ИСМАИЛОВ АБУ

PDFПечатьE-mail

ТIулгийн мукъамаш

 reka

Кхане ма йилла

Хьайн бIаьра
тахана хьажийта со.
Кхин суна, Iиэхавеш,
кхане ма йилла.
Ца хаьа, тешаме
йоцучу цо
БIарзвина со вуьгий,
некъах а тилла.

Тахана хазийта
хьайн мерза аз.
Ма ала, къамел дан
йогIур зама.
Хьан эзар дашах а
хIун дийр ду ас,
Лергаш а къарделла,
со висахь кхана!?

Илланчо ницкъ белла

Зевнечу мукъамо,
Оьздачу дешнаша,
Башхачу эшарехь
Уьш цхьаьнаийча,
Дерриге дицдойтуш,
Дог-ойла юткъаеш,
Чолхечу дахарехь
Къайленаш йоцуш,
Шийлачу шовданан
Хьаьъна хи санна,
Чекхсагуш гайтина
Заманан мур.

Жималлин башха сурт
Дуьхьал а туьйсуш,
Юханехьа листина
Дахаран уьйриг.
«Йитахьа, – боххушехь. –
Со къена гуьйриг»,
Иллино хьистина
Къан ца лун дегнаш,
Кхаълара а бахна,
ГIелбелла богIучу.
Баккхийчу нехан.

МостагIий совбевлла,
Луьрачу тIамехь
Де иэшна бисначу,
Яхь йолчу кIентийн
Майрачу дегнашка
Шеконаш йиссича,
Кортошкахь хьаьвзича
Ойланаш гIийла,
Лаьмнаш а декийна,
Иллино ницкъ белла,
МостагIий иэгийна
Вайн дайша хийла.

Маьршачу дахарехь
Безаман сатийсам
Къоначу дегнашкахь
ЦIе лиэто баьлча,
Юха а гIеттина
Ницкъ болу илли,
Цушиннан гIо хилла,
Байбина бала.
Зевнечу мукъамо,
Оьздачу дешнаша
Кхачийна вовшашка
Цу дегнийн алу.

ТIулгийн мукъамаш

БIов лаьтта,
Мокхазан бердах
ДIаийна,
Мазкъдоьлла,
Наж санна,
Орамаш тIулгех
Чекхдийлла,
Адамийн куьйгаша
Мацах цкъа
Йоьттина хилла,
ГIар йоцчу
Пондарчас
ТIулгашца
Кхоьллина
Илли.

БIов лаьтта,
Мокхазан бердах
ДIаийна,
Даьссачу
Корашца,
БIарзвелла
Илланча санна,
Гена дIахьоьжу и
Лаьмнашна
дехьарчу ара.
Стенна
Сатуьйсу цо,
ЛадоьгIу
Мила схьаваре?

БIов лаьтта,
Замано
Юкъ йиъна,
Хара-поп санна.
Яьсса чарх –
Лаьтта и,
Шийла дарц
Син метта
Чухула хьийзаш.
БIешерийн
Мацалло
Бакъийна,
цкъа буьзна
Лаьттина, кийра,
Хьо юха
Хьан бузор-техьа?

БIов лаьтта,
ТIулган юьхь
Заманан дорцаша аьгна.
Доьшу ас
Хьан чевнийн моьнаша
Яздина хьаьркаш…
БIов лаьтта,
Аьрзунан
Бен санна.
Мархашка яьлла.
Ю иза сан халкъан
Ирсечу таханен теш.

Цецвала меттиг бац,
Цхьана дас
Мацах цкъа
Хьо йуотта аларх.
Хьо юттуш
Къахьегна,
Куьйгаш ду
Сан дагахь дерш.

Кхийра кхаба


Садаьржачохь
Муьшка йина,
Самавоккхий,
Яссаелла
Кхийра кхаба
Каралой,
Со хийлазза
Хьажавора,
Новкъа воккхий:
– Хи да, – олий, –
Шовда долчу
Хьала гIой.

Юьзна кхаба
Голех къиза
Етталора,
Доккхуш наггахь
БIаьргаш чуьра
дуьра хи.
КогашIуьйра,
ГIорасиза
Со вогIура,
Сайн ма-хуьллу,
Ласта ца ян
ГIерташ и.

ТIулгаш, коьллаш,
Со галвохуш
Тийсалора.
Эхе яьлла кхаба йохьуш,
Кхаьчча цIа:
– Шовда кхачош
Ма дац, – бохуш,
Сатедора.
Амма суна
Бехк хиэтара
Берриг сайн.

Гена новкъа
Вала дагахь,
Кечам бечохь,
Бертте кхаччалц
Хих юьзира
Кхаба сайн.
Юхаъ новкъа
ГIерташ яра
Суна коьллаш.
Лиэта жIаьлеш,
Кхуьссу тIулгаш
Хийла дай.

Юхаъ эхеяьлла
Йоьду
Кхийра кхаба.
Мича даха
Ас хьо юьзна
Шийла хи?
Хьан чу хьаьжча,
Бухахь лиэпа,
Куьзга санна,
Дагалецам,
Дагалецам –
Хьаьъна хи…

Ненан дог

КIанта-м ша, кхиъначу цIахь санна,
Дика Iаш ву бохуш, яздора.
ХIетте а цу ненан-мисканан
ГIийла дог са ца туьйш Iийжара.

Цу даго вуониг дIатоьттура.
Цу даго диканиг хьоьхура.
ГIенах цхьа чалх дуьхьалтесначохь,
Мерза кхаъ хир бохуш, туьдура.

Цу дагна хаьара шал-шера
КIант вуйла луьрачу меттигехь.
«ХIумма а дац, – олура ша-шега, –
Къонах зоь халачу киртигехь».

Цо ша а аьллера шен кIанте:
«Мегар дац, хьо хилахь осала,
Ер ма яц со хьуна къинтIера,
Хьоьгахь цхьа ледарло туосалахь…»

… Собаре хилалахь хIай, нана!
Эшначохь юьртана, махкана
ДIавала, ахь хьоме кхиийна
КIант вели лийрбоцчийн дарже…

Ирсан хIайкал

Хьан лазам сан дагах кхета,
Сан бIаьргех боьлху хьан бIаьргаш.
Iохкуш ю, беттасехь лепаш,
Йоьхначу пхьегIанан гаьргаш.

Дара и вайн ирсан хIайкал,
Вайшинна хиэташ сов хьоме.
Оьший-те мохь бетташ кхайкха
Бистхуьлуш боцучу ломе?

Хьенан бу вайшинца бала
Зуламех дуьзначу лаьттахь?
ХIун ду вайн кхечуьнга ала,
Шен гIайгIа цо вайна ястахь?

ХIорамма шен дукъ дIакхоьхьу,
Иэшаеш рогIера киртиг.
КъинтIерадала некъ лоьхуш,
Къовла вай дахаран бертиг?

Даьг чуьра шеддаш а достуш,
БIаьрхишна паргIато елла,
Даха вай, вовшийн а хьостуш,
Доьзалшна диэла а делла…

Хьан лазам сан дагах кхета,
Сан бIаьргех боьлху хьан бIаьргаш.
Iахкийта беттасехь лиэпаш
Ирсана яьржина гаьргаш.

Ден лазам


Вирбекъа бацалахь керча,
Малхо шен зIаьнарш тIекхоьрзуш.
Кхиарца йолу и эрча,
Вир басе, амале йоьрзуш.

Iоьху и хан йоцчу хенахь,
БаьIашна юккъе и гIерта,
Ша бай тIе лаьллинчу дена
Ца догIу и цкъа а берта.

Ша беъна мохь бууш шена,
Цунах а ца хуьлуш хайра,
Вир деха къандаллалц къена,
Ца бузош хIусамден тайра…

… Бер дара, Дела тIехьаьжна,
Ден-ненан ойланаш хьоьстуш.
Тахана, гIайгIано хьаьшна,
Биси уьш, цо дегнаш цоьстуш.

ШайтIано, мотт буьйцуш шера,
Iехийна, корта дIаийци.
Ойланаш, хьовзийна хьере,
Мерзачу йийсаре лийци.

– Ма делаш дас-нанас аьлларг,
Уьш Iеса копарш бу, – бохуш,
Галваьккхи жиммаъ галваьлларг,
Да-нанна гена а вохуш.

ЦIеххьана кIант хили воккха,
МеркIело Iаржъяла юьйли.
ЛадоьгIуш ша хилла стохка
Да-нана – ду хIинца куьйла.

Боху: «Шу ца даьхна нийса,
Аш хIинццалц динарг ду эрна».
Хала ду бераца къийса
И кхиош ваьхначу дена.

КIант деца эвхьазавели,
ХIоано котамна хьоьху…
… Ткъа кертахь чорда мохь бели –
– ГIаддахна мокха вир Iоьху.

Иккхина оьгIазе ара,
ГIаж тухуш, вир даьккхи кеха.
КIантана ша хIун дийр дара
Ца хууш, лаьтта и вехха.

ХIораннах ша хила лиънарг
Хуьлуш ву массо а ханна.
Доьзалехь вир хьалакхиъна,
Дакъаза ма валда цхьа а.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика