БЕКСУЛТАНОВ МУСА

PDFПечатьE-mail

bex2222

Гергара а, генара а денош

 

Суна дагадогIу тхайн хилла лоха цIа, буьйдачу кибарчигех дина долу. Уче еллаелла яра цуьнан, цхьа рама а йоцуш. Я учахь тоьхна аннаш а дацара.
Да веллера тхан – тхо дукха кегий долуш – кхайкхочу лазарх1. Цо дехха лелийна бохура и лазар, Казахстанехь кхетта долу.
Юха шовзткъе берхIийтталгIачу шеран бIаьста, кийрара тас дуззал цIий а тесна, оцу сохьта веллера.
Иза ца кхиънера цIенош чекхдаха. Уьш иштта латта а дисира, еллаелла уче а йолуш, аннаш а тохаза.


Со хьалхарчу классе волавелла гуьйре бен, дикка дага ца догIу суна хилларш. Юкъ-юкъа къаьста, цхьацца хазахетта я халахетта меттигаш.
Да веллачу шолгIачу шеран гурахь, цхьа астагI стаг, Iаса а луьйзуш, схьа а вогIий, охьахуура тхан цIийнан дуьхьларчу бай тIе.
Цо пIелг а лестош, балдаш хьедора, тхан тхов тIе а хьоьжуш.
Нана гуттар а йоьхна хуьлура иза гучуваьлча. Юха сихха цхьанхьа дIа а йоьдура.
Со цунах (астагIчу стагах) кхоьрура.
Цхьана дийнахь ворданца, шеца кхин ши стаг а валош, схьа а веъна, тхан тхов тIера шифер дIаехьира цо, охьа а яьккхина.
Нанас цаьрга, чу а довлий, хIума яа элира, уьш тхов тIехь бохкуш.
Уьш чу ца баьхкира.


Юха нана уьш дIабахча йилхира: «Хуур дар-кх иза дийна хиллехь, иза дийна хиллехь хуур дар-кх», – бохуш. ТIаккха со а вилхира, геннара нанна бIаьра а хьоьжуш.
Нанас тхов тIе кехат туьйхира. Цул тIаьхьа тхайн Iахар гира суна Iоьхуш. Жий боьхкинера.
Дадас диллина эцна хиллера и шифер юьртдегара. Юха дада велча, старгIа цунна тIехь ен а йийна, дIадала ахча ца хиллера.
Юьртда бай тIе охьа мосазза хуу, нана ахча деха йоьдура. Юха меллаша чу а йогIура, хье а лой, тIетаIийна балдаш а долуш, цхьаьнгга а дIа а ца хьожуш.
Иза дукха хьолахь цхьанхьа хиъна а Iай, схьайогIуш хиллера, нахера ахча деха кIорда а дина.
И шифер дIаоьцучу дийнахь суо хIунда вилхира ца хаьа суна. Со нана йоьлху дела воьлхура.
Гуттар хьалхарчех кхин цхьаъ догIу суна дага. Цкъа тхо (бераш) шишанийн тIассех ловзуш, со туьйлира. Суна дика хаьара царах ловза. Кхуссуш долу гIутакх массарчул а улло кхуссура ас. ТIаьххьара сой, Лоьмий висча, Лоьмин тIассаш а дехира ас схьа. ТIаккха Лоьмас ведда дIа гена а ваьлла: «Шу можа ахьар дууш лела, кхин даа хIума а доцуш, – элира соьга, – шуьгахь цкъа а кIайн бепиг а ма ца хуьлу», – аьлла.
Бераш дара гуобаьккхина лаьтташ. Уьш цхьадерш дийладала гIертара, цхьа ши-кхоъ вела а велира, хIуьттаренна – церан тIассаш а соьгахь ма дара.
ТIаккха со тIаьхьаведира Лоьмина. ТIаьхьа ца кхиира – шайн кевнал чоьхьа иккхира иза.


Со схьа а веъна (тIассаш новкъахь дIакхийсира ас), тхайн уьйтIарчу бай тIе охьа а хиъна, ши бIаьрг цхьанаметта а боьгIна, хIун ю а ца хуу ойланаш еш Iара, Керим сайга вистхуьлуш.
Иза сан ваша вара, воккхах волу, ишколера цIа вогIуш. Нанас тегна кIадин тIоьрмиг а бара цуьнгахь.
Со иза схьагича велха волавелира, ийза а луш, са а лоьцуш, сайга аьлларг а дуьйцуш.
Цо шен кIадин тIоьрмиг охьа а хIоттийна: «ХIумма а дац-кх, ахьар можа хилча хIун ду, бен а ма дац ахьар можа а, кIайн а… Можа ахьар мерзох ма ду… Шайн доцу дела Iеха ма вина цара хьо», – бехира соьга, шен кучан тIам а хьоькхуш бIаьргех. Юха куьг а лаьцна, чу вигира, цхьа кхин хабарш а дуьйцуш, ахьарна аьттехьа а доцуш долу.
Суна цкъа а дагара ца долу и де хIинца. Гуттар а дуьхьал хIутту, тхаьш вовшашна генахь хилча, я ца гуш хан яьлча, я тIекхача иза а воцуш, сайн цхьа чIогIа сагатделча.
Иза сол ши шо бен воккха а ма вацара хIетахь, со хьоьстучу хенахь.
Юха со хьалхарчу классе волавеллачу гурахь, дуьххьара ишколе цхьаьна дIавахара тхойша.
Сан цIена боьзан хеча яра, пха тесна, стиглан басахь коч а тегнера суна нанас. Кериман санна, кIадин тIоьрмиг а бара кочахь кхозуш, чохь ши тетрадь а, шекъа долу къолам а болуш. Когаш берзина бара сан: нанна сандалеш ца карийнера.
Тхо схьа а къастийна, класса чу дигча, со бен когахь хIума йоцуш цхьа а вацара.
Хьехархочо, хьенан ву аьлла, хаьттира соьга.
Ас дIаэлира.
ТIаккха чIогIа эхь хийтира суна, цо иза хIунда хаьттина а хиъна.
Юха горгали ма бийкки, ведда цIа веара со цу дийнахь, Iинчухула а ваьлла.


Нанас хаьттича, аьшпаш бира, хьалхарчу дийнахь доьшуш ца хуьлу, цIа гIо элира тхайга аьлла. Цунна дагахь а дацара со иштта цIа веъна хир ву бохург. Цуьнан кхин а дара хIумнаш, сан ши ког боцург а.
Йоккха пеш яра тхан, духовка а йолуш. Духовки тIехь нанас тхан пазаташ якъайора; гIабакхан хIуш а хуьлура цу тIехь дакъалуш. Цу тIехь тхо а Iара, хьалха гIуллакх дина ваьлларг. Духовки чохь оха картолаш а йоттура, чкъоьргаш а тIехь, хьаьжкIаш а кхорзура, духовкин неI тIе а къовлий. Юха уьш цу чохь кхийсалора, «тIох-тIих» деш. Тхо хеба а хебаш, хазахетарца дуьйлура.
Нанас, кегий а долуш, довха хьокхамаш дора. Пеша тIехь кхехкаш мохь тоьхна кхоьаш а хуьлура тхан. Царах цхьа хаза хьожа йогIура гуттар а.
Цкъа, ишколера чу веъча, меца волу со, пеша хьалхахь лоха гIант а хIоттийна, цу тIе а ваьлла, яй чуьра чорпа юуш лаьттара, чоьлпица. Суна хаа а ца хууш, кучах цIе яьлла хиллера сан. Гай дохлуш санна-м хетара суна а. Коч шуьйра яра сан. Со баххьаш тIе а хIуьтуш хьалаийзаваларна, хечи чуьра хьала а яьлла, пеша чу яхна хиллера кучан хьалхара юьхьиг.
«Халид, вогу хьо», – олуш, тIекхийтира суна Керим. Со, когашна бухара гIант дIа а иккхина, лаьттах кхийтира, нийсса аркъал. Керима сан коч этIайора. Соьга мохь оьхура. Юха цо нуьйдарчий кхуьйсуш дIаоьхуьйтуш гича: «Коч, коч, – бохуш, мохь биттира ас, – нанас дов дийр ду, коч… коч».


Кериман ший а куьг дагийнера. Зеленка а хьаькхна, кIайн кисанаш а дихкина лийлира иза дуккха а.
Стиглан басахь йолу сийна коч, иштта, дакъош хилла, дIаелира сан, йогуш а, ца йогуш а.
Нанас суна дов ца дира чу еъча. Цо дуккха а мара къийлира со, цхьацца цIераш а йохуш. Цул тIаьхьа иза елха а йилхира, чIениг а егош.
ХIара со йоьалгIачу классехь волуш дара, Iай. Урокаш чекх а евлла, ишколан кертахь, берашца со хехкалуш, цхьана кIанта кIел ког тоьхна, гал а оьккхуш, бертал кхийтира со. Со хьала а иккхина, тIекхийтира цунна. Цо со юха а лаьттах туьйхира. Бетах цIий оьхура суна. Балдаш стамделлера.
Со кIайчу лай тIехула цIийн тIадамаш а Iенош, цIа веара хIетахь.
КIант сол воккха вара. ЯлхалгIачу классехь вара иза. Сан ваша а вара ялхалгIачу классехь. Сан ваша а, и кIант а делкъал тIаьхьа вара доьшуш. Со – Iуьйранна.
Тхойша хIора сарахь ишколехь хуьлура, цу кIантана етта аьтто лоьхуш. Уьш дуккха а цхьаьна лелара. Тхойшинца стаг а вацара.
Цхьана сарахь, Iаржлуш дара иза, Iинан йисттехь лаьттара тхойша, цу кIанте хьоьжуш. Иза цхьана кIантаца схьавогIуш вара.
Тхойша дуьхьал велира.


«ХIара кIант вевзий хьуна?» – хаьттира сан вашас.
«ХIуп, – олуш, багара хIун чкъуьйриг дIа а кхоьссина, – хIарий… ХIа! Вевза, цкъа ас лаьттах йиттина хумпIар ю-кх хIара», – элира цо.
«ХIара сан ваша ву хьуна!» – элира сан вашас.
«Хилча хIун ду хьан ваша… Хьо Маккарчу сирчу кхело вина-м вац!» – элира цо.
«Со веттар варий ахь лаьттах?» – элира сан вашас.
«Дера вар-кх хьо а-м, дIалацал, Ваха, хIара киншкаш», – элира цо шецарчу кIанте.
«Эцца Iинчу охьадовла вай…» – элира сан вашас.
Юха сан ваший, изий вовшахлетира Iинчохь. Со сайн вешин киншкаш мара а лаьцна, Iадда лаьттара.
Доккха ло дара. Шийла а яра.
Цхьа стаг а вацара гуш.


И шиъ дуккха а вовшах хьирчира лайлахь. Юха суна сайн ваша цунна тIехь Iаш гира, цунна юьхь тIе хIума етташ. ТIаккха оцу кIанта мохь хьоькхуш хезира суна. Суна уллохь лаьттина цуьнан накъост ведира: «Собарде ашшимма, шун болх оха бийр бу хьуна, хIинцца бераш а далийна», – олуш соьга.
«Даладе ахь, даладе ахь!» – элира ас, иза ведча, гуттар майра а ваьлла.
Вукху кIанта чIогIа мохь хьоькхура. Воьлхура иза. Нене а кхойкхура.
Цхьа йоккха стаг кхечира тхуна тIе.
«И ши кIант хьенан ву?» – хаьттира цо соьга.
«ТIехь Iашверг сан ваша ву!» – элира ас.
ТIаккха йоккхачу стага шегара гIаж туьйхира сан вешина масийттазза, дов а деш.
Юха оцу кIантана тIера лош дIа а дохуш, сан вешина дов а деш, дIаяхара иза.
КIанта, велха а воьлхуш, мохь беттара гена мел вели а: «Собарде ахь, хьуна-м ас йоьттуьйтур ю хьуна… Мича вер ву хьо?!» – бохуш.
Тхойша дикка схьа гена ваьлча: «Керим, ахь цунна дика-м йиттира хьуна!» – элира ас, велавала а гIерташ.
«Суна гIо хIунда ца дира ахь?» – хаьттира Керима.


«Со хьан киншкаш лаьцна лаьтташ ма вара!» – элира ас, дIа хьалха а оьккхуш Керимна.
Цул тIаьхьа суна тхайн директоран йоI езаелира, Анджела. Соьга и цIе нийса яккха а ца лора цкъа а. Анджела сан классехь яра. ЧIогIа цIена лелара иза тIехь. Дика а доьшура. Со а велира тIаккха цIена лела. Гуттар куьзгана хьоьжура со, ишколе вахале а, чувеъча а.
«КIант, ахь хIун леладо! Куьзга ца гина хьуна!» – олура нанас, ша муха кхета еза а ца хууш ас лелочух.
ХIума мосазза юу цергаш юьлура ас, корта а буьлура хIора дийнахь, сайн ботинкашна крем а хьокхура, цкъа а ца хьаькхна долу. Цхьа воккха хила лаьара-кх суна, вон а ца лелаш, кхийса а ца луш. Юха сайн товалар, воккха хилар Анджелина гойла а лаьара чIогIа. Юха цунна ца гича, хала а хетара. Класса чуйоьдуш а, арайолуш а некъ буьтура ас цунна, суо гIиллакхе юьстах а соцуш.
– Какой ты интеллигентный! – элира цо соьга цкъа, дуьххьала цкъа. Кхин ца элира иза а, оццул суо гайта гIертташехь.
Анджелина тIехьарчу парти тIехь Iаш волчу Iисас, цуьнан билзиг гIантан букътухургах дIадихкина хиллера, цунна хаа а ца хоуьйтуш. Шега хаьттича, хьалагIоттуш йолу Анджела, корта тIехьа а боьдуш, охьакхийтира. Цунна ца хиира шена хилларг. Тхо а дисира цIеххьана доьхна, хIун ду а ца хууш.
ТIаккха Анджелига мохь белира, шен билзиг дихкина гича. Iиса, хьала а иккхина, ведира, Раиса Лечиевна (тхан хьехархо) кхетта ялале.
Уггар халох ас лайра иза, Анджеласчул а халох лайра. Суна лата лаьара Iисах. Юха со гучуваларна а кхоьрура. Кхоьрура, берашна со Анджела езаш вуйла дIахаарна. Иза ас сайца лелош дара, буьйсанна, юргIан кIелахь бен дийца а ца ваьхьаш сайга а.
Тхан нана МартантIе оьхура цхьацца хIума йохка. Котамаш а, кIалд а, бIараш а кхоьхьура цо дохка. Наггахь хIума а ца йохкалуш, цIа йогIура. ТIаккха тхан чохь сингаттаме а хуьлура чIогIа.


Цхьана дийнахь, хьо ван веза соьца, Халид, котамаш йохка, элира нанас.
Сайна ца хезна кеп хIоттийра ас, котамийн цIе яьккхича.
Нанас юха а элира.
Суна чIогIа ца лаьара цуьнца ваха.
Со муха воьду котамаш йохка, со йоI а яц кхин, я лай а вац.
ГIуллакх ца хилира – вигира со нанас. Шоьтан дийнахь дара иза, исс сахьт доллуш. Со автобусна билеташ духкучу цIийнна тIехьа а ваьлла лаьттара, котамашна уллохь, цхьана бIаьргаца ишкол а ларъеш. Ишкол дIахьаьжча гуш яра.
– Халид, мичахь ву хьо! Ахтобус йогIу, – кхайкхира нана.
Ишколан горгали а бийкира, «зар-р-р» аьлла.
Автобус саццалц собар ца деш, котамаш а эцна дIахьаьдира со, уггар а хьалха тIехаа дагахь. НеIарш къевлина хиллера. Ши сетка цхьана буйна а лаьцна, мукъачу куьйга неI туьйхира ас. Схьа ца йоьллура.
Шофер волчу дIаведира со тIаккха. Со шоферна тIекхачале неIарш еллаелира.
ТIаккха сихха схьаведира со.


Зударий бара тIебуьйлуш. Со юккъехула чугIоьртира царна, корта охьа а таIийна, аьрру куьйга сетканаш а текхош.
«Къакъ-къакъ», – аьлла, мохь белира котаме.
«Котам йоьду хьан, кIант!» – элира цхьана зудчо.
Со юхахьаьжча, бихкинчу когаш тIехь кхийсалуш, тIемаш а лестош, ворта а яхйина, ишкол йолчухьа хьаьдда йоьдура котам, нахах къехка а къехкаш.
Сайн са мел ду тIаьхьаведира со, кхин дIаса а ца хьожуш.
Лаца ца лора.
Котам мелхо а лаьттара хьалаийалора, тIемаш а лестош.
«Вайн классера Хасаев… Хасаев, ов-вай, хьахь-хьахь-хьа… Йоьду хьуна, айлуш ю хьуна, кема хуьлуш ду хьуна, Хасаев… Ха-ха-ха, хиъ-хиъ», – аьзнаш, бен-бен аьзнаш.
Зудабераш. Анджела. Суна мел ца лиънера, мел ца лиънера. «Со хьан нана ма ю, и хIун ду, суна ца лаьа, бохург!» – «Ас бегаш бора, нана, ас бегаш ма бора, хала ма хетахь…»
«Дап-даллап», – цхьанна тIекхета со.
Мохь болу: «Iаьй-й-й».
Жима йоI Iуьллу аркъал, ченашлахь, кIайн фартук а йолуш.
Со соцу.


«Ши бIаьрг бац хьан, боьха хIума! Хьайн дала хIаллакве хьо», – соьга боху.
Со хIумма а ца гуш лаьтта, пIелгийн баххьел хиш а оьхуш, вега а веш.
«Къакъ-къакъ», – хеза геннара.
Со дIахьожу. Котам го, цхьамма ши ког а лаьцна, бертал охьакхозуш. ЗIок а ю гIаьттина, тIемаш – охкаделла.
– Халид.
Ас корта хьалаойу. Керим ву. Сан ваша. Сан воккхах волу ваша.
– …Шуьша хIинца а дIа ца дахнера… вай, воьлхуш вац хьо! Хьуна хIун хилла, мичахь ю нана? Вало, дIавоьду вайша, – иза шек а вацара. Цунна бен а ца хетара.
Иза котам дIаса а лестош, сан белаш тIе куьг а диллина, ишколана хьалхахула меллаша охьаволавелира, ша бен кхузахь стаг а воцуш санна.
Суна цхьа тамашийна атта хилира тIаккха. Сайца дада ву моьттира суна, Керим а воцуш, я и ший а цхьаьний.
– Керим, со кхин цкъа а воьлхур вац хьуна! – элира ас.


– Хьо хIунда воьлху, – элира Керима, – велха оьшуш ма дац!
– Со кхин воьлхур вац хьуна! – элира ас юха а.
– Велха ма ца оьшу, эхь хета оьшуш ма дац. Дийлича хIун ду бераш! ХIумма а дац-кх. Дийлийтахь. Хьайн ненаца базара воьдуш ву-кх хьо, кхин хIумма а дац! – Иза со автобус тIе а ваьккхина, нене вист а хилла, дIаволавелира. Суна букъ гира цуьнан, автобус чуьра дIахьаьжча. Воккхачу стеган санна, цуьнан паргIат болар, цо меллаша дIасалестон куьйгаш.
Со тIехьа а ваьлла, охьахиира. Некъацара дитташ уьдура дуьхьал.
– Иза сан ваша вара хьуна! – элира ас сайна уллохь Iачу кIанте. Кхаъ боккхуш санна элира, вела а велла.
– ХIа? – цо бIаьрнегIарш туьйхира.
– Сан воккхахволу ваша вара хьуна иза! – элира ас юха а. – Сан ваша вара хьуна…
Иза вист а ца хилира.


1 Кхайкхо лазар – туберкулез.

Орга №7. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика