ДЖУНАИДОВ АЮБ

PDFПечатьE-mail

junaidov

Кхо доттагI

 

Говрел башха, дIасакъаьстича а ца мегаш,
я, цхьаьнакхетча, вовшашца а ца тарлуш.
Халкъан алар.

БIаьстенан юьххьехь дара иза. Дитташа заза а даккхаза, арахь дикка шийла а йолуш, март бутт чекхболу хан яра. Iаьно чохь сецийна долу адамаш, йолучу бIаьстенах там хилла, дукха хьолахь, арахь соьцура. Латта хIинца а шийла дара, цундела, лаьтта охьа ца хуьйшуш, гунаш тIехь а, лекхачу меттигашкахь а динчу гIанташ тIехь а хуьйшуш, мукъачу хенахь арахь гуллой Iара ТIехьа-Ирзера нах а. Дедда доьддушехь, муьлххачу беро а дора иштта гIант: боца ши хьокха лаьттах а тухий, цу тIе цхьа уьнан коржам латайора.


Цхьана суьйранна, йовхачу тужарканех а хьаьрчина, Мусин гутIерачу гIанта тIехь хиъна Iара Iунка а, Лонка а (цIерш ца йоху ас). Дийнахь а, буса а – даима а цхьаьна болу уьш, кхин башха дийца хIума доцуш, бIаьста данза ца довлу цхьацца дан дезарш а хьехош, Iара. Оцу муьргехь шайн кертара араваьллачу Iанкех бIаьрг кхийтира церан. Цхьа бIе гIулч хиллал бен юкъ яцара царна юккъехь. Кхуьй а цхьаьнакхетча дIаболалора церан бакъболчу «синкъераман бал». Синкъераман бал аьлча а, церан вовшашца долу «кIарс-кIирс».
– ХIей, «ЛикIбез»! Схьавола, кхузахь ду тхо! – аьлла, мохь туьйхира Лонкас шайн накъосте.
– Ладарна кIел биллина кад санна, даима а, дера, ду шу-м цигахь… – дуьхьал вистхилира Iанка.
– Схьавола, тхойшинца охьахаа, тхойшиннах хьакхало цкъа мукъане а: дика мел дерг хир ду хьуна тIаккха!..
– Шуьшинна юххе хиъча бен, хуьлуш дацахь, и дика мел дерг кхечу кепара хилийта хьожур ву со, – аьлла, цаьршинна дезарг хуучу Iанкас дуьхьал мохь туьйхира.


Аганара биссичахьана, буса набаро дIатебаллалц вовшех ца къаьсташ, цхьаьна бара уьш. Ишколехь а цхьана классехь нисбелира; ловзуш, садоIуш, гIуллакхехь-балхахь даима а цхьаьна вара и кхоъ. «Шуьшиъ армех волчу шина шарахь бен сан чомахь дахар хилла а дац. Айса даьккхина дегI а оцу шина шарахь, шуьшиъ а ца гуш, даьккхина ас», – олура Iанкас.
Шен шина накъосте, даима а ша деш ма-хиллара, бур-бур а деш, шен ма-хуьллу, ирхонах хьалатасавелла вогIура иза. И шиъ армех вахара, ткъа Iанка Соьлжа-ГIала университете деша вахара. Цунах хьехархо хилира, ткъа ши накъост меттигерчу колхозе тарахтарш тIе балха нисвелира. Бакъду, суьйранна, я буьйсанна, вовший кара а бина, сарралц шаьш вовшашна «юьйлинарг» тIеттIакхоьссина бен, чу ца боьрзура уьш… Массо а хилла-кх жима а, сонта а…


– Хьо ма сетти-и?!. – аьлла, дуьхьал кхоьссира цхьамма… – Такхий валахьа… уьнтIапхьидо санна, ма болар такхий ахь?!. – вукхо а элира.
Ирхонах, гIоьрттина, вогIучу Iанкега хIумма ала ца делира, делахь а:
– Ялсамане йоьдучу ворданна тIаьхьависарна кхоьруш-м вац шуьшиъ?! – ала ларийра иза.
ХIинца ша хьала ма-кхеччи, цо шаьшшинна цхьаъ кхуссур дуйла хууш волу ши накъост цунна дуьхьал цхьа хIума кечдан сихвелира. Лонкина шен тужаркин кисанахь цIаза-пIелггал беха хьостам карийра. Кхин ойла еш, хан ца йойуш, Iункера жIоммагIа схьа а эцна, уьнна бухара хьала и хьостам туьйхира цо. ПIелган маIIарал уьнах арабелира хьостам. Уьн тIе юьйдина хьардаш дIаса а хьаькхна, хьостам дIа а хьулбина, тIевогIу Iанка цу тIе хаийта, и меттиг кечйира цаьршимма. Ткъа Iунка, накъост шек ца хилийта, цунна дуьхьала цхьацца къамелаш кхуьйсуш, шарвелира:
– Схьаволахьа чехкка, хьо воцуш, эрна дIайоьду тхойшиннан хIара хан… Йоккху хан, мел яккхахь а, хьуна юххехь яккха лаьара тхойшинна.
– Эвлаяашна юххе шуьшиъ хийшахь а, эрна ю-кх, хьуна, ашшимма йоккху хан ерриге а.
– Иштта ма ала… кхана Iуьйрре ургIал такхо хьуьнах вола аьлла, тхойшиннан керта ван а эхь хетар дац-кх хьуна?!
– Суо велча, упханна наж а шуьшинга ма баийта аьлла, весет дина Iаш ву со-м.


– ХIинца эрна хабар а дитий, схьаволий валахьа!.. Хаза, божарех салам а лой, тхойшиннан юххе охьахаахьа. Хьоьга хатта дезаш цхьацца хIума а дара тхан: «ликIбез» ма ву хьо. Наггахь хьекъале дерг а ма олура ахь, – лиэвеш, накъост тIевоьхура Iункас.
– Пхьидан цIогганал бен, кхин хьекъал доцуш волчу шуьшинна ас аьлла дош муьлхха а хIорддал хьекъале ду-кх, хьуна.
– ХIан!.. И мегар ду… «Пять» ду хьуна, охьахаа… Юхаалахьа, ахь хIун бохура кхуьнга-а? – шаьш дан леринарг дина ваьлла Лонка юкъавуьйлира.
– Шаьшшиннан багара мотт охьаоллабаллалц тарахтаран пускачан муш ийзо пхьаьрсаш хилчахьана, хьекъалх ашшимма дан хIума дац, бохура-кх, – къар ца луш, дуьхьалкхуьссура Iанкас а.
– Молодец!.. ХIокху Iунке шен меттахь хIума ала говза-м ву-кхий хьо!.. Шен хеннахь яьккхина хилла ахь ликIбез (университет), – шен «гура» тIе иза вало лууш, цунна там берг дуьйцуш, мекарлонаш лело хIоьттира Лонка юха а.
– ЛикIбез хилар тоьлу, шуьшиъ санна, «безликI» хуьлучул, – тIетуьйхира Iанкас.
Ши сахьт а ца даьллера уьш вовшахкъаьстина. Башха бертахь а ца къаьстинера.
– Вало ший а, чудоьлху вай. Шаьшшиннан шира мацалла а йожийна, дIагIор шуьшиъ, – аьллера Iанкас. ТIаккха Лонкас цхьа гIам-гIим дира, вукху шинна дика ца къаьсташ.


– ХIун боху цо? – Iунке хаьттира Iанкас.
– Шуьга а веана, мацалла валла Iачул, цIа а вахана, велла дIаваьлча, гIолехь ду, боху, шена, – Лонкас ца аьллашехь, шеггара элира Iункас.
– Марша-АллахI!.. Ма нийса бах!.. ХIинца «пять» хьуна а догIу-кх.
Иштта дIасакъаьстина бара уьш делккъехь.
Ши-кхо гIулч йисинера Iанка тIекхача. Шаьшшимма леринарг галдаларна кхоьруш, кхин кIоршаме дерг ца олуш, соьцура хIара шиъ.
– Салам-калам ма яц хьан, доттагI?!. – элира шиннах цхьамма.
– Дийнахь цкъа делча, тоьуш хуьлу иза нехан, – олуш, царна тIехIоьттинчохь сацавелира Iанка.
– Схьахилахьа жимма, охьахаийтахьа иза, – элира Iункас, шена гергахь хиъна Iачу Лонке.
– Ас-м хоуьйту…иза ца хуу-кх. Цуьнгахь-м «хIорддал доккха гIиллакх» дай, – хьалхо цо шаьшшинна аьлларг цунна дагадоуьйтуш, Iанка кIамван хIоьттира Лонка.


– Ду, хьаха, соьгахь-м… Оцу гIиллакхал а доккха собар а цхьаьна-м… шуьшиъ ловш волу.
Цунах гIуллакх ца хила герга дара: охьахууш вацара Iанка.
Юха а иза кIамван дагахь:
– Хьо кхуьнан муьлха гIиллакх дуьйцуш воллу… со ма ца кхета цунах? – мекарлонца хаьттира Iункас Лонке.
– ХIей! ГIаккхар! Самавала!.. Вай долчохь иза маца хиъна охьа: вайн нуц вац иза?! (Царах гIеххьа невцаллин агIо хьакхалуш вара Iанка).
Бакъдерг аьлча, хIинца шен метта туьйхира.
– Ас лелорах, гIиллакхах кхета долу ши тип дац шуьшиъ, – аьлла, Iанка, вахана, охьахиира. Мацах цкъа цхьогало маккхална хьовзийначу кепара, корта хьовзийна, левира цаьршимма доттагI.


… Охьахуъушехь, токо вагийча санна, хьалаиккхира Iанка.
– ХIе-хIе-е-й!.. Еллаяла шуьшиъ! Ши стешха!..
ГIаьрташ тIе ши куьг а таIийна хьийзарг тергал ца вора вукху шимма: цаьршиннан самукъадаьллера шаьш динчух.
– Цунна хIун хили-и?! – элира шиннах цхьамма.
– Ю туьйхи цунна-а?! Цхьа а зIуга а ма яц гуш-хезаш, – догъиэтIадора вукхо.
– Уьнан гара Iоттадели, моьтту суна… ХIара-м, шен хьал ца хаахь а, хих цIе яллал декъаза стаг вай!.. Воттанца шардиначу уьнах гара Iотталур дуй, декъаза ца хилча?! – воьлура ший а.
– «Пять» даьккхи ашшимма!.. Вало, хIинца дIа а гIой, шайн хIусамнаношна хьалха хьестало, шаьшшимма баьккхина толам а буьйцуш… Шаьшшиннан «гуро» цIоькъалом лаьцна, ала… Эхь дац иза?!. Кхин цхьана хIуманан ойла елаш: шаьшшимма «два» доккху долчу дийнан терго елаш.
Ша-ша бехке вац бохуш, хьийзара ший а.
– Шуьшиъ ший а цхьаьнатоьхча а вац цхьаннан метта: бехк ца буьллу ас шуьшинна, – аьлла, ши накъост шаьшшиъ волччохь а витина, Iанка дIавахара…


Ша цIа ма-кхеччи, чевнна тIе йод Iоьттира Iанкас: башха йоккха чов а яцара хилларг.
ШолгIачу дийнахь сарахь юха а Мусин гу тIехь цхьаьнакхийтира кхо накъост. Хьал-де хоттуш, тIекарабевлира. Iанка ирахь лаьттара.
– Хьо пешком лаьтташ ма ву, гIаш-салт санна?.. Схьавола, охьахаа. ДIавоьдуш, гIаьттина гIор хьо, – бохуш, юха а Iанка хьийзо волавелира и шиъ. Ткъа важа-м, селхана дуьйна шен дагахь, цаьршинна «кIел ор даккха» гIайгIа беш, ойланехь вара.
– Буьйса муха яьккхира ахь? «Скорый помощь» кхайкхирий ахь? – шолгIаниг а вара тIелеташ.
– Со веллехь – валийта воллура-кх шуьша. Ас сатухур ду, шуна… варийлаш, ашшимма а тохалаш са, ас шаьшшинна и саннарг дича. ЦIийза ма цIийзалаш тIаккха, – кхерамаш туьйсура Iанкас.
– И дитахьа!.. Цул а, тхойшинна къинтIера а валий, схьакхетахьа, цхьаьна бертахь Iийр ду вай. Хьеший а хилла, цхьаьна дехар ду вай, – доIна тIе туьха туьйсура Лонкас.
– Цхьаьна хIун дехар дара вай?.. Шуьшинца берта вахача, обарг Зеламха санна, гуттаренна а хьуьнах вола веза-кх, цкъа а цIа а ца вогIуш, – ши накъост кегавора Iанкас.


– Хьуьнах воьду-у-ш хилча, кетIахь даго дечиг хуьлу: чIурамаш санна, нийса, деха ханнаш, ирахь дакъаделла можа ургIалш гиний хьуна тхойшиннан кетIахь? Массо тайпана аннаш?.. Тарахтарца хьуьнах а вахна, ца деача, ца хуьлу уьш.
– Шун хир ду. Суна а, со санначунна а аш мотт тоьхчахьана, хьуьнхочо шуна ло. Цундела шуна хуьлу, – къийзавора Iанкас ши доттагI.
– Аш къола ма де-кхи царна… цундела дIаолу-кх оха.
– Къу-нах багочу жоьжахатенна бухарчу жоьжахатехь хир бу бохуш, хезна суна, моттбеттарш, – дика тасавелла, дуьхьалонаш еш воллура Iанка.
– Ахь хIун боху-м хаац суна, оха бетташ болу мотт къуьнна бетташ бу: иза Дела резаволуш гIуллакх ду, боху, моллас.
– Дела резахирволуш кхин цхьа хIума а дара ашшимма данза дисина.
– И хIун дара-а-а?!


– Шуьшиъ вала а велла, хIара дуьне ашшимма суна маьрша дитар дара-кх.
– Хьан чорпеш ца юуш, дIаваха йиш яц тхойшиннан… И дитахьа, хьастагIа вай шуьгахь биъна берам чIогIа чомехь бара. Кхин хир барий вайна ишттаниг? Берам баа хьо волчу гIо вай!
– Берам-м Iана а бахана бара. Вуьшта, шуна баийча, и сагIа хир бу ала-м, ца хаьа суна.
– Бераш дохкуьйтур дара, ахь и лург хилча? – элира Лонкас, цхьа хIума дагадеана.
– СагIа деха марзвелла, виси шуьшиъ-м, – хьийзавора Iанкас ши накъост.


– ЧIогIа чомехь бара шун берам, баккъалла а, – тIетуьйхира Iункас а. – И етт дикачу хIух болчух тера ду. Цуьнан морзанца хьакхийна хьокхамаш а хуьлу цхьа шатайпа. Морза мукъане а даийтахьа – бераш дохкуьйтур дара.
– Сан дог ма этIадел хIинца шиммо а. Шуьшиъ санна, суьйлийн хIух бац етт… Тоьур ду… ДIаваха воллу со, сийсара наб ца йина ас: наб йогIуш ву со, – аьлла, тохавелира Iанка.
– Ой, дIагIо тIаккха. Хьо хьан сецаво?! Чов лозуш яра хьан? – Iиттаршйора Iункас.
– Чов чIогIа йоккха а хилла, ийгIина сан: бага а Iоьттина, тоьхна хилла ахь и хьостам – дIовшдаьллачух тера ду. ХIинца а, дагар долуш, хала Iаш ву со кхузахь. Шуьшинца самукъадолуш, Iехавелла Iара со, – хIинцца, хIокху муьргехь, шена дагадеанчу хIуманна кечам беш, шех къахетийта санна, къамел долийра Iанкас.
– Сесана гIохьа: Элашбис, хаза а хеташ, этIор ю, хьуна, чов-м, – дIаволалуш воллучу Iанке элира Лонкас.
– Элашби ца оьшу, шуьшиъ хилчахьана. Шуьшинна санна, пах батIо хуур дац Элашбина…
– Хьуо больнице чувижавахь, хаийталахь: цIийеш, кхаьрзина ши котам а йохьуш, тхойшиъ тIаьхьавогIур ву хьуна, – дехьо ваьлла, воьдучу Iанкина тIаьхьа вистхилира Iунка а.
– Оццул дукха котамаш цхьанаметта ца оьшу цигахь… – аьлла, цаьршинна кхоссар а йина, Iанка дIавахара.
Цо аьллачун ойла еш, вист ца хуьлуш, дIатийра ши накъост. Амма, ма-дарра кхеттачул тIаьхьа, дарвелира ший а. «Хи муьста ду хьан!» – тIаьхьа мохь тоьхна, элира цхьамма. Ткъа вукхо тIетуьйхира: «Бехк бац цуьнан: вайшиъ а ву дукха тIех – лан даккха санна, хьийзаво вайша иза».
Доцца аьлча, вовшашна тIе «тIулг» кхуссу-у-уш бара накъостий.


Шаьш дIаса ма-къаьстти, цкъачунна дицлора доттагIашна шайна юкъара «дов». Бакъду, Iанка вара йоккхачу ойланехь: чов-чардо йоцуш, деккъа цхьана дашца шина накъостана бекхам бан лаам бара цуьнан…
Iуьйрана ша балха воьдуш, хIусамнене бераш хьовсадайтира Iанкас, ЛонкагIарна а, IункагIарна а бод хьакхо, морза хьуш.
Сарахь ши доттагI аравалале аьлла, царал хьалха Мусин гу тIе а вахана, дIахIоьттира Iанка. Мерз багийча санна, веана, ши накъост а схьахIоьттира. Шаьшшиъ тIе ма-кхоччура, Iункас, салам а делла, элира:
– Сту белла таркхо санна, хьо ма гIийла лаьтта?!. ХIун хилла хьуна?.. Чов лозуш ю хьан?..
– Чов-м, лазахь а, хьан ца лозура… Хьуна хIун хуьлу сан чов лазарх? – дегабааме элира Iанкас.
– Ой-й!.. Иштта ма ала: хьох къа ма хета тхойщинна, – тIетайра Лонка а.


– Тера дац… Къахеташ хиллехь, цкъа мукъане а керта вогIур вара шуьшиъ, соьгахь хIун хьал ду хьажа. Чов хIинца вуно чIогIа дика ю сан…
– Тхойшиъ-м чIогIа ван гIиртира, хьуна, хьо волчу. Лара ца вира-кх. Берам а бууш, ван лууш вара тхойшиъ, – юкъаийра Iунка а.
– Iанка, и морза дохьуш, бераш дахкийтина ма гIуллакх динера ахь, баккъалла а… Цхьана кIиранна тоъал дара иза-м!.. ЭхI, цхьа мерза хьокхамаш хилира, цуьнца хьакхийна, ирахьбакъабеллачу можачу ургIалан дечигца деттина. Кхаьрзина йоьхь а дитина, беккъа биира-кх ас и хьокхам, – хьесталора Лонка.
– Мелла а хьена долчуьра аьлла, дика ма-дарра доьттина, даийтина ма дара ас шуьшинна иза, – кхочушхила герга дара Iанкас леринарг.
– Цундела «Пять» дуьллу-кх оха хьуна!.. – накъосто аьлларг тIетодира Лонкас.
– Бакъду-кх, хьуна, иза… Буй беттарх а, вер вацара и хьокхамаш дуучуьра: оццул мерза хуьлу оцу шун морзанца бина хьокхам. Дала сагIа де хьан и!.. И етт тхан дуьхьа кхобуш бу-кх ахь… Хьо къинтIера а воккхуш, хьуна цхьацца дарба а хьоьхуш, тховса вогIур ву тхойшиъ, – сихвелла, хьесталора Iунка а.


– Ца оьшу суна хIинца шуьшиъ вар. Кхин са ма гатде шиммо а: сийсара хецаелла сан чов, – аьлла, кхидIа цара хотту долчуьнга ладоьгIна, Iанка сецира.

– ЭхI!.. Боккъал боху ахь?! Ой-й!.. Ахь хIун дарба лелийна, си-бесса?!. – ша-ша бен ца хотту моьттуш, сихвелла, шиммо а хаьттира.
ХIокху кхаа дийнахь Iанкас ларйина минот хIинца тIехIоьттира: оцу даш тIе и шиъ вало гIерташ, хIинццалц ладийгIинера цо.
– Сих-сиха дох а деш, сийсара сахиллалц морзан чохь латтийра ас сайн чов… мажарйоллалц: цу чохь дIахецаелла карийра суна иза, – олуш, гIаьттина Iанка, ши доттагI шаьш волччохь а витина, ваьлла дIавахара.
– ?!.
– ?!.
Декха-м дийкхира!.. Хаза нехан санна!..

***

Кхечу накъосташка (Султане, Якъубе…) и гIуллакх ца дуьйцург Iанкина дика болх бан тIелецира шина доттагIчо.
– Мах ца боккхуш, ишттане а, кхуз-кхузза хьуьнахара дечиг да суна… ас аьл-аьллачу хенахь, тIаккха дуьйцур дац ас, – резахилира Iанка.
– ХIаъ!.. Дера вац хьо а Iовдал!.. Маьхза кхо рейс-м ас хьуьнхочунна а йийр яц, – аьлла, дуьхьалвелира цхьаъ.
– Хьайна хуур ду хьуна… Ахь хьостам тIе хаийнарг хьуьнхо ма вац… Оцу морзанца деттина хьокхамаш диънарг а вац хьуьнхо.
Иштта доттагIий бара ТIехьа-Ирзехь.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика