ГАЙТУКАЕВ АСЛАМБЕК

PDFПечатьE-mail

Деган тΙорказахь гулбелла бахам

/Яралиев Юсупан кхоллараллах дош/

«Хьалхавоьдург тIаьхьавогIучунна тIай ду», – олуш ду вайн халкъалахь а. Массо а заманахь оьшу историга бIаьрг тохар, хилларш-лелларш довзар, ша мила, мичара схьавогIуш ву хаар, ойлаеш а, сема а хилар.

Яханчу хене бIаьрг тоьхча, I957-чу шарера I99I-гIа шо кхаччалц йолу зама вайнехан дахарехь шатайпа, ренессанс ала мегар долуш, мур-зама хетало. Вайн халкъана шайх беркат даьлла нах дуккха бевлира оцу заманахь. Цул хьалха еанчу 30 шо гергга заманахь латтийначу гIелоно, къизалло, харцоно дан аьтто боцуш дитина диканаш кхиамца юхаметтахIотто доьллера вайн халкъ. Халкъ махках даьккхинчу шерашкахь хийрачу махкахь дуьнен тIе ваьллачу Яралиев Юсупан, дуккха а кхечеран санна, «деган тIорказахь дуккха бахам гулбеллера». Дала массеран ца бо аьтто, говзачу, аьхначу, хьекъалечу дашца и «бахам» гучубаккха. Юсуп оцу тIехь Дала дика диначех ву, аьлла хета суна.


20-чу бIешеран 70-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Яралиев Юсуп Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхйоккхуш вара, со цу хенахь оццу хьукматан математикин факультете деша веанера. Вовшашка вистхуьлуш тхойшиъ вевзина ца хиллехь а, «Студентийн бIаьсте» олучу кхоллараллин къийсамашкахь Юсупа бохучу толамийн тешаш а, цо цигахь говза йоьшучу байтийн ладогIархой а хуьлура математикаш долу тхо а. Оцу «бIаьстенашкахь» евзинера тхуна Ахмадов Мусан «Нохчийчоь», Бисултанов Аптин «Джоконда», Яралиев Юсупан «Кад» цIерш йолу башха байташ. И говзарш церан авторша боккхачу деган айамца, говза, корматаллица йоьшура. Йоьшура, жимма хилла а шен къоман дахарца, маттаца бала болчун даг чу ца йийша йиш йоцуш.


Университетерчу оцу цхьаьнакхетаршкахь, «Орга» журналан а, «Даймохк» (хьалха – «Ленинан некъ) газетан а, ткъа иштта кIоштийн агIонаш тIехь а дуьххьара ешна дешархоша Юсупан стихаш. I989-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжкийн издательствехь араелира Ю. Яралиевн «Шовданехь суьйре» цIе йолу байтийн гулар. Цундела, авторан кхоллараллех дош ала лиъча, Юсупан оцу (цхьаъ бен йоцчу) гуларна тIетовжа дезаш нисло.
Яралиев Юсупан лирически турпалхо, «ас-со» бохуш вац. Иза, шен мотт, мохк, цуьнан Iалам, адамаш дезаш, халкъан истори, Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ девзаш, къоман таханенах, кханенах доглозуш, халонех ца кхоьруш, онда амал йолу стаг ву. Буьрсачу дарцо ша бIарзвича, цо боху:

Зевнечу шен озехь
Луш суна гIора,
Сел холчахIоьттина
Со йохье вохуш,
Малх санна, цу дорцехь
Сан кхане гора.
Юсупа дуьйцу харачойн «саоьзда чахчар-шовда ду шен сирла аз, амат долуш, историн абат ешна, нохчийн маттахь мохь бетташ»:

Яхь яйна ша хьийззал,
атта
кIелдиссал
са доцуш дац и…

Лирически турпалхочунна «даима лаьмнаша некъ хьехна». Оцу Iаламах, цуьнан седарчех, малхах, лаьттах масал эцаре, «яхьдуьйлуш» беркате, хьанал гIуллакхаш даре, кIайн хабарш Iаддитаре кхойкху цо. «Соьмо гIант нисдина, партбилет кисанахь курхаллаш дечаьрга» Яралиевс дIахьедо:

Лечкъийна хIун до вай,
Гуш ма ду кIайн хабарш,
Вай стенна хIиттор ю кеп?
Халкъана курхалла
Деш леллий пайхамарш?
Я эшний цхьа а билет?

Ю. Яралиевн «ХIетахь» цIе йолчу байто говза а, башха а схьагойту халкъан цхьа а бехк боцуш, аганахь долу бер а бехке деш, тIехIоьттина харцо. И бохам тIе ца беана, нохчийн доьналла долу къонахий боцуш, цаьргахь яхь йоцуш, «халкъан бала кхочурш боцуш» а. I944-чу шеран Iаьнан чиллахь тIеана, «бIаьрса гIорош» йолу ирча Iуьйре кечйинера къоман гIад кагдан, «гIиллакхаш юьIаьржахIитто»:

Нохчий иштта
арабаьхна,
весет доцуш, шерет доцуш,
ков-керт, даьхний
дIа а даьхна,
Бакъонаш дIаяьхна.

Ала догIу, оцу темина маьрша зорбанехь яздан бакъо яьлла хан а яра иза. Яралиевн «ХIетахь» стихотворени, суна хетарехь, ишколан программина юкъаяхийтича, дика хир дара. Назманан кепехь а дIаала (дагардан) тарлора и могIанаш оцунна охIла болчара. «Iаьнан шело, нехан шело, тIеман шело, къоман иэшам» къоначу тIаьхьенашка бицбайта йиш цахилар гойту байтан могIанаша. Масех шо хьалха вайн университетерчу студенташца цхьаьнакхетар хиллачо дуьйцуш хезна суна, вайнах муьлхачу шарахь махках баьхна цахуурш хаабелира шена царна юккъехь бохуш.
«Шовданерчу суьйрено» тидам тIебохуьйтучу кхачамбацарийн, баланий, хеттарийн тай вай лакхахь дагардинчаьрца хедаш дац. Дерриг Делан йозанца делахь а, Сийлахьчо вайн аьтто бина дика а, вон а къасто. ЦIа догуш йогу цIе зен деш ю, яй кхехкош йогучо пайда бо. «Пхьеро бина цIена кад» санна, лору авторо дахаран некъаш.

Хаьий ткъа кхиволчо цу чохь хIун лелор?
Цхьа ямарт, дIаьвше хьоькх цо пхьерах елор
Я дашо седарчий кеда чохь къегор…
Адамех доьзна ду дерриг а Iедал –
Кеда чу дахаран тIадамаш эгар.
Адамо диннарг хир ду цу кедан…

Яралиев Юсупан оцу гуларна юкъахь дуккха а байташ ю, хIораннах мелла а алсам дийца йиш йолуш. Цундела ларамза дац, царах дуккха а ерш иллийн мукъамехь вайна хезаш хилар. Ишттачарах ю: «Дала ма лайла вай, кIентий», «Мох хьоькху», «ГIиллакх», «Оршот-буьйса», «Ас сайн ойла…» и.дI.кх. Оцу могIанаша гучудоху лирически турпалхочун гIиллакхаш, амал, иэс, оьзда-сирла лаамаш, гергарлонийн уьйр-марзонаш, безам, сатийсамаш, синхьийзамаш, «лаьмнийн поэзи айа лаам»... Мохк, къаьмнашлахь цуьнан сий, иза лакхарчу тIегIане доккхур долу некъаш, Даймехкан «кхерчахь хьоькху сиркхонийн мох», мехкан некъах «хьерча осала некъаш», дерригенах доглазар, дерригенна орцахвала ша хьакъ хетар ду цаьрца.

МаьIне, хьекъале а ду Яралиев Юсупан хIара башха могIанаш:

Догуш дац, дIадовш дац гIиллакх,
Йогучу цIерга и тилларх,
Шеллуш а дац оьзда гIиллакх,
Шийлачу шелонга дилларх…
ГIиллакх, кIант, кхоьллина наха.
И гIиллакх, хьо дукхавахарг,
Кхоьллина лелочун дуьхьа,
Сий дайта лелочун юьхьан.

Авторна вуно дика девза вайн дахаран бакъдерг, диканаш-вонаш, беркате а, беркате хила йиш йоцу а хийцамаш, вай нис ца делча, вайх хила тарлург. Уьш бахьанехь илланчин дог лозу, и лазам шен турпалхочуьнгахула цо дешархочуьнга говза дIакхачабо исбаьхьаллин басаршца:

Гергарло латто цIе йов,
Вовшашна вай тIеттIа кхачо
Некъ сецча, тIечIаьгIча ков,
Товханна тосуьйтуш маша.

Алахь а «ЧугIур ду вай»,
Лулахо, хьуний а дайна,
Дог хилча рицкъанан лай,
Чу-каре ца оьшу вайна.

Кхерчара цIе хIунда яй?
Дог гIерта дог долчу кхача!
Рицкъанаш-м долуш ду вайн,
Къийбелла-кх дедайн синкхача.

Яралиев Юсупан лирически турпалхочун (коьртачу декъана, иза ша автор хиларх теша вай) деган тIорказахь, вайна ма-гарра, кIеззиг дац гулделларг. Лаьмнийн кIентан дуккха ду доглезнарг, иза бала кхочург винарг. Вай тешна ду, поэт а, гочдархо а, говза хьехархо а, меттан говзанча а волчу Яралиев Юсупан байтех марзо эцнарг шен мотт, мохк, цуьнан лазамаш, сатийсамаш, дахаран зиэделларг довзарехь, тIаьхьешна иза дIадала а хьашт хиларехь соввер ву. Иза ду Ю.Яралиевн кхоллараллин мехалниг.

Орга №7. 2019. Эл. кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика