АЛИЕВА МАККА

PDFПечатьE-mail

Суна дагадогIу

Суна дагадогIу
…Суна дагадогIу дуккха а хIумнаш. Нанас: «ДогIийла дац, хьо жима яра», – олура. ХIетахь диъ шо хилла сан, суна дан-м догIу дага…
– Мама, хIара чоь ма хьийзаш ю?!
– Хьуна бIагор хьийза хир бу, – элира нанас.
– Ткъа сан куьг ма мажар доьлла, мама. Хьо а… ма къанъелла.
– Къанъелла-кх со а, – гIийла йистхилира нана.


Бехк бацара ненан, дуьззинчу шина шарахь лоьрашка ца къасталора йоьIан цамгарх дерг. ХIинца а яра и, наркозах ясталуш, харцлуьйш. ШолгIа а таллам бан, екхоъ яьккхинера йоьIан логах. Схьахетарехь, диканиг ала ца бохкура лоьраш, оцу шеконо хеназа къанйинера и.
Когайоьдучу хенахь, хаза бер дара олура суна массара а: «Хьийзина кIужалш, юьхь-чкъор кIайн, боккха Iаьржа ши бIаьрг а болуш. Ши бIаьрг-м хIинца а бара, кхин а боккха хиллий-те, эр долуш. Амма хазалла-м яцара аьттехьа а. Лазаран халоно дагийнера дилха, бIаьрган кIелонаш Iаржъеллера. Суна-м ца хаьа, иштта дукха хууш со хIунда яра а, аьлча а, хаьа суна, со сайн нийсархошца йоцуш, (цаьрца лела а, ловза а сан де а дацара, когашкахь са а дацара) ненан карахь-марахь хиларна, ткъа цо баккхийчаьрга далхош дерг дIалоцура сан коьрто. Цхьана а агIор товш дацара лоьрийн дарба, харцахьа долура и, кхин лазарш гучу а дохуш: даI, йовхарш, дагар, кхин а масане дара уьш. Доллучул а холчухIоттайора нана юучуьнгахь сан боцчу безамо. Даго тIе ца оьцура цхьа а хIума, саццаза бIагор хьийзара. Больницехь яра берийн чоь, юьззина чохь ловзоргаш а йолуш. Цамгарца делахь а, самукъане ловзура цу чохь бераш, амма суна новкъа хуьлура церан гIовгIа. Шен марахь шозза а нанас йигира со цу чу. Кхин со ма йигахьара аьлла, дийхира ас нене.


– Малика, мама лолда хьан, цкъа кхаллахьа, хIара мел мерза ю хаий хьуна, – олий, цо дехарца олучу оцу дешнаша легашка гIоьртина сайн дог къардойтура соьга. Ца лаьара, и кхаьллича сайна хирг хаахь а, нанна халахетийта, амма кхин а чIогIа сан ненан дог а дохош, кхаьллинарг саца-м ца соцура чохь.
Массо а тайпа стоьмаш тIаьхьа бохьура дадас. Царна юккъера сайна лоьраша баа ца магийна цIазам безара суна. Дестар хир ду аьллера, и баахь. Ас и ца буура, цунах хьегна а тояла, сихха цIа яха, сайн йишица а, вежаршца а ловза лууш. Уьш мел хаза Iаш хир бу, олий, дагатосура суна, лечкъаргах, тахьтаргех, тIаьхьаидарх, тIамах ловзуш. Шайца цара ца ловзийтахь а, со жима ю бохуш, цаьрга хьоьжуш а самукъадолура сан. Сол воккхахволчу вашас шеца тахьтаргех ловзуьйтура со, сан ницкъ ца тоьара, цо санна, поппар лаьттах тоьхна, эккхийта. Кедан кепехь то а бина, бертал тоьхча, даьллачу Iуьрга тIе хьайгара поппар билла безара. Тхойшиннан ловзарехь сан поппар сиха кхачалора. Со йоьлхура юьхьаьнца, тIаккха, цо кхин шеца ловзуьйтур яц аьлча, кхин ца елха чIагIо йира, делахь а сайгара ловзаран гIирс чекхбаьлча, холчахIуттура, кертахь, божална аьлла, деана цхьа машен можа латта доллушехь.
Ишттачу ойланашца берийн маьнги тIехь Iуьллура со, тхоьвне а хьоьжуш. Дада а вара мамица къамел деш:
– ХIара хIумнаш хIунда еана ахь хIоккхул, – элира мамас дега, – цо хIумма а кхоллуш а ма яц.
– Цунна тIера сагIина лохьа уьш чуьрчаьрна а, лоьрашна а, – вистхилира дада.
– ХIинца оцу анализан жоп маца хуур долуш ду-те? – елхаран къурдаш дора мамас.


– Иза Нальчике яхьийтина ю, лоьре вистхир ву со, жоп схьадан суо маца ваха веза хоттуш. Схьахетарехь, и анализ а, кхул хьалхарниг санна, цхьана баттахь бен кийча хир яц, – элира дадас. Суна ца хазийта меллаша:
– ХIара-м йоI хуьлучуьра яьллера, – аьлла, гIийла елха йолаелира мама. Бакъдерг аьлча, и хIун бохург ду ца хаьара суна, амма мамин елхаро дагна диканиг ца хьоьхура. Дада амална буьрсо стаг вара, коча хIумнаш ца дезаш. Делахь а, шен буьрсаллица цхьаьна догкIеда а вара. И ца кхеташ вацара мамех, ша а вара и холчохь.
– Иштта ма ала. Хьуна хIун хаьа, Дала хIун боху? Гур ду-кх хьуна цунна дика гIоли хуьлуш. Хьалха яьккхинарг шеко йолуш хиларна ма яьккхина цара и екхоъ шолгIа – аьлла, кIедо вистхилира дада.
– Хаац, гIоли хиларе са-м туьйсу – аьлла, сатийра мамин а. Иза тешара дадас аьллачух. Лаьар-кх теша. Со а тешара дадас бохучух. Дадина дика ма хаьа массо а хIума. Цо мел дукха книгаш ешна. Тхан лулара нах а богIура, дадега цхьацца хIума хатта. Бераш Iамош школехь балхахь а ма ву и, хьехархо. «Дадина дика хаьа» – айса-сайга а аьлла, сатедира ас. Мама ю-кх массо а хIумнах кхоьруш. Нийсса-м олу хьох дадас наггахь «пхьагал», аьлла гIийла елаелира со. Суна гинера мультфильмашкахь кхоьруш йолу пхьагал. Мама махах а, догIанах а кхоьрура. Ас, елалуш, «хьинкъ» аьлча, со йоьлху моьттуш, суна тIе хьаьдира ший а. Сан елар дIадайра, и шиъ схьахьадча.
– Хьо йоьлхуш-м яцара? – хаьттира соьга дадас.
– Яцара, – элира ас.


– Дада хIинца дIаваха веза, Малика, хьуна юхавогIуш хIун я ас? – аьлла, хаьттира дас. Со шена йоьлхуш ца карийча, дадас еана хIумнаш сагIина екъа хIоьттира мама. Цхьа а хIума суна ца еза дукха хан елахь а, дадас хаьттича, ойлане елира со, ас еза аьлларг сихонца цо сайна йохьур юй а хууш. Цкъа мамица больницин паркехь йолуш, цхьана йоьIехь тамашийна тайниг яйра суна. Цкъа а гина яцара суна и тайпа тайниг. Охьайижийча, юханехьа ша ма-хиллара дIахIуттура и, цунах «неваляшка» олура. Ас хаьттира нене: «Цунах дукха ахча доьхий?» – аьлла. «Доьху», – аьлла, жоп делира мамас. Цхьадика, мама шек а ца елира, тайниг ас сайна хазъелла аьлча. Хаьара суна и сихха кIордор ярий, цундела и дукха ахча доьху тайниг эцийта ца лиира суна, мел и дезаделлехь а. Юха, больницерчу зударша сих-сиха нене олуш хезара: «Ма бос бац оцу йоIанна тIехь, ма кIайн ду цуьнан ши балда!», мамас чIогIа хала ловра цара иштта аьлча. Ас ойла йора: «Хилча хIун ду балдаш кIайн, децас санна басар хьокхур ду-кх» – бохуш. Деца кечлуш хазахетара суна: басар хьала а хьовзадой, дайн бесни тIе а Iуттий, даржадора децас, цул тIаьхьа цхьа хаза бос оьцура беснеша. Балдашна а бора иштта бос. Шега лерина хьоьжучу суна а хьокхий, тIоьрмиг чу и дIа а дуьллий, тIоьрмиг белшах а тосий, тупленаш а юхий, арайолура деца, университете яха. Суна йоккхахилча, децех тера хила лаьара. И санна кечъяла луучу суна, бен а дацара, сайн ши балда кIайн хилча а. Мамина хетара-кх хала. ЦIаьххьана и дагатесначу ас, мамина а ца хозуьйтуш, сайна басар деза элира дадега. Иштта хIумнаш ца дезачу дадин юьхьа тIехь мелла а оьгIазаллин IиндагI тесира. Сан дагахьа-м, мамина ца хууш деана басар а хьокхуш, сайна гIоли хилла моттийтар, басар дезар а дара.


ДIаоьхура денош, чукхоьхьура мехий, молханаш, капельницаш. Доьлхура бераш чоь а гIаттайой. ЧIикъ ца боккхура ас. Я со лаза а ца йора, къаьсттина медйишас Салитас. Мел дукхаезара суна и! Салита юккъерчу дегIехь, Iаьржа еха чIаба а йолуш, даима елаелла, елаелча бесни тIе ши кIаг а хIуттуш, хаза йоI яра. Цо маха пхенах бохуьйтуш, леррина хьажа лаьара суна, мамас ма хьежа аьлча а. «Со лор хир йолуш ю, суна Iама лаьа», – аьлла, сацам бира ас. Салитин дикалло, эсалалло а безабалийтира суна лоьрийн болх.
Жимма гIоли яра суна. ХьалагIаьттина, йола а лора. Сени чухула йолалой, медйижарий болчу гIертара со дукха хьолехь. Суна хазахетара цаьрца доьзна долу массо а хIума: кIайн халат, молханех дузу мехий, дархошна хIотто кечъеш йолу капельницаш, ур-атталла цхьанна а ца еза молханийн хьожа а езара суна. И хуучу цара со шайца «процедурни» чу юьгура. Нана наггахь со лоьхуш а хуьлура. Юучуьнца а жимма гергарло тасаделира сан, амма цIазам баа йиш яцара. (ТIаьхьаоьхучара бохьура и, суна бехкаме буй ца хууш), со-м и болчу агIор дIа а ца хьожура, сайна ца безаш санна, мамина хала ца хетийта.


Тхойшинна тIаьхьаеара тхоьца цхьаьна палати чохь шен йоьIаца Iиллина зуда. ЧIогIа вон амал яра оцу йоьIан, баккхийчу зударшка кIоршаме йистхуьлура и, вон дешнаш а дуьйцуш. Сан хеннара хила мегаш йоI яра иза, амма сан цуьнца гергарло ца тасаделира. «Баккхийчарна дуьхьалйистхилча, эхь ду», – олура мамас даима а, цундела и эхь доцуш йоI хетара суна. Паркехь дара тхо, и зуда тIейогIуш. Цхьацца хеттарш дина яьлча, мамас йоьIан хьал-де хаьттира цуьнга:
– ЙоI хIунда ца ялий ахь, гIолехь ярий и?
– Яла ма елла сан йоI, – аьлла, бIаьргех хиш хьаьвдира оцу зудчунна. Суна цкъа а хезна дацара «валар» боху дош, я и хIун ду а ца хаьара. Мама а елха йолаелча, цхьа тамашена йовхо хьаьдира сан дегIе. Со меллаша, цаьршинна гонаха хьийзачуьра, нанна улле охьахиира. ЙоI елла, дог доьхначу ненан гIайгIа-бала байбан гIерташ, тIегулбелира зударий. Суна чIогIа вон дара. Суо а ца кхета ойланаш хьийзара сан коьрте. Уьш иштта хьийзаро со кхетайора, цхьа хила цадезарг хилла хиларх.
Нанас со ма-дарра кхетийра, хьул а ца деш, «елла» бохучу дашах. Вай дерриге а Дала дала кхоьллина хиларх а. «Муха? Массо а кхин юхавогIурвоцуш дуьненчуьра дIавер ву? Сан дада? Сан вежарий? Сан йиша? Ткъа мама?!!! Мама а йоцуш муха хир дара? ХIан-хIа! Хила йиш яц! Муха хир дара хIара дуьне, и йоцуш?!» Цхьа тамашеначу ойланаша йиш йохийра сан. ЦIаьххьана ненан марахьаьрчира, цуьнан логах куьйгаш тесира ас, чIоггIа и тIе а къуьйлуш. Суна бIагор беара, даг чу тесначу кхерамо когаш чуьра са гIелдира.
ДIаюьжуш а дуьхьалтуьйсура и жима йоI:
– Мама, и йоI вон йолу дела елла? – хеттарш долийра ас нене.


– Ца елла, и хIунда яра вон? – элира мамас.
– Цо баккхийчу зударшка вон хIумнаш ма дуьйцура.
– Шен лазарна дера ма яра и, – элира мамас, суна оцу дешан маьIна хууш санна.
– «Дера» яра бохург хIун ду? – хаьттира ас, йоI яларан бахьана хаа лаарна.
– Са ца тохалуш, лазар совдалар ду-кх, – жоп делира нанас.
ЧIогIа Iаьвжира и дешнаш, суна суо сайна ца езара, суна суо хетара хIинца вон, массарел а вон… Хьажахь, ойла йора, баккхийчарна дуьхьал вон хIумнаш дийццал са ца тохалу, цхьаъ лозуш хилла-кх цуьнан, ас ма ца дуьйцура, тIаккха сан, цуьнан санна, ма ца лезна хIумма а. Ас хIунда ца тесира цуьнца гергарло? Со хIунда ца йоьдура цунна тIе? Ас айса хIунда ца лора цунна, маме а ца йолуьйтуш, дадас еанарг? – бохуш, дуккха а хеттарш хIуьттура хьалха. И цкъа а юхайогIур йоцуш дIаяхарх кхетча, дог Iийжара, сайна бехказло а ца карош. Дуьххьара иштта бевзина суна адаман мах… Дерригенах а кхетаза, хадо мегар ца хиллера адаман мах, дохкояларо къахьонца хьо хьийзо ца лаахь.


Со масех дийнахь Iиллира, хьалха санна, лазар тIе а таьIна, маьнги тIехь, тхоьвне а хьоьжуш. Йоьхна хьийзара нана а. Дада больнице веара. Шаьашшиннан цхьацца балхамаш а бина, юха а суна тIе хIоьттира дада, хIун я ша хьуна, аьлла. Янне а дагахь хилла а йоцург, берашкахь ловзош гина а йоцург, вуьшта, дуьненчохь юйла-м хаьара, пийл-ловзарг сайна яхьара аьлла, дадега дехар дира ас. Суна чIогIа пийл дагадуьйгIира. ХIетахь нохчийн маттахь цунах хIун олу а ца хаьара суна, цундела сайна «слон» деза, элира. «Дика ду, и-м халадоцург дара»,– аьлла, дIавахара да. Яхъеллера, пийл схьа ца кхочуш, хан. Дада ца вогIуш, ши де а дIаделира. Ненан лерера долуш дацара хаттар: «Мама, дада ма хьевелла?» – боху. Юууш хIума яцара, дагар хьаладуьйлуш дара, пийл дара гIан-набаршкахь а дуьхьалтуьйсуш. Дада вогIуш вацара. Ца езара цхьа а хIума, еха кIайн кIажарш йолу тайниг а, «неваляшка» а, хIара дерриге дуьне хьалха дуьллу аьлча а, езарг пийла яра суна. Ненан са дуура, мичахь ву дада бохуш. Суна бен дацара и мухха хилча а: жима я доккха, дийна я ловзорган сурт-кепехь, тиша я киша. Суна пийл езара. Иштта сайн сатийсамца масех дийнахь ца йиначу набарна кIелйисна, дагаро еттина гIелйинчу суна цу буьйсанна набкхеттера. Дукха Iуьйре а доцуш, самаяьлча, палати чохь мамица къамел деш дада гира суна, цуьнца соьца тахьтаргех ловзуш волу сан ваша Саламбек а, йиша Мадина а деанера. Ха хорцуш, со меттахъхьайча, суна тIехьаьдира и шиъ:
– ХIан, хьажал, оха хьуна хIун еъна! – олуш. Соьга схьакховдийра пийл. Со мелллаша охьахиира, цу деношкахь охьахиъна а йоцу. Iаламат чIогIа самукъадаьллера сан. И туьканашкахь ца карош, хьевелла хиллера дада. Делахь а, цхьамма ловзийна, баса а даьлла долу и шена карийча, Iуьйрре араваьлла, больнице схьавеанера и. Суна-м и мегаш дара, пийл хилчахьана, цуьнан меран буьхьиг баабелла белахь а.


Мама чIогIа йоьхна хьийзара оцу Iуьйранна, ткъа со пийлаца ловзуш, самукъадаьлла яра. Палати чуьра зударий а шайн берашца хIаваэ парке арабевлера, тхойшиъ ца яхара цаьрца, цхьа сингаттам бара ненан коьрте хьийзаш. Синтем боцуш, чухула дIасалелара и, наггахь хIуманаш а нисъеш. Со сайн пийлах самукъадаьлла Iара.
Шуьйрра дIайиллинчу палатин неIсагIехь гучувелира дада. Дада самукъане вара. Мама, гIорийча санна, цуьнга а хьожуш, сацаелира. Чохь цхьа а ца гича:
– Цкъа а ца хиллачу кепара ирсе ву-кх со тахана! – элира дадас. Цаьршингге а хьаьжира со, сайн ловзар а сацийна. Елар, елхар а цхьаьнаийна мама маьнги тIе охьалахъелира.
«Я вас поздравляю, нет унеё этой болезни, скажите своим врачам, чтобы они не мучали ваше дитя!» – эли-кх соьга оцу профессоро. ХIинца хIунда йоьлху хьо? Сацадехьа хьайн белхар! – аьлла, мелла а кIеда вистхилира дада мамега. «Профессор», «поздравляю», «чтобы не мучали дитя», – дешнех ца кхетахь а, «нет болезни», дешнех кхийтира со. Лор хIири яра. Цо суна дарба дечу, ши шо гергга йолчу хена чохь со мелла а кхета йоьллера оьрсийн маттах. Мамас а доккха са даьккхира. Иштта тхо кхоъ палати чохь а долуш, чубаьхкира лоьраш.


– Нуу… даже не знаю, что и сказать, – элира лоьро, юх-юха кехаташ а кегош. Цуо а «поздравляю» бохуш, къамелаш дора мамега. Нет у вашей малышки рака! Нет! Это самое главное, будем дальше обследовать, надо же разобраться в чем дело, – бохура лоьро.
Тхойшиъ цIа яхийта сиха бацара лоьраш, юха а, хьалха санна, пIелгах, пхенах а цIий ийцира медйишас.
Iуьйранна чуеанчу, горгам хьокхучу йоккхачу стага, гуттар а санна, хьал-де хаьттира тхоьга:
– Муха Iа шу? Муха ю анализаш? Схьакхаьчний уьш? бохуш, хеттарш а деш. Цо даима а дора деха къамелаш, йоьлхуш йолу мама, ма елхахьа, сан йоI, бохуш, букъ тIе куьг хьоькхуш, тен а еш, хьеста а хьоьстуш. Цуьнан йоI сан ненаца цхьана классехь дешна хиллера. Цхьана юьртара яра и шиъ. Мамас цуьнга дийцира лоьраша аьлларг.
– Вай! Ма дика ду и, ма хаза кхаъ бу и! Ас ала ма олура хьоьга, дика хир ду дерриге а, Дала мукъалахь, Дела къинхетаме ма ву! – бохуш, куьйгаш вовшах а детташ, йоьлура йоккха стаг.
– Хаац суна-м, хIара могуш а йолуш-м дац гIуллакх, лоьраш а бац тхойшиъ цкъачунна дIайохуьйтуш. ДIа а муха йохуьйту, цIеххьана дагар а хьаладолу.
– Хьажахьа, сан йоI, суна хетарехь, оцу хьан йоIана бIаьрг хилла-кх,– элира йоккхачу стага. Ма хьийзаяйтахьа и лоьрашка, моллина тIе йигахь и, зен хир дац хьуна, – аьлла, шен горгам шершо-ош, араелира и, мама ойланашка а яхийтина.


Цу дийнахь тхойшинна тIаьхьа денана еара. Йоккха-мама лохочу дегIехь а йолуш, тIахъаьлла стаг яра. И сих-сиха йогIура тхойшинна тIаьхьа. Цкъа-м, со наркозах ястаяла хьеелча, со елла моьттуш, лоьрашца боккха тIом бина хиллера цо, марчо а дохьуш, еана, «одай мой туруп, резит не дам» бохуш, корах буй а бетташ.
– Со нана яла хьан, Зараъ, жимма а са ца тийна хьан?! Iумара анализ дика ю ма бохура, – аьлла, кIеда-мерза мама хьаьстира йоккха-мамас. Цо и даима а хьостура иштта, мама тIехь да-нана доцуш кхиъна буо ду бохуш, чIогIа къинхетаме яра и цуьнца.
– Жимма тийна са-м, мама, са а, вуьшта, кхунна гIоли хуьлуш-м яц. Сийсара а дагар дара. Шаьш дуьйцу лазар ца карийча, лоьраш а хьийза карзахе, юх-юха а пIелгах, пхенах а цIий оьцуш. ХIокху чу горгам хьокхуш йолчу йоккхучу стага цхьа шеко а теси сан даг чу.
– ХIун шеко?
– БIаьрг-м ца хилла-те кхунна, аьлла.
– Ойн?! – аьлла, цецъелира йоккха-мама, – къоръанора, вайл хьекъале ма ю и йоккха стаг.


***

Iаьнан шелонах едда, кIелхьарайолий, бIаьсте схьакхочуш, шен тIаьххьара денош тIейогIучу заманца бертахь хила лаарна, нисдеш, аьхкене рагI кховдош, и чекхйолуш, гуьйренна караяха ца лаахь а, Дала нисдина низам дохо ницкъ ца кхочуш, аьхке дIайолуш, заманаш вовшашца къийсалуш, дIаоьхура шераш. Дагна Iаткъам а беш, серий санна догIа доьлху гуьйре яра шен рогIехь тIееанарг. Балхахь мукъа денош а нисделла, книга еша охьахиира со. Базоркин Идриса язйина «БIешерийн боданера» роман, шеран заманца нисйина, схьаэцна хиллера. Романан турпалхоша ловчу халонашна стигал йоьлхуш санна, кхевсина догIу арахь догIа. Вайнаха лайначу халонийн а, харцонийн а ойла еш, книгин айса еша йолийначу агIонан лакхара маьIиг чу а саттийна, уллерчу жимачу стоьла тIе охьа а йиллина, айса муха латайо а ца хууш, телевизор хьалалатийра ас. Кхин, хIара ду аьлла, дагахь хIума а доцуш, пультан кнопканаш тIе а теIош, Iара со. «Культура» канала тIехь хьалхалера кинофильм яра гойтуш. Сан тидам, ойла а чIогIа шена тIеберзийра цу чохь гойтучу суьрто. Цецйолуш, дегIе шелонан зуз хьаьдира суна: «Ойн! ХIара-м сох лаьцна ма ю! ХIара хIун ду-у?! Мила ву-те сох лаьцна цхьанга дийцинарг?» – аьлла. Делахь а, хаьара, цу хенара актераш болуш фильм сох лаьцна хила йиш йоций. И фильм чекхъяьлча, А.И. Купринан «Пийл» дийцаран бух тIехь яьккхина хиларх хаийтира йозано. Со дуьненчу а ялале, яздина дийцар дара и! Сан цецъяларан доза дацара. Жим йолуш ас санна, цомгашчу йоIа шен дега пийл йоьхура цу чохь! ЧIогIа сатуьйсура цо цуьнга. Бакъдерг аьлча, цо йоьхург циркера дийна пийл яра, ткъа суна-м цхьа а башхо а яцара, пийл хилчхьана. Бераллехь дуьйна книгаш ешарна тIера елахь а, суна хьахош а ца хезнера и дийцар. ХIетахь, со больницехь йолуш, суна деша а ца хаьара, сан йоза хаа хан йоцу дела. Ткъа цу «Пийл» дийцарерчу йоьIан лаам сан хиларх цецъяьллера со.

– Цхьанна а цамоьттург хилла, тайна йоI хили-кх хьох, Делан къинхетам хьалха а баьлла, Хьусайн-моллех бахьана а хилла! – олура йоккха-мамас. ЧIогIа каде хьаьвзира и хIетахь, суна моллане дарбанаш дойтуш.
– Хьо яцахьара, ас хIун дийр дара, соьга мила хьожур вара, – олий, йоьлхура и. Шел хьалха доьзал баьллачу ненан даг тIера яккхий чевнаш гора цуьнан юьхь тIехь. Йиъ йоI, цхьа кIант а ков-кертара барам тIехь арабохуш, царна тIаьхьахьежаро Iуьйдура цуьнан дог. Дахар деха хиллехь а, мерза чам кIезиг эцна, Делан кхиэле йирзира йоккха-мама а…
Суна мел безарш гуьйрана дIакхелхира. Цундела Iаткъам бо цо сан дагна. Къаьсттина догIа догIуш. Жималлехь айс сайна деллачу хаттаршна: «Сан дада?», «Сан мама а йоцуш, муха хир дара дуьненчохь?» – жоьпаш а карий суна… Маьлхан къагар а кхолош, цхьа шатайпа, хьуна мел ца эшахь а, хьуна деззане ца дезахь а, жоьпаш луш а хиллера дахаро…
ЦIазам а баа йиш ю сан хIинца, амма…

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика