ШАДИЕВ АХЬМАД

PDFПечатьE-mail

schadiev

 

Синан мерзаш

 

Шадиев Ахьмад вина 1995-чу шеран ноябрь беттан I6-чу дийнахь Сунжа-гIалахь (хьалха Слепцовски станци). 

2013-чу шарахь чекхъяьккхина цо Малгобекски кIошттара Керла (Новый) Редант юьртан юккъера школа. Оццу шарахь деша вахара Шедиев Ахьмад ГIалгIайн Пачхьалкхан Урхаллин Университетан Iер-дахаран а, бизнесан а декъашкахь менеджментан факультете. И цо чекхъяьккхина 2017-чу шарахь, «ГIалгIайн Республикехь кегийрхойн политика» темина дипломан болх а язбеш. Болх беш ву аутсорсинган компанехь а, вайнехан культурин, меттан школехь а. Шадиев Ахьмад стихаш язъян волавелла шен I6 шо кхаьчча. ГIалгIайн а, нохчийн а меттанашкахь язйо цо уьш. Цуьнан стихашкахь коьрта теманаш ю вежаралла, доттагIалла, Даймохк. Цо шен байташкахь юх-юха а билгалдоккху нохчий а, гIалгIай а цхьана цIийх, цхьана дех схьабевлла, меттанашца а, культурица а уггаре а гергара ши къам хилар. Бовхачу безамца юьйцу цо шен нана-ГIалгIайчоь, иштта довха дешнаш карадо цунна Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна ала.
Карарчу хенахь Шадиев Ахьмад дагахь ву гIалгIайн а, нохчийн а меттанашкахь ша язйина стихаш йоккхачу гуларехь цхьаьна арахеца, «Синан мерзаш» аьлла хир ю цу гуларан цIе.
Дала аьтто бойла хьан, Ахьмад, хьайн кхоллараллин новкъахь!

 

Шайх Мансур

Майра Мансур – лаьмнийн ткъес,
Вайнехан хьо – сийлахь иэс,
Хьан цIе – къоман лекха лам,
Тхан маршонан шуьйра тIам.

Оьзда Мансур – халкъан герз,
Мехкарийн эшарийн мерз,
Хьан толамаш – мехкан бIов,
Хьан дIакхалхар – къоман чов.

МостагIчуьнца ахь беш тIом,
Доьналлехь хьо дара, лом,
Кавказ маьрша яккхарехь,
Хьалхара гIулч яьккхи ахь!


Синан мерзаш

Дека шу гIайгIане, сан синан мерзаш,
Сан деган хIора пха шун долахь бу,
ГIорасиз волчунна шун мукъам – герз ду,
Синтемо къобалбеш тIелоцуш бу.

Декачу шен мерзех хилла син кхача,
Белхабеш дуьнене баланаш шен,
Сан даг тIе бIаьрхиша дина шайн тача,
Ойланаш Iехо бац цхьа безам бен.

Кхолламо латийна рицкъанан седа,
Вайн Делан лаамехь дIабайна бу,
Шуьйрачу стигланахь седарчий сега,
Буса уьш меттаза доттагIий бу...

ГIалгIайчоь

Хьо сан латта декъал дуьйцуш
дешнаш олу,
Даймохк, хьо ирсе гича тӀома волу,
ХӀора татол, хӀора тӀулг бу хьомсара,
Сан ГӀалгӀайчоь –
хьо дай баьхна ДегIаста.

Халкъан дахар хьо хиларо хаздина,
Хало еъча – хьан йовхоно хьистина,
Арахь хилча – хьо бен яц тхо тӀеэца,
Къоман бала, гӀайгӀа, иэшам дIаэца.

Хьоьца ма ю тхан дог-ойла, ГӀалгӀайчоь,
Лаьмнийн баххьаш къагийна
хьан хазалло,
Хьан дуьхьа бу кийча бага къонахий,
Мехкан маршо хилар ду
вайн гӀалгӀайн сий.

Х1ай, сан гӀалгӀа,
дӀа ма лолахь къоман яхь,
Дайн ламасташ лара деза – хаалахь.
Машар бохьуш йогӀийла мел йогӀу хан,
Сан ГӀалгӀайчоь –
ду хьо самах гина гӀан.

Хьо – тхан дахар, марзо,
къоман бохь – лакхе,
Ирсах кхиош, дехар ду хьо, безаме,
Оьзда ду вай дайх дисина Ӏадаташ,
ГӀалгӀайчоь, ахь тхуна елла
хьайн амалш.

Хьоьга кхийдо тхайн
доьзалийн маршаллаш,
Даймохк хилар ю тхан коьрта куралла.
Хьоьца хийца дуьненахь тхан рицкъа дац,
Хьо ца хилча, хьан халкъана дахар дац.

Сан даймохк

Дегнаш доьлуш хестош ю хьо, Нохчийчоь,
Безамца тхо маракъовлар доьху хьоь.
Нохчаллех бу тхан дегнаш чохь лекха лам,
Хьан ирс хилар бу тхан дегнийн мерза там.

Сан дог-ойла хьоьца ма ю, Даймохк сан,
Гена ваьлча, лаьа ган хьо гӀенашкахь,
Къоман дегнаш тӀома дохуш ехийла,
Нохчийчоь, малх хьуна сирла къегийла!

Лаьмнашкахь хьан цӀе екаеш ду сан аз,
Хьох йоккхаеш, дозалла деш ю Кавказ,
Аьрзуно, шен тӀемаш даржош, айавой,
Со дIавуьгу сан Даймахка долчу той.

***
Даьлча санна эзар шо,
Хьоьстуш цу хьан безамо,
ВогIу доттагI вехачу,
Туьйранечу – Нохчийчу.

Кхийдадеш шайн маршаллаш,
Лаьмнаш ду деш тоьшалаш:
Кхузахь беха къонахий,
ГIалгIайн майра вежарий.

Маракъуьйлуш безаме,
Хьаша вина лераме,
Елаелла тIеоьцуш,
Нохчийчоь ю догъоьцуш.

Хьоьга ду-кха маршалла,
ГIалгIайчура тоьшалла,
Хьан хазаллех тамашбеш
Дог доьлуш ву, декъалъеш.

ХьошалгIахь вац кхузахь со.
Хьоме йина амало,
ВогIу доттагI вехачу
Хазчу махка – Нохчийчу!

Орга №7. 2019. Эл. кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика