дара…


Суьйре тIекхечира. Луларчу квартирашкара садаIа арадаьлла адам концерте хьажа зала чу дан доладелира, массо факультетера студенташ а тIеоьхура. Цхьа эзар гергга стаг чухоьуш йолу зал тIанк-аьлла юьзира. Схьаеанчу жюрис шен меттиг дIалецира. Хьалхарчу могIарехь хиъна гуш сан хьехархо а яра.
– КIур кегийна тхойшиъ ваьлла… Ша хирг хир ду!.. – аьлла, сайн догтедина, тIаккха Сайд-Ахьмад чIагIван хьаьжира со.
– ХIун аьлла, хета хьуна, сийлахь артист?! ВатIийна-ваьккхина Джо Дассен ма ву хьо-м!.. Дог чIогIа детталуш-м дац хьан? – забар ян хьаьжира со.
– Дависа, хьуна етта!.. Со хIунда валий ахь кхуза? – ша даима а олуш доллу и ши-кхо дош бен ца элира Сайд-Ахьмада. Цуьнан даг чохь гIеххьа гIайгIа хаалора. Тхо кирхьанашна тIехьарачу чоьнаш чохь дара. Зала чохь долу халкъ шена гича-м, сан накъост юхавала а мегара…
– Сайд-Ахьмад, хIинца Мумадана ган везара вайшиъ! – аьлла, юха а хьовзийра ас накъост.
Амма, аьлла ваьлча, дохко а велира: иштта а гIоьрттина Iаш волчунна ас шен меттахь йина забар яцара иза. И санна долу хIума Хасмохьмадан доьзалехь цкъеллиг-цкъа я хьехош а, я лелош а ца хиллера.


– Кхин-м хIумма а эр дацара цо… Хьанехана оьшуш хилча, ца мегча ца долу, кхин ма гIолахь аьлла, IадIийр вара Мумад, – велакъежира Сайд-Ахьмад.
Тхайна тхаьш бина бала а ловш, ладоьгIуш, лаьттара тхо. Тхойшинна герггахь лаьттара Сайд-Мохьмад а, гIуркх санна, ирх а вахана, хьера-тIулггал боккха кехат-пондар гай тIехь а кхозуш. Сайн буйнахь дечиг-пондар Iаьвдина, цуьнан садукъдина, со а лаьттара. Суна тIаьхьахIоьттина сцени тIе дIаваха везаш волу Сайд-Ахьмад а вара, кхосса кечйина топ санна, вулавеллачохь ладоьгIуш Iаш. Горга-йоккха вота дIа а хIоттийна, цу тIе а хиъна Iаш 1абдурахьман а вара, шек д1а а воцуш. ХIокху гIуллакхна, тхо санна, гIайгIане вацара иза… Дуладелла, лаьттара тхо.
…Эххар а дIакхайкхийра. Даррехь, кхоьтуьйтуш, оьшучохь соцунгIа а еш, аз ойуш, аз лахдеш, йоккхачу говзаллица дIадийхира тхо сцени тIе. Говзачу оьрсийн маттахь иштта дара дIакхайкхар:
– Илли «ПетIамат»… на чеченском языке!.. Слова… и… музыка… Ахмеда… Эльдарханова! Исполняет вокальная группа студентов второго и четвертого курсов филологического факультета… Чечено-Ингушского… государственного …университета имени Льва Николаевича Толстого: аккомпанирует на аккордеоне… Кабалаев Сайд-Магомед, на национальном дечиг-пондуре… – Джунаидов Аюб, сопровождает на доули… Чагаев 1абдурахьман. Первый голос – Джунаидов, второй голос… – слушатель подготовительного отделения филологического факультета – Абдулхалимов Сайд-Ахмед… Просим принять вокальную группу!..
Сценин йохалла чекх а девлла, микрофонашна тIе дIадуьйладелира тхо. Цига кхаччалц дIа болу некъ беха хетара: йоллучу а филологически факультетан цIе яра ларъян тIелаьцнарг. ХIинца оха баккхахь – толам а хир бу…


Хьалхара пиллиг таIийна, Сайд-Мохьмада дIаозийра кехат-пондар, тIаьххье ас мерзийн аз а хазийтира, мукъамна куц далош, 1абдурахьманан вота а йолаелира. «Кхунах-м цхьаъ хила ма доллу!» – аьлла, дагадеара суна. Пондаршца юьхьйолор чекхдаьлча, дIадоло дийзира илли:
«Ас лоьху хьо!..» – аьлла, хьалхара дешнаш долалушшехь, тобано а, изза тIаьхьара элира: «Ас лоьху хьо…», – аьлла. «Цу лаьмнийн ярташкахь...» – «Цу лаьмнийн ярташкахь!..» – тIаьхьара олура тобано. Дика схьадогIура илли. ХIинца рогIера ала езачу нотийн гIайгIа яра тхоьгахь хIорангахь: иллихь уггаре а хала меттиг яра иза. Коьрта декхар Сайд-Ахьмадна тIехь дара: иза ларавахь, илли хир ду, цунна цигахь доггIу аз ца даккхалахь, иллих «цхьа а йоцург хир ю»…«Иллих дика илли дийриг цхьа могIа бу», – олу музыкан говзанчаша. Иштта хир а ду иза!.. Пондарийн мукъамашна куц далориг а бу цхьа мерз. Илланчийн аьзнашлахь билгалдуьйлуш, сийначу бацалахь цIен зезаг санна, къесташ хуьлу цхьа шатайпа аз. И аз ду иллих тоьлла илли дийриг, и аз ду иллин мукъам адамийн дегнаш чу бижориг. ХIинца тхан иллина оьшург а ду иштта аз.

И декхар кхочушдан тIедоьжна ву Сайд-Ахьмад. «ПетIама-а-а-а-ат!..» аьлла, аз доллушехь, Сайд-Ахьмада шен озаца тIаьхьара айира. Иллин догIа досту меттиг яра иза!.. (Сайна цунах цхьаъ хууш санна, дуьйцу ас!) «ПетIама-а-а-а-а-ат!!!» аьлла, аз дахдира цо. Аз хилла а ца Iара иза!.. Хьал ца хуучунна моьттур дара, Дагаев Валидца а, Кобзон Иосифца а, сцена къуьйсуш, Сайд-Ахьмад хьалакхиъна ву. Дийкира Сайд-Ахьмадан аз – сел йоккха зал юьзира цо. Эзар адаман яххьаш яра гуш: хIор юьхь тIехь шера гора самукъа. ШолгIа а элира тIаьхьара ши могIа: «Со кестта кхочур ву хьо йолчу махка!..» ШолгIа а Сайд-Ахьмадан озо лакхе схьаийцира. Дийкира аз. КIеда, тайна-таме, аьхна, зевне аз. Музыкан говзанчашца къийсамевийла-м хIуттур вац со, амма, цуьнца дуста аз дуьнен тIехь кхин хир дуй-те аьлла, оццул хаза дара аз. Там хиллера суна оцу балхах: хIара «гIурт» кегийнарг со хиларна юьхьIаьржахIоттарна кхоьруш, дукха садиънера ас. «Давай, Серый!.. Молодец!!!» – ала догдогIура сан. Ткъа сцени тIехь и дан сан таро яцара. Хонах дечига-пондаран маьIиг таIош, Сайд-Ахьмадна муьшкаян ларийра со. Со резахиларх кхийтира иза.

Сесанарчу Эльдарханов Ахьмада, ша говза илланча хиларе терра, шена а, шен тобанна а догIу долччу кепара кхоьллина илли дара иза. Иллин говза «пхьар» ву аьлла, гIараваьллачу Сесанарчу Ахматханов Вахас а дикка хала ойуш йолу нота яра иза. Бакъду, Сайд-Ахьмадан лога тIехь цхьа а пха буса а ца лора, и ойуш. Вай-й-н къажарца, жимма корта раз а боккхий, ладогIархошка а хьоьжуш, парггIат лаьттара иза сцени тIехь. мукъамех кIеззиг мукъане а кхеташ волчунна хаьара, мел доккха похIма оьшу илланчина и аз даккха. ЛадугIучийн дегнаш иракарахIиттийра оцу озо. Тапьаьлла тийна, эзар адам дара Сайд-Ахьмадана тIехьаьжна. ХIоранна а юьхь тIехь самукъадалар хаалора. Сцена серлайоккхуш, тIекъарзийначу чиркхаша йохйора тхан яххьаш. Тхох хIоранна а, кIеззиг хаалуш, хьацар тоьхнера юьхь тIе. Сайд-Ахьмад хIинца хаъал паргIатваьллера. Тхо а дара хIинца дикка паргIат: кхидIа а иза ларор хиларх тешнера. Зала чохь дукха бара тхан накъостий. Царна, хIоранна а бохург санна, хууш дара, шолгIа аз айа тхо кхааннах цхьаннан а говзалла йоцийла. Сара санна, вуткъачу хIокху накъосто хIун леладо-те, цуьнга-м айалур ма дац шолгIа аз бохуш, сагатдеш хиллера Сайд-Ахьмад цавевзарш. Хьалхарчу могIарехь хиъна Iачу тхайн декане бIаьргтуьйхира ас: цуьнан юьхь екхаелла хааелира суна.


ШолгIа а, кхоалгIа а дакъош а иштта чекхдевлира. ТIаьххьара ши могIа, кхузза юх-юха олуш, аз лагIдеш, дерзийра оха илли. Сайд-Ахьмадан зевне аз Iаьрчашкахь декаш дисира.
Меттахъелира зал: берриге а хьовсархой цхьабосса тIараш детта буьйлира. Юкъ-юкъа маьхьарий а хезара: «Молодцы!!!» – бохуш. Моьттур дара, кхарна хьалха артисташ бу. Сценин гIиллакхца догIуш ма-хиллара, ладугIучарна баркалла олучу куьцара кортош а таIийна, юха а дирзина, дIадахара тхо. Детта тIараш ца совцура: концерт йолош, дуьххьара сцени тIе кхайкхинарш дара тхо. Юха а сцени тIе дийхира хьовсархоша. Юха а царна баркалла а аьлла, тхо кирхьанна тIехьа къайладевлира. Концерт кхин а дIаяьхьира…


Хьацар тоьхнера тхуна хIинца. Ца тухийла а дацара! Зала чохь болчел а чIогIа цецдевллера тхо… тхаьш кегийначу «гIуртах», делахь а тхьаьшна резадара тхо. Цунах цецдевлларш-м тхо хилла Iарий а хаац. Зала чохь мел долу моттхуу а, цахуу хIума а цхьаьна... цецдаьллачух тера дара. Мотт хууш ша хилча, цецьяла там бара Гуьмсан-кIоштарчу «Дружба» совхозан тракторни бригадехь, кемсийн аренаш тIехь хотта-чIурам а йина, Сайд-Ахьмада сийсара дIахIоттийна йолу цуьнан трактор а. Силамех юьзна йолу белхан бедарш чу а кхиссина, сийсара дIавахана шен да, сийна костюм а юьйхина, кIайчу куча тIехула цIен галстук а йихкина, «фестивалан полла» некха т1е а латийна, тахана Соьлжа-ГIаларчу йоккхачу сцени тIехь илли-кIеж туьйсуьйтуш ву аьлча, цец муха ер яцара тарахтор?!


Концерт чекхъяларе а ца хьоьжуш, кирхьанаш тIехьа долчу тхуна тIееара Н.Н.Шевченко. Ма-йоггIура, Сайд-Ахьмадна тIе еара иза. Ши кIира хьалха айса йийцина «харцо» цунна гучуяьлча санна, эхь хетара суна. Сайд-Ахьмадан пхьарс схьа а лаьцна, оьрсийн маттахь эира цо:
– Ну, молодцы, мои мальчики!.. И что за слушатель подкурсов у нас объявился, Джунаидов?! Только вы могли такое придумать!.. Скажи мне, кто этот красавец?! – тхан балхана резахилар гучудоккхуш, йистхилира иза.
Сан гергара а ву, сан нийсархо а ву аьлла, вийцира ас Сайд-Ахьмад.
– Саид, вы далеко пойдете. Вам нужно посвятить себя музыкальному искусству. У вас очень большой дар. Я вам правду говорю… У вас врожденный талант… Вы предоставили залу огромное удовольствие!.. Спасибо вам!.. – довха дешнаш элира цо. Уьш цуьнан даггара а дара.
«Иза-м, дийцича а, эрна дара!.. Талант, тов!.. Дала ларвойла со хIара Мумадана гучудаларх», – шен дагахь иза а долуш, йоккхачу стагана баркалла а аьлла, Сайд-Ахьмад юхавелира.
Суьйре тIееанера… Бода къовлабалале аьлла, тIаьххьара Гуьмсе йоьдучу автобусна тIекхиа веза Сайд-Ахьмад новкъа а ваьккхина, со юха зала чу вахара.

***
Итт баллаца мах хадочу кепехь уггар а лакхара балл еллера тхан балхана. Телеконкурса юкъа а яхийтира тхан тоба. КхидIа къийса реза ца хилла, ас тIе ца лецира и гIуллакх. Сайд-Ахьмада а магийра сан сацам.

Орга. №7. 2019. Эл. кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика