ЯРАЛИЕВ ЮСУП

PDFПечатьE-mail

jaraliev

 

Дахаран хи

/Кица/

Карош ду кица
Дáхаран хица,
Ца гахь а х1инца
Хин луьста цинцаш.

Юьхь йашош цинцаш
Ца деттарх х1инцца,
Карор ду хица
Хьекъале кица.



Хьуна и лаахь а,
Хьуна ца лаахь а,
Йа ахь и лахахь а,
Ахь и ца лахахь а,

Лахахь ца лахахь а,
Лаахь ца лаахь а,
Хаахь ца хаахь а,
Магахь ца магахь а,

Лакхахь а, лахахь а,
Лахахь а, лакхахь а,
Доьдучу хица
Карор ду кица.


Дарц

Дарц дара,
Тен ца туьйш,
Юткъа шок етташ,
БӀаьрг белла ца вуьтуш,
Юьхь т1е даш детташ,
Буьрсачу цу дорцо
Со бӀарзвинера,
Са кхачо гӀерташ, цо
Г1аддайинера,

Къарлой ма гайталахь
Шена хьо, бохуш,
Зевнечу шен озехь
Луш суна гlopa,
Сел холчахӀоьттина
Со йохье вохуш,
Малх санна, цу дорцехь
Сан кхане гора!

***
Ac динчу a,
дан дезачу a
некъийн ойла ас йича,
Кхочушдинчу а,
дан дезачу а
декхаршка ладоьгӀча,
Кхе тилла дечиг доцу Ӏаьнан суьйре
хьаьжира сан ойланечу товхане.

***
Алаза дисинарг деши ду,
къаноша баьхна.
Сан деган тӀорказахь
и бахам гулбелла дукха.
Хьех-мерх и чекхбаьлла,
ТӀехйина наб санна, хьаьхна.
Дешан ницкъ – олхазар,
ваккха со цу хьолах мукъа.

Чахчар-шовда

Ас цунна хастам бо, хастам!
И хасто ма кӀордош вац со.
Аз сирла дека и шовда,
Цуьнга ладоьгӀча, аз дов сан.

ДогӀу и,
саоьзда шовда,
Марзонан кеп хилла, ловзуш.
Башха ду Чахчаран амат,
Цо ешна историн абат.
Яхь яйна ша хьийззал, атта
кӀелдиссал са доцуш дац и.

Шен дика ца хердеш нахах,
Чахчаре хьежна дӀо малх а.

Керчаеш тембоцу ойла,
Мукъам бо шовдано шовкъе.
Чахчаро литтина зама,
Заманах дош а ду ала.
Цо нохчийн маттахь мохь бетта,
Некъ ларбо бердашца бертахь.

Йочане марха тӀехьовзарх,
ГӀел ца ло хорачойн шовда.

Хорачахь

Лаьмнаша ларъеш ю
хорачойн эвла...
Ӏуьйренан кӀайн йовлакх
цу лаьмнех-хьерча.
Малх хьаьжна!
Нур-зӀаьнарш
Кхелакхе евлла.
ДӀо лахахь...
ДӀаьхьаьжча, дохк го схьакерчаш.
Д1о лахахь дохк го схьакерчаш.

Лаьмнаша хьесап до
схьагучу белхан:
Дахкаро йийсаре
ерзош ю стигал.
Яча-м ца йоллу-те?..
ДогӀанах елха
ХӀоьттинчу стигланах
кхета уьш тигац.
Стигланах кхета уьш тигац.

Кхетац-те и лаьмнаш
сан ойланах а?
Ца кхета амал дац!
Дас-нанас санна,
Кхиийна цара со
Кху дегӀе ваххалц.
Лаьмнашкахь ирс лоьхуш
ваьцна хьацарна.
Лаьмнашкахь ваьцна хьацарна.

Тахана а деза сан-м
къахьега гӀеххьа
ГӀайгӀанехь,
диканехь,
догӀанехь,
малхехь –
Даима лаьмнаша
некъ суна хьехна.
Хьалхахьа
г1уo баьхна,
некъ мел бу хьалха.
Некъ бацахь,
некъ боккхуш –
хьалха!

Ткъа Ӏалам лаьмнашкахь
догӀане хиларх,
ХӀума дац.
Безамах тера ду Ӏалам.
Цкъа доьлху.
Ва тӀаккха доьлу и.
Сиха
Бос хорцуш ю цуьнан
исбаьхьа амал.
Ӏаламан исбаьхьа амал.

И догӀа-м дӀатуьйр ду.
Тхан жима эвла
Хазлур ю,
къегар ю,
лийчийча санна.
КӀадвелла,
со хир ву сакъераделла,
Сел цӀена хазалла
тӀеэцна сайна.
Хазалла тӀеэцна сайна.

***
Илли ду, нур ду и —
Дайх дисна дахар!
Дай баьхна
Маьлхан а,
Лаьттан а
сий деш.
Вайн йиш яц кху лаьттахь
Лар йоцуш даха,
Вайна а дисна хир
Цхьа кӀеззиг иллеш!

Седарчийн буьйсанна

ЛадогӀал, хӀай накъост, ойлае вайша,
Д1о стиглахь богучу седано санна.
Нур делош, хьоьжу и кху лаьтта вайга,
Шен йиш хиларна, хӀай, шен йиш хиларна.

ЛадогӀа ахь, накъост, ойла ер вайша...
Стиглара и седа-м шен стиглахь лепа.
Кху лаьттан седарчий дац тӀаккха вай а?
Кху лаьттахь ма ду вай. Ткъа вай ца лепа…

ЛадогӀа ахь, накъост, ойла ей вайша
Цу стиглахь догучу седарчийн нуьрца.
Йина хир и ойла вайн ворхӀе дайша
Шайн цхьацца седанца,
яхьбуьйлуш цуьнца.

ХӀораннан дахарехь шен некъ чулоцуш,
Сатийсам-седарчий хилла хир церан.
Цхьаъа а ма вац вайх цхьа седа боцуш.
Вуй тӀаккха? Вац, накъост,
вац, накъост, дера.

Хьажахьа, дӀо мархаш хьийзина хир ю,
Седарчийн дашо нур дӀахьулдан гӀерташ.
И сурт гуш, дайша а дина ма хир ду,
Шайн хене хьаьжжина
шайн цхьацца хеттарш.

Цкъа баьхна хир цара, ойлане оьгуш:
«Вай стенна деха, хӀай, вай хӀунда деха?»
ТӀаккха цу ойлано хилла хир хьоьхуш:
«Седанах ваьхначун дахар ду деха».

Ойлае ахь, накъост, ойла ер вайша,
Ойлано вайшинна цхьаъ хьоьхур дац-те?
Хьежа хьо седане. И седа байча,
Хьожур ву вайша кху лахарчу лаьтте.

Ойла ер вайшимма сахиллалц тховса,
Ойла ер адамийн, ойла ер лаьттан,
Хан кхаьчна вай вешан дегнашка хьовса:
Малхаца яхьдуьйлуш, даха вай лаьттахь!

Кад

ХӀун ца до адамо, дуьненахь лелаш?
Чолхе ду адамийн кхолламийн некъаш.
ХӀораммо цхьацца до:
верта, нох, цӀенош...
Ткъа пхьеро кад бина,
ЦӀена кад бина цо нахана лело.

Хууш дац, цу кедахь наха хӀун лелор:
Цхьаммо-ма ша вахо, чохь ялта хьекхор,
Ткъа вукхо-м ша вахо чу къаьркъа Ӏенор.
Пхьеро-ма кад бина,
ЦӀена кад бина цо нахана лело.

Хаьий ткъа кхиволчо цу чохь хӀун лелор?
Цхьа ямарт, дӀаьвше хьоькх
цо пхьерах елор
Я дашо седарчий кеда чохь къегор, —
Ткъа пхьеро-м кад бина,
ЦӀена кад бина цо нахана лело.

Адамех доьзна ду дерриг и Ӏедал —
Кеда чу дахаран тӀадамаш эгар.
Адамо диннарг ду хиндерг цу кедан.
Ткъа пхьеро кад бина,
ЦӀена кад бина цо нахана лело.

Кад, цӀена лелабахь, цӀена хир беца.
Бехлур и, боьхачу куьйгаша лецахь,
Боьха дерг, ца луьттуш, кеда чу хецахь.
Вайн пхьеро кад бина.
Ткъа вай и цӀеначу куьйга дӀаэца?!
***
Цецвийла дисина-м
ХӀумма а дацара.
Цед адам хир дара со-м.
Кхачац сан кисана
Мах лелош базарахь
Хьарам я хьарамза сом.

Цецвийла дисинарг
ТӀедузу кхечара.
Дийца уьш ма дукха ду.
Партбилет кисанахь
Курхалаш дечара
Сан нисдан хӀун гӀуллакх ду?

И билет кисана
Катухуш волчуьнга
Хьаьнгга а диллалуш ду.
Соьмо гӀант нисдинарг
Шен киса долчухьа
Нийса некъ биллалуш ву.

Лечкъийна хӀун до вай,
Гуш ма ду кӀайн хабарш,
Вай стенна хӀиттор ю кеп?
Халкъана курхалла
Деш леллий пайхамарш?
Я эшний цхьа а билет?

***
Хьакхаза йисинчу
колхозан цанашкахь санна,
Цхьа дагахьбалламаш цӀийза кху махехь,
нехан сахьийзош.
ХӀара мох-м хьоькхура,
бӀешерийн халонаш яйна.
Ца хаьа-кх, дӀогара
колхозан неӀ стенна цӀийза,
Да воцчу хьаьвди тӀехь
колхозан меца етт хьийзарх.

***
Гуьйренан
тӀаьххьара денош
Ӏадаккха абаде доьлху.
ГӀайгӀане,
шен бӀаьрхиш Ӏенош,
Стигал
цу деношна йоьлху.

Некъан амал

Некъ — иза накъост ву,
Хьекъале накъост,
Хьанна хӀун накъост ву
Амалца къастош.

Стаг велахь тешаме,
Некъо и лоьру.
Стаг велахь хьекъале,
Вонах ца кхоьру.

ЮьхьӀаьржа хӀутту некъ –
Некъо и боху —
Шен голатухийлехь
Лечкъинехь бохам.

ДогъӀаьржа адам гахь,
Тарло и боха.
Харцо и елахь а,
Хаьа сатоха.

Ямартло гайтинехь,
Кхачалой хьекъал,
Некъ хуьлу гӀайгӀане,
Сагатдо некъо.

Некъана догцӀена
Некъахо веза.
Некъан ирс догцӀена
Волчунна къиэжа.

Iаьнан малх

Юрт самаели.
Дуьне а къеги
Мела схьакхетачу малхана.
Можа-цӀен серло,
ТӀаьхь-тӀаьхьа сенъеш,
Къежа малх гӀовттучу нахана.

Малх мерза хьоьжу,
Ойлане, боьлуш,
Лайн кӀайлло хьулдинчу Ӏаламе.
Малхана диэза
Хьестар гӀа, зезаг —
Сатуьйсу цо бӀаьсте яларе.

Юрт – иза халкъ ду.
Ткъа серло – бакъдерг.
ХӀара байт ешалаш самонца.
Ло – хабарш лара.
Ткъа Ӏалам — дахар.
Маьлхан сурт дуьсти ас маршонца.

***
Сан корах чухьоьжу
бӀаьрг сийна Ӏуьйре.
Сан дагахьбалламийн
дуьхе и юьйлу.
Ӏехаво Ӏуьйрено,
коьртах куьг хьоькхуш,
Йицъяйта
хьаьъначу селхенан хьоькхнаш.

Со Ӏуьллу, набарха
валанзий, ваьллий,
дахкаро, тӀехьерчаш,
сагатдо лаьмнийн.
ЦӀийелла, качъелла
еана Ӏуьйре
Йочана ян гӀерта,
дохк-марха уьйуш.

Я Ӏуьйре, лууш сан
дог-ойла йовза,
ХӀиллане забарш еш,
юьйлу-те ловза?

Дахаран элпаш

Ша дуьненахь даьхна хилар бакъдан,
Дахарера элпаш деза дагна.

Хаьа суна: хьоьхур дац и элпаш
Ас цхьа даккхий синош дахаро,

Я дех бисна болчу бахамо,
Я кегдаро куьйгаш тӀера пӀелгаш
Хьоьхур дац-кха дагна оьшу элпаш.

Суна-м хаьа, суна-м билггал хаьа
Хьоьхур дуй уьш ша вайн дахаро,
Хьоьхур дуй уьш дахар ахаро,
Доггах хьоьжуш къинхьегаман бӀаьра,
Суна-м хаьа, суна-м билггал хаьа.

Ша дуьненахь даьхна хилар бакъдан,
Дахарера элпаш деза дагна.
Къона бӀаьргаш, шу дуьнене хьовса!
Хьовса хӀун ду оьшуш Ӏаламна,
Адамашна. Шаьш уьш ларарна,
Кху дахаран хазалле шу хьовса,
ГIо де дагна оьшу элпаш довза.

Ткъа дуьненахь-м дан дезарш ду шорта,
Дерриг кхочушдан вай ларадахь
Йист гуш йоцчу хӀокху дахарехь.
Дахар-м ма ду, бӀаьргаш, тера хӀордах.
Ткъа хӀордаца йозанаш ду шорта!

***
Сискал
йиссал
хила еза.
Йиссал йоцург
сискал яц.

Дала ма лайла вай, кIентий

Дала ма лайла вай, кӀентий,
Цкъа доггах цхьа хаза
ХӀара дуьне дааза,
Дала ма лайла вай, кӀентий.

Дуьненан Ӏаламах
Цхьа илли алаза,
Дала ма лайла вай, кӀентий.

Дицлур ду вовшашна,
Къаьстича вовшах вай.
Дала ма лайла вай, кӀентий.

Безамо хьаьсттинчохь,
Я махках къаьсттинчохь,
Дала ма лайла вай, кӀентий.

Вовшашка хьовсаза,
Г1иллакхца довзаза,
Дала ма лайла вай, кӀентий.

Ца кхуьуш совгӀат дан
Халкъана хьомсарчу,
Дала ма лайла вай, кӀентий.

Дайх ала дош доцуш,
Даймахкахь каш доцуш,
Дала ма лайла вай, кӀентий!
Дала ма лайла вай, кӀентий!

Орга №7. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика